Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

– Комендантна хIун аьтто хуьлу цунах?

– Спецпереселенцашна тIехь кхерам а латтабо, урканийн ойла кхечухьа а йерзайо… Гой шуна, хIинца а, марха досту де кхана-лама тIекхочуш, долийнарг: «Нохчаша марха достуш гIурбанна оьрсийн бер диэн тIелаьцна. Массара а ларделаш шайн бераш», – аьлла, хабар арадаьккхина. Гой шуна, ца хууш а хIокху деношкахь оьрсех цхьаннен бер дахь, и стенна тIедогIу?.. ЧIогIа вайна кхераме хабар ма ду и цхьана йовссаро арахецнарг!..

Iуьйрана, Ширванина лаарца, хьалха кхузарчу нохчийн кешнашка бахара уьш. Махьмудан зудчунна Селисатна тIе а диллина Ширванин зуда Ламара йолу меттиг хаттар.

Кешнашка дIакхаьчча, Махьмуд цецвелира: аннех йина кешнийн керт йохийнера цхьаццанхьа. Махьмудан гIоьнца халла карийра Ширванин ден а, ненан а, берийн а кешнаш: церан цIерш тIехь йолу чарташ а дара йуххехь, цхьамма-м охьатоьхна, Iохкуш. Ширванис бIаьргех йовлакх хьаькхира. ДоIанаш дира кхааммо а. Халла йуха дIанисдира охьатоьхна чарташ. Кешнаш- кара арабовлуш, вукху маьIIехь, керта тIехь кираца йаздина гира: «Нохчий, аша тхан стаг вехь, оха xIapa кешнаш шух дузур ду!»

Вовшашка хьаьвсира. Бист ца хуьлуш богIура.

– Гена воцуш Iаш сан ваша Хьамзат ву. Оцу урканашца цхьаьна шахтехь балхахь ву иза. Цо хIун олу хьовса вай…

Хьамзат йуьхьа тIехь мелла а цецваьлла хийтира:

– Шахтехь соьца балхахь болу урканаш цIеххьана херабевлла селхана дуьйна. Ца хаьа, царна хIун дагадеъна… Тахана тхан шахтерачу цхьана уркано, Сопла, чукхайкхина соьга а, соьца волчу Хьамаде а. Вахана хьожур ву…

– Цигара тхоьга дIавоьллахь! – аьлла, Махьмуд вукхушинца дIавахара. Йоьхна, дуьхьалйеара Махьмудан зуда Селисат.

– Цхьа урканийн жIуга вайн керта а йеъна, цхьа оьрси жима кIант вайна шайн, и лоьхуш ду шаьш бохуш, кертах а хьаьвсина, дIайахара…

НеI ца тухуш, чувелира лулахо Родион…

– Махьмуд! Лардала деза шу. Урканаша билггал цхьа зулам дагалаьцна. Нохчийн массо цIенош ду хIинца кираца жIараш тIейехкина, къаьсттина Новостройкехь. Комендантана дIахиъна. Цо нах арабаьхна мел йолчуьра и жIараш дIайайа. Цара «лоьху» и бер а, йа цIе йолуш а, йа хьенан ду хууш а дац, бохура коменданта. Гарехь, урканаша шаьш кхоьллина хабар ду иза.

– Комендант-м тхоьгахьа волчух тера ма ду хIинца.

– Муха дац! Цхьа боккха гIучIа хилахь, цунах ма кхета и! – элира Родиона.

– ХIа… Ширвани!.. Ламара шен шичошца кхузара бутт хьалха цхьанхьа–м кхелхина бохура… Тахана со йуха a гIyp йу хатта.

– Дийна хилар хиъна а дика ду… – Ширванин йуьхь къегира…

Садайча, сингаттаме хабарш хезна, веъна Махьмудан шича Эласий а волуш, кехат санна кIайвелла, чуиккхира Хьамзат:

– Хьамад вийна!..

Массо хьалагIаьттира:

– Муха? Маца?

– Тхо Сопла волчохь Iаш, чувеара «Беха мара» цIе йолу, тхоьца балхахь волу кхин урка, дикка вехна а волуш, шеца кхин цхьа накъост а валош. Соплина тIевогIавелира иза:

«Кху чагIалкхаша вайн оьрсийн цIий муьйлу! Хьо кхарна мийлош Iа!..» «Оха мийриг-м къаьркъа дара… Охьаховшийша, хабар ца дуьйцуш»… – элира маслаIате Соплас. «Беха мара» цунна чукхоссавелира:

– Хьо вохкавелла кху акхарошна! Хаьий хьуна, хIай къутIа, цара хIинцале, кхана марха достуш, шайна гIурбанна диэн вайн оьрсийн бер лачкъинийла! – аьлла, цо Хьамадна тIе урс хьошшехь, Соплас цуьнан куьг дIалецира. Вукхо, Соплина тIехьашха урс тоьхна, и охьавожийра. ТIаккха Хьамада, хьалаиккхина, цунна тухушшехь, «Бехачу маро» Хьамадна а букъа тIехьахула финка дахийтира. Ас и ший а урка тIаккха вийра. Милици а тIекхачале со схьавеа…

– Ой-й!.. Хьо доьхна гIуллакх! – корта ластийра Махьмуда. – Эласий! Ахьа, гIой, лулахой кечбе! ДIахаийта! Ледара ма хила! – Эласий дIавахара.

– Вай хIинццехь кечдала деза! – элира Керима. Кораш, неIарш, ков, ринжа дика тIечIагIдира. Дагарш, аьчка вабанаш, белаш караийцира. Корехула урамехьа хьийса охьахаийра Селисат, Хьамзат.

– Хьуьлла гулбелла!.. – элира Селисата.

Керим, Махьмуд дIахьаьжча, урам баьсса хийтира, амма ураман дехьарчу маьIIехь, Новостройкин майда йолчухьа, гуллуш йоккха адамийн оьла хаалора, «Сокольни шахтехьара» а, Сталинан урамехьара а схьатIеоьхура. Адамийн оьла, керчаш, кегара. Кор диллина хьаьвсича, схьахезира маьхьарий, узарш, аьчган татанаш…

– Леташ бу! – элира Махьмуда. Ведда, керта вахана, шен цIахь дIахIоттош йолу, цIейойу йоккха машен лато хIоьттира.

– ХIан-хIа! Хьо гIyp вац цига! – тасайелира цунах Селисат. – Со берашца байлахь йита воллу хьо! Хьо вуьйр ву, гIахь!

– Вехь a, гIyp ву!..

– Селисат, хьо чохь Ie, гIopaш дика дIадохкий, тхо цига ца дахча ца довлу! – аьлла, Хьамзат а, Керим а, Ширвани а, Махьмудца машенахь дIабахара.

ХIорш дIакхаьчча, Новостройкин майданахь, беттан серлонгахь сих-сиха лепара белаш, дагарш, вабанаш, цхьацца аьчкаш. Оьрсийн а, нохчийн а маттахь детташ маьхьарий хезара: леккха хIаваэхула, батто серла а дохуш, адамийн кортошна тIехула дIасаоьхура даккхийра тIулгаш, «гIаппийнехь» тIе а детталуш. Къоман билгалонца шина декъе а бекъабелла, оьрсийн цIарах гIевттина урканашший, кхузара нохчий вовшийн йоцу чIир оьцуш бара.

ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Сталина а, Берияс а, арайаьккхина амнисти, йа пачхьалкхана а, йа халкъана а пайдехь йолчу aгIop йоцуш, мелхо а, урканийн, уголовникийн аьтто боккхуш нисйинера: уьш эзарнашца лецначуьра схьа а хецна, баьржира гIаланашкахула къоланаш, зуламаш карладохуш, Ткъа цхьа а бехк а боцу, йийсарехь хиллий, политически нийса баций, бохуш, лецнарш Iазапехь бахка битира, махкана а зен деш.

Цул сов, тIехула къаьмнашлахь барт а кхайкхош, чухула ма-хуьллу и барт буху aгIo а дIакхоьхьура Сталина а, Берияс а, массо сталинхоша а: цкъа-делахь, советан къаьмнаш, чинехь доькъуш санна, дийкъира цара бес-бесарчу дарже дерзош, цхьа къам – «воккхаха волу ваша», важа къам – «жимаха ваша», аьлла, цIерш а техкина. ТIаккха иза а ца тоьуш, Советан Iедална йамарт хилла аьлла, тIе цIерш а кхоьллина, Советан кхечу къаьмнийн царах безам а бойуш, къиза махкахдехира дуккха а къаьмнаш. Оцу махкахдаьхначу къаьмнашна дуьхьал, уьш тIеттIа сийсаздеш, шайн агитаци саццанза дIа а кхоьхьура сталинхоша. Цара тесначу оцу xIyx даьлла дIовш дара тахана Лениногорскехь, Новостройкин майданахь, кхехкарг:

– ТIетоха! Ма кхоае и нохчийн чагIалкхаш! – мохь беттара цхьамма.

– ТIетоха, дIайаха оьрсийн хьакхарчий! – мохь беттара вукхо!

Лакхарчу кхетамехь болчеран ницкъ кхаьчнехь а, сталинхойн питанан дуьхье кхиан, цуьнан дIаьвшах лардала, амма кхетам лахарчу тIегIанехь бисинчеран, къаьсттина утоловникийн а, кетаркочийн а – шайн къомах тасаделларг деган лазамца тIеэцан бен, – и нийсачу aгIop тидан йа хьекъал а, йа собар а ца кхочура. Уьш бара тахана, шайна цхьамма а тIедиллина а доцу гIуллакх – къомаллин йахь а къевсина, вовшахлетарш, йа вовшашна хIинццалц дина зулам а доцуш, йа вовшийн цIерш а ца йевзаш, йа ур–атталла, вовшийн муьлш бу а ца хууш, вовшийн къиза бойурш, акхароша санна, хьере маьхьарий а детташ:

– ХIаллакье чагIалкхаш!

– ДIайаха хьакхарчий!..

Маьхьарий… цIогIанаш… Узарш…

Махьмудана гира майданан дехьа йистехь урканийн тоба, нохчий йуккъе а боьхкина, царна тIейетташ. Шен машен, цкъа йуха а йаьккхина, тIаккха хаьхкина, царна тIехьашха тIетуьйхира Махьмуда. Урканаш йуха ца бовлура. Махьмуда йуха а тIехаьхкира. Махьмудна йуххехь, кабинехь, гIодайуккъелц ара а кхевдина, леккха дIаса карара диг а лестош, цунна некъ боккхуш, и ларвеш цуьнан ваша Хьамзат а вара. Ширвани, сиха машен тIера охьа а иккхина, шен ваба а лестош, летачийн оьлана йукъахь вайра. Цунна тIаьхьа кхиъна йоьдура, карахь аьчган чIу а лестош, логах цIен шарф а хьарчийна, тайначу дегIахь цхьа къона зуда:

– Йайа и чагIалкхаш! – мохь беттара цо. Керим нохчочух тера а ца хетта, цунна йуххехула тIехйелира иза.

Керимна тIеIоттавелира:

– Махьмуддий, Хьамзаттий гирий хьуна? – аьлла, церан шича Эласий!

– ДIогахь! – машен гайтира Керима…

Цу aгIopa шен ма-хуьллу хьийзаш, логах цIен шарф а йихкина, и къона зуда а йара. Кест-кеста: «Же йама, Маруся!» – олий, накъосташа иракарахIоттайора иза…

Майданна дехьа маьIIе хIинца схьакхаьчна лаьтташ милицин хормехь цхьа жимо тоба а йайна, йистошкахула царна тIевахара Керим.

– Со а ву тIемало, майор хилла, шуна оьшучунна тIехь гIo дан кийча. Ма латта вай? – элира цо, ша нохчо хилар билгал ца доккхуш.

– Дан хIума дац… Вай верриг а пхиъ бен вац… Долу герз йукъадаккха бакъо ца йелла…

– Ткъа иштта лаьттар ду вай?

– Эскархошка кхайкха вахийтина. Профсоюз, комсомол – бийшина Iохку, тахана пайденна а бац.

Керимна кхузара а гора Махьмуда, йуха а йохуш, йух-йуха тIейетта машен, кабинин чуьра гIодайуккъалц ара а кхевдина, ткъес санна, карахь диг дIасалестош, Хьамзат а волуш. ХIаваэхь леккха ваба дIасалестош, Ширвани а хьийзара дIогахь. Кериман бIаьрг кхуьуш, кхин берш дIаса а теттина, Ширванина тIекхечира, логах цIен шарф йихкина, тайна дегI долу къона зуда. ТIехьашха ластийна Ширванин коьртах чIу туьйхира цо, Ширвани вожош:

– Лаббайк, Маруся! – и къобалйеш, цIогIа делира цуьнан накъосте. Керим дIахьаьдира: Ширвани Iуьллура, сихха садоьIуш, багах чопа а оьхуш, го бина и ларвеш, кхо-виъ нохчо а лаьтташ. Керим дарвелла, оцу зудчунна тIаьхьавелира. Шен чIу а лестош, Маруся хIинца сихйелла Махьмудан машенехьа дIатеIара. ТIекхаьчна, чIу тоьхна, диг лесточуьра Хьамзат а вожийна, иза Махьмудан пхьаьрсах тасайелира. ТIекхиъначу Керима охьа ийзайора иза.

Мичара волу ца хууш схьаиккхинчу Эласис оцу сохьта:

– ОхьатаIлахь, Керим! – олу хезира цунна, амма оццу секундехь шен коьртах чхар кхетта, кхетам чуьра волуш, охьавуьйжира Керим циггахь. Эласий, кхоьссина и зуда дIа а йахийтина, Махьмудана улло хIоьттира… Йуьхьанца урканаш сов хиллехь а, ткъа хIинца нохчий, тIеттIа тIеоьхуш, совбуьйлуш лаьттара. Цигара йухайаьлла, урканийн цхьа тоба вокзалехьа таьIира, важа – Сталинан урамехула дIатекхира. Комендантан цIеношна тIехь, забарийна, йа хIуьттаренна цхьамма йиллина жIар а йайна, иза нохчийн цIа ду моьттуш, тIелетира уьш кевнах, иза чуьрадаккха а гIуртуш. Кор а диллина, чуьра йолуьйтуш, схьатоьхначу тапчано хаийтира кхузахь бегаш хир боцийла. Сихха дIабевдира цигара. Дуккха а эскархой, отрядашца, аьчган некъахула схьакхечира хьалха вокзале, тIаккха, тIемалойн низамехь бекъабелла уьш, дов дол-доллучу меттиге дIахIиттира. Майданахь а, урамехь а, вокзална йуххехь а леташ мел хилларг дIалецира. Лазийнарш больницашка а хьовсийна, декъий кхочучаьрга дIадахьийтира. Майда а, урамаш а дIацIанделира цу сохьта.

 

Iуьйранна эскархойн векалша таллам болийра. Хьалха – «Iедална а йамарт хилла болу нохчий» бехке хетта, царна тIебирзира уьш. Амма нохчошкахьа, церан бехкбацар хоуьйтуш, дагахь а доцуш, доггах гIодаьккхира меттигерчу бахархоша а, казахаша а, шахтин урхалло а, тIехула тIе – коменданта а. Бехк болу уркаш берриш а схьа а къастийна, суьдан кхелаца йухалаьхкира шаьш хиллачу лагершка. Нохчашна йуккъера а лецира цхьацца «барамал тIехбевлларш».

Больницехь йух–йуххерчу маьнганаш тIехь нисвелира цхьатайпа чов хилла Ширвани а, Керим а. Цхьаьний йуха кхетам чувеъна и шиъ, и дов чекх муха даьлла ца хууш, саготта вара. Кестта оццу палати чу виллира, аппендицит хилла, гIалин прокуроран гIоьнча.

– Дийцахьа, хьуна хаа там бара, муха дIадирзира и дов? – хаьттира Керима.

– Урканех 27–нна хенаш туьйхира. Биснарш, байн бехкаш берш, кхечу меттигашка дIасахьовсийра, цигахь низаман тергоне а лоцуш. Нохчех цхьанна диъ шо хан туьйхира.

– ХIунда?

– Цигахь цхьа зуда йерна.

– Логах цIен шарф а йолуш? – хаьттира Керима.

– ХIаъане!

– Тайначу дегIахь?.. Маруся?.. – элира Ширванис.

– Шуна-м и йевзаш ма-хилла! – велакъежира прокуроран гIоьнча.

– Ас йуьйр йацара иза… Цо сайна тоьхнехь а!.. Массарел майра леташ йара и!.. TIe хаза а йара! И хIунда ца йитира-те цо?.. Зуда ма йара и, – элира Ширванис.

– Цуьнан ваша вийнера цу зудчо.

– Iедалхой озийрий жоьпе?

– Комендант а, кхузарчу милицин хьаькам а дIаваьккхира балхара. Шахтин урхаллехь белхалой кхетош Iаморна жоьпе верг партера а вохийра.

– Мел хир бара-те шаберш цигахь леттарш?

– Хаац. Дийцарехь, урканаш пхи бIе сов. Нохчий – масех бIе, амма тIаьхьа – эзар гергга. Нохчех вийнарг – пхийтта, кхин а берашца бийна ши доьзал а. Урканех – ткъе иттех сов. Йерриг а сабантуй кIиранах йахйелира. Цул тIаьхьа кхин цхьацца меттигашкахь а, гIаланашкахь а иккхина хилла и тайпа девнаш. ХIинца-м, Далла хастам бу, массанхьа а дIатийна.

* * *

Ширвани хьалха та а велла, Керим больницехь а вуьсуш, аравелира. Кериме, ша цхьана-шина дийнахь вухавогIийла а хоуьйтуш, Ламара лаха вахара Ширвани.

Селисата дийцича, хиира: Махьмуд лаьцна чохь воллура. Хьамзат – вацара. Селисата шега йийцинчу, кху гIалина гена йоцчу, «ЦIен седа» цIе йолчу колхозе вахара Ширвани: Ламара цигахь йу бохура. Эвла йистехь долчу цIенош чохь Iаш хиллера Ламара тIелаьцна цуьнан ненахой. Ламара Iуьллучу цIа чу вигира жимачу йоIа.

– Дийна ву! – аьлла, меттахь охьахиира Ламара. Жима йоI арайелира. Ламарин метта хьалха гора а вахана, цуьнан куьйгашна барташ дохура Ширванис.

– ХIинца суо леш санна а ца хета суна, йалале цкъа сайна хьо вайчхьана! Далла хастам бу! Ахь дIа-х йуллур йай со!..– Ламарин бIаьргех хиш доладелира.

– Йуллур йац: вай дехар ду.

– Зуда йалийна вуй хьо? – йелакъежира Ламара.

Ширванис ма-дарра дийцира дерриг а.

– Мел оьзда йу… – элира Ламарас.

Ламара Iуьллучу цIа чу кхин цхьа маьнга а хIоттийна, и цIа цу шинна къастийра Ламарин ненахоша… Дерриге а дийцина, xIapa шиъ буьйсанна шен–шен метта дIадижинчул тIаьхьа, Ширванина хезира:

– Ширвани!.. Лампа латайехьа… Суна вон хета…

Лампа а латийна, тIевахара. Ламарин хьаьж тIе хьацар тоьхнера, йуьхь кIаййеллера.

– ДIа ма гIохьа… Со кхоьру…

– ГIур вац… ДIахилал! – Ламарина и шега деха эхь хетийла хууш, Ширвани ша дIатарвелира Ламарина йуххе маьнги тIехь.

– Баркалла хьуна!.. Дала ирс долуш войла хьо… Хьо воцург да вац сан, нана йац сан, йиша-ваша дац сан. Суна тIаьххьара а тIекхечи хьо! Баркалла хьуна!.. ХIинца со лахь а, суна хIума ца хета хьуна… Далла хастам бу, хьо вуха схьагайтинчу… КIеззиг наб озийна суна… Ахьа а жимма садаIа, – аьлла, Ламара дIатийра, дай-й «харр» а деш.

Ширвани кхоьрура шена наб кхетийта, цунна хадеш санна, уллохь Iуьллура иза, меттах а ца хьовш. Эххар цунна а йай-й наб озийра. Амма, цIеххьана самавелира иза:

– Ламара! – кхайкхира меллаша.

Жоп дацара.

– Ламара! – метта охьа а хиъна, йуьхь схьайерзийра цо. Жоп дацара. СадеIар а ца хезара. Шийла йара.

– Ламара! – аьлла, белшашкара йай-й дIасаластийра цо иза. –Йистхилахьа! Самайалахьа, Ламара! – лерга тIе бат а йиллина, дийхира.

Меллаша ши бIаьрг схьа а биллина, Ширванига хьаьжира Ламара. Иштта, бIаьргаш Ширванина тIе а доьгIна, леррина цуьнга хьоьжуш, масех секунда йаьккхира цо.

– Ламара! – кхайкхира йуха а Ширвани, цуьнан бIаьргаш чу а хьоьжуш, – алахьа цхьа-ши дош!

– Баркалла!.. Суна ма велхалахь! Баркалла хьуна. Со дIа а йоллий, йуха… дIагIо… цунна тIе… – аьлла, бIаьргаш хьабдира цо, кхин схьа а ца диллира, Ширванис мел кхайкхарх…

Керимна тохарчух тера а ца хийтира хIинца шена тIе веанчу Ширванин лер а, хьажар а…

– ХIун хилла? – хаьттира цо.

Ширваннс дийцира. Керим а, то а велла, больницера араваьлча, вукху дийннахь шимма а цIерпоштана билеташ ийцира: Керима – Джамбуле, Ширванис – «Шемонайхе».

* * *

Шен майра Керим тIепаза вайна, Кесира бIаьрзе хьийзира шина бераца, ша хIун дича бакъахьа хир дара ца хууш, цкъа ТавсолтагIаьрга йоьдуш, тIаккха Полате орца доьхуш, йуха Эзаугей, луларчу Азретей хоьттуш. Цо комендатурехула дIасакхехьийтинчу хеттаман кехаташна жоп доцуш а дикка хан йелира. Эххар а кхечира Джамбул-гlaларчу прокуратурера кехат, Керимна итт шо хан а тоьхна, иза лагере дIа а хьажийна аьлла.

Йуха и дIахьажийначу лагеран адрес Кесирас лоьхуш а, цунна тIаьхьа ца кхуьуш а, дехха денош дIаихира, xIop лагерера а иза кхечухьа ваьккхина, олий, жоп догIуш. Колхозехь шен болх а беш, шен шина берана, Каташна а, Заретина а, шега далун Iуналла а деш, гIийлла йоллура Кесира. Кест-кеста, берашна ца гойтуш, йоьлхура, амма дог ца дуьллура Керимах. ХIун ду а ца хууш, даго хьоьхура и вуха гур ву бохург. И ойла а йацахьара, дуьнен чохь дIалела гIopa а хир дацара цуьнан. XIop а, кхечухьара веъна, йа лаьцначуьра цIа хецна стаг кхаьчна меттиг йу аьлла, шена хезча, цу сохьта цунах кхета йоьдура Кесира: Керимах тераниг а гиний-те царна шайн некъашкахула лелаш, олий, хоьттуш, лоррий толлура цо.

Лула-кулахь болчара а – Азрета а, Эзаус а, къаьсттина ТавсолтагIара, дог оьцура. «Са ма гатдехьа, дагахь а доцуш, цIеххьана цIа кхочур ву хьуна!» –олура Тавсолтас а, хууш хIума дацахь а, и аьлла мукъане а, Кесирин сатедархьама. Кест-кеста Тавсолтас, Керимна лорий, мовлад а йоьшуьйтура чохь. Йукъ-кара, са бIарзлой, шина а бераца, буьйса а йаккха, Жал-тюбе ТавсолтагIаьрга а йоьдура Кесира.

* * *

Тахана а сарахь Кесира, шина бераца Жал-тюбе кхаьчча, Тавсолта ша чохь вацара, ткъа Селита а, Нурседа а, ший а йоьлхуш Iаш, чукхечира Кесира. XIapa чукхаьчча а мегарг йистхилар доцуш, роггIана xIapa мара а йухкуш, кхуьнан белша тIе кортош а эгош, йоьлхура и шиъ:

– Нана ма лойла хьан! – бохуш.

Кесира ца кхетара:

– ХIун хилла? Дийцийша!

Нурседас, йелхаран къурдаш а деш, дийцира, Лениногорскера веанчу, Эласий цIе йолчу цхьана стага Тавсолте тахана хаийтар: Керим, шена а гуш, ши бутт хьалха Лениногорскехь хиллачу урканийн, нохчийн латарехь, коьртах хIума а тоьхна, вийна хилар. Тавсолта, и новкъа ваккха вахана, кху сохьта чукхочур ву. Йоьлхучу Селитиний, Нурсединий тIе хIинца, шен шина а бераца, Кесира а кхетта, цара чохь айинчу доккхачу белхарна тIекхечира, йуьхь балане лаьцна чувеъна Тавсолта:

– Ма делха! Ма делха! Делан кхиэлана дан хIума дац, гIaзот ву. Цигахь дуккха а нах байина бах… Дала гечдойла царна. Ма делха!.. Делан кхиэл йу, – аьлла, Тавсолта дехьа чу велира, йеса деша.

Зударийн а, берийн а делхар ца туьйра. Цу йуккъехула корехула арахьаьжначу Тавсолтина эххар шайн кетIахь, бодашкахь, гIаларт санна, лаьтташ цхьа стаг вайра: «СагIадоьхург, йа некъахойх ваций-те, чуван ца хIуттуш? » – дагатесна, дуьхьалвахара Тавсолта. Беттан серлонгахь, ченаша вуьзна, цхьа оза стаг вара чIогIа Керимах тера:

– ДегI ду хьо, йа са ду хьо? – хаьттира цецваьллачу Тавсолтас, и шайтIанан гIаларт хетта.

– Со Керим ву…

– Памили? – кхин а хаьттира цо, ца тешаш.

– Албастов.

– Зудчун цIе?

– Кесира.

– Берийн цIерш?

– Каташ, Заретта.

– Бисмалла алал!

– БисмиллахIи рохьманин ррохьим!.. – велакъежира Керим.

– ОстопираллахI! ОстопираллахI! – аьлла, маракхийтира Тавсолта. ДIа а ца хоьцуш, доIа дийшира.

– Хьалха шун чу