Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

– «ТIаьххьара ло ду-те?» – дагатесира цунна. ДIахьаьжира Эскинойхьа. Йуха а бIаьргех буй хьаькхира, къаьрззина: хIинца ло, седарчех тера, кIайн лепара.

Эскинойхь а, кхечу йарташкахь а санна, некъаш сов готта, хьийзаш хиларна, и йаккхий машенаш xIop а кетIа тIегIойла дацара.

Амма цу Эскинойхь а халачех йолу, эвлайисттера участок кхаьчна лейтенант Еремеев, реза воцуш, оьгIазе вара тахана. Шен куьйга кIел волу жимаха лейтенант, цунах кхин кхоъ автоматчик а тоьхна, дехьарчу ураме хьажийра цо, цигарчу цIенош чуьранаш арабаха. Ша, ши автоматчик а, райкомера гIоьнна велла нохчо а шеца волуш, некъал сехьарчу цIенна тIевахара. Ков ца тухуш, чIуг оззийна чуьра йоккхуш, ринжа а диллина, керта чоьхьа велира. Учин ламина тIехула сихха хьалаваьлла, берийн делхар хезачу хIусам чу велира иза накъосташца цхьаьна.

Доьлхучуьра сецна нара тIера ши бер гома схьахьаьжира, тоьпаш а карахь, эткашца даккхий татанаш а дохуш, чубаьхкинчу нахе. Берийн нана, эскархошка дIахьаьжжинчохь йисира, цIенкъа йуккъехь йогIайелла.

– ХIа! Сихо йел! Гулйел хIумнаш! Iедалан сацамца шу махках дохуш ду… КIиранна тоъал йуург а, шайн бедар а, мотт-гIайба а схьаэца бакъо йу шун. Сихо йе!

Райкоман векало гочдира.

– Мича бахьаненна? Мича махка?.. – куьйгаш дIасатесира зудчо.

– И тIаьхьа хуур ду шуна. Сихо йе!

– Ткъа кхеран… да? Иза чуваза ма ву.

– Иза маьждиг чохь ву кху сохьта. Райцентрехь шух дIатухур ву.

– Ткъа тхо… Муха? Кегийчу берашца?.. – эпсарехьа йирзира нана.

– Сельсовете кхаччалц – гIаш. Цигара райцентре кхаччалц бераш ворданахь, баккхийнаш – «шайн шиннан» тIехь! – вела а къежаш, эпсаро шина пIелга а гайтира гIаш ког баккхаран кеп.

Бераш делакъежара.

Лейтенанта, кисанара схьайаьккхинчу шен блокнота тIе а хьоьжуш, массеран а цIей, фамилий хоттуш, къоламца билгалонаш йира.

– ХIа! Ма латтал! Сихо йел! – чорда тIечевхира эпсар.

Нана йоьлхура, бераш а делха дуьйлира. Лейтенанта цIенкъа автоматан бух туьйхира:

– Ма чIечкъал!.. Зама йац!

Салташа a гIo деш, нанас дегочу куьйгашца, халла схьагулйира некъана йуург, бедар, мотт-гIайбий, шиъ ларча йеш.

– Дуьло хIинца!

Чуьра арабохуш, неIсагIехь сецира нана. Йухахьаьжира: пенах кхозу ден–ненан суьрташ схьаэца йуьйлира.

– Мегар дац! Зама йац!

Пхи шо кхаьчна ШаIрани, ненах хьаьрчира, цуьнан йух а лаьцна.

Ши шо долчу Вахас, воьлхуш, ши куьг автоматчике хьалакхийдадора, ша караэца бохуш.

Автоматчикаша, буьйлуш, туьттуш кехбехира уьш.

Еремеевн накъосто – жимахчу лейтенанта а, дехьарчу керташкара арабаьхна доьзалш а бара урамехь лаьтташ, кхаьрга хьоьжуш. Массо а уьш вовшахтоьхна: иттех зуда, ткъе итт сов бер, кхин пхи-йалх стаг а Еремеевс отряда кепахь дIахIиттийра. Наноша кегийра бераш караийцира.

– Сельсоветехьа – нийсса новкъа! Некъал дехьа, йа сехьа ког баьккхинарг – вада гIоьртинарг ву. Цунна, суд йоцуш, цу сохьтта тоьпаш тухур йу!.. – омра дира Еремеевс.

ДIадуьйладелира. Ло тIеоьхура. Бераш чIечкъара, наной тийна боьлхура, кортош лестош, баккхийчу наха, доIанаш а деш, Деле кхойкхура. Ког сихбинна богIура, уллобевлла автоматчикаш а болуш. Сельсовете дIакхачале, оццу новкъахула, кхин кхо керт а йара чуьра доьзалш Еремеевс арабаха дезаш. Сийна ков долчу кхаьчча, и йоллу ковра арахь саца а йина, оцу кех чоьхьавелира и, шеца кхо автоматчик а эцна. Кевнна кIелхьара пхьу чухьаьдира Еремеевна.

Тапча йелира, шен «гIалх» хадош, жIаьла охьадуьйжира. Учахь гучуйелира хIусамнана. Иза йуьртан туьканахь болх беш йуй хаьара лейтенантана хьалххехь дуьйна.

– Тхо ду!.. – аьлла лейтенант, хаттар-алар доцуш, накъосташца цхьаьна, чувахара, эткийн татанаш а дохуш. Блокнота тIе а хьоьжуш, йуха а лерира цо чохьберш: хIусамнана, марнана, кхо бер, марваша.

– Эдилсолта мичахь ву? – лейтенанта бIаьргашца лоьхура иза.

– Оцу чохь… Цомгуш ву и.

Дехьачуьра йовхарш схьахезира.

