Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

– Сан йац приемник. Ас репродукторх а тоам бо. ТIе, веддачу эмигранто дуьйцург дош хеташ а вац.

– И-м нийса бах, хьуна, ахь, – сиха вухавелира Тойсум.

– «ХIета, питана чуьраваьлла лело хьаькамаша ца могуьйтучух тера ду хIокхунна»…

– Хьо хIунда веънера? – хаьттира Керима шийло, къамел дIадерзо дагахь.

– Гой хьуна, мовлад йешийта дагахь вара со… Тхан цигахь, Джамбулехь, Iийна, молла Бауддин дукха хан йоццуш кхуза схьакхелхина, бах… И мичахь Iа ца хаьа хьуна?.. – хаьттира Тойсума, хьена ши бIаьрг кхунна тIехь а сацош.

– Цхьанхьа и кхузахьа ву бохуш-м хезнера суна, амма суна вевзаш а, мичахь Iа хууш-м вац иза, – элира Керима, шена хуъушехь.

– Делахь, со и лаха воьду… И оьшу суна! – аьлла, шуьйрра ши куьг а лестош, урамехула хьалаволавелира Тойсум…

ТIехволуш, ТавсолтагIеран чу хIоьттира Керим:

– Веъна, кхузахула лелаш Тойсум ву, хьуна… И чу ма виталахь… Ларлолахь цунах!

– Дала ларвойла шех! И-м суна вевза хьуна… Муха кхаьчна кхуза?

Керима дийцира.

– Тамаш бу-кх, цхьа зулам ца деш, дIаводахь! – велакъежира Тавсолта.

* * *

Цул тIаьхьа цхьа бутт а белира. Кериман, Венкинан цхьаьнакхетарш, къамелаш тIеттIа совдуьйдуш догIура. Венкин хьекъална кIорггера а, дуккха а хууш а, дуьненан йоккхачу политикех кхуьуш а стаг хиллера.

И ца гуш ши кIира а сов даьлла, иза волчухьа вогIура Керим. Лахарчу этаж тIехь йолчу шен хIусаман корашна хьалхахула Венкин гIийла дIасалелаш, тIекхечира Керим.

Маршаллаш хаьттира.

– Хьо ма таьIна ву?..

– Со вичхьана а ас ца дина боьху гIуллакх дина вогIу со хIинца… – лаьтта бIаьра хьоьжура Венкин.

– ХIун хилла? – цуьнан пхьарс схьалецира Керима. Венкинан бIаьргаш, ша лийр вуй хууш цомгуш волчу стегачух тера, суй байна дара. Аз а къорра декара.

– ХIинцца къайлаха йинчу суьдехь, бехк а боцчу веа стагана бIе шо хан а тоьхна, вогIу-кх со! – шен гIийла бIаьргаш Керимехьа хьалахьажийра цо: «Хьажал, мел боьха стаг ву со», – бохучу кепехь…

– И муха ди ахьа? – Керим кIеззиг вухахилира.

– Ди–кх, суо… стаг воцу дела!

Керима ойлане элира:

– Дийцахьа! Са паргIатдаккхахьа!..

Венкинан мотт кIеззиг толкхалелхара:

– ДагадогIий хьуна, ас хьайга дийцина – Америко вайн махкахь динехь болчарна гIo дан тIелацар?..

– ТIаккха?

– Сталина уьш берриш церан агенташ лерина-кх хьалххехь, шен амалехь.

– ТIаккха?

– Уьш, цаьргара бахьана даларе а ца хьоьжуш, царна и бахьана хьалххехь шаьш тIе а кхуллуш, чубохка болийна хIинца… амма суьдехула кхиэл а йойтуш, иза нийсонан бакъонца даран куц хIоттош…

Керим ца кхийтира:

– Ткъа… Ахь динарг хIун ду?

Венкина, ша шена реза воцуш, куьг ластийра:

– Ас шун веа нохчочунна ткъе пхиппа шо хан туьйхи-кх цхьана стага динчу харц тоьшаллица.

– ХIун тоьшалла дара и?

– Оцу веаммо ламаз тIехь а, йуха шаьш мовлид йоьшуш а, Деле дийхира бохура, ша а волчохь, «Веза-Воккха Дела, Америка кху пачхьалкхана тIе а латийта ахь, цунна толам а ло ахьа!» – аьлла.

– Ткъа оцу веаммо?

– Йуххе а ца дуьтура. Шаьш динарг цIена ламаз а дара, йешнарг Мохьмад-Пайхамар дагалоцуш лерина, мовлад а йара. XIapa тхоьца а вара, xIoкxo хIинца харцдерг а дуьйцу, бохура. Бутт хьалха, НКВД–н талламчаша кеч а дина, и дов, хатта аьлла, цкъа сайга схьаделча, аса йухадахьийтира, цхьа теш тоьуш а вац, бехк гойту билгало а йац девнан кехаташца аьлла. Со мича вигира хаьий хьуна кхайкхина? Обком партин хьалхарчу секретарна тIе – чохь кхин а хьаькамаш а бара, НКВД-pa а тIехь.

Соьга элира: «И гIуллакх пачхьалкхан чIагIонна деш ду… Йуьззина йолу юристийн формальносташ и тайпа гIуллакх дечохь йерриш кхочуш цахиларх а мегаш ду… Америка коьртехь йолчу дуьненан империализманий, вайний йуккъехь къовсам бу. Церан дIовш чекхдалийта мегар дац… Кхочушде!»

