Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

Даьлла тата а хезна, важа накъост тIевеара. Хьелиозархой а тIегулбелира.

– Хьовсийша, сурт доккхуш пхьаьрсах куьг хьакхаделча, туьйхи-кх! – оьшучул а чIогIа мохь беттара цо, кху йуьхьIаржонах, ша хIун дича, хьалхавер вара ца хууш.

Керим а, учетчик а тIевеара.

– Ас хIинцца акт а хIоттийна, суьде лур йу! Ас… чуйуллуьйтур йу хьо! Пачхьалкхо ца могуьйту шен корреспондентан сий дайар! Iадатийн къуьрдиг!

– ХIан-хIа! Суна гира ахь цуьнан пхьарс муха лецира, – элира Алпатус.

– Суна и цуьнан лере таьIаш а, дера, гира! – тIечIагIдира вукху дояркас.

– Суна… тIара долуш а, дера, хезира! – Зурас а аьлла, массо а дояркаш гIадбахана белабелира.

– Делан дуьхьа! Ма нийса тоьхна тIара ду-кх и, Нурседа, да-м! Оцу куьйга ахь шура алсам йаккхарх хIинца хIумма а тамаш ца бо-кх оха! – хастийра и Алпатус.

– Сий доцу йамартхой! – Хьоза карзахвуьйлура.

– Тхан а, хьайн а сий дойу йамартхо хьо ву-кх! Хьан кассета чохь пленкаш а йацара новкъахь дуьйна!.. Валол! – аьлла, иза вукхо хьалха а ваьккхина, дIабахара уьш.

– Дера, ца хаьа, Нурседа, Баккъал, хьуна хьан йелла и бакъо нахана тIара детта! Хьо-х партехь йу! ЧIоггIа дIааьлча а, тоьар дац ишттачохь?.. Хьо йезаелла хила а мегарий иза-м, – забаре бехк баьккхира Керима, амма цунах шен дагахь воккхавера иза.

– Суо партехь хиларна лардо ас сайн сий! И тайпа эвхьазло суна ца оьшу! И санначарна и хьалххе дуьйна а хууш хила деза!

– Дера, и лерган потт эккхийтичий бен Iадда ма ца Iа цхьаверг! – гIодаьккхира Алпатус.

– Цо хIун дора, цкъа Сиржа-эвлара хьаьмц кхаьллича санна, цIоцкъам саттош, тIаккха, гIалара кампет йиъча санна, балдаш цIубдеш? ДIахьовсал дIо: хIинца а кIур оьхуш, лаьттахь богуш бу, шуна, цуьнан безам, – аьлла, лаьттахь Iуьллучу цигаьркана тIе пIелг а хьажийна, берриш йуха а белийра Зураа.

– Бакълоь, бакълоь Нурседа! – массара къобалйира иза.

Цигара райцентрехьа вахара Керим, новкъахь Нурседин ойла а йеш: «Ийна йу, амма эвхьазло йезаш йац! Оьзда а йу, къонаха а йу!» – сацийра цо.

ТIаккха Кериман ойла шен цIентIерачу хьолехьа йирзира: «Дикачохь, райцентрехь пачхьалкхо йелла хаза хIусам лаьтта, амма чохь дог тIеузу синкъераме нур дагац… Кесира дIайаьлчахьана. Хьалакхиъна Каташ а кестта зуда а йалийна, шена вер ву… Жимачу Заретаца суо цхьалха муха Iийр ву со? – цу ойлано хьалха а кест-кеста хьовзавора Керим. Оцу ойланна тIе мосазза кхечи, лаамаза, йа лааме, Нурседа дагайогIура цунна, иза шеца бакъахьа а, хьакъ а хеташ. Амма кхетамо цу сохьта дIатоттура и, йуккъера лелийна гергарло а, Тавсолта а дагалоций. Делахь а, и ойла цуьнан коьртехь эвхьазайаьллера: «Цуьнан а ду, сан санна, бераш… со царна хьанал да а хир вара»… Амма Тавсолта йуха а дуьхьаллоций: «Йуккъехь иштта лелла гергарло хилча, наха а и харцахьа тидахь», – олий, йуха а дагара дIатоттура цо иза.

Делахь а… цхьа хан йаьлча, хьаьвззий, йуха а цу тIе йогIура ойла. Тахана а и ойла керлачу нуьцкъаца йехха сецира Кериман даг чохь, хIинцца хиллачо самайаьккхина. ХIинца дуьйна Кериман коьрта гIайгIа, хIун дина, оьзда хиндолчу aгIop, кхочушйийр йара-те и ойла аьлла, йара. Нурседас и магадахь, Тавсолтега ца хьоьжуш а, и йало сацам бира цо шен дагахь… Цо цу гIуллакхан сихо йан дагалецира, амма оццу гурахь Нурседа цIеххьана Эскинойн сельсоветан председатель хаьржира.

– Божарийн балха йахан-ц! – реза ца хилира Тавсолта.

ЙУЬРТДЕН ДЕЗАРШ

Сельсовет а, колхозан правлени а цхьана тхов кIел йара, тIе шифер йиллинчу йеттинчу кибарчигийн цIенош чохь. Йуьртден кабинета чохь, стоьла тIехь кехаташ а даржийна, шина куьйга корта а лаьцна Iан Нурседа, доккха са а даьккхина, арахьаьжира: маьлхан зIаьнаршлахь коре кхевдина гаьннийн гIаш, буьйран басахь къегара, мох а боццушехь, меллаша охьаоьгура, дитта кIел можа палс баржош.

Кехаташна тIелахйелира Нурседа: xIoкху деношкахь сельсоветан сессехь а, тIе хIинцца райсоветехь а чIагIйинчу плано некъаш тадарал, пачхьалкхан заготовка кхочушйарал совнаха, тIедиллинера йуьрта сихха электросерло йалор, школин кертахь мехкарийн интернат йар, ширачу Iадаташца къовсам марсабаккхар…

НеI ца тухуш, чувелира, боккха месала куй а коьртахь, къено йуьртахо. Нурседа, коьртара йовлакх тодеш, хьалагIаьттира:

– Охьахаа, Абубакар… хIунда веанера хьо?

– ЦIеношна тхов тIеберзоза биси-кх сан, Нурседа. ХIинца ахь гIo ца дахь, догIанаш ма-дилххи, берриг болх бов-кх сан… шифер оьшу… Колхозо йац эли…

Нурседас йаздина кехат делира:

– Вало, райсовете а гIой, цигахь председателе, йа цуьнан заместитель волчу, вайн йуьртахочуьнга Кериме xIapa дIало… КIеззиг йу хьуна церан… Йерриш ца лахь а, ах, мукъа, лур йу хьуна.

– ХIай баркалла! – кехат кисана а таIийна, йуьртахо дIавахара…

«Амма… массарел халаниг интернат йар ду… Бакъду»…

– Мегар дуй? – схьахезира оьрсийн маттахь.

– Мегар ду!

Чуйелира оьрсийн къона ши йоI.

– Де дика хуьлда хьан, Нурседа Тавсултановна! Тхойша керла йаийтина ши хьехархо йу. Тхан хIусамна, догIанаш ма-дилххи, чу ладар догIу…

– Цул сов, – элира вукхо, – кхузарчу туькана деана бепиг, шекар, даьттий… тхо балхахь дохккушехь, кхача а дой, тхо дуьсу… Тхуна буха дита алийша!..

– Дика ду. И шозлагIниг – кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..

– Баркалла… Iодика йойла!.. – дIабахара уьш.

Цу сохьта телефон йийкира.

– ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…

Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:

«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..

– Мегар дуй? – схьахезира оьрсийчун аз.

– Мегар ду.

Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:

– Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.

– Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.

И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.

– Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.

– Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца корматалла а луш. Тхан да берта а валош, со цига нисйан хьажахьа, Нурседа.

Нурседина дагадеара: «Ма хала дийшира хIетахь ас а… шимма а… Ткъа хIинца а… кхета ца бохку-те вайн нах? Россехара специалисташ кхуза схьабоьхуш, уьш кхузахь сецош, къахьоьгу, ткъа вешачаьрга деша а ца доьшуьйту… Дош дац xIapa », – стоьла тIе буй а тоьхна, йуха, хьалхара йоI а гина, йелакъежира Нурседа:

– Миспаъ, гул а дай, кхана схьада хьайн доллу документаш. ТIаьхьо-м ду, делахь а хьожур йу со.

– Баркалла хьуна, Нурседа.

Миспаъ арайелира. Йуха а, беснех буй а гIортийна, ойла йора Нурседас: «Интернат йан йеза!.. ГIишлошна оьшу гIиpc а, ахча а, гIоьртича, схьакарор ду. Йан йолийчахьана чекх йер йу, амма»… Нурседин ойла кхоьлира: Iадатийн гуш боцу маша, нохчашлахь Казахстанехь мелла а малбелла хилла болу, уьш йуха цIабирзича, сихха андлуш богIура кху йуьртахь. Мехкарий доьшучуьра йукъахбохуш, цIахь сецор а, тоххара йицйелла чIираш йухахьейар а хезара, белхаш беш арахь алссам хуьлу зударий, кинохь ганне а ца гора. Iадаташ эша а диний бен, дIадахьа йиш йацара халкъ культурехь кхиор!

«Амма муьлхачу йуьххьера, хьалха хIун схьалаьцна, дIаболо беза и къийсам?» – ойла йopa цо. Кхин цхьа хIума а дара дагахь: Тавсолта… иза а дуьхьал вер ву… Шен деца девне а йолуш, цунна вас а йеш бен, и гIуллакх дIадоло йиш йацар дара уггар халаниг: да везара! Бераш ца дезна вацара иза. Делахь а цхьаьнгге а хецца цу хьокъехь йистхила йуьхь-м йац, цкъа шен чуьрчу Iадатех ца тасалуш. «ТIаккха – дена дуьхьал йаьлларг хир йу… Селита а тIе ца тан мега», – кхуьнан ойла хуьллушехь, Селита чуйелира:

– Халла саций-кх ас Джейран, хIинцца дIагIур йу ша аьлла, тохайеллачуьра.

– XIун хилла?

– Дадас дов дина-кх, коьртаIуьйра ара хIунда йаьлла аьлла…

– И-м дош ма дац, дадас лелориг: дуьненан йистера схьа а йалийна!.. Кхин хIун ду?

– Ниночкин, Каташан ловзар… Комсомольски ловзар! Кхана хуьлу… тхан школехь… Вайга а кхайкхина Анна Львовнас, – йекхайелира Селита.

– Кечло, сихха совгIаташ а эций, – резахилира Нурседа.

И дIайахча, ойла йора Нурседас:

«Бакъду, Iадаташ хIинца а чIогIа ду, амма бертахь тIетаIахь, эша лур ду!» Нурседас сацийра йуьртахь цу тIеман йуьхь кханнехь дIайоло! Оцу комсомольски ловзаргахь! «Амма стенна тIера, муха? – ойла йора цо. – И комсомольски ловзар ша а ду Iадатна дуьхьал керла хIума. ХIетте а, кхин ондо цхьа агитационни хIума тIетоха деза цигахь. ХIун тухур дара? Муьлхарг ду- техьа и, пайдехь долу, «цхьа хIума?»… «Райкомах цкъа дагайала деза», – ойла хилла, хьалагIаьттира и.

Чувелира жима стаг, боьмаша костюм а тIехь, кIайчу кучаца, кепка а тиллина, IатIаран хьожа а йетталуш – клубан заведующи Баштиров:

– XIapa-м со вара, Нурседа! Хьо кхойкху, бохура-кх…

– Кхойкхура. XIapa шун куьпара йоI, школе оьхучуьра сецна. Къаста а дай, Iуьйрре и школе йуха дIа а хьажайай, соьга хаийта! – Нурседас кехатан цуьрг дIайелира цуьнга: – Хьо ма ву культкомиссин председатель!..

Жима стаг, бIаьргаш тIедугIуш вела а къежна, дIавахара.

«ХIуьрцIаьлдиг!.. Кхуьнан зуда беркъа лела тIехь, – шеца фермехь болх бина Алпату дагаеара кхунна. – Ткъа xIapa… и бIаьргаш хьандина, нIаьна санна, сетта!» – оьгIазе ойла йира Нурседас…

 

Кабинета чуьра ара а йаьлла, шоссейни новкъахула меллаша йоьдура и райцентрехьа, хьалабаьллачу малхо дацдина шен IиндагIа а хьоьшуш. ШолгIачу этажа тIехь йолчу райкоман секретаран кабинетахь Нурседина хьалхара а, шолгIа а секретарь карийра, аравала дагахь, ший а коьрта техкинчу фуражкашца, ирахь къамел деш.

– Де дика хуьлда шун!

– А, Нурседа!.. марша йогIийла. Дийцал, йуьртда, xIун дохьуш йеана хьо? – элира хьалхарчу секретаро.

Нурседас доцца дийцира. Коьртара фуражка схьайаьккхина, стоьла тIе а йуьллуш, хийцавеллачу йуьхьаца шен метте охьалахвелира хьалхара секретарь, леррина шолгIачуьнга а хьожуш. Иза а, шен фуражка, гIентах а уллуш, охьахиира вукхунна дуьхьал. ТIаккха хиира охьа Нурседа а. Хьалхарчу секретара горгали а тоьхна, чуйеара жима йоI.

– Рая! Схьакхайкхал женотделей, комсомолан секретарей.

Уьш а чубаьхкира. Нурседас, хIинца сих ца луш, дерриг йухадийцира. Хьалхарчу секретаро элира: «Кечам чIогIа бан беза», – шозлагIчу секретаре дIахьаьжира хьалхарниг:

– Вайн районехь дуьххьара хуьлучу комсомольски ловзаро вайн декхарш алсамдоху! – йуха завженотделехьай, цунна йуххехь Iачу райкоман комсомолан секретарехьай вирзира иза:

– Муха хета шуна? Чекхдаьррий-те?

– Дала-м деза! – элира шимма а.

– Делахь, со воьду… соь хьоьжуш хир бу… Ахь дисина гIуллакхаш чекхдаха кхаьрца… тIаьхьа тIевогIур хьо, – аравелира хьалхара секретарь…

* * *

Шена нисйеллачу киракхоьхьучу машенахь райцентрера йухайирзина Нурседа Эскинойн школин кетIахь машен тIера охьайоьссира. Кертахь, «Дада-бIарана» уллохь ойлане лаьттара Егорыч; дешаран корпусан учахь къамел деш йара Селитий, Анна Львовний. УьйтIе шера дIацIанйинера.

– О-о! Шу-м дика кечделла, Анна Львовна!.. Со райцентрера йoгIy.

– И шиъ а ду кестта цигара схьакхача дезаш. Райзагсера. Ца гира хьуна?

– ХIан-хIа. Ма дика ду, ма дика ду и, Анна Львовна!

Уьш массо школа тIехьа бевлира, комиссис интернатана магийначу майдане хьовса. Йуха, буьйлабелла, «Дада-бIар» долчухьа схьабаьхкира. Цунна кIел ойлане лаьттачу Егорыче:

– ТIаккха, хIун саций ахь, Егорыч? – хаьттира Анна Львовнас.

– ХIокху къеначу дитто оцу кхаа диттана новкъарло йо, уьш лакхадовла ца дуьтуш. Ткъа цара кхунна а йо новкъарло, шайн орамашца дIо бухара тIуналла шайна дIауьйзуш. ХIорш вовшашна йуххехь кхин дIа тарлац… ХIокхарех цхьаъ: йа и кхо къона дитт, йа xIapa къена цхьаъ – новкъара дIадаккха деза! Амма и къонанаш хьалакхиа хьакъ ду, Ткъа xIapa къенаниг а ду, сох тера, къена делахь а, кхин а вайна пайденна, даха ницкъ болуш. Цундела кхунах а, сайх санна, къахета… ХIетте а, цхьаъ ца дича а ца волу! Къахетахь a, xIapa 6Iap дIа а даьккхина, оцу къоначу кхаанна некъ бита сацадо ас-м. Ахьа?

– Кхин дан хIума-м, дера, дац, Егорыч! – резахилира директор.

– Диалектикехь а нийса хьесап ду-кх ахь динарг! – забаре йукъаIоьттира Нурседас:

– «ДIадоьдучо тIекхуьучунна некъ буьту».

Селитин йуьхь кхоьлира:

– Муха?.. «Дада-бIар» дIахадой? Иза-х вайн тIамехь байначийн чурт ду! – дуьхьалйелира и.

Нурседа йелакъежира:

– Дика ду, Селита. Вай дитча а, кестта ша а дакъалур ма ду иза, вуьш а хIаллак а деш! Уьш а ма ду вайн тIаме баханчеран безамна доьгIна.

Селита, йоьгIча санна, лаьттара хьаж тIехь белхи а бина, ойла йеш:

– Суна хаьа дан дезарг! – йуьхь серлайелира цуьнан.

– Дийцал! – лерина схьахьаьжира цецваьлла Егорыч, тIехилира: «ХIун карий-техьа кхунна?» – дагатесна.

– И кхо дитт кхузара, бух а даьккхина, хьуьлла татолан йисте догIа деза… Гой шуна: хIетахь, синтарш а ца тоьъна, цигахь паргIат йисина меттиг йу! Цу хин йистехь къона уьш кхин а сиха кхуьур ду! Ткъа «Дада-бIарна» а паргIато йолу!

– ОстопираллахI! И ду-кх доггах вилхинчун бIаьргех цIий деъна бохург! – тамаш бира Нурседас.

Егорыч велакъежара:

– Селита Тавсултановна! Оха кхунна йина къиза кхел хийци-кх ахь! Лечуьра даьккхи-кх ахь xIapa дитт!

Сакъераделлачу Егорыча «Дада-бIаран» хенах, воккхавеш, йай-й бел туьйхира:

– Кхин а дехар ду вайша, воккха стаг!

ЦIеххьана бел кхеттачуьра доьхна охьадеара, хьалххехь дуьйна а схьасевсина, цигара мурдоьлла хилла кховра. Цунна тIехьара охьаийгира: нодарчий, къоламан йуьхьигаш, циркуль, сийначу англин кийсик, дIабузучу маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, эппаз санна, горга эчиг. Уьш, беран хенахь школьникаша цига, кховра тIехьа, чукхийсина йара. Селитас сихха схьаийцира и горганиг. Цунна тIера мекха дIайоккхуш, гIa хьаькхира:

– Хьажахьа, Нурседа! Хьажахьа! Маццах, Каташший, Ниночкий къовсаделча, йайна вайн «Ленинан значок»!

Нурседас, тIе йовлакх хьаькхна, кхин а къага а йина, Селитин хьалха оьллира:

– Хьуна йогIу!

Селитин некха тIера, тохара беран хенахь санна, йуха а кхарна велакъежира Ленин.

Схьакхечира йаххьаш йогу Каташший, Ниночкий. Анна Львовна йекхайелира.

– Гой шуна xIapa ши кехат! – Каташа буйнахь схьаоьхьура кехаташ.

– Цхьаъ-м загсера ду. Важа? – хаьттира Нурседас.

– Райкомо тхойшинна целинни махка даха йелла путевка! Тхан дехарца! Хьовсал!..

Ниночкица царна тIевеара иза. Ший а сакъералуш дара.

Нурседас, Селитас шинне а барт баьккхира. Селитин некха тIехь йоллучу значоке хьаьжира и шиъ леррина.

– Евзий шуна?

Ший а ойлане хьоьжура. ЦIеххьана мохь белира:

– Хир йац!

– Дера, йу!

– Лохьа суна! Лохьа. СовгIатна! – дийхира Каташа.

Селитас, схьа а йаьккхина, Ниночкин некха тIе латийра значок:

– Ларвелаш и хIинца шаьш мел деха! Барт цхьаъ хуьлда шун!..

– Баркалла! Доккха баркалла! Кхана тхан ловзарга дуьйлалаш!

Шина йишин Iодика а йина, цаьрца чуйахара Анна Львовна а. Малх чубуьзира.

Кханалерачу ловзарна бан безачу кечаман ойла а йеш, шайн чукхечира ший а йиша.

– Тшш!.. – элира, къегачу йуьхьца, амма цIийделла бIаьргаш лепош, дуьхьалйаьллачу Джейрана.

– Хьаша ву дехьа чохь вижна… Ахат!.. ХIинца сама ма ваккха. ГIелвелла. Тавсолта бен уьстагI бало вахана, – йоккхайера Джейран.

Цо дийцира Ахата деъна керла хIуманаш. Иза Москвахь хиллачу физикан Iилманхойн кхеташонера Алма-Ата вухавоьдуш, кхуза, Джейран йолчу вирзина: гIалитIара райцентре ца кхачалуш чIогIа къахьегна. Райцентрера схьа Керима валийна. Асеткульна «белокрови» хилла. Шакен-агIа виллина меттахь ву. Джейранан йуьхь кхоьлира…

Йуьхь лаьцна боккха жий а балош, кех чувелира Тавсолта: ишттачохь къаьсттина комаьрша хуьлура иза.

– Зуда! – кхайкхира цо.

Тавсолтас уьстагI буьйш а, тилош a гIo дан уьйтIа йелира Джейран.

– Дада невцалла лелош ву! – Нурседас бIаьца йира Селите…

Кестта Джейран текхахь жижиг-галнаш а дохьуш чуйеара. Ахат а хьалагIаттийра.

Нурседас къайллах тергалвора иза. Шина а йишица цхьабосса векхавелла вара Ахат, йа леларехь а, йа лерехь а хIумма а хийцавелла воцуш. Цо цхьаъ дуьйцучу хенахь цуьнан стаммий балдаш дош кхаччочохь, хьалха санна, къовллий ваьштадоьлхура, амма къонахаллех дуьзна бIаьргаш, хIинца хьалхалера синкъераме лепар доцуш, гIелделло хьуьйсура.

Схьакхечира Керим а, Анна Львовна а; Егорычца чувеара Тавсолта а, Джейрана баккхийчарна нара тIе, берашна стоьл тIе юург йиллира, Нурседас гlo а деш. Тавсолта дехьа чу велира, Егорыч а эцна. Царна йуург къастийна дехьа чу а йаьхьна, схьа а йеъна, кхаьрца охьахиира Джейран.

Пхьор диъна а девлла, бераш йуха а стоьл тIехь урокаш йан хевшира, йуххе, къолам а буйнахь, Селита а хиира тетрадаш деша. Биснарш, шайн-шайн тоба а йина, къамелаш деш Iapa. Йовхарш а тоьхна, сехьа чу велира къамел дечарех схьакхета лиъна Тавсолтий, Егорыччий. ЦIеххьана сахьте а хьаьжна, Нурседас хаьттира:

– Дада, Iаьрбий бусалбанаш буй?

– Бу, дера-кх… Бусалбанаш ца хуьлу, бусалба дин шайгара схьадаьлла къам?

Чуьранаш дIатийра. Стоьла тIера шайн книжканаш а йитина, кIелдIахула схьаьхьаьжира Джамбуллий, Замий. Царна гуттара а хазахетара, шайн нана дадица къамеле йаьлча. Ша луьсту тетрадаш а дитина, хьоькху къолам а сацийна, Селита а йулаелира ша Iаччохь: Нурседин хаттарца цхьа «нун» тосаделира цунна.

– Царех йолчу кинога хьажа луур дарий хьуна?

Тавсолтас хьажа йуккъе белхи бира: йоIа ишттачу мIераца наггахь лоцура xIapa. «ХIун дагадеъна-техьа хIокхунна хIинца?» – дагатесира Тавсолтина: цIа веъчахьана йа xIapa а, йа кхунна хууш, ши йоI а кино йахана йацара. Амма бусалба дин долийначу Iаьрбех йолу кино ган лаьара. Делахь а, йоIа шена цу тIехь цхьа гур богIарх а шекволчу воккхачу стага хаьттира:

– Ма-барра, шаьш Iаьрбий, мукъна, буй уьш?.. Йа вайнаш бу царех лелаш?

– ХIан-хIа! Ма-барра шаьш Iаьрбий бу, шайн махкахь, шайн дахар гойтуш.

– Баккъал бах ахь? Воьду со, тIаккха-м! «Со чуьра аравалийта… хьешаца шайна паргIато хилийта деш хир ду цо xIapa… Иза-м новкъа дац», – йоьIан хьесапах кхиъна, сапаргIатделира цуьнан.

– ХIа, дIаэца: ши билет ду хьуна! Лаахь, Джейран а йига! – тIетуьйхира Нурседас.

Анна Львовний, Селитий йелакъежира. «ХIай-й, нажжаз йаI, xlapa хилла-кх и!» – дагатесира Тавсолтина, хьаж тIехь йуха а белхи гуллуш. Джейран кортали а тиллина тохайелира.

– Хьо чохь Iе… хьешашка а хьожуш! – элира Тавсолтас.

– Дика ду. Дика ду! – хIинца чохь йуьсуш а хазахийтира Джейранна: шен Ахатца зама йаккхар кхин а мерзах дара цунна. Амма, йуьхьа тIехь цIийелира иза: эхь хийтира Ахатана хьалха.

– Делахь, цхьаьний гIyo вайша, – аьлла Тавсолтица аравелира Егорыч. Ахатан бIаьргаш ойлане охьадахара.

– Нурседа! Иза хIунда хьажийра ахь оцу кино? ХIун кино йу и? – хаьттира Селитас.

– И-м и вуха веъчахьана, гур дара вайна! – хIиллане йелакъежира Нурседа. Бехха Iийра хIорш, бераш дIа а дийшийна, сакъоьруш, къамелаш деш.

Цхьацца керла хIуманаш а, массарна а хуу хилларш а кегийна девллачул тIаьхьа, къамел адамийн оьздангаллех а, догцIеналлех а тасаделира. Селитина къасто лиира: муха хила веза-техьа стаг шен кийрахь гIуьттучу лааршца, вуьззина догцIена а вуьсуш оьздангаллин барама чуьра а ца волуш? Ткъа Нурседас дийца даьккхинера: хIораннан а мел ницкъ кхочу-те шен кхоллам билгалъбаккхарехь. Массо а резахилира, и ший а хаттар вовшахтосуш, Анна Львовнас далийнчу хьесапна:

– XIopа стаг а декхарийлахь ву шен кийрахь гIуьттучу лааме ладогIа: Iаламан ницкъаца хуьлда иза йа дахаран Iамарца хуьлда. Амма царалахь, хьекъалца литтича, оьздангаллина дуьхьал а ца догIуш, йукъараллин хьашташний, шен кхиарний, могушаллиний пайдехь дерш кхочушдан деза; харцахьара лаарш, кхетаман ницкъаца хьаьшна, кIелдита деза. Оцуьнца йу адаман коьртачех цхьа башхалла. Вуьшта, оьздангалле а ца хьоьжуш, шен дегIан лаамехьа ваьлла стаг, адамаллех волуш, хьайбанан амалшка воьрзу.

Шеца хааделла харцахьара лаар эшадаро чIагIйо адаман оьздангалла а, цуьнан ша-шех йолу бакъ куралла а. Схьагарехь, вешан лаарш даима кхетамца литтар, царна тIера вешан урхалла карара цкъа а дIацахецар ду-кх вешан кхолламан харш а вайга билгалдокхуьйтург!

Селитас, тата дайина, устазе санна, ладоьгIура Анна Львовне: хьехархочун хьесапехь шен дахаран некъ а нислой хьоьжура иза.

Кхеран къамелаш чекхдовллуш, кинора хенал хьалха цIа кхечира Тавсолта.

– Хаза йарий Iаьрбийн кино, дада? – самукъане хаьттира Селитас

– Со-м ца Iийра и чекхйаллалц: уьш мичара бу Iаьрбий?.. йа бусалбанаш а? Цхьа цIерш йара-кх бусалбанийн, Iаьрбий лела иштта: шляпанаш а техкина, можмаш йаьшна! Ткъа зударий… тпуьй! – корта а хьовзош, цIенкъа туйнаш туьйхира Тавсолтас. – Шаберш коьртаIуьйра, месаш хедийна. Ткъа цхьаберш, пхьаьрсаш а дерзина, божарийн марахь хелхабуьйлуш… Со дIакхаьчча бухахь, цхьадика, суна йуххехь и БаштагIеран кIант а нисвелла, цакхетарг цо схьадуьйцура. Амма и ша а, дера, вара оцу балхах ца вешаш. Далла бу хастам! Далла бу хастам, вайлахь и доцчуьра!.. Егорыч-м цигахь висира, – корта хьийзош, дехьа чу вахара Тавсолта.

Нурседин йуьхь ойлане кхоьлира: «Тера а вац тIетан воллучух».

– ХIа, дIадоха вай… Ахат, хьо соьца дIавола. Буьйса йаккхарна со волчохь паргIат ду кхузахьчул, – элира Керима.

– ХIан-хIа, баркалла. ТIаккха… сан кхарна йала газа а йац!.. Кхузахь Iер со. Баркалла! – забар йира нохчийн и кица хезинчу Ахата.

Вовшийн Iодика а йина, самукъадаьлла хьеший дIасабахара. ТавсолтагIеран чуьранаш а набарна тохабелира. Тийна, йист ца хуьлуш, метта йелира Нурседа.

КОМСОМОЛЬСКИ ЛОВЗАР

Массарна наб кхеттачул тIаьхьа а йехха Iиллира Нурседа, ха хоьрцуш, буьйсанан боданехь ойланаш йеш кханенна ша кечдинчу гIуллакхан: «Мехкаршца-м барт хилира. Делахь а, муха чекхдаьр-те и? Да-м цига ца ван а мега», – иза Iаьрбийн кинора вадар дагадеара йоIана.

Пенехьа букъ берзош, ха хаьрцира Нурседас, доккха са а даьккхина. Корехула арахьаьжча, буьйсанан бода зарзбеш, стигалара охьахьуьйсура эзарнаш седарчий. Чухч-хьерана буьххьехь богу, меттах ца хьов къилбаседа а чу къедира. Йуха а, ца соцуш ойланаш йора Нурседас: «Баккхийчарна йуккъехь а бу вайгахьа берш. Амма Тавсолта саннарш атта къарлур бац»…

 

Нурседина дагадеара, Казахстанехь шаьшшинна дийнахь кино йахар могуьйтуш хилла Тавсолта, хIинца кхузахь, дийнахь кино даха шега пурба дехча, ирахъэккхар:

– ХIан-хIа! Наха тIехтухур ду! Зама а коьртахь йовлакх а доцуш оьху школе! Жима йелахь а, хьалххе дуьйна Iамайе оьздангалла! – омра дира цо

Нурседа IадIийра, деца девне йала а ца лиъна. «Иштта IадIаро талхийна гIуллакх! ХIан-хIа! Мегар дац ша резавоцчунна IадIа!», – пенехьа йирзира. – «Къовса деза! Къовсам боло зама кхаьчна. Йуьртахь и къовсам айа дезарш тхо ду… Со йу!» – бохура цо, ша-шега. «Къовса-м хала дацара, халаниг – баккхийчарна халахетийта дезар ду! Бакъду, цара шен заманчохь доьзал кхиийна, бераш а кхаьбна. Делахь а, тхо дайх эхь хеташ, гуттар тхешан гIуллакхашна тIехь а церан йуьхь лоьруш, тIаьхьа сецар нийса хир дац»… Юха а корахьа йоьрзуш, ха хаьрцира цо. «Ча такхийнчу тачи» кIелхьара, мархаш дIасахилийна, церан йистош детех къегош, схьакъедира беттаса. Шен маьнги тIехь, лерга кIел куьг а диллина, набъеш Iуьллура Селита, юьхьа тIехула беттасин мохарчий а оьхуш. Нара тIехь берашца цхьаьна йижинера Джейран. Ахат, дехьа чохь, Тавсолта волччохь, баьрчче нисвинера. «ХIинца а, хьалха санна, да оха лара веза… Iалаш а вийр ву. Амма… ТIекхуьучарна хьалха жоьпаллехь тхо ду! Тоьар ду!» – тIаьххьара и ши дош хозуьйтуш иккхира цуьнан. Селита, ха а хаьрцина, хьалаайаелира. Нурседа, набъечуха бIаьргаш хьаббина, дIатийра. Селита, и набарх луьй моьттина, юха а юргIана кIел юьйлира.

Кестта дехьа чуьра схьахезира Iуьйкъан ламазана гIаьттинчу Тавсолтин татанаш. Корехула чукъедира морзин басайахана стигалан анайист. Набаро даздина Нурседин бIаьрганегIарш меллаша ваьштадахара.

* * *

Вукху дийнахь школин кертахь дIахIоьттира доккха ловзар. УьйтIахь дукха адам гулделлера «Комсомольски ловзар» – бохучу дашо, йуьртахула маса чекхдаьлла, нах схьаоьзнера. И муха хуьлу хьовса, тамаш беш гулбелларш а, цунах бела дагахь баьхкинарш а, вуьшта шайн сакъера вовшахкхетта кегийрхой а – бес-бесара дукха адам дара кертахь.

Малх ца гора: йерриг стигал дIалаьцнера шерра дIасайаьржинчу мархаша. Амма де мела а, тийна а лаьттара. Мох бацара банне а, «Дада-бIарана» кIел пурх хIоттийначу йехачу стоьла тIе, хьийзаш, гуш доцчу, кегийчу парашюташ тIехь санна, сих ца луш, охьаоьгура диттан гIаш. Стоьла гонаха Iapa: Ахат, Анна Львовна, Селита, райкомера зударийн отделан заведующи а, комсомолан секретарь а, кхин бехке хьеший а.

Нохчийн ловзаргахь хIинццалц ца гинчу кепара вовшашна йух-йуххехь Iapa нускаллий, кIанттий: Iаьржа кIужал кест-кеста хьала а хьокхуш, велакъежа Каташший, эхь хетарца корта охьа а бахийтина, дарин косынка а коьртахь, йогучу йуьхьца, шена хьалхха хьоьжу Ниночкий. Цу шинна тIехьа лаьттара церан цхьацца накъост – школера кIанттий, йоIIий. Стоьлан шина а йистехь ловзаран куьйгалхой: аьрру aгIop Керим, аьтту aгIop Нурседа Iapa, шайна уллохь, пхьаьрсах цIен цуьргаш а дихкина, ши жимха а лаьтташ. Нурседина йуххе хиънера кечвелла Егорыч. Школин корпусехьа, аьтту aгIop хIоттийначу вукху стоьла тIехьа, дехийчу гIанташ тIехь, иэ а белла, хевшинера йуьртан, школин комсомольцаш, комсомолкаш. Мехкарийн коьртахь йара шайн даимлера косынкаш йа шифонаш, тIехь – гIабалеш, хаза кучамаш, когахь – йа кIархаш, йа туфлеш гора.

Аьрру агIорхьа лаьттачу, кхозлагIчу стоьла тIехь шаьш ховшийнера кхайкхина баьхкина, доьшуш боцу, эсала Iа, йуьртан мехкарий, йукъ-кара, церан хьаште хьажа, цхьацца комсомолка а хаош. Царна дуьхьало, урамехьа, аннийн кертаца могIарехь лаьттара сакъералу кегийрхой а, кхин нах а. Кертал дехьара чухьуьйсура баккхий зударий, коьртах ондда йовлакхаш а хьарчийна, цхьаберш цеце бага пIелгаш а доьхкина, вуьш кхардарца лахара балдаш тIе а даьхна. «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьлана аьрру агIорхьа Iа вотанчий, пондарчий, xIyp эккхийтина, саццаза шайн шовкъе гIoвгIa сийсош дара. Вукху агIорхьа, цхьана жимочу стоьла тIехь, лаьттара йоккха патефон а, пластинкийн дийнна барз а, йуххе хIоттийна ши жимха а волуш.

УьйтIе хаза цIанйинера. «Дада-бIарана» тIера дуьйна кен утармашна тIе кхаччалц тесначу тела тIехь, хьалххе хьалаоьхкина, мехкдаьтта даго панараш, лампанаш кхозура. Кертахь маьI-маьIIехь лаьтташ а, дIасаволуш а гора, пхьаьрсех цIен цуьргаш дихкина, кхин а цхьа-ши комсомолец. Цкъа хьалха Керима, нохчийн кегийрхошна советски оьздангалла Iаморехь кху ловзаран доккхачу маьIнех лаьцна дош а аьлла, бал дIаболийра. Дуьххьара йукъаваьккхира, фаружкица, сирачу коверкотан костюм йуьйхина волу комсомолецций, шифон а тиллина, дарешца кхелина гIабали йуьйхина комсомолкий. Ший а дика долура хелха: кIанта, дегI айббина, лечин тIамарш шуьйрра дIасайаржийна, лаьттахула сих-сиха когаш шершош, йум йора гонаха, шен аьрзун бIаьргаш кест-кеста йоIехьа а хьажош. ЙоIа, корта aгIop а таIийна, эхь хетачу куьцехь, бIаьргаш охьа а дахийтина, кIантах дIауьдуш, бай-й гобохура уьйтIахула…

И шиъ охьахиъча, ша йукъавелира цхьа къона йуьртахо, шен галпех куьг а тоьхна, багахь цигаьрка а йоллуш. Меллаша тIевеанчу дежурнис шен лере цхьа дош аьлча, цо багара цигаьрка охьакхоьссира. Цуьнца йукъайаьккхира Нурседа. Чан эккхийтнна, цхьа тамаше, пелхьойн хелхар дира йуьртахочо Нурседица, массеран а самукъадоккхуш. Ловзар цу сохьта шен шовкъе кхечира.

– Здорово! Здорово! – элира, корта а ластийна, Ахата.

– ХIокхунах-м цхьаъ хила ма гIерта! – элира, шен лулахочуьнгахьа а вирзина, кертаца лаьттачу цхьана, бухарин холхазан куй коьртахьчо.

– Хьовсур вай, тIаьхьа хIун хуьлу, – корта таIийра вукхо.

Хьовсабаьхкинчех дIабаха дагахь хилларш а севцира. ТIеттIа талуш, дика дIадоьдура ловзар. РогIехь хелха буьйлура кегийрхой… Клубан заведующи Баштиров а вара кхузахь, IатIаран хьожа а йетталуш, забарш кхуьйсуш. Нурседа ойлане хьаьжира: цуьнан зуда Алпату йацара кхузахь, Джейран а йацара, иза чохь сацийнера Тавсолтас. УьйтIахь шатайпа зов лаьттара. Луьйчеран гIap а, пондаран, вотанан гIовгIа а ийнера, нехан къамел ца къасталуш. Стигал кхин а кхоьлира.

– ЙоI-м… оьрсий йоллушехь… лартIехь ма лела… вайна тамана делахь а, коьрта хIума а тиллина, ткъа хIокху кукайс хIун леладо, хьовха, коьртаIуьйра, и никIапа а йина, эхь ца хеташ цунна йуххе а хиъна… КIуж-меъ санна! – элира керта тIехьа лаьттачу зударех цхьамма.

– Цхьаъ хир ду-кх… – жоп делира уллерчо. – Ца го хьуна хьуьлла а цхьаьнаийна Iийраш?

– ДаватIарг! Нохчо йалийнехь ца мегар-те? – Iоьттира кертал чоьхьа шенна хIоттийначу гIантахь Iачу, Iаьржа кортали а кхоьллина, когаш тIе хIуттуш, хьалха дети чаьрпазаш а йохку, йеха полша а тIехь йолчу цхьана йоккхачу стага.

– XIapa-м хаза а дера йу. Дукха хьолахь-м вайчара йалориг иштта хаза а ца хуьлий.

– ХIаъанний! Кхечара ца йуьгуш йисинарг кхочу-кх вайчаьрга! – тIетайра йоккха стаг.

Йуххехьуо лаьтта цхьа йоIстаг тIейирзира царна:

– Бехк ма биллалахь, йоккха стаг! Иза-м нохчо санна йу хьуна… вайн мотт а хууш, берахь дуьйна вайца кхиъна. TIe, хIун башхо йу, ма-дарра аьлча? Шена йеззарг ца йалайо?

– ДаватIарг, и шен къомах йерг йеза ца мегара цунна?

– Магара… Делахь a, xIapa йезайелла-кх… Безамо къам ца хоьржу. Имама Шемала а йалийна, бах, шена йезайелча керста – эрмало.

– Хьо-м цаьргахьа йелин-ца! Цара лаьцча санна! Хьо а йу-кха уьш берриг! ХIун дуьйцур ду хьоьца?

– Хьенан йу иза? – хаьттира вукхо, нускалехьа куьг а тосуш.

– Вайн йуьртахь ваьхначу, тIаьхьа тIамехь вайначу механикан майоран Терентьев Иванан йоI йу-кх. Изий, кIентан дай хьуьлла Iе Керим цхьаьна ма лелла тIамехь… ДIо-о Iийриг йоьIан нана йу.

– ХIа-а, тIаккха-м ша ду, – тIетайра цхьаъ.

– Делахь а, оьрси йалийнарг шен нахах-м волу!.. Хьо хьоьжуш Iелахь, цу нускало и Каташ, вадийна, цхьанхьахула дIавуьгуш… стуннана а эцна! – Къамелана йукъайуьйлира йуха а йоккха стаг.

– И-м нис а дели хьан: Каташ ша ма вуй Казахстане ваха ветталург. Бал дIабирзинчул тIаьхьа уьш, баккъал а, дIабоьлху цига. Стуннана а хIун деш Iийр йу ша кхузахь? И йоI йоцург хIума ма дац цуьнан.

– Гой шуна! Деан ас боххучунна тIе! – шех тоам бина, гIадйахна йелайелира йоккха стаг. – Шен нахана вов-кх… Мохо даьхьна гIa санна!

– TIe дукха хьолехь чекх а ца долий церан дахар-м цхьаьна! – тIетесира кхечо.

– Дера ду, вон меттанаш IадIахь-м! – Iоьттира йоIстага. – Кхераниг-м муххале а! И къоман тайпанаш-м башха лера оьшуш а даций! Адаман дог дай коьртаниг-м! – оьгIазе элира йoIa.

Цу минотехь шен тидам йуха а ловзарна тIе а бирзина, йоккха стаг сецира: хелхарна йукъаваьккхинера кхойтта шо долу Джамбул. Дато бустамашца чоий, гIовтал дуьйхина, жимачу шаьлтанца, можа маьхьсеш а когахь, и хелхавала волавелча, дерриг ловзар цуьнга хьаьжжинчохь дисинера. Шеца йукъайаьккхинчу, шел лекхачу йоIана, и гена йаьлча, ког сиха шаршош, готосий, хьалхаэккхара иза. Цуьнан синкъераме йогу йуьхь хелхаран амалца товш бес-бесара хийцалора.