Эдилсолта меттахь Iуьллура, йуьхь кхохкийна, сихха садоьIуш, хьаьж тIе хьацар тоьхна.

– ХьалагIатта! TIe хIума йуха!.. Шу массо а кхечухьа дIакхалхош ду Iедалан сацамца.

– Муха массо? Со фронтовик, орденш а йолуш, тIеман заьIaпxo ма ву.

– И хIинца башха а дац. ХьалагIатта!

– Муха гIотту со? Со-х цомгуш ву.

– Ворданахь вуьгур ву. ХьалагIатта!

– Кхетахь, хIай, накъост: тоьпаш туху кхиэл йинчунна а и тIаьхьатоттур-кх, дагар дIадаллалц!

– ХьалагIатта, йовсар! Ас тапча йолуьйту хьуна!

Эдилсолта, вист ца хуьлуш, пенехьа дIавирзира. Тапча йелира. Эдилсолтин къена нана а, вешин зуда а маьхьаршца схьахьаьдира. Салташа цу секундехь автоматаш тIелецира царна. ЦIийлахь Iуьллура хIинца кхин садоьIуш воцу Эдилсолта.

– Хьал меттах! Оха садоккхур ду шун! Массеран а! – цIогIа делира лейтенанте.

Берийн гIap а йайра.

– Довла! Сихо йе! – омра дира лейтенанта, лампин серлонгахь карахь тапча а лепош, автоматаш а карахь йуххехь кийчча салтий а лаьтташ.

– Дан хIума дац, сан йoI! Дан хIума дац! Кхочушде! – элира марнанас. – Кхара вай билггал дойур ду… дерриш а… и гуш ду… Берийн къа ду.. Вайх-м хIун дора…

Бесачу балдашца цахеза шабарш а деш, марнанас а, зудчо а, халла гулйира хIумнаш, бераш а кечдира… Салташа, теттиний, лаьцний арабаьхна, вукхарех дIатуьйхира уьш.

Ло тIедогIура.

Еремеев, шен участкера ша гулбинарш балош, сельсовете дIакхаьчча, бухахь, кхуьнга хьоьжуш, лакхара лейтенант Петрушин вара, Эскинойн кхийолчу участкашкара балийнарш а гулбина, Iаш.

Еремеевс тIе а вахана, «честь» а делла, рапорт дира:

– Накъост лакхара лейтенант! Массо а схьавалийна. Шиъ маьждигехь ву. Цхьаъ, транспортабельни воцуш, новкъа ваккха йиш йоцчу хьолехь хилира!

Петрушина вист ца хуьлуш корта таIийра, цунах ша кхетар гойтуш. Еремеевс аьлларг: «цхьаъ виэн дийзира шен» бохург дара. Берияс динчу омрехь, новкъа ваккхалучу хьолехь воцург дийна буха ма вуьтийла аьлла, сацийнера. Петрушинан бIаьрган негIарш цхьана секундана охьадахара. Делахь а, «приказ – приказ ду». Петрушина, хIинца Еремеевн а гIоьнца, схьагулдина адамаш дIахIиттийра отрядийн кепехь, могIаршца нисдеш. Цомгашнаш, бераш, ворданаш тIе ховшийра. Доцца кхайкхийра:

– Райцентре кхаччалц – гIаш гlyp ду. Ворданаш вайна тIаьххье схьаоьхур йу. Некъах разваьлларг – вада гIоьртинарг лору. Цунна тоьпаш тухур йу цу меттехь, суд йоцуш! Марш! – Петрушин лакха коьртехь а волуш, и йоллу къепал дIайолайелира лайлахула, зударийн, берийн делхарца, къаной тийна Деле а кхойкхуш, йуххе хIиттина богIуш автоматчикаш а болуш.

Еремеевс гулбинарш къепалан цIоганехь богIура, вовшашка къорра дешнаш а кхуьйсуш:

– Стенга дуьгу-те вай?..

– Берех къахета-кх!..

– Суна-м вайн бухадуьсу кешнаш а дагахь ду…

– Уьш а Iийр бу-кх хIинца дуьйна, вай кхин тIе хIунда ца догIу-те бохуш…

– Дерриш дайа дуьгуш мукъна ма хилахьара вай…

– ХIай! Сацийта-л и осала къамелаш: вай дерриш дайа дуьгуш а дац, вай дерриш цхьана дийнахь лийр а дац! Собаре хила. Вайх цхьаберш лахь а, бераш дуьсур ду, вай собаре хилахь. Вайн къам йуха а дебар ду. Хенал хьалха вала гIоьртинарг а къонах вац, Делан дикане са ца туьйсург а бусалба вац! Цул а, хуучара, Деле доIа де, йа дагахь назма ала! – оьгIазе вистхилира цаьрга цхьа воккха стаг.

Еремеевс, карара автомат маса къепална тIейерзийра, уллохь вогIучу райкомерчу нохчочуьнга оьгIазе хаьттира:

– И хIун къамел ду?

Автоматчикаша а герз кечдира.

– ХIума дац! ХIума дац! Воккхачу стага мелхо а сатухуш хила боху массаьрга а, делхарш а сацадай, шаьш ца Iелахь йиш лакха элира, – шена хезнарг кIаддеш, гочдира нохчичо.

– Эшарш лекха мегар дац! – Еремеевс автомат охьайахийтира.