Ткъа аса: «Партис а, советан Iилмано а советан суд законехь нийсса йан йеза ма боху!.. Ткъа со, уггар хьалха, советски суьдхо ву!» ТIаккха цара: «Хьо уггаре хьалха коммунист а, советан патриот а ву… Цул тIаьхьа ву хьо суьдхо!.. Хьайн партийни декхар кхочушде! Хьо болх бан суьде а партис хьажийна»…

Со ойлане вуьйжира: «Балхара дIаваккхар бен, кхин чу-х вуллур ваций со… Баьпкан йуьхк йоцуш а вуьсур ма вац со а, сан доьзал а… ТIелоцур ма дац ас иза, – аьлла, ойла хилира сан. «Цхьана дийнахь ойла, мукъна, йайта соьга» – аьлла, дехна, и ца дан дагахь, со ара а ваьлла, дIавахара.

Суна тIаьххьий аравелира НКВД-н полковник а.

– ТIехаал кхуза! Со волчу гIop вайша кIеззиг къамел дан! – аьлла, цо шен машенахь со дIавигира. Эццигахь дуьйхир-кха сан дерриг а доьналла.

– Хаьий хьуна, – элира цо, – Москохахь хьан ваша чохь воллуш вуй, Израильца къайлаха уьйр хиларна?.. Хьо оцу тайпана лелахь, цуьнан гIуллакх а талхор ду ахьа, тIе, оха цунах хьо дIа а тухур ву… Оцу йамартхошна тIехула набахте ваха лаьа хьуна, хьайн вешин а гIуллакх луьрачу а доккхуш?..

Сан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Ас цатохарх, и хан ирх–пурх царна ца тухуш йуьтур йац-кх… Ас дуьхьало йарх, кIелхьара ца бовлу-кх уьш… TIe ца вирзича, ца волу-кх со, суо а, сайн ваша а, доьзал а эрна хIаллак ца байта», – аьлла, со тIетайра. Тахана ас и суд чекхйаьккхи-кха, цхьаъ бен дIахIоттийна теш а воцуш.

– Мила вара иза?

– Вийца бакъо йац!.. Цхьа боьха хIума йар-кха, лаьцначуьра схьахецна… хьена бIаьргаш а, цхьа а хорма йоцу аьшпе бат а йолуш, шуьйрра куьйгаш а лестош.

Керимна цу сохьта вевзира иза: сурт нийса диллинера, амма и шена вевзинийла ца хаийтира Керима.

– Оцу тешо хIун дира хаьий хьуна, оцу веанна бIе шо хан туху кхиэл дIакхайкхийча? Вилхира–кх оцу чохь. Суна хийтира тIаккха: «Эхь даний кхуьнан, ша динчу харц тешаллина дохковаьлла, воьлху хир ву-кх».

Ас хаьттира: «Хьо хIунда воьлху?» Цо хIун элира, хаьий хьуна? – «Со воьлху, шен хеннахь аш Iopa а баьхна, хIорш совцийна бацахьара, мел доккха зулам долуш хиллера кхарех вайн пачхьалкхана, аьлла, дагадеъна».. Муха хета хьуна и къутIа?

– Вукхара хIун дора?

– Эсала Iapa… Царех воккхаха волчу молла Бауддис хоьттура: шайна тIехь йеш йолу суд къайллаха хIунда йо?.. Кхиэл кхайкхийча, белакъежна, вовшашка а хьаьвсина, веаммо а чохь доIанаш дира… Хаьа суна: царна хан тоьхнарг Сталин ву, со вац, амма царна и ца тухуш, суо ца вейтар – и бехк-м бу сан… Цундела, суо а боьха хета суна… Чу ца вахалуш, кху арахь со дIасалела сахьт а сов ду-кх, хьуна, сайн цIенчу жимачу йоIана хьалха а, со тешаме стаг лоручу, зудчунна дуьхьал а хIотта сайн йуьхь ца хеташ, – элира Венкина. – Со къонах цахиларан мах и бу-кх!..

– Къонахий дукха ца беха, олуш ду тхан. Бакъду, сий лардеш вала а кийча волчех со суо а хета суна. Делахь а, цара, хьо бахьанехь, хьан хьайн са хилла ца Iаш, хIаллакдан дагалаьцнарг, хьан вешин а, зудчун а, беран а дахар хилча, хала киртиг ма-хилла хьуна тIехIоьттинарг! Цара и дийр а дара-кх, хьуна, – Венкинан дог ийцира Керима.

– Чудуьйлийша, арахь а ца лаьтташ! – корах йистхилира Венкинан зуда.

– Валохьа соьца. Чай мер ду вайшимма.

– ХIинца ца вогIу. Баркалла… Шек ма вала. Iодика йойла. Гур ду вайна! – аьлла, Керим цIа вахара.

* * *

ЦIахь дерриг а дийцира цо Кесире.

– Цунах-м ларлуш хила веза! – элира Кесирас Тойсумах лаьцна.

– ВаллахI, ца веза! Мелхо а, нахана а, шена а дIа а хоуьйтуш, дIалалла веза-кх йуххера генна! – элира Керима.

***

Кхин а ши кIира даьлча, КеримгIеран хIусаман неI туьйхира. Корах дIа хьажча, неIарехь лаьттарг Тойсум вара.

ОьгIазе неIарехьа волавелира Керим:

– Хьайн Делан дуьхьа! Сан дуьхьа!.. Берийн дуьхьа ма вала цуьнца девне. Цо мотт а тоьхна, цхьа доццург а кхоьллина, чувуллур ву хьо йуха а.

