Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

– Къонаха! Сату – вуьззина къонаха!.. – цунах ша аьлла дош йуха хийцира хIинца Тавсолтас.

– Кхана Iуьйранна, набахтин кертахь, цхьаболчу, кхозлагIчу этаж тIерачу лецначеран тидам а хуьлуш, гIовгIа йоккхуш латийна мотоцикл а йекаш, банин пенаца а хIоттийна, цунна тоьпаш туьйхира…

Со халла велира воь суд йечуьра: фронтовик хилла хиларна, ца вуьйш а витна, со йуха а фронте – амма гIудан-батальоне дIахьажийра.

Дуьненахь доллучу хIуманах а догдаьлла, сайн са ца кхоош, со вере сатуьйсуш, лар а ца луш, лийтира со фронтехь… Хьовсийша, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, йуха а шортта орденш а йахьаш, цIавеъна волу со, тоххара дIадаьлларг цхьамма карла а даьккхина, итт шо хан а тоьхна, Сибрех ма хьажий!.. Йуха цигахь мала а Iеми, дечиг тIекхетта бойна ког а дIабаьккхи…

Массара a, гIap яйъина, ладоьгIура…

– И боьха хIума Берия хIинца а коьртехь ву-кх… Цуьнан хIуманаш ду уьш! – эккхийтира Керима.

– ХIан-хIа!.. Коьрта бехкеверг и вац – Сталин ву! – ша Iачуьра хьалаайвелира Еланцев. – Берия цуьнан хьанала лай ву!.. Коьрта бехкеверг а, чалтач а ша Сталин ву!.. Исторехь цуьнга а кхочуш боьха стаг хилла а вац: цо шегахь цхьаьнатоьхна Неронан маьттазалла, Иван Грозныйн къизалла, Азефан йамарталла! – элира, хIинца йуьхь цIиййеллачу Еланцевс.

Селита йай-й йелакъежира, тоххара Эскинойхь, школехь ша доклад йеш, Еланцевс Сталинах аьлла кхитайпа дешнаш дагадаьхкина.

Нурседас, неIаре а йахана, и дика тIечIегIира: Сталин веллехь а, Берия хIинца а дийна вара.

* * *

Кхин а масех бутт баьлча, цхьа гIуллакх хилла, правлене ваханчохь, Тавсолтина учахь, акъбевлла, радиога ладоьгIуш нах гира. Хьехориг Берия вара: халкъан а, партин а мостагI и хиларна, чувоьллинера хIинца Берия. «Хьай, делазхо йаI! И вара и, цкъа а вийна дIа а ца воккхуш, даим вен везарг!» – ойла хилира Тавсолтин. Сиха, гIанташ тIе а буьйлуш, сакъералуш, дIадохура цуьнан портреташ чуьрачара. «Хийцамаш буьйлабелла!» – дагатесира Тавсолтина: «Делан чIир кхочушхилаза ца йуьсу. КIелхьарчунна тIехула гIа а бехкамаза, церан меттигаш йуха ца хуьйцуш, дуьтур дац Ша, аьлла цу Дала», – шен ойла йора Тавсолтас…

…Кхин а цхьа хан йаьлча:

– ГIарчI-аьлла схьа а лецна, занкъаьлла чу а боьхкина, гарраст аьлла, тоьпаш тоьхна-кх вай махках даьхначарна! – аьлла, ТавсолтагIеран чувелира самукъадаьлла Керим, газета а карахь. Газето хоуьйтура: Берияна а, цуьнца цхьаьна хиллачу йамартхошна а тоьпаш тохар. Дерриг советски халкъо доккха садаьккхира, и даггара къобалдарца. Массарна а хиира 1937-чу шарахь берриг Советски махкахула чекхдевлла, хIинццалц жоп даланза дисина, инзаре зуламаш хьан дина. ХIинца партис бехкечарна хьакъдоллу таIзар а деш, иза Iорадаккхарна, адамашна хьаам белира. Къаьсттина хазахийтира и, бехк а боцуш, цу йамартхоша сийсаздина, шайн махках даьхначу къаьмнашна.

Керима шена газета доьшучу хенахь, Тавсолтас синкъераме корта хьийзабора:

– Хьажал, Церетели вуй царна йуккъехь?

– Ву, Къуръанора-кх, хIокху меттехь-м!

– Хьай, йовсар яI! – Тавсолтина дагадеара цуьнан Эскиной вар. – Ма дера дилли церан! – воккхавера Тавсолта:

– ХIуъа дийцича а, нийса ду вайн Советан Iедал! – тIетуьйхира Тавсолтас. – ХIинца вай цIа дахийтахьара!..

– Делахь а… хIинца а… сатоха деза, – элира Керима. РаьгIнаш йу гIуллакхийн…

* * *

– Районан комендант чохь вацара. Хьалхарчу цIа чохь стоьла тIехьа, таьптар а даржийна, Iapa НКВД-н лейтенант, цунна хьалха, чоь йуьззина, ирахь лаьттара цхьа нах, цо цхьацца тIе а воьхуш, массо уьш дIа а йазбеш. Цхьаберш сонешкахь, дехачу гIенташ тIехь хевшина Iapa.

Керимна йуххехь ирахь лаьтта, дика тIедуьйхина, цхьа хьаьрса интеллигент вара, шена уллохь Iаьржа дуьйхина, корта а оллийна, Iачу зудчуьнга луьйш, гуьржийн акцентаца:

– Хьо хIунда хIоьттина сел холча? Хьуна-х и хIокху тIаьххьарчу дейтта шарахь цкъа бен гучуваьлла а вац… Цо-х хьоьга шеран коьртехь цкъа бен телефон а ца тухура!..

Зуда IадIара, корта а оллийна.

Лейтенанта и шиъ шена тIе дехча, хиира Керимна уьш муьлш бу: Iаьржа дуьйхина зуда Бериян йиша хиллера – Мария Павловна, важа – цуьнан майра. Чохь болу вуьйш а Берияца цхьаьна, дукха хан йоццуш, хIаллакбинчу цуьнан гIоьнчийн доьзалхой бара, хIинца шайх спецпереселенцаш а бина, махках а баьхна, кхузахьа схьалаьхкина. Кабуловн зудий, йоIIий, ший а, сирла-хьаьрса, стигалан басахь долу бIаьргаш а лепош, шекйоцуш, йела а къежна, Iapa сонерчу гIантахь, шайна хилларг хIумма а доцуш санна. Кхиберш-м маларан хьожа а йетталуш бара.

– Хьуна хIун оьшура? – лейтенантан Керимах бIаьрг кхийтира.

– Со-м Идрисовца гIуллакх долуш веънера.

– Иза, цомгуш а хилла, балхара а дIаваьлла хIинца… ЦIахь ву…

И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду цунна… ХIинццалц и ца ваьхьнехь а дийца, хIинца таро а ма йара цуьнан», – бохура шен дагахь Керима. Керимна, коьрта долчунна, хьалхара хаа луург дара: «Цу къизачу муьрехь, эзарнашца бехк боцу нах а, шаьш вовшийн а цара хIаллакдечу деношкахь, НКВД-хой шайн ойла муха хилла-те, уьш тешаш а хиллий-те шаьш хIетахь лелочух?»…

ХIусамнанас Идрисов гIалитIе лоьрана тIе вахна ву а аьлла, вухавирзира Керим…

ЛАТТА

ДIауьдура денош… Iуьйрре, дена йуург а лой, ши йиша цхьаьний балха йоьдура, ши бер школе а кхетош. Йуха цхьаъ балхара а йолий, хан ма-кхеччи, уьш школера цIа даладора, дуза а дой, йа итт шо кхаьчначу Джамбулан Iуналлехь дуьтий, йа лулахойх тешадой, йухайогIура, вукхунна кхалла хIума а йахьаш. Цкъацца, йуург а йицлуш, маьркIаженга а болура болх. Йай хьегIара гIелйелла меженаш, амма, кIеззиг садоIIушехь, къоначу дегIо йуха а дIаозавора Iеминчу балха. Лаьттаца долу гергарло, цунах куьйгаш деттар доггах марзделлера йижаршна.

Цунах ойла а ца йеш, хIинццалц тидамза хьешна xIapa Iаьржа латта хIинца кхечу сибатехь хетара шинне а. Лаьтто латтош хиллера дуьнен чохь мел дерг, дуьненна мел оьшург. ТIаьхь-тIаьхьа тIеттIа гучудуьйлара йижаршна цуьнца дохку тамаше хIуманаш. Цуьнан Iаьржачу бага кхоьссина буьртиг лера, амма йухабоьрзура бIозза дебий. Шен хама бинчун пусар деш, дист хуьлуш дацахь а, шена дечух кхеташ, хьекъале хетара хIинца латта. Цуьнан бос а, хьалха санна, массанхьа а цхьана тайппана сингаттаме ца хеташ, мелхо а, шен-шен меттахь шатайпа хийцалуш, шеран xIopa муьрехь а кхечу куьцехь гора.

Нахаро бал харцийначохь, аьлха санна, и къегаш дайча, схьа а эцна, керайуккъехь хьен дог догIура. Дерриг аьхна, дIадийна а даьлла, иза Iаь а гIуьттуш, малхехь, Iаьржо лепаш гича, йоккхачу садаIа дIатевжинчу, беркатечу гомашах тарлора Нурседина. Гурахь шен беркат адамашна дIа а доькъий, иза, дерриг дерзина а долий, эсала схьахьаьжча, Селитина тарлора цхьаволчу, йуьхьан бос Iаьржачу, амма, шех нахана даьллачу диканах воккхавеш, сирла велакъежинчу стагах. Iай и дерриг а лай кIел а дахана, гIap ийна дIатийча, чIогIа тарлора шинне а, кIайн юргIа тIе а тесна, садаIа дIатевжинчу, туьйранахь вуьйцучу цхьана воккхачу, дог дикачу нартах. Хьалха санна, мотт боцуш а ца хетара и хIинца: иза даима а саццанза луьйра шена тIехь болх бечаьрга аз доцчу, хезаш боцчу, амма церан дегнаш шех кхуьучу маттахь. Цунна оьшург, цуьнга ма-хьаьжжи, хаьара иза дезачарна, бIаьргашна а хезара, йаздинарг санна. Йешча а ца кхачало, дахаран бух боцу книжка хетара латта. Адамашна дика мел дерг Iамош, церан амал а собаре кхуьуьйтуш, нийсон чам а царна бовзуьйтуш, адамийн оьздангаллин Iу хиллера латта.

«Дуьнен тIехь мел долчун диканан нана – латта, да – болх бу», – бохучу, учебник тIерачу кицанах а хIинцца буххера кхеттера ший а йиша. ХIинца, дерриге кхин мел долчел а тамаше хетара шайн когашна кIелхьара шаьш бен доцуш хьоьшу Iаьржа нана-латта. Маьрша а, могуш а волуш, цуьнца вахар, цуьнца болх бар хиллера бакъдолу ирс. Цундела дог а догIуш бора цара шайн болх. Церан йаттайелла йаххьаш кхиинчу кIен басахь йогура малхехь. Шайн болх хала а бу, бах а ло, олий, цкъа а ца Iаьткъара царна…

Тавсолтин болх-м, иштта бах а ца лора. Тахана а хьалххе ваьлла парггIатчу боларехь вухавогIура иза. Гуьйренан де мело деанера. Колхозан правленига нисвелча, гIовгIa хезира. Чувирзира.

– И хIун ду? – хаьттира цо неIаре гIертачу къеначу казахе.

– Лулара «Интымак» колхоз вайчух туху. Цигарнаш а бу баьхкина.

– A-а… – кхийтира Тавсолта, – и дийр ду бохуш, хезнера.

Ший а, чу ца волуш, сени чохь ладоьгIуш лаьттара. Цхьанакхеттачу правленис сацийра: вовшахтоьхна йоккхайинчу колхозан цIе «Джамбул» йитар. ТIаккха дийцира тIейогIучу бIаьста кхин ши бIе гектар байлаттанаш ахарх лаьцна.

Ирахь латта кIордийна, Тавсолта неIарх чухьаьжира. Къамел дан хьалагIаьттира Нурседа. Да неIарал арахьа сецира, йоI къамелах ца йохо.

– ХIинца ши колхоз вовшахтоьхча, вайн декхарш кхузза совдовлу. Шиннах цхьаъ йан а ца оьшура, цунах пайда шозза бен ца балахьара. Вайн даьхни дебор кхузза алсамдаккха деза. Докъар кечдаран план дикка лакхайала декхар ду. Ас цхьа гIуллакх тадо вайна, докъар кечдаран бригада стам а йина, цуьнан план кхузза сов йаккхар а, тIе, цу бригадина и докъаран йалташ дер тIедиллар а. Газеташа а тадо, Украинехь, Кавказехь санна, алссам хьаьжкIаш йер. Уьш докъарна а тоьлу. Оцу байн латтанех, мекхана хьажийнчун эха тIехь а, мекхан меттана, хьаьжкIаш йен йеза!

Чохь гIовгIа йелира. Нурседа охьахиира. Аскеровс дуьхьало йира:

– Мукх хьалххе дуьйна карабирзина… и тхан латтанаш тIехь зеделла йалта ду. Дика хьекъа иза xIop шарахь а. Дохнана дика докъар а долу цунах. ХьаьжкIаш кхузахь муха хир хаац. Мелхо а, вай декхарийлахь ду мукх буьйн меттигаш кхин а шорйан. Оцо бен вайн докъаран бух кхачамболлуш чIагIбийр бац…

– Ткъа хьуна хаьий, иза-х радиос а дуьйцу! Цхьана гектара тIера хьаьжкIаш буьртигахь оьзча, мекхал шозза а, цкъацца кхузза а сов хуьлийла? – ша Iаччуьра йукъакхоьссира Нурседас.

 

Хьажайуккъе шад а хIоттийна, Аскеров чугIоьртира:

– Тхан латтанаш тIехь ца хуьлу иштта… xIapa Украина а, йа…, хьуна ма-хаъара, Кавказ а йац!

Нурседина хаьара, ша хIинца йистхилахь, дов хир дуйла. Цо собаре элира:

– Докъарх жоп лучу хьуна-х хаа ма дезара и.

– Хьо йара тхуна хьехаза йиснарг!.. «Радиос дуьйцу»… Латта довза деза цкъа хьалха!.. Лакхайала гIерта хир йу хьо… «Новатор»!

– Вайн колхозан гIуллакх лакхадалийта-м гIерта… цхьаболчу «лакхарчийн» хIуьттаренна! – ца Iиелира Нурседа.

– ТIехйаьлла хьо хIинца!

– ХIинца бен тIе а ца кхаьчна… коьрта долчунна! Правленис къастор ду! – Нурседа тешна йара ша бохург нийса хиларх.

– ЧIогIа хьаьжкIаш дагайоьхна-кх хIокхунна! – эккхийтира цхьамма.

– Ца кхета хьо? Ша гайта гIертий и-м, хIинца хьаьжкIийн «мода» йолу дела, – бIаьца йира Аскеровс накъосте.

Нурседа IадIийра. Колхозан агрономо Лутценкоссий, парторго Довлетжановссий, кхин шиммой къобалдира Нурседас аьлларг, амма колхозан хьалхенча Истамбаров Уали а, правленин кхин ши член а, тIе Албастов Керим а царах кхетта, уьш совбевлира.

– Нийса-м дац сацийнехь а! – элира Нурседас.

– Ахь хIун дей, хьайна лаахь: шун звенона йеллачу ткъе пхеа гектара тIе хьаьжкIаш йе, – ца вешаш велакъежира Аскеров. – Гайта тхуна, шайн уьш муха хуьлу!

– Йе-те! – тIетайра Истамбаров а.

– Йуьйр а йу, гойтур а ду! – уллорчу Кериме дIа а ца хьожуш, арайелира Нурседа. Тавсолта, схьа а кхетта, йоIаца цIа вогIура. ТIаьхьакхиира Керим а.

– Хьо, мукъна, хIунда велира цаьргахьа… хьаьжкIаш толар хьайна хуъушехь?

– Нурседа! Кхузарчу лаьттан хьал вайна, баккъал а, ца хаьа! ХьаьжкIаш кхузахь лелийна а ма йац. ЦIеххьана уьш ца хилахь? Бехке вай дийр ду…

–ТIех ларвелларг – тIаьхьависина… Ас гойтур ду шуна и-м, бIаьста ма-йелли!

– Гайта ахь! И бакъо йели хьуна, – Керим дIакъаьстира.

– ЙоI, хьайн бала боцчу ма кхийда!.. Хьайн декъа тIехь дика болх а беш, IадIе. Сих ма ло… Ойланза динарг пайденза дуьсу!.. Ма къийсало! – луьйра Тавсолта.

– ХIунда ца къийсало, дада? Вайна а бай колхозан бала-м! Нийсаниг къовса деза!.. Ца къевсича, гIуллакх дIа ца доьду, дада! – кIедо тIетуьйхира йоIа…

И гуьйре а, Iа а дIаделира…

Байлаттанаш карадерзоран гIуллакх бIаьста кхин а айдира. Казах–Кюльна тIехьа Iохку байлаттанаш карадерзо Россера а, Украинера а, Закавказера а сов дукха кегийрхой кхечира. Сиха дебара ханнийн цIенош, четарш, гIишлош: «Абайн» цIарах йоккха совхоз йиллира, йалтий, даьхни лелор а, чIерий дахар а тIехь долуш. Комаьршша схьахийцира пачхьалкхо киралелон машинаш, тракторш, йуьртбахаман техника, кхиболу гIирсаш.

«Джамбул» колхозана уллохула цига кхаччалц жагIанан некъ биллира чехка. Тохара буса бодане лаьттинчу Iоман агIонехь хIинца хин куьзга цIерашца лепадора электрически стогарша.

БIаьстенца чекхделира керлачу планехь оханаш дар а, йалта дер а… Аьхке кхехкачу хенахь хабар делира: байлаттанаш карадерзоран гIуллакх муха доьду толлуш, луларчу областашкахь лелаш ЦК-н комиссеш йу аьлла. «Хрущев а ву цаьрца!.. Кхуза а кхача мега!» – бохура. Цхьанна а ца хаьара и билггал, амма xIop бригада, колхозник тIетаьIира кечамна. Некъан йистошкара къух дIадаьккхира. Дитташна кир туьйхира. Дешархоша, арыкаш цIандеш, дIайехира массанхьара а йараш. Лурчах йан йоллийнчохь йисина зIакардаьхнилелон ферма хIинца катоьххана чекхйаьккхира; шайн-шайн керт а цIанйина, къагийра бахархоша йерриг йурт! Къаьсттина тIетаьIира колхозхой йалтийн аренашкахь. Аланза йохьебевлла, и аренаш цхьана кIиранах самсайехира цара.

Хаза лаьттара денош а. Нурседас, сарралц чу ца йоьрзуш, шен белхалошца тайира шайн аре. Тахана а Iуьйранна дуьйна йоллура и хьаьжкIашна йуккъехь, чу а йахаза, шен сийна косынка, лаба йеш, хьалха а оьзна, бухадисина асарш дIадохуш. Селитин звено а йуккъе оьзна, шорйинчу Нурседин бригадехь дукхахберш хьаьжкIаш дика йевза нохчий бара. Луценкос шайна ма-хьеххара, беакIов бенан хормехь йийнера цара хьаьжкIаш. Нурседа йоккхайеш аренга хьоьжура: лаккха хьалайахана хьаьжкIаш, мохехь сийна дехий лергаш а лестош, шабарш деш, вовшашна тIетеIара, луьйдиг йаьттIачохь, дашо церг санна болу, можа буьртиг а оьхьуш.

«Хьаьнгга а гайта мегар ду хIорш-м!» – бIаьрг буьзира бригадиран. Бакъду, церан майданна йисттера дуьйна, доза билгалдеш, йуккъехула бецан кес а даьккхина дIайоьду, мукх а, кIа а дийна аре-м йара бIаьрг Iабош: лакхадаьлла и йалта, йоллу аре дIалаьцна, мело хьоькхучу мохехь, хIорд санна, техкара, сийначу тулгIенийн моханаш а йетташ. Сехьарчу йистехь, шен белхалошца, малхехь верриг ватта а велла, кху кIиранах а чу ца воьрзуш, воллура Аскеров а.

Нурседина тIевеара иза.

– Эрна гIерта хьо, – забар йира цо. – Хьан «кукурузник»… хIа!.. Йуха а Сочехь ву хьуна… Итонца лаьтташ… кхуза вогIур а вац, – газета кховдийра Аскеровс.

Шайн йалтехьа корта ластийра:

– Муха хета хьуна?.. Хьо-х дуьхьал йара!

– Йацара те со-м царна дуьхьал… Ас мекхал хьаьжкIаш тоьлу бахара-кх… ХIинца а боху изза. Гой хьуна?!

– Гур ду-кх тIаьхьо: кIорнеш гурахь дагардо!

– Дика хьаьжча-м, уьш хIинццехь а го! – ца къарлора Нурседа.

Церан къовсар мел гена дер дара хаац, амма оцу сохьта, силам диллинчу боккхачу новкъахула схьайогIу кхоъ «победа», кхаьрга нислушшехь, асфальта тIера схьа а йирзина, шайн масалла ца лагIйеш, хецайелла кхарна тIейеара, ченан кIур оьккхуьйтуш. Охьабиссира кIайчу костюмашца, аьхкенан шляпанаш коьртахь, чено цIоцкъамаш а сирдина, районерий, областерий куьйгалхой.

Аскеровс, тIевахана куьг луш, маршалла хаьттира. Цаьрца обкоман хьалхара хьаькамаш а, лекхочу дегIахь, векъна, къено кхин цхьа стаг а вара.

– Накъост Вильянов – КПСС-н ЦК-н векал! – вовзийтира и райкоман секретаро. Вильяновс, коьртара схьабаьккхина, ченах цIанбира шен шляпа. Чан йиллича санна, сирбелла бара корта а.

– Де дика хуьлда шун! – тIевеара и, куьг луш. – КIай, муккхий-м сов дика хьийкъина!

Аскеров сихха Нурседехьа вирзира, и цунна а хозийла хьожуш.

– Дерриге а аш аьхна байлаттанаш хIорш ду?

– Ду-те, накъост Вильянов! Планаца деллачу дерриг а байлаттанаш тIехь кху бIаьста оханаш чекхдаха кхиира тхо, – гай тIехь ши куьг вовшахтесна, шен ма-хуьллу синтеме лоьра Аскеров.

– Дерригенна а тIе бохург санна, кIай, муккхий дийра оха! – тIетуьйхира баьхкинчаьрца тIевеанчу Истамбаровс.

– Ткъа хьаьжкIаш мел йийна аш?

Нурседа жимма схьахилира. Амма, шен шуьйрачу букъаца и дIахьулйеш, кхин а хьалха таьIира Аскеров:

– Ткъе пхиъ гектар.

– Кхин ца йийна?

– Тхан латтанаш тIехь муккхий, кIай дика хуьлура, накъост Вильянов, цундела, цкъачунна латта зуьйш, зенах ларлуш, кху шара хьаьжкIаш оццул бен ца йийра оха… ЧIогIа дикачу xIyx а ду оха дийна кIай, муккхий, – кIешкахьа вирзира Аскеров. И йоллу аре дIалаьцна, бIаьрг тIера ца баккхал, хаза техкара, кестта хьакханний бен ца деза кIай, муккхий.

– ХIетте а… Гой шуна, хьаьжкIаш а ма хьийкъи шун тIех дика. Ткъа мукх бийначу лаьттан эханна тIе, мукъна, уьш йийнехьара, мекхал шозза а сов хир йара… Цу тIе, гIодамаш а дуьсур дара докъарна! – элира Вильяновс.

Асарахь бохку колхозхой, метигаш, гаьмнаш карахь тIеоьхура, го беш. «Москвара ЦК-н векал кхаьчна!» – цу сохьта даьржинера. Шен метиг тIехьа а лаьцна, йистехьо лаьттара Селита. Гонах бара церан бригадера зударий, божарий: хIинцца схьакхаьчна тийна Джейран, йерстина Айгерим, мангалан куй тиллина Тавсолта, Керим, кхин нах а. Массо тата дайна лаьттара.

– Ткъа муьлш бу хIорш йийнарш? – хаьттира Вильяновс.

– Кхуьнан бригада ю! – Аскеровс, дIа а хилла, Нурседа гайтира.

– Сел кIезиг хIунда йийна ахь? – хьовзийра и Вильяновс, цуьнан карахь и дацар хуъушехь, цо а хIун олу хьажа. Аскеров, Истамбаров вулавелира.

Нурседа, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, IадIара.

– Муьлхарниг йу шун бригада?

– Докъар кечдан, зударийниг… уьш…

– Иштаниг а йу?

– Йу.

– Болх муха бо аш? – къамел самадаккха гIертара Вильянов.

– Божарийн бригадаца къуьйсу оха… Цкъа тола а тоьлла, – элира Нурседас.

– Болх-м дика бора кхуо, – забаре йукъаиккхира Аскеров. – Амал вон йу-кх… гуттар къийсалуш!

– ХIан-хIа! Ма алалахь! И вон амал йац! – элира Вильяновс. – Йукъараллин дуьхьа, шен синтем а ца кхоош, къийсавалар, мелхо а, вайн керлачу адаман гIиллакхехь ду… Партехь йу-й хьо?

Корта байн охьабахара Нурседин, йуьхь цIийелира. Вильяновн лере а таьIна, райкоман секретаро, кхечарна ца хозуьйтуш, цхьаъ-м элира.

Нах-м кхийтира цо аьллачух, ца хезнехь а.

– Хилча хIун ду… нохчех?! – массарна а хозуьйтуш, цецвелира Вильянов. – Вайн Конституцица массо а къаьмнийн бакъонаш цхьабосса йу! Иза дохо цхьанна а ца йелла бакъо! Советски адамийн башхалла церан къомаца ца къастайо, церан гIуллакхашца бен! Балхахь тоьлларг – тоьлла ву!.. ЦIе хIун йу хьан?

– Нурседа.

– Ден цIе?

– Оха ца лелайо… Доцца: Нурседа – олу-кх.

– Нурседа… хаза цIе йу. Шун маттахь маьIна дуй цуьнан?

– Ду, –эхь хетта, сецира Нурседа.

– ХIун ду, Ткъа дийцахьа.

– Богу седа… бохург санна ду-кх.

– Товш цIе йу… хьуна йогIуш!

Шегахь товчу сийначу косынкица Нурседа, наха эхь доцуш ду олу, шен сийна бIаьргаш хIинца эхье охьа а дахийтина, лаьттара Вильямовна хьалха, доцца жоьпаш луш, наг-наггахь цуьнга хьала а хьожуш.

– Маса класс чекхйаьккхина ахь?

– Итт.

– Кхин а деша деза ахь, Нурседа! – шен йоьIан санна, цIе йаьккхира хьешо.

– Баркалла! Доьшур ду ас! – элира Нурседас.

– Йовха йу! – шляпа дIа а баьккхина, хьацарна йовлакх хьаькхира Вильяновс. ТIаккха йуха а:

– Йовха йу! – аьлла, дIатиллира шляпа.

И бен а воцуш хиларх майрайаьлла Нурседа хIинца нисса дIахьоьжура цуьнга. И воккхо стаг воллушехь, цуьнан бIаьргаш, къоначеран санна, сирла, синкъераме хьуьйсура, лер а зевне декара. Амма и луьйчуьра сецча, цуьнан бIаьргаш чу дайн IиндагIа хIуттура. Цу сохьта и тарлора Нурседина цхьана Iалашонна тIекхача сихвеллачу, амма кIеззиг гIелвеллачу некъахочух. Церан къамел сецначу минотехь, Тавсолта тIехилира Нурседина:

– ЙоI, вайх хIума хаттахьа цуьнга: цIа ца дерзор-техьа вай?

Селита а, кхин нохчий а гергахилира. Вильянов Тавсолтехьа хьаьжира:

– ХIун боху цо?

– ХIара сан да ву… нохчех лаьцна хьоьга хоттийла лаьа кхунна: цIа дерзор дуй тхо? – хоьтту цо…

Вильяновс, куьг лоцуш, Тавсолте маршалла а хаьттина, массаьргахьа а вирзина, элира:

– Билггал ала хаац суна цу хьокъехь хIинца а. Амма и тайпа гIуллакхаш толлуш ЦК-н комисси йу. Бакъду, Сталинан гIалаташ партис хIинца нисдийриг хилар! Са ма гатде! ПарггIат шайн белхаш бе!

Асархойн йаххьаш серлайевлира. Шеца болчу накъосташкахьа а вирзина, Вильяновс тIетуьйхира:

– Граждански тIамехь а нохчий, гIалгIай майрра революцигахьа летта… Суна хаьа. Кировца, Орджоникидзеца со лелла хIетахь Кавказехула.

Нах дIасахуьлуш, самукъане гIовгIа йелира: отрядан кепахь, кIайн кучамаш, сийна хечеш йуьйхина, цIечу галстукашца богIура школера пионераш, шайца хьехархо а волуш. ТIекхоччушехь, отряд саца а йина, хьалха волчу пионервожатис, казахо, салют делира:

– Пионераш! Коммунизмехьа къийса кийча хила!

– Гуттара а кийча ду! – мохь туьйхира йерриг отрядо.

Пионервожатис тIоьрмиг чуьра схьайаьккхина тилийна йоккха хьаьжкIа а, керлачу кIенан кан а кховдийра Вильяновга:

– Хьоме ЦК-н векал, тхешан школьни кха тIехь оха тхаьш кхиийначех йолу хIорш безамана хьуна ло оха!

Вильяновс маравоьллира пионер. Уьш балош йеанчу, дIанехьуо лаьттачу, церан хьехархочо йуха грузовикахь дIабигира пионераш. Вильяновн йуьхь серлайаьллера:

– Гой хьуна, накъост Аскеров, шун латта хьаьжкIашна дика хилар пионерашна а хаьа!..

Кхеран Iодика а йина, уьш шайн машенашца дIабахара Казах-Кюлехьа…

Йижарийн белхан аьтто табелира. Цул тIаьхьа Нурседа парти а ийцира…

***

Гурахь колхозан собранехь жамI деш сацийра: тIедогIучу шарахь байлаттанаш кхин а алсам аха; хьаьжкIашна кхин а цхьа бIе гектар тIетоха. Аскеров, ша волчуьра йуха а хасстоьмашлелочу бригаде хьажийра. Цуьнан метта хаьржира Луценко.

Колхозан председатель Истамбаров деша вахийтира, Довлетжановх «бастык»10 а вина. Коммунисташа парторг Керим хаьржира. Оцу собранехь дакъалаьцна Обкоман векал, гIуллакхашна резахилла, тIевеана, Нурседин а Iодика йина дIавахара…

ДАЙМЕХКАН ГIАЛАРТАШ

ТIанк-аьлла йуьзнера колхозан йоккха клуб. НеIарехь а, корашкахь а, вовшашна тIе а теIаш, лаьттара нах. ХIетте, йуххерчун садеIар а хезаш, тийна дара. Обкоман векало, чекхволуш, доггах ваьштатуьйхира трибуна тIехь шен таьптар. Москвахь чекхйаьллачу КПСС-н ХХ-чу съездах йара цо йина доклад.

 

– Декъалхуьлда Ленински ЦК!

– Дехийла Советан халкъ! – чуьра маьI-маьIIера кхайкхамаш хезара. Халкъо къобалдора цхьа стаг вазварх девлла зуламаш дIадахар а, Ленина хьехна Революцин бакъолла меттахIоттайар а. Кху тIаьххьарчу ткъе иттех шарахь советски адамийн дегнашкахь IаьIначу ойланашна, церан жоьпаза дисинчу хеттаршна, уьш Iаббош, жоп лора тахана съездан сацамаша. ТIараш тийча а, чуьра гIовгIа, пенех йетталуш, чу ца тарлуш, йехха цхьаьнахьахула дIаоьхура, бIаьстенан хиэ, вовшахбетташ, кег а беш, дIакхоьхьу буту ша санна.

Цигара цIа догIуш, Луценкос шеха бIаьрг таIийра Кериме:

– Шух кхаъ хьаьрча моьтту суна: шу Кавказе йухадерза мегачух тера ду.

– Ткъа шух? – нисса цуьнан йуьхьа тIе а хьожуш, йуха хаьттира Керима.

СоцунгIа а хилла, ший цIоцкъам оьгIазе ваьштадахийтира украинцо.

– И-м, дан ницкъ а ца кхаьчна, кIелдисина хилла «цуьнан», – элира Нурседас.

– ХIа.. Цхьаьний тхоьга даха деза вай xIapa де даздан, – элира Керима.

– Цул а – тхан цига гIo вай, – тIевирзира Довлетжанов. – Хьан кIант а цIа веъна… Кесирина даге лазар деана а бохура…

– ДIаделира и-м… кIант цIа ма-кхеччи, хьала а гIаьттина, лелаш йу. ДIадуьйла шу, хьиэ а ца луш!

Кериммий, цуьнца Нурседий дIакъаьстира. КеримгIаьргахь, Каташ цIа веанчу баьхкина, Тавсолта а, цуьнца Селитий, Джамбул, Замий а дара. Каташах воккха кIант хиллера. Алма-Атарчу йуьртбахаман институтехь доьшуш вара иза… Жима Заретта вешех хьерчара.

Хьеший схьагулбелира. Тхьамда винчу Тавсолтас хьалхара кад айбира:

– Сталина вайн Советан куьзгана тIе тоьхна боьха Iаь, шен пхьош хьаькхна дIахьаькхинчу ХХ-чу съездана тIера! – лимонадах дуьззина тоьхна стака хьалаайира Тавсолтас, Луценко велакъежира:

– Оццул безчу кеда чу чIогIо кочалла хIунда ца йоьттира ахьа?

– Вичахьана тIадам ца мелла, – Тавсолтас шен некха тIе куьг диллира.– Сайн дагахь кху кедан цхьаннен а, цкъа а ца дина сий до-кх ас!

– Бакъ боху! Бакъ боху! – мIера буьххьехь забаре наьрсан гижу кховдийра цуьнга тIекхалла Довлетжановс. Кегийчарна паргIато йитархьама, жимма а Iийна, Каташца къамел дина, Кесирин дехарца Селитий, Нурседий цаьргахь йитина, Тавсолта, хье ца луш, Джамбуллий, Замий а эцна, цIа вахара.

Довлетжанов Нурседегахьа вирзира:

– Балха тIехь сирла богучу вайн седанна тIера! – цунна а боьттира чагIаран кад. Нурседа йишига хьаьжира:

– Мегар дуй?

– Хетта а хоьттий ахь!.. Хьайн дас мелларг мала… хьо ца Iалахь!

Шиммо а лимонад мелира.

– Молодец! Молодец! Бакълоь! – Довлетжановн йуьхь йекхаелира. – Зударшна ца оьшу… Тхуна а шортта хир!.. Амма дезаш-м оха а ца муьйлу-кхи xIapa…

– Дицдаларна кхоьруш дохку-кх, – забаре тIетуьйхира Луценкос.

Массо бара сакъералуш…

Кестта йижарий дIабахара.

Шийтта долуш, дIабуьйхира хьеший…

* * *

Iуьйранна Тавсолтега а, кхечу мухIажаршка а комендатуре кхайкхира. Чохь вара тохарлерра коменданттий, цуьнан керла гIоьнчий. Ший а цхьана басахь – хьаьрса, цIоцкъамаш а кIайн, ший а ченан басахь хорма йуьйхина, ший а, ченаша буьзнарш санна, цхьатера.

– ХIоккхуза куьг таIаде… тIаьххьара! – цIаза-пIелган йахйинчу мIераца кехата тIехь сиз даьхьира коменданта. – Комендатура кхин хир йац!

– ХIокху кхойтта шарахь хIинца дуьххьара дог а догIуш таIадо-кх ас куьг! – къоламан йуьхьиг кагйира Тавсолтас.

Гонахарнаш бийлабелира.

–Ткъа цIа маца дохуьйту тхо? – коменданте хьаьжира Тавсолта.

– И суна хаац. И билгал дац хIинца а… Ма сиха ву хьо, воккха стаг… Нисдан а, кечдан а дезарш дукха хир ду, хьуна, хIинца а, – шен хьаьрса цIоцкъамаш хьалатесара коменданта. – ПаргIат а даьхна, кхузахь дита а там бу, – тIетуьйхира цо.

– ХIинца кхузахь со сецо-м хала, хьаха, хир вара шуна, – корта ластийра Тавсолтас…

Шайн цIенна гергакхаьчча, кхин а сихло говр санна, комендатураш дIайаьхначул тIаьхьа кхин а чIогIа карзахйевлира Тавсолтин ойланаш – цIехьа! Цу ойланаша дIалаьцна меллаша воьдура иза тахана колхозан бешехьа. Беша дIакхачале, некъа тIера а ваьлла, нисса малхбузехьа ша-шах дIаоьхуш карийра цунна ша, цхьа жимо гу Iалашо а лаьцна. ТIекхечира. Раздаьллачу чуртах тера, шен астагIчу кога тIе а таьIна, гу тIехь лаьттира иза, малхбузехьа вогIавелла, меттах ца хьовш. Винчу мехкан сибаташ ма-хуьллу нуьцкъаша шен ойлана хьалха тIеуьйзуш, дагалоьцура цо. Кхин а… Кхин а… Кхин а…

ЦIеххьана цIера сурташ, xIapa цига дIакхаьчча санна, ма-дарра цIена гуш дуьхьалхIиттира цунна ойланийн ницкъаца. И ца кхеравелира: мелхо а цо кхин а нуьцкъаша сецадора уьш шен бIаьра хьалха, уьш йуха дIадарна кхоьруш. Цунна хIинца цIена гора лаьмнийн даккъаш тIехула ша жеца лелаш… ТIаккха шайн колхоз… Ма хала вовшахтуьйхира… Беш… Ма хаза хуьлура… ГIовгIане Яьсси… Лекха ЦIен берд… ТIаккха роггIана дуьхьалтийсира: йуьртан кешнаш, Даудан хIоллам… Нурбикин кошан барз… Шайн керт…

Тавсолтас шен ойланийн ницкъаца кхин а тIеттIа тIеуьйзура и бIарлагIаш, уьш дIаян ца юьтуш, хIинца уьш дIаяхь Баккъал а ша цIа а ца верзарна кхоьруш санна…

ХIинца дIо генна хьалха, вукху агIорхьа, малхбалехьа, кхин цхьа сурт а, цIена, дуьхьалхIоьттира цунна: хьуьлла дитташна дехьахь дIасахьера, кхунна хIун йу а ца хуу, цхьа Iаьржа тоба. Кхеравелира Тавсолта: «Хьера-х ца ваьлли- те со? Дала а магийтац, бах, шен дозанал тIехваьлча… Хьекъалх а воккхий кIелвуьту, бах, дуьненан дезаршка шегачул тIех сатийсинарг»… «ОстопираллахI!» – дийшира Тавсолтас шабарца.

Йуха а малхбузехьа дIахьаьжира: дIайайра хьалхара бIарлагIаш, генна дIа ма-йарра гора шера аре. ТIаккха, сиха, йуха а малхбалехьа вирзира иза: хьалха санна, хIинца а, хьуьлла дитташна дехьа, йуха а дIасахьера и Iаьржа тоба. Тамаше хийтира, амма, кхерам дIа а теттина, хьаьккхина цигахьа вахара Тавсолта…

Цигахь хиллера гIаларчу вайнаха шайн белларш дIабухку кешнаш. Тавсолтина, тIекхаьчча, цу сохьта вевзира, тохара дуьйна а гина воцу, тобанна йуккъехь, корта а оллийна, керлачу кошан борза йуххе лаьтта Рашид. Цуьнан хазачу, са ца гучу бIаьргаш чуьра меллаша хин тIадамаш ледара. ДIавоьллинарг цуьнан шийтта шо кхаьчна кIант хиллера.

– Хьо ву и, Тавсолта! Марша вогIийла! – элира цо, цуьнан куьг шен кара кхоччушехь. – Бехк ма биллалахь, и жима велахь а, цхьаъ бен вацара сан! – бехказвуьйлура Рашид.

– Дала гечдойла! Бисинчарна собар лойла! ХIун ду и жима хилча? Жимачух ма хуьлу воккханиг а! И, гIа санна, жима хиллехь а, амма и гIа вайн гаьн тIера доьжна! Вайна хилла эшам. Хьан дог лазарх бехк буьллийла йац… И-м кхиъна кIант хилла. ЦIе хIун йара цуьнан?

– Iалсолта.

Тоххара, Граждански тIамехь вийначу, шен цхьаъ бен ца хиллачу вешин, дукха хенахь дуьйна хазаза йолу, и цIе хезна Тавсолта ойлане вахара. Цунна дагавеара хIинца, къона волуш дIаваьлла, шен ваша, цуьнан иллеш а…

Массо а дитташ кIел охьахевшира. Цу сохьта йукъадевлира цIа дахийтарах лаьцна къамелаш:

– Ac xIopа ламаз тIехь а Деле денна а воьху-кх и Хрущев: и карий-кх дуьххьара вайна орцахвала. Дала ларвойла иза!

– Хьовсийша, шаьш шира ленинхой бу боху – Молотов а, Каганович а хиллийца вай йуха цIа дерзадарна дуьхьал…

– И-м хIун дара, нохчийн лаьтта тIехь ша буьйсанаш а йаьхна, вайн сискалх а кхетта волу, вай веза лору Ворошилов а-м хилла, боху, йуьхьанца дуьхьал…

– Бакъду. Иштта хезна суна а. Ширачу хьаькамех Хрущевца цхьаьна вайгахьа уггаре хьалха куьг айинарг Микоян ву а, боху.

– Буденный?

– И-м цара ишттачохь лоруш а вац… Говрийн верас, – гонахарнаш бийлабелира.

– Калинин а ма вара вайн махка веъна лелла… цо хIун дина-те?

– Хьанна хаьа?.. Шега аьллачунна тIе куьг а теIош, Iийна хир ву-кх…

– Аш хIун дуьйцу? И-х велла дукха хан йу, – гонахарнаш йуха а бийлабелира.

– Миска йаI! Вехаш а, ву-вац ца хаьара, хIинца велча а ца хаьа…

– Цуьнан цахилар, дера, дара иза-м… Сталина шен зуда чуйоьллича а, вистхила ца ваьхьна…

– Делахь а, цо вайн къомана тIе цкъа а нехаш-м ца хьаькхира, Ждановс санна.

– Цул а, Гамзатовс санна, алахь! – йукъагIоьртира, хIинццалц ойлане Iийна, бIаьргех пенснэ-куьзганаш дохку, Фрунзера кхузахьа хьошалгIа веъна, историн хьехархо Тухан Фаргизов.

– И мила ву?.. – корта хьалаайира цхьамма.

Массо а цецхилира.

– Вайн дIегIастанхо ву-кх… Вайца вошалла догIучу суьйлин къомах…

– ХIетте а Москвахь ша арахецначу книжки тIехь цо йаздина имам Шемал «нохчийн борз», «гIалгIайн лаьхьа» хилла бохуш, цуьнца цхьаьна вайн къам а бехдеш, – дуьйцура Тухана.

– И ма тамаше хIума ду…

– Дан-м ду… Делахь а, кху тIехь инштта-м йаздо цо, – шен кисанара схьайаьккхина, жима книжка схьауьйхьира Тухана… – Имам Шемал шайн суьйлех хиллашехь, иза вайн къомах волу сурт a xIoттош.

– Вайна схьалуш ву-кх хIинца!.. – эккхийтира цхьамма.

10«Бастык» – куьйгалхо, председатель (казахийн маттахь).