Цунна тIаьххье автоматаш охьайахийтира салташа а. Нагахь Еремеевс шайга аьллехь, цара билггала, ца кхоош, тIетухур йара автоматаш цу массарна а – уьш мел миска хиларх: шайн карарчу автоматаш чул башха, кхин ойла ца йора цара нехан баланийн. Уьш кийча бара, шайга и алахь, цхьаъ царех буха ца вуьтуш, массо а уьш байъа. И доллу доьлхуш догIу халкъ, мел и делхахь а, советан халкъ доцуш, церан ойланехь мостагIийн халкъ дара, шайн бераш а, хьала ма-кхиъи, уьззуш хир болуш. Бериян верасаша шайн ойланехь йеххачу хенахь Iамийначу царна кхин хIума ца хаьара. Амма царалахь а наггахь цу ойланехь воцург а волура, делахь а, цунна-м хаьара, нохчех ша хIинца къинхетам бахь, цул тIаьхьа шех къинхетам хир боцийла!

Бериян омранца и салтий таханналц ишттачу ойланехь Iамош, схьавеъна волу ша Еремеев а вара, нохчашна массарна а тоьпаш тоха кийча цхьажимма а бахьана далахь. Оцу ойланехь Iамийна ша хиларал совнаха, цу ойланехь и кхин тIе а чIагIвала бахьана а дара цуьнан шена гергахь: Белоруссехь, Минскана гена доцуш, шайн хIусамехь, дийна боллушехь, неIарш, кораш тIе а чIагIийна, багийнера фашисташа цуьнан дай-наний, жима ши ваший. Ткъа нохчийн къам фашисташна гIo деш хилла бохург Еремеевс, ойла ца йеш, цуьнан бухе ца хьоьжуш, тIеэцнера.

Цундела хIумма а къа ца хеташ хьоьжура Еремеев лайлахула схьатекхачу шен къепале. Эххар, Яьссийн тогIех чекхбевлла, хIорш схьабогIуш, цIеххьана, хечин барч а лаьцна, некъан йистехьа дIахьаьдира Эскинойхь массарна а вевзаш, наха «ах бIаьрзе, ах хьераваьлла» ву а олуш волу Сайхан.

ГIароло автомат йалийтира. Иза хьакхалуш кхетча, Сайхан, воьжначуьра маса айвелла, кхайкхира:

– Ва, нах! Со ма виэ алийша цуьнга: йуьртана а хууш, хьераваьлла вар-кха со!..

Амма хьерабевлларш цу дийнахь мехехь бацара: шозлагIа тоьхначу автомато, цуьнан аз хадош, охьавиллира иза. Оццу могIарера схьаиккхина, шийтта шо долу, Сайханан йуьхьлело вешин кIант – Салауддин, тIулг а карахь, чухьаьдира гIаролна. Иза а автоматан багара, бода а батIош, схьатоьхначу цIеро даиманна а дIанисвира хьерабевллачийн могIаре.

Ший а и шиъ Iуьллучохь а витина, Iадийна къепал, цул тIаьхьа гIap йайна, болар сихдинна йогIура.

Райцентре дIакхечира. Кхуза схьабалийнарш берриш а гулбина, йоккха Iаьржа пхьоьха гора шуьйрачу майданахь. Стогарш а латийна, кийчча лаьттара йаккхийра студебеккерш. Накхармозий санна, даккхий, месала лайн чимаш саццанза тIеоьхура. Тохара, Керимна а гуш, нанна хьалха, шегахь тапча карайарна эскархоша вийна Iуьллучу жимхин хIинца, хIетахь гуш хилла, мера буьхьиг а, йа эткийн буьхьиг а ца гора кхин: иза верриг а, тIехула кIайн барз беш, дIахьулвинера, Iожаллел а цIенчу, кIайчу лайно. Оцу жимхан хIинца хIумма а дацара йа гуш а, йа дозуш а хIокху доккхачу, бакъдоцчу, и ца кхеташ дисинчу дуьненах.

 

Школехь иза доьшуш волчу хенахь дуьйна а и ца кхеташ дисна дара: ширачу Римехь хьоладас, ша кхобуш болу, шен хьал дебош болу леш, цхьа кIеззиг а бехк баьлча, хазахета хи чу а кхуьссий, дийна боллушехь чIерашка баийтар.

Йа малхбалера тIамца веанчу бIаьнчо, ша ма-аьлла кара ца йеъначу шахьаран бахархой, кегийчу берашца цхьаьна, дийна боллушехь багор. Йа адамашна дика дан шортта таро йолчу оьрсийн паччахьо, шега дехаре баьхкина мискахой тоьпаш тоьхна байийтар. Йа гитлерхоша эзарнашца жуьгтийн бераш, дийшина Iохккучохь, балдех дIовш а хьоькхуш, дайар – дуьххьалдIа уьш къомаца жуьгтий хиларна! Уьш дерриге а и жимха ца кхеташ дисна дара. Амма массо хIуманал а и ца кхеташ – кхеттане а ца кхеташ! – дисинарг дара, дуьнен чуьра массо а харц хIумнаш дIадаха кхоьллина йолчу, Советан пачхьалкхехь, xIapa а нийсонан ойланехь кхиийначу махкахь, тахана, цхьа а бехк боцуш, кхунна а гуш, дуьххьалдIа къомаллин бахьница, дерриг а кхуьнан халкъ, кегийчу берашца цхьаьна, делхош, шен махкахдаккхар!

И жимха ца кхеташ дисна долу и тIаьххьара хаттар дара, и вуьйчу секундехь а адамашна цо тIедоьгIначу цуьнан бIаьргаш чохь нахана гинарг.

Саццанза ло оьхура цуьнан барза тIе…

Схьагулбина нах, хIинца машенашна тIебахале, эскархоша йух-йуха багарбеш, къаьстина хилла доьзалш йуха вовшахтухуш, кхин а бехха лаьттира майданахь цIийзачу шелонгахь.