Керима, шен белшех тасаделла Кесирин куьйгаш нуьцкъаша охьа а даьхна, тIевахана, неI йиллира.

– О-о! Сан хьоме вешин кIант! – мор баржийра Тойсума.

Цуьнан некха тIе куьг тоьхна и йухатеттира Керима:

– Ахь хIун делаххьий, кхин, хьо дийна а волуш, сан неIаре ма воьллахь! Со-х кхин хьайн вешин кIант ву а ма бахалахь! Со цкъа а ца хилла хьан вешин кIант! Со хьан хIумма а вац – цхьана тайпана, цхьана йуьртара хилар доцург!

– Ой-й! ХIун хилла вайна? ХIун хилла? – цецвелира Тойсум.

– Ахь харц тешалла а дина, хIинцца дукха хан йоццуш, цхьа а бехк боцчу веа стагна бIе шо хан тохийтар нахана ца хиъна моьтту хьуна? Сийсара веънера со волчу, царех цхьанна-м гергара хуьлу Бетар соьга чIир хьейан, хьуна тIехула, со ахьа массаьрга а хьайн вешин кIант ву а баьхна! Ас дIаэлира цуьнга ма-дарра – хьо сайн кIадда а цахилар. Хьан Джамбулера адрес дIа а дийцира. ХIинца хьуна тIекхача дагахь а ву хьуна, Бетар а, цуьнан ши ваша а… Хьуна Эсканойхь дуьйна а бевза моьтту суна уьш, – иза а дIакъадийра цуьнга Керима.

Йуьхь тIера бос баьхьира Тойсуман. Шен йухах куьг тоьхна, кхин вистхилар доцуш, Iодика йар а дицдина, йум йаьхьира цигара Тойсума. Шуьйрра куьйгаш а лестош, и дIавоьдуш цуьнан букъа тIехьа а хьаьжна, Керима элира Кесире:

– Иштта тоьла! Цуьнца ловзарш лелочул! Кхин вайн неIаре вогIур вац хьуна иза. TIe хIинца суна мотт тоха а ваьхьар вац!..

СТАЛИН… ВЕЛЛА!…

БIаьстенан хьалхарчех де цIеххьана хаза декхна деънера. Йист йоцчу стигалахь гуш цхьа а марха йацара. ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо а йулуьйтуш, паргIат вогIура Тавсолта белшах шен гуттарлера тIоьрмиг а тесна. Колхозан беша хьажа дагахь араваьллера и, амма, юьртах ма-велли, кхузара башха гена ца хета, малхехь лепа Iоман экъа йайча, и цигахьа дIаозийра.

Делахь комендатуро ца могуьйтура йа цига а, йа луларчу йуьрта ваха a. XIapa иттех шо а иштта чекхдаьллера, и кхузара меттах ца волуш. Iам болчухьа тийнна дIахьоьжура и. Цу агIорхьа комендатура а йац, бохура. Ша цига дIакхаьчча, кхин хаза дуьне гур долуш санна хетара. Цунна дукха хезнера цу Iомах лаьцна. Цигахь, дийнна бода бой, лела бохура акха бедаш, шортта нислора иччархошна ижу: тодакхаш, мошарчий, дарташ. Ов текхош, йа кIорго йолчохь ванда йугIуш, лоьцу йай-чIерий, Iомана йуккъерчу оьзига тIехь чIерийлело артель а, хил дехьахь, Жинийн Iин чохь, шекардоккху завод а йу, бохура. Тавсолтина дуьхьалтуьйсура цигара сурташ: Iома тIехула пийсик хьоькхуш гила-кеманахь лела белхалой; бурамна тIехь цкъацца жашца дехьа буьйлу Iуй, дIо генарчу ГIелийн орца уьш дажо дига. Цигара йухабаьхкинчу Iуша дуьйцура, цигахь акха кой а, лунаш а, хотешкахь тарсалш а хуьлу, бохуш. Амма цигара кхин а дIа, геннарчу къилбехь йу бохура, саьхьара стаг санна, сутара, дерриг шена чухуду, ша хIумма а схьа ца ло, гIум сийса бIаьрмециг аре. Маьлхан аьтталахь гуттарчу йокъанехь, дакъаделла гIамаран латта цигахь, экъа санна, догу бохура, тIехь ког а ца латталуш…

 

Кхузара ткъех гергга чаккхарма бен гена бацара Iам. Йуьртара а, лекхочу меттера турмала хьаьжча, цIенна гора цигара халстуш а, хидоькъе а, йуххера хехочун бун а, улло доьгIна лекха ши маьлказ а, гена доцуш, шерачу арахь, цкъа маццах Чингисханан бIон дуьхьал кхузарчу къомо йинчу ширачу гIишлох бухайисина хьакхлагIа а. «Чохь – саготте, арахь –сашорте» – аьлла, дIаволавелира цигахьа Тавсолта.

БIаьстенан xIyo, дегI дайдеш, цIена дара. Мела малх нисса букъ тIе хьоьжура. Шен IиндагIна тIаьхьаваьлла воьдура и. Шерачу арахь цхьанххьа а дисина ло ца гора. ХьалагIертара дуьххьарлера бецаш. Iаьнан йочанах а, дешначу лайх а сихха ловсардоьлла догIура латта. ХIинца а сенйала кхиаза лаьттара мокха бурсан-коьллаш а, некъан йистошца йевлла муьжгаш а. ХIетте а аренийн дахар бIаьстенна самадаьллера. Тавсолтина йевзара гIамар–пхьагалан лараш, оьпанийн оьрнаш, хин дехкан Iуьрг. Цкъацца, оьртхан-кулла кIелхьара дIаэккхара моьлкъа, йа, некъ а хадош, Iажаркхлахь бовра текхарг; наггахь тебаш, текхара шен туьтан тутмакх – уьнтIапхьид. Лаккха тIехула хьийзара маккхалш. ТIаьххьар а, цхьана хин йисте кхечира Тавсолта. Дехьа кхоссалур воцуш шуьйра а, гарехь, кIорго а дара хи. Жимочу гу тIера дIасахьаьжира xIapa. Цхьанххьа а бIаьрго лехарх гечо дацара.

ГIелвелла Тавсолта, ойлане ваьлла, гу тIехь лаьттара, татоле а хьоьжуш. Кхуьнан IиндагIа, дахделла, коьртаца хих хьекхалора. БIаьргашна кхин а гергахь, хIетте а тIе ца кхочехь бара Iам. Маьлхан зIаьнаршлахь, тIехула дай Iаьнаран моьрдиг а лаьцна, Iоман куьзга, варшдетех тера, можа кIайн лепара, бIаьргашка ца лалу суйнаш а туьйсуш. Хьалабаьллачу малхо тIехьашхула, коьшкала хиъначу цициго санна, вортанах мела гилдигаш дохура.

Вехха лаьттира Тавсолта, шена хьалха дахделлачу шен IиндагIе а хьоьжуш. Иза дацлуш, тIаьххьара а жим а делла, кхуьнан когашка дижира кIеза санна. Чувоьссина, йуьхь-куьг а дилина, ламаз а эцна, тIаккха цу хин йистехь, кIел шена тIера тиша пальто а тесна, делкъан ламаз а дина, кера– йукъахь хи а мелла, охьахиира Тавсолта.

ЦIеххьана хил дехьахь, бIаьрг къуьда жIаьла санна, раз йорт хьоькхуш, йoгIy борз йайра кхунна. Сецира борз. МуцIарца латта ахка йуьйлира и, жIовнеш лоьху нал санна. «Хьерайаьлла-кх и, – дагатесира Тавсолтина» сехьа–м йериг хир ма йац: xIapa, хи шуьйра а ду… хьердаьлча экха хих къаьхка а олу»… – сапаргIатделира цуьнан. Герз а доцу стаг хил дехьахь гарна, шен некъ ца хуьйцуш, дIайоьдура борз. Хи йистехула, кондаршна тIехьахула тебаш, тIаьхьавахара Тавсолта, цо хIун до хьажа, тIоьрмигара схьаэцна, тIехь ботт а йолу, шен деха мокха доьхкарх а тесна. Ша цIахь къона волуш талла ихина хан цIеххьана дуьхьал лаьцна, дог айаделира цуьнан.

Хе голатуххучохь, коьллашна тIехьахула, кхунна гира, ша йежаш йоллучу говрана борз чухьодуш. Говр, хьийзаш, тIехьарчу когашца барзехьа нисйала гIертара. Борз, цунна го бохуш, хьалхара дIа ца йолура, говран къамкъаргах катоха гIерташ. Говро, даима лаг хьулдеш, шен корта лахахула хьийзабора. ЦIеххьана говро, аьтто баьллачохь, дIайирзина, мийраш туьйхира барзана. Борз охьатаьIира, шех берг а кхетта. Говр горайахара. Цу сохьта оьгIазйаханчу барзо це туьйхира цунна. ГIoгIax. Говр сихха хьала а иккхина, къовсам йуха а дIаболабелира церан, ший а кортошца дуьхь-дуьхьал хьийзаш, йилбазмох санна, маса.

ГIо дан йиш а йоцуш, Тавсолта хьоьжура кулла тIехьара: къеначу бIаьргашна дика гахь а, и шиъ ах чаккхарма генахь йара; xIapa гечо а лехна, дехьавалале чекхбер бара церан къийсам. Барзо, цIеххьана хьалакхетта, говран цIом схьалецира. И дIатаса гIерташ, говро корта барзаца хIинца леккха хIаваэхь лестабора. Барзо муцIар дIа ца хоьцура. ТIаьххьара а гIелйеллачу говран ворта охьаэха йуьйлира, амма борз лаьтта кхачийта ца йаьхьаш, цо халла хьалауьйура и… Барзо, цIеххьана цуьнан муцIар дIа а хецна, и аркъал йоьддушехь, катуьйхира говран логах. Миллион шерашкахь царна йуккъехь Iемина и къовсам, кхеран хIинца цу тIехь чекхбелира. Говр, йетталуш, керчара лаьттахула, борз кIел хьаша гIерташ. Амма, лаьцна лаг дIа а ца хоьцуш, цуьнца керча борз тIехь хуьлура даима.

Кестта йетталучуьра сецира говран чарх. Шен хирг дина йаьлла, сутара йаьжна борз, хьалха санна, раз йолчу, амма хIинца йазйеллачу йортахь дIайахара, пхарйелча санна, гай лаьтта а дазделла, астагIа а лелхаш. Говран неI схьадаккха дагахь, гечо лаха вуьйлира Тавсолта. Кхин а лакха, хьалавахча, шорделла хи гомха доггIучохь, йуккъехь гIайреш а нисйелла, кхос-кхоссалуш дехьавелира и. Борз, говррий леттачохь латта аьхнера бергаша. ХIинца а, муж санна, мелачу шен цIийн Iоврашлахь Iуьллура бора кхел. Хьалхарчу цуьнан когех бихкина хилла муш, хедда, кхалкхежиг баьллера.

НеI схьадоккхучохь дацара: дерриг цистинера иза. Берзан кIомсарша йеринера ворта, къамкъарг йатIийнера. Жижиган йаккхий паттарчий йаьхнера маьI-маьIIера. Варо йиллинера. КIайн лепара цергаша йаьшна буност. Йеллачу говран лешна бIаьргаш диллинчохь севццера; цуьнан тIаьххьара бIаьрхиш хIинца а, даза, цхьана меттехь, гинсу санна, дегош, лепара.

Борз йаханчухьа дера дIахьаьжира Тавсолта: генара диках гучу къеначу бIаьргашна халла къаьстира аренан йисттехь йай техка Iаьржа хьоькх. Корта ластийра Тавсолтас: карахь герз а доцуш, гIаш, xIapa ларор вацара цу барзаца. ХIуъу дийцича а, заьIап а вара. Амма… говраххьий… Шена гонах дIасахьаьжира Тавсолта. Тохара ша сехьаваьллачохь, дIанехьо гира цунна цхьа йаьсса гIoтa; тIехь тхов а боцуш, йоьхначу лаппагIан йеккъа гIов лаьттара, мохо а лоькхуш. ТIевахара. Кертахь йоьхна сазгIа а, кхин цхьацца мекхайоьлла аьчган ортхалш а Iохкура. Доьхначу божал чуьра говр терсара. Чухьаьжча, схьагарехь, стохка дуьйна а йохку сеаларш йара маьI-маьIIехь луьстта лецна. Кхоъ говр лаьттара сакхйаьлла, вовшашна йуххе теIаш. Цхьаъ, чераш кIамдеш санна, сонехь, кхерайелла, пенах хьекхалора. Шен карарчу гIожан коьжалгаца, хьаьжа йуккъехь сет догу, чIамарниг схьалаца гIоьртира Тавсолта, иза вукхарел тоьлашха хетта. Жуларан га а хадош, и карара йелира. Важа а дIаиккхира. Цхьаъ, тоьхна баргол хиларна, атта карайеара. Духьлоцин метта, цуьнан когех хьарчийна хилла муш а нисбина, эццигахь карийна, цхьа чхьонкар санна, йуьхьиг стомма аьчган орцха а эцна, казахех тера, говрахь, барзана тIаьхьавелира Тавсолта, кIеда хилийта кIел шен пальто а нисйина.

Арахь буьйса йаьккхинчу говран кхесах бецан хьожа йетталора. ЦIерачух и тарйелла, безам хеташ, кест-кеста охьатаьIий, хьожа йух-йуха чу а узуш, вогIура иза. Аренан хIонехь дегIан ницкъ сабаьлла, сихйира цо говран чабол. «Говрахь ваханчо мох лаьцна, гIаш ваханчо гIаж лаьцна», – дагадеара цунна шен ден кица. Борз йахханчухьа, хица охьа, цуьнан лорах ца хедаш, воьдура и.

ТIаьххьара а цхьана гух тIехваьлча, борз гира кхунна. ТIаьхьавогIу бере а гина, борз аьрру агIорхьа йелира. И хьалхий, Тавсолта цунна тIаьхьий, генна дIадахара xIapa шиъ. Йазйелла а, гIелйелла а, астагIа а йолу борз чехка ца йадалора. ХинкIажахь, эрзашлахь къайлайелира и. Тавсолта дIакхаьчча, говран когаш гоьллец чу а оьхуш, хоттан колд йара. Цхьа вон саьмгалан хьожа кхийтира схьа. Луьстта сорамаш а бевллера гондIа. Йуха ца волуш, майрра чутилира Тавсолта. Кхунна ши пхьагIат хьалхара дIаиккхира борз, тIе корсамаш лаьцна, сийначу кхеранашна тIехула а кхийсалуш. Амма чушершаш, хала оьхура дIа. ТIаьххьара а, логгец чуйахана, хьала а ца йалалуш, йисира борз. Тавсолтина дуьхьал а йирзина, шен ирча Iаьржа доьлаш оьхьуш, кIомсарш ваьштайеттара цо. Хьалхахула тIехилла, гIорадайначу барзана коьртах орцха тоьхна, и дIакарчийра Тавсолтас. ТIаккха, тешнабехках ларлуш, кхин шозза тоьхна корта бохийра. Чукховдийна, хорам беш, логах муш а хьарчийна, борз а такхош, уьшалара схьавелира xIapa.

Борз йакхийчех йара. Хин йистехь, тIера цIока йоккхуш, уьрсаца диллина, ге чу хьаьжча, пунт гергга, йаккхийчу коржамашца жижиг карийра. Оццул иза шех идайаларх а тамаш бира Тавсолтас. Шач хьекхайелла, гIовтална тIелетта сос дIа а йаьккхина, цIехьа волавелира и. ВухавогIуш гу тIе кхаьчча, гена валале, тохара xIapa тIе ца кхачийта борз нацкъарайаьллачохь, цуьнан тоьла а карийра, чохь кIезий а долуш. Чухьаьжна, Тавсолтас, куьг чу кховдошшехь, самукъане цIовзарца берзан кIезано, схьахьаьдда бовха тIеда мотт хьаькхира Тавсолтин куьйгах. Важа кIезий а, цIевзина, схьахьевдира. Тавсолтас сихха йухадаьккхира куьг. Даккхийчу чхернашца, тIе латта а тосуш, леррина дIайуькъира цо тоьла. «Элан кIант аганара а ма гIоттийла, берзан кIеза Iуьргара а ма долийла», – дагадеара. Берзан цIока а йохьуш, цIа вогIуш, ша йуха а къона таллархо хетта, воккхавера иза.

Цунна хIинццехь дуьхьалтуьйсура, берзан цIоканца ша гучуваьлча, колхозехь бен болу тамаш. Амма кхуо эр ду: «ХIара-м борз аьлла хIума дацара… чагIалкх санна, жима… тхан цигахь хуьлура берзалой»…

Эвлан йисте кхаьчча, арыкан хица, баргалш дIайохуш, цIан а йина, гоах тIара а тоьхна, дIахийцира цо беркате говр.

Правлени хьалха гулбелла дуккха а нах бара. Оьрсийн маттахь чIогIа луьйш, мохь бетташ, Сталинан цIе а йохуш, нисса Тавсолтина дуьхьал вогIура, коьрта Iуьйра, кегайеллачу къоьжачу месашца цхьа вехна стаг. Радиоссий, пхьоьханан гIовгIаной цо бохург халла къостуьйтура: «Ша адамийн мийлина цIий хIинца шен хьиэ чу Iаьнна цунна», – бохура цо оьгIазе. Цунна тIаьххье йоьлхуш йогIура Нурседа.

«ХIинца хIун хилла-те?.. ХIокхо вас-х ца йиний-техьа?» – дагадеана, иза шена тIехвалале, сихха йоIе хаьттира Тавсолтас:

– Хьо стенна йоьлху?

– Дада… ца хезна хьуна?.. Сталин велла.

Тавсолта сецира, ойлане вогIавелла ша волччохь, цIоцкъамаш ваьштадоьлхуш. Амма цIеххьашха элира:

– И-м ловр дара вай… кхин вон ма догIийла!.. Ма йелха, йало… чугIo! –йоI цIа хьажийра дас.

Сихачу боларехь, раз урам хадош, схьавеанчу коменданто, хьалха а ваьккхина, дIавигира вехнарг. Правлени хьалха, йаххьаш а кхоьлина нах лаьттара. Радиохула схьахезара гIийла музыка, йукъ-кара Сталинан валарх, цуьнан гIуллакхех, хьуьнарех дош а далош. Цхьаберш, цуьнгара шайна зулам даьлларш а тIехь, боьлхура, и валар новкъадеана а, музыко малбина а. Кхиберш боьхнера: «ХIинца муха дехар ду-техьа, Сталин а воцуш?»

Берахь дуьйна а шайн тIамарх йоьлла оцу цIарца хьалакхиънера дукхахберш. Ткъа хIинца, и ца хилча, пачхьалкх а, дуьне а муха лаьттар ду а ца хаьара. Хилларг доккха хIума дуйла а хууш, вовшашка а хьуьйсуш, дагахь и башха хала а ца хеташ, тийнна лаьттарш а бара. Кериммий, тIевеъна Тавсолтий йуьстахвелира.

– Бакъ дуй? – хаьттира Тавсолтас.

– Бакъду, – корта таIийра Керима.

– Ма доккха хIума гина-кх вайна! – шеха корта хьовзийра Тавсолтас.

– Цхьацца хийцамаш хила мега хIинца.

– ХIунда?

– Хета-кх иштта сан дагна… Сталин халкъан да вацара – паччахь вара. Ткъа пачахь велча, даима а дика хийцамаш хуьлу.

Керим, цуьнгарчу берзан цIоканна тIе пIелг а хьажош, велакъежира :

– CaгIa хуьлда…

– Ма хуьлда соьгара-м йа caгIa а, йа загIа а цунна-м!

Тавсолтина а хетара цхьана хенахь Сталин халкъан да, къаьмнийн бакъволу тхьамда, вуьззина къонах. Амма цунах дог делира цуьнан, хийланна а дагадогIучу, ткъе вуьрхIитталгIачу шарахь. Ткъа дерриг шен къам, хьарччийна, цо махках даьккхича, Тавсолтас неIалт элира цунна. ХIинца диканехьа хийцамаш хирг хиларх дог тешна а вара иза. Айаделлачу дегIаца вогIура Тавсолта цIехьа, берзан цIока а йахьаш, и дIаэца тахана конторехь стаг а ца хилла: «Велча а зулам дели-кх цунах суна!»… – элира цо, улло вогIучу Кериме.

– ХIан-хIа, ишта ма аьллахь! Дерриге а дацара хьуна цуьнца иштта вон! Шен хеннахь цо партина дуьхьалйаьлла оппозици ца йохийнехьара, тIе, вайн махкахь хазанеха санна, вешан индустри кхоллар а, колхозаш йахкар а чекх ца даьккхинехьара, оцу хиллачу тIамехь вай, суна хетарехь, тоьлла а хир дацара! – элира Керима, амма Тавсолтас вон ладоьгIура цуьнга.

Сталин веллачул тIаьхьа сихонца баккхий хийцамаш буьйлабелира Советан махкахь. Цхьа кIира даьлча, Нурседе кехат деара районан спецкомендатуре кхойкхуш – «тешалла дан».

– ГIуо… ший а!.. – элира Тавсолтас, Селитехьа а корта ластош…

Бухахь Керим а вара оццу гIуллакхна дIакхайкхина. ХIинца, полковникан хорма охьа а йиллийтина, кителан хьалха йохку орденийн планкашший, меран кIел дохку шен тохарлерра даккхий Iаьржа мекхашший бен, кхин хIумма а хьалхалерачу куьцах бухайисна воцчу Идрисов Бакара, дай-й куьг ластийна, хьаькиман кабинета чухьажийра уьш, Селита буха а йитина.

Керла хьаькам – капитан Сериков Олег Миронович – гIиллакхе хьала а гIаьттина, некха тIехулий, букъаций дIасаоьху эпсаран хормица долу керла бахтарш, доьхкий а цIийзош, охьатаьIира, хIокхарна охьахаа гIанташ гойтуш, тIе пIелг а хьажош. TIe сийна исхар а тесна, йеакIов йехачу стоьла тIехьа Iаш, векъачу аматахь, чукхетто Iаьржа бIаьргаш а, тIейаьхкина беснин даьIахкаш а йолуш, кхин цхьа стаг а вара штатски хормехь, амма эпсаран куьцехь белш, букъ а нийса латтош.

 

«Гарехь, областера талламча хир ву», – дагатесира Керимна. Раз бIаьрг тоьхна, цунна хьалха, стоьла тIехь Iуьллучу папкин тIера йоза дийшира: «Халкъийн сийлахь-воккха тхьамда Сталин нахана йуккъехь Еланцевс Д. У. йемалваран хьокъехь долу гIуллакх».

Чу а валийна, сонехь, табуретки тIе охьахаийтира «Сталин нахана йуккъехь йемалвина» волу заьIапхо.

– ХIара вевзий шуна? – хаьттира. Шимма а тешалла дира цигахь хилларг и хилар, амма цо аьлларг шайна къаьсташ ца хезира аьлла, чIагIдира. Цигара йухадогIуш, Керима, чухIоьттина, Тавсолте и дийцира.

– Схьахетарехь, Сталин хIинца а верриг ца велла, – элира Тавсолтас.

– ХIунда бах ахь?

– Цунна тIоьхула хIинца а нах хьийзабо дела…

– И мила вара хиирий шуна? – хаьттира Селитас.

– Цхьаннах тера-м хийтира, – Нурседа ойлане соцунгIа хилира.

– Цуьнан бесни тIера мо ца гира хьуна?.. И тоххара Эскинойхь вайн школехь доклад йинарг ма вара… Сени чухула ша тIехвоккхуш, соьга лерина схьахьаьжира иза..

– ОстопируллахI! – цецвелира Тавсолта а.– Тохара ЧIап-ломахь тхоьца немцойн десант лаца веънарг!?

***

Кхин а цхьа бутт баьлча, Кериме а, Нурседе а тешалла дан суьде дIакхайкхира, – амма и суд, райцентрехь йоцуш, Джамбул-гIалара областан суд йара: «Гарехь, Еланцевн гIуллакх луьрачех лерина», – ойла хилира Кериман.

XIopш дIакхаьчча, суьдан зала чохь хоттуш, дIадоьдуш кхин цхьа дов а хилла, и чекхдаллалц собар дан дийзира. Iа-ш сагатделла Керим херайаьллачу неIарехула зала чу хьаьжира. ЛадуьйгIира:

– Со хIетахь кхеран коштIахь комендант вара… ХIетахь дукха лара спецпереселенцаш мацаллах а, тифах а… ДIабохка ца кхиабора… ТIаккха ас хIокхунна тIедиллира, кхунна кхин цхьаъ баьпган норма лург, шен виран-ворданахь вел-велларг хьуьлла йистерчу ор чу дIакхехьap, уьш бахьа кхин меттиг йоцу дела… Амма аса-м ца аьллера кхуьнга цига валаза верг а дIахьо…

– Ас вахьа а-м ца ваьхьна! – шa Iачуьра хьалакхоссавелира эттIачу шинелехь волу цхьаъ.

– Муха ца ваьхьира?.. Со-м ваьхьира… Ас хьайга доьххушехь: «Со хIинца а дийна ву… Ца вала а магара… Витахьара», – боххушехь… Ахь элир-кха: «ХIан-хIа! Со вуха а кхуза эха мукъа вац… Хьо иpx-пурх а кхин цхьана сохьтехь бен вехар а вац…», – аьлла, айина хьайн вордана тIе а виллина, ваьхьна, цига беллачарна йуккъе охьатесир-кха со а… Валийта!.. – бохуш, дуьйцура, хьалха шен Iаьржа куьйгаш а туьйсуш, кIарул-Iаьржачу курдо.

– Ткъа муха висира хьо ца леш? – хаттар дира суьдехь. Жоп ца луш, курд дIасахьера.

– Дийцал!

– Ца вала… аса… йуххехь Iохкучу… беллачеран пхьаьрсах а, белшах а дилха диира… Ца леш висира… ГIаьттина, вахара… CaгIa а доьхуш, лийлира кхечухьахула… вехха. ХIинца, Сталин велча, кхуза вухавеъна, хIокхунна и ца дита!.. – элира курдо.

Керима доккха садаьккхира. Чоьхьара цхьамма-м залан неI, гIорттош, тIечIегIира… Кестта КеримгIаьрга чукхайкхира. XIopш чубевлча, дехачу гIанта тIехь, суьдана дуьхьал хиъна Iа, цIена маж а йаьшна, тIехь а цIена Еланцев вай-й велакъежира кхарна.

Суд йах ца йелира: Еланцевна йерриг а тоьхна хан «15 дей-буьйсий» йара, цо, нах а болчохь, пачхьалкхан меттехь маьттаза мотт лебарна. ЙухавогIуш, Керим хIинца а ТавсолтагIеран чу хIоьттира:

– ДIахаалда хьуна: Сталин велла, хьуна, верриг а, цинц буха ца вуьсуш! – элира Керима чуволлушехь Тавсолте…

Доцца дийцира суьдехь хилларг.

– Далла хастам бу!.. ХIинца-м кестта цIа дахийта а мега вай! – элира Тавсолтас.

* * *

Кхин а ши кIира сов хан йаьлча, ТавсолтагIеран неI туьйхира. Селитас, тIейахана, схьайиллира. Еланцев вара неIарехь лаьтташ: цIена дуьйхина, шляпа а коьртахь, галстук йихкина, карахь хаза Iaca а йолуш.

– Схьачувола! Марша вогIийла! Суна вевзира хьо, накъост Еланцев, – элира Селитас.

– Суна хьо а йевзира, Селита! – аьлла, куьг делира.

Нурседас а:

– ПаргIатваларца декъала хуьлда хьо! – аьлла, куьг лецира цуьнан. Кестта Керимца чувеанчу Тавсолтина а хазахийтира хьаша веъна. Селитас кечдина чай хьалха диллира…

– Шу махкахдаьхначу шолгIачу дийнахь со вахийтира отрядца ломан кIотаршкахула, цхьаццанхьа бухабисна нохчийн доьзалш вовшах а тухуш, охьабаха. Сан отряд дIатуьйхира, Грозный-гIалара ваийтинчу, ширчу чекистех волчу Коленкин ротех, и коьртехь а волуш… Бухабисна доьзалш-м наггахь а бацара… Тхан декхар хилира, дIабаха ца лууш, герз а карахь бевддачийн гIеранаш схьалецар, йа йайар. Масех кIиранах а лийлира тхо, уьш лоьхуш. Царех цхьаберш, къаьсттина майрабевлла, шаьш тIелетара тIехьашха эскархошна, бийшина Iохкурш а ца кхоош.

Къаьсттина багайахна йара Сату коьртехь волу гIepa… Цо, четарна чу а иккхина, бийшина Iохккушехь байинера салтий а, лоьраллин болх бен зударий а.

– Хьай, йовсар йаI!.. Зударий а байинера, тов! – элира Тавсолтас.

– Амма тхан командир Коленкин ша а вацара «дидийчех»… Шара–Органехула тхо, цигахь бухабисанчех гулбина цхьа-ши доьзал, стерчийн вордана а хаийна, охьабалош догIуш, суна гира, тхо тIай тIе кхаьчча Коленкина, тIекхайкхина цхьана-шина салтичуьнга лере цхьаъ-м аьлла, цу-шимма вухавахана, хьалхара сту, тоьхна, тIай тIера чу а харцийна, цунна тIаьххье и ворда а кIоргге чуйахара, тIерачу берашца, зударшца, баккхийчу нахаца… Ас и дIадийца сайн дагахь дитира… Цул тIаьхьа, тхо чIожах чекхдовлуш, тхо чекх а довлийтина, тхуна тIехьашха тIелетира цхьа гIepa. Царна хьалха кIайчу говрахь, Iаьржа верта а кхоьллина, цIечу башлакхца, буйнахь маузер а лестош, цхьа зуда йара, омра деш:

– ТIетох!.. ТIетох!.. Ма кхоабе! – бохура.

– Кхокха йу!.. И Кхокха йу!.. – элира суна йуххерчу сержанта.

И цIе хIетале цигахула йекаш йара: Кхокха гIарайаьллера къиза а, майра йу бохуш. Дуьйцура, цо ша шен майра, шен буьйр кхочуш ца дича, гIерана хьалхха, тапча а тоьхна, вийра бохуш. Цигахь тхайх вийна масех бIаьхо а витина, Коленкинна а йай-й чов а хуьлуш, тхо халла кIелхьарадевлира. Цул тIаьхьа Коленкина, Галан-чIожахула тхо лелаш, цигахула цхьаццанхьара оха схьагулбина, бIе гергга зударий, бераш, баккхий нах, цхьана йесса йисинчу школа чу а лаьхкина, тIехула неIарш ондда тIе а чIаьгIна, цIетесна багийра дийна боллушехь!.. Маьхьарий!.. ЦIогIанаш!.. И суна дицлур дац цкъа а! Хьалха цо уьш цу чу гулбеш, «кханналц буьйсайаккха, шелонгахь ца бита» элира – суьйре йара. Чуьра пешаш лато, аьлла, амма цIейилла дагалаьцна йаго хIума а цаьрга шайга схьалахьайайтира цо гондIахьара… Виц ца ло суна цхьа бутIаз: «Хьажал! Ас дуккха а гулдина», – бохуш, марахь ча дахьаш вогIу… ХIинца а дуьхьал лаьтта… Сан собар кхачийра!.. Со ведда Грозный-гIaла а веъна, тхайн хьаькмашна тIе вахара… Дийцира… Йаздайтира! Таллам болийра… Амма Коленкина, вуно атта, тешаш а xIиттош, со кIелвитира: шина салтийчо тешалла дира, сту ког а тасабелла, ша чубахара аьлла… Школа чу гулбина нах а, шаьш пеш лар цайарна, шайн ледарлонна цIе а йаьлла, багар чIагIдеш а, масех теш кечвинера Коленкина. Со таIIийна чувоьллира: суна дуьхьал таллам болийра…

Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза – шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.

– ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! – тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…

– Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! – жоп делира Сатус.

– Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..

– Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! – аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:

– ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! –мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:

– Иза а хаьа суна… Кхана аш со вуьйр вуй… Амма хьоьга сан цхьа дехар ду: со муха ле хьажа, кхана соьга хьажа, мукъна, волахьа!