Баккхийчу наха, шаьш болччохь, лай тIехь, гонаха автоматчикаш а лаьтташ, ламазаш дора. Зударий гIийла тийжара. Кегийра бераш доьлхура шелонна, йовхарш йетташ. Баккхийчех цхьаберш, кхуззахь дог а гIеллой, лайла охьа а оьгий, кхин хьала ца гIовтталуш буьсура. Беллачарна, циггахь цхьана ор чу а тосий, тIе ло хьоькхура салташа. Эпсаро шен блокнота тIехь тIаккха билгало йора.

ТIаьххьара а берриге нах схьагулбина а бевлла, хIинца машенаш тIебаха болийча, массо зударийн цхьабосса белхар делира, шайн доьзалех хаьдда бисначеран цIерш а йохуш.

Студебеккерш а массарна тоьуш ца хилира: хIоранна тIе нах шозза а сов тарбора. Мисканийн оьшу хIуманаш а, совнаха йу а бохуш, машенаш тIера салташа йуха охьакхуьйсура, нахана тIе а чехаш…

Эххар а Iуьйранна йалх сахьт доллуш, майданара машенаш, нохчех йоьттина, йерриш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, Грозный-гIaлехьа новкъа йевлира.

Тийналла хIоьттира майданахь.

Райкоман шозлагIчу этажа тIехь Iачу Анна Львовнина тамашена хийтира лахарчу этажа тIера цIеххьана схьахезна самукъане эшарш а, пондар а. Сихха йахана зал чу хьаьжира и: стоьлаш тIе маларш, даарш а хIиттийна, эпсарш бара гонаха Iаш, коьртехь полковник Петросов а волуш:

– Схьайола чехка! Схьайола!.. Операци дика чекхйалар билгалдер вай цхьаьний! – элира цо Анна Львовне.

Анна Львовнас, корта а ластийна, дийхира ша Эскиной сихха дIакхетайар, цомгушчу мардений, йоIаний тIекхачош…

* * *

«Виллис» тIера школин кетIахь охьайоьссина Анна Львовна, сихха шайн чухьаьдира: оцу кIуркаманехь, ца хууш а, кхуьнанаш а махкахбаьхний-те? – аьлла, дагатесна. ДIасахьаьжира чухула: жимачу маьнги тIехь, балдаш дусийна, набйеш Iуьллура Ниночка. Савва Ильич чохь вацара. Кертахь тийна дара. Арахьаьжира: йуьртахь a гIap яйнера, цхьана-шина туьнкалгах бен кIур ца болура. Сихха уьйтIа йелира: «Дада-бIар» лаьттара, лайн чечакхаш охкийна кIайн гаьннаш, куьйгех тера, Деле кхойкхуш санна, стигала а кховдийна.

Сахиллалц ихна ло сатоссуш сецира. Йерриге аре бIаьрго ма-лоццу шурула кIайн йара, амма дIо лакхахьарчу басехь, кешнашкарчу хIолламийн баххьашкахь, мохо лестош, цIарула цIен кегий байракхаш гора, схьалаьцначу олхазаран тIам санна, йетталуш. Уьш школерчу комсомольцаша xIop шарахь а эскаран дезде тIекхочуш царна тIе ухкура. Малделлачу боларца, даго цхьа вон хьоьхуш, ТавсолтагIеран цIийнехьа йахара Анна Львовна: кешнаш санна, тийна а, йеса а йара керт. Учахь лаьттара бертиг йихкина ахьаран гали.

Сихха, неI ца тухуш, чуйелира Анна Львовна. Аддам дацара. Этажерка, стол, нар йерззина лаьттара. Коран боьхначу бIаьргехула чухьоькхура Iаьнан шийла мох. Масийтта шарахь Ленинан сурт кхаьзначу дуьхьаларчу пена тIехь дисина гуран деакIов сирла томмагIа гора. Портрет дацара. Анна Львовна ша-шах вукху аьрру агIорхьа а хьаьжира: десачу цIа чохь, дай мохо а хьедеш, ша кхозура сапаргIат схьахьоьжучу Сталинан портрет. БIаьрзе чухула хьаьвзира Анна Львовна. Этажерки йуххехь Iуьллура «Сталинах эшарш» тIейазйина Селитин стомма тетрадь.

Йуха а Сталинан суьрте хьалахьаьжира Анна Львовна.

– Ахь динарг, ахь динарг! – аьлла, шина куьйга корта а лаьцна, десачу цIа чохь, мохь тоьхна йилхира иза. Цкъа соцуш, тIаккха йуха а дог карзахдуьйлуш, йоьлхура и. Цуьнан йелхарца дара, тохара дуьйна а цо шен кийрахь къуьйлуш, IаIийначу халахетарийн Iеткъар; хIинццалц шен даг чохь сецийна майрачух дерг а, жимачу йоIаца хIинца цхьалха йисар а; ша оццул дезаш Iамийна бераш сел къиза махкахдахар а.

ЙухайогIуш, уьйтIахула йелира иза. PaгIy кIел гоьргах тоьхнначохь доллура диг; божли чуьра ара а баьлла, даьхникертан берте а беъна, Iоьхура йуьртана а бевзаш хилла, ТавсолтагIеран бордаха дирша йетт; уьйтIахула, зIе текхош, угIуш хьийзара байдаьлла Борзиг. ТIейахна дIахийцира и Анна Львовнас. Борзиг цкъа, тIехилла, кхунах хьожа а йаьккхина, йуха дIахьаьдда, дIо лаьттачу аьттан когах мотт а хьаькхна, цхьамма-м кхайкхича санна, кертара арахьа дIадедира, шен логах боллу йоьза хIоз а лепош. Кийрара дог лазадуьйлура Анна Львовнин: йух-йуха дуьхьал туьйсура, шаьш хIунда, стенга дуьгу а ца хууш, машенашкахь дIаоьхучу Селитин, Нурседин, Каташан, кхечийн а цецдевлла аматаш.

«ХIун бехк бу-техьа, тIамехь кIант а вийна, висинчу Тавсолтин а, майра тIамехь хиллачу Кесирин а, шен орденашца новкъа ваьккхинчу Кериман а?» – ша-шега йух-йуха хоьттура Анна Львовнас. Оцунах кхета гIерташ, оцунна цхьаъ, мукъна, бегIийла бух каро и мел доггах гIортарх а нис ца лора цуьнан. «Ткъа Сталин?.. Цо муха туьдур дара техьа и шега хаьттичахь… Цунна хууш а дуй-техьа xIapa?» – ойла йора цо. ТIаккха йуха а, хьаьвззий, ойла кхечухьа йоьдура. Шена хIокху гIуллакхах хьалхенгахь мел хезнарг а хIинца кхечу, нийсачу агIорхьа кхетадора цо: тохара, партизанашна оьшу аьлла, герз дIалахьо «виллис» тIехь веъна Церетели а, тIеман хьашташна аьлла, Грозный-гIала веана хилла Берия а хIинца шайн йамартачу аматехь дуьхьалтуьйсура кхунна. «Цара дина xlapa… уьш бу бехке… Цара тилкхазваьккхина хир ву Сталин а»…

Шен ма-хуьллу и бехказаваккха некъ лоьхура цуьнан даго. Амма и дан шен кхетаман кIоргехь а ницкъ ца кхочура Анна Львовнин: «Ленин коьртехь волуш-м хир дацара xIapa саннарг!» – бохучо кхачадора шадерг. Эцца кхаьчча, цуьнан ойланаш кегалора. ХIинццалц цунна хьехнарг а, цо дIахьехнарг а цхьаьна ца догIypa тахана хиллачуьнца. Саццаза сирла даьгна цуьнан бIаьргийн нур хIинца, малх чубуьзча санна, чуьра суьйнаш дайна кхоьлира. Йоьлхучуьра а сецна, йовлакхца бIаьргаш дакъийна, шайн чуеара и парталчу боларехь. Ниночка хIинца а ховха наб еш Iуьллура. Цунна тIepa юргIа а нисдина, шен кегайелла ойланаш цхьана хорша йерзо дагахь, коре хиира иза. Чувелира Савва Ильич. HeIcaгIepa схьакхоьссира:

– ХIа! Вевзин хьуна хIинца хьайн Сталин?

Анна Львовнас йоьхна элира:

– Сталинна–м ца хууш хила а мегий xIapa…

– Хаьа! Цуьнгахула схьадогIуш ду! Цуьнан амалехь ду. Адам Iадош бен Iедал шен карахь диса йиш йоцийла хаьа цунна. Цо хIаллакйина Ленина кхоьллина парти а.

– Ткъа хьо?.. Ткъа… хьо санна болу тешаме партийцаш? Хьо цхьаъ хилла-х ца Iай ишттаниг! Йу хIинца а парти! ХIинца а бу, дуккха а бу хьо санна берш!

– Бан-м бу! Шайна хетарг ала таро йолуш-м бац! Алал хIинца ахьа а, хьуо йахьахь, алал тахана! Эра-м дацара! Аьлча а, эрна хир дара! Аьлла хьо а эрна йовр йара, цхьа а пайда боцуш. Цундела, ас айса а ца тадо хьуна и алар. Иштта ду тахана гIуллакх!

Савва Ильич чухула волавелира:

– Ойла йехьа цу белхан! «Халкъан мостагIий» бу а бохуш, цкъа хьалха цхьацца адамаш хIаллакдира. ТIаккха, цу тIехь а тоам ца хуьлуш, «халкъан мостагIий» бу бохуш, дийнна тайпанашца бакъболу халкъан доттагIий – гIарабевлла ленинцаш хIаллакбира, хIинца – дийнна къаьмнаш, дийнна халкъаш хили «халкъан мостагIий»… И-м коьрта чу а ца тарлой: дийнна халкъ, берашца цхьаьна, къомаллин бахьница махкахдаккхар! Дайна хIума а дуй и цхьанна а? Коммунист?.. Ву – «коммунист»… «Таханлера Ленин» – тьпуй!.. – лаьттах туйнаш туьйхира Савва Ильича, корах ара а хьаьжна. – И лаьмнаш а хIун йу хIинца, шаьш динчу шайн адамех девлча? Олхазарш доцу беш! Стом боцу дитт! Хи лекъна апари!..

Корехула цунна гуш дара, дукхазза а дайна, даим а дуьнене бендоцуш хьуьйсу, делахь а, тахана гIийлачу ойланехь хетало къена лаьмнаш.

Адамашка беанчу балано шайн а дог дохийначух тера, баккъала а, кхоьлина хьуьйсуш санна, хетара уьш. Амма хин йолу тIаьхье хIинццехь а шайна гучух тера, сапаргIат а хеталора…

Месала куй бIаьргаш тIе а теттина, кIентан докъа тIехь лаьтта да санна, шайн халкъан бала шайна чухудуш, тийна лаьттара Кавказан лаьмнаш. Церан дагахьдерг хуур дацара цхьанна а, амма цаьрга дIахьаьжначунна цу сохьта гора, уьш хIуъа а ловр долуш, цхьангга а эшалур доцуш, шайн дагца чIогIанаш хилар!

II. ХЬАЙН БАЛА ТАМАШ МА ХЕТА

НОВКЪАХЬ

Можачу басара, лаьхьарчий санна йехий, товарни цIерпошташ, неIарш тIе а къевлина, цхьанххьа а диллина кор доцуш, дIаоьхура цхьаъ вукхунна тIаьхьа, аьчган новкъахула, ур-атталл минотана а цхьана а станцехь сацар доцуш. Уьш йоьттинера нохчех, гIалгIайх: масех сохьтехь ах миллион халкъ, цу цIерпошташна тIе а хаийна, эзар шерашкахь ша даьхначу махках а даьккхина, йа кегийчех а, йа цомгушчех а цхьа къинхетам ца беш, къаношца, берашца цхьаьна, дIадуьгуш дара, мича дуьгу а ца-хуучу, цхьана генарчу махка, Сталинан, Бериян, МолотовгIеран лаамца, кхин цхьана а бакъонца доцуш, дуьххьалдIа къомаллин билгалонца. Цу гIуллакхна оьшу цIерпошташ а (ах эзар гергга), аьчга-некъан керла га а, (масех бIе чаккхарма) уьш новкъа а бахале, хьалххехь, кечдинера Кагановичан урхалло: Соьлжа-гIалара Гуьмсе, цигара Аштаркхане, тIаккха Казахстанехьа дIа. Ростохахула, оьрсийн йаккхийчу гIалашна йуккъехула а бохуш, дерриге дуьненна а гойтуш, уьш бигар – цкъа-делахь, политикан aгlop бегIийла ца хеттера сталинхошна, йуха экономикина гергахь а «тIеман заманахь» данне а санехь ца догIура. Ма-хуьллу и гlapa ца даьн долчу aгlop дIабуьгуш бара уьш. XIopa вагона чохь а шовзткъе итт гергга (ткъаннан меттана) стаг вара чутарвина, берашца-наношца цхьаьний. Шийла дара: арахь февраль лаьттара, вагонаш чохь йолчу, «буржуйкаш» олучу, кегийчу аьчган-пешех а кIезиг пайда хуьлура – дечиг цатоарна. Кериман доьзалца цхьаьна вагон чу нисделлера Тавсолтий, Селитий – и хазахетара цу шинна. Амма Нурседий, Расуллий мичахь ду ца хууш, цу бехачу новкъа саготта бара уьш.

ШозлагIчу дийнахь а цхьанхьа ца соцуш, дIаоьхура цIерпошт. ТIеттIа совйуьйлура шело. Пальтош а, кетарш а массаьргахь цахиларна, цхьацца шаршуш а, истангаш а дегIах а хьарчийна, Iapa мухIажарш. Шишнаш чуьра хи а кестта кхачийра, йуург а ца тоьура: цхьаберш и шайца йанне а йоцуш новкъа баьхнера. Хьоткъан гIуллакхна баккхийчара садеттара, бераш делха доладелира. Тавсолтас вагонна йуккъехь дагарца Iуьрг а даьккхина, цхьацца гIожмаш карийна, царех гIортораш а йина, вагонан цхьана пена тIера вукхунна тIекхаччалц тIийриг а тесна, тIехула шаршу а оьллина, цхьа кхалун тайпа йира.

ШолгIачу сарахь дуьйна, Кавказана ша дикка генайаьллачул тIаьхьа, эшелон, массо а кегийчу станцешкахь а соьцуш, меллаша йоьдура, мухIажарийн дог этIош, сецначохь ур-атталла неI а ца йоьллуш. ХIинца массарна а лаьара, шайна йоьгIначу метте сихха дIакхача. Вагон чохь хьожане а, шийла а дара. Дехьа сонехь цхьа бер цIеххьашха чIогIа мохь хьекха дуьйлира. Йиш йоьхна хьаьвзира беран нана. Селита тIейахара.

HeIapa кIел хьекхначу лайлахь дашийна, йовлакх диллира цо беран хьаьж тIе. Доьлхура. Балдех хьаькхира – ца туьйра. Лоьрашка кхойкхийла дацара: цIерпошт йоьдура, гIаролаш шайна къастийна йолчу вагона чохь богIура.

– ХIа!.. Iовший xIapa баьпкан буьйдиг бага йиллахь цунна!.. – Селитас дIакховдийра и нене.

Беро багара йуха схьатесира. Доьлхура. ЦIерпошт дIаоьхура, цхьана эшшарехь аьчган чкъургийн тата деш.

Вукху Iуьйранна бер, доккха са а даьккхина, дIатийра цIеххьашха. СадеIар ца хезара. Баккхийнах тIегулбелира: бер деллера. ХIинца нана йоьлхура мохь тоьхна. Селита а, кхиболу зударий а белха буьйлира, и вагон а гатйеш.

– Йуха ца даьн долу неIалт хуьлда Сталинна! – элира цхьамма.

– Амин! – Тавсолтас йуьхьах ши куьг хьаькхира.

– Сталина-м хIун бехк бара? Цунна-х xIapa хууш а хир дац! – йукъагIоьртира цхьаъ-м.

 

– Делахь-хIета, шозза а неIалт хуьлда цунна, и хаа ша декхарийлахь воллушехь, и цахаарна… – элира Тавсолтас. – Пачхьалкхан буьххьехь Iачу цунна хIунда ца хаьа шен пачхьалкхехь дерг?!

– Бакълоь!.. Бакълоь Тавсолта! – резахилира баккхийнах.

Беран дакъа, киси йуккъе а хьарчийна, соне диллира. Нана, корта а оллийна, бIаьргаш тIекхаччалц йовлакх охьа а даийтина, гIийла тийжара цунна уллохь…

ЦIерпошт хIинца цхьана станцехь сеццинчохь (кхоалгIачу дийнахь), дуьххьара схьайиллира вагонан неIарш, цIеххьана чу керла xlo хьокхуш, массара а доккха садоккхуш. Чухьаьжира лекхачу дегIахь волу гIарол-сибирхо:

– «Урбах», – станцин цIе йаьккхира цо. – Кхузахь шуна йовха йуург а, бепиг а лур ду. Шайна йукъара цхьа-ши накъост схьакъаставе.

Керим вахара, шеца цхьа жимха а, ведар, гали а эцна, гlaролна тIаьхьа.

Арахь шийла мох хьоькхура. НеIарехь хехь висинчу, лохочу дегIахь волчу вукху гIароле Селитас, тIе а хилла, хаьттира:

– Бер делла-кх тхан вагон чохь… ХIун диэ хIинца?

– ХIинцца! – аьлла, неIарш тIехула догIа тухуш, тIе а чIаьгIна, дIахьаьдира и.

Вухавеара, шеца пхьаьрсех цIиэн жIараш йохку ши санитар а валош. Беран дакъа дIадала ца лууш, нана, мохь хьоькхуш, тIейетталора царна.

– Кхетахь: декъий вагона чохь дIакхехьа ца могуьйту!..

ГIаролан гIоьнца, и дIа а теттина, дакъа а эцна дIабахара санитараш. Селитас ма-хуьллу хьоьстура, коьртах кадетташ, йоьлху нана…

Ведар чохь йовха чорпа а, гали чохь баьпгаш а дахьаш, жимхица вухавеара Керим. Цо а хьаьстира иза:

– Ма йелха! Луларчу вагон чуьра а хIинцца, суна а гуш, дIадаьхьи ши дакъа!.. Баккъалла а, царех кхерам бу бисанчарна а…

Нана, цкъа схьа а хьаьжна, йуха а йоьлхура…

Цхьанаэшшарехь чкъургийн тата а деш, дIаоьхура цIерпошт йист йоцчу кIайчу арахула. Керима схьадеанчу даарх, бераший бен, мотт а ца туьйхира цхьамма а…

ЦIерпошт дIаоьхура… дIаоьхура…

ХIинца дуьйна xIop станцехь а соьцуш, делкъанна цкъацца йуург а луш, цкъацца неIарш йоьллий а йуьтуш: кхузара цхьанхьа а водийла дацара, бIаьрго ма-лоццу генна дIайаьржинера тIе ло диллина, йист йоцу аре.

* * *

ЦIерпошт дIаоьхура, цхьана эшшарехь чкъургийн тата а деш… ЦIеххьашха сецира и, цхьа а станци йоцуш, шуьйрра йаьржинчу пана арахь. Схьагарехь – паровозан гIуллакхна.

HeIapш а йиллира.

ГIаролаша пурба делира цхьаболчарна, арабевлла, лайлахула жимма болабала: бошхап санна, шера гучу кху пана арахь цхьанххьа а бовдийла йацара.

Вагона чохь xIop а шен гIуллакх деш вара. Селита неIарехь лаьттара, генна дIа кIайчу арене а хьоьжуш. Кесира шен сонехь Каташца цхьаъ-м деш йоллура. Керим дехьа сонехь баккхийчу нахаца къамеле ваьллера.

Селитина а гуш, луларчу вагона чуьра, охьа а воьссина, шен гIаролера пурба а даьккхина, шайн вагона йуххехула ойлане дIасалелара цхьа къона нохчо-лейтенант, погонашца, некха хьалха шортта мидалш а йохкуш.

Селитас тамаш бора: ша фронтовик-лейтенант а воллушехь, цу гIароле-сержанте пурба деха дийзи-кх цуьнан а!..

И санна берш кхин а бара кхечу вагонаш чохь: нохчий, гIалгIай махкахбохучу муьрехь фронтера отпускна цIабаьхкина хилла болу тIемалой а, уьш нохчий, йа гIалгIай хилчхьана, кхин хIума ца оьшуш, цу сохьта лоций, оцу вагонаш чу туьйсура.

Селитина гира хIинца: дехьарчу вагона чуьра а аравелира кхин цхьаъ, гIовтална тIехула кетар а кхоьллина, йеха кIайн маж йолу воккхастаг. ГIароле, тIехилла, цхьаъ-м аьлла, цо резахиларан корта а таIийна, воккхастаг, вагонна тIехьа, шен дагахь ша ца гучу а ваьлла, лайла охьалахвелира аравахаран гIуллакхна, лаьтта охьакхаччалц шена гонаха кетар охьа а хоьцуш. Селитина, дIахьаьжча, жимма раз aгIopa гуш вара иза. ЦIерпошт цIеххьана тохайелира, вагонийн буферийн тата а долуш.

Эшелонан коьртера схьахезира:

– «Кийчча хила!»

Нохчо-лейтенант сихха шен вагона тIе велира.

Вокхастаг ша волччохь, узарш а деш, гIерташ воллура. ГIарола, тIе а хилла, омра дира:

– ГIатта, джигит! Маса – вагон чу!

Воккхастаг ца гIоттура: лога–пхенаш а дусийна, хьаьж тIе хьацар тоьхна, йуьхь а цIийелла воллура иза. ЦIерпошт меттахйелира

– ГIатта ца бах хьоьга, бандюга! – тIечевхира гIарол.

Воккхастаг ца гIатталора. ЦIерпошт меллаша йолайелира. ГIароло оцу сохьта автомат йалийтира цуьнан букъа тIехьа. Воккхастаг ша волччохь кIайчу лай тIехь ваьржира, шена гонаха цIарула цIиэн томмагIнаш а даржош. Цу сохьта, Селитина а гуш, гIаролна чухьаьдира шен вагон тIера чуиккхина нохчо-лейтенант, буйнахь цхьа эчиг а лепаш. ГIароло, автомат тоьхна, охьавиллира иза а воккхачу стагна йуххе. И шиъ иштта, кIайчу лайлахь йух–йуххехь, Iилла а витна, гIарол, ведда шен вагонна тIаьхьа кхиина, ламех а тасалуш, хьалавелира.

Селита, шен соне йухахьаьдда, куьйга йуьхь лаьцна йилхира. ТIегулбелира Тавсолта, Керим, Кесира, кхиберш.

Селитас дийцира, йелхаран къурдаш а деш, шена гинарг. Ойла йеш а лаьттина, Керима элира:

– И хилла дерг оцунна бехке верг цхьа а схьакъасто йиш йоцучех ду: воккхачу стеган ницкъ ца кхаьчна паргIатвала, ша воккха а, цомгуш а хиларна; гIароло цунна автомат тоьхна, шен бакъо йацарна, иза дийна а витина, дIаваха. Ткъа нохчо-лейтенант цунна чухьаьдда, советан оьздачу амалехь ша кхиийна хиларна, бехк боцу стаг вуьйш гича, сатоха шен ницкъ а ца кхаьчна.

– Ма ала а эли ахь… ЭххIей-йаI!.. Суна-м хаьа оцунна бехке верг! – деро элира Тавсолтас.

– Мила?

– Сталин!.. Советан Iедал!.. – и ший а цхьаъ дара Тавсолтин кхетамехь, кхиболчу миллионийн а санна.

– ДIавалахь дIа!.. Церан хIун бехк бу? Цара бохург нийсса кхочуш ца дечеран бу-кх и боллу бехк! – тIе ца тайра Керим.

– Делахь-хIета, Сталинан а, Советан Iедалан а сацамца ца бо вай xIapa некъ? Вешан махках а даьхна? – ца соцура Тавсолта.

Керим IадIийра, ала хIума а ца хилла.

Вукху станцехь кхеран эшелон йехо латта дийзира, дуьхьалйогIу пассажирски цIерпошт тIехйаллалц. Эххар пассажирски схьа а кхаьчна, кхеран эшелонна йуххехь дIахIоьттира. КеримгIеран вагонна нийсса дуьхьал нисйеллачу пассажирски вагона тIера охьавоьссира цхьа воккхо стаг, коьртаIуьйра, хаза къежйеллачу луьстачу кIужалца, эвлайаан сибатехь цIена йуьхь лепаш, йовхачу пижамана тIехула драпан пальто а кхоьллина, – схьагарехь, жимма хIонехула волавала дагахь. Шен вагона хьалха лаьтта Керим а гина, тIевеара иза:

– XIapa эшелон ма тамашена хета суна? Ма дукха адам ду кху тIехь? Муьлш бу уьш? Мича боьлху?

– Нохчий, гIалгIай бу… Шайн махках а баьхна, Iедало кхечу махка кхалхош бу берриш а. Мича буьгу – ца хаьа хIинца а, амма, хазарехь, Казахстане буьгучух тера ду.

– Массо а?

– Массо а! Къаной а, зударий а, бераш а…

– ХIунда? Мича бахьаненна?! – цецвелира иза.

– Советан махкана хIокху тIамехь хьанала ца хилла аьлла, бехке бина.

– Ткъа хьо?.. Хьо хIун деш лаьтта кхузахь? – ца кхеташ, хаьттира цо, Кериман некха хьалха а хьаьжна.

– Со а… цаьрца ву-кх! Кху вагона тIера… Со нохчо ву!..

Пассажирски цIерпошт тохайелира.

– Ма инзаре хIума ду xIapa!.. – аьлла, шен вагона тIе вахара воккхастаг.

Пассажирски къайлайаьллачул тIаьхьа КеримгIеран эшелон а кестта меттахйелира…

Керим хьалавелира шен вагона тIе. Йуха а ойлане вахара: «Дешарна тIаьхьависинчу Тавсолтин ойланехь-м xIapa а ма ву… Бакъ ву-те Тавсолта?»… Керимна шен дагахь лаъане ца лаьара дукха хан йоццуш, фронтехь, ша саннарчу эзарнашца цхьаьна, шайн синош а ца кхоош, шаьш лардина долу, берахь дуьйна шайн дагах доьлла долу Советан Iедал а, цунах дIакъасто йиш йоцу Сталин а бехке ван.

«Делахь-хIета… бехк церан бацахь – хьенан бу?» – йух-йуха ойланехь хоьттура цо ша-шега: кху инзаречу харцонна бехке верг цIе йаккха шен дагахь а ца каравора цунна цхьа а. Жоп доцчу оцу хеттаршна базбеллера корта. «Баккъал а бакъ ву-те и?» – Тавсолтехьа дIахьаьжира Керим. Тавсолта хиъна Iapa. Жоп доцу хаттар, Кериман дагах йух-йуха а йу Iуьттуш, карзахдуьйлура. Амма оцу хаттаро синтем байинарш кхин а дукха бара – и дерриге, шайна а гуш хилла даьллашехь а, адамийн даго хIинца а тIе ца оьцура, Советан Iедало дийнна халкъ, доллу къам, берашца цхьаьний, махках даьккхина бохург. Советан Iедалан амалца йа тарлуш а, йа догIуш а ца хетара иза. Цундела хIетахь наха долийра: йамартлонца Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах вайн мостагIаша лелош хIума ду xIapa, йа Сталинна а, йа Iедална а ма-дарра хууш а доцуш. «Кестта дерриге а ма-дарра гучу а даьлла, и мостагIий Iopa а баьхна, вай йуха цIа дерзор ду», бохург йукъадаьллера. Цул тIаьхьа цIерпошт миччахьа а цхьана станцехь хьеелча, вовшашка кхаьънаш дохура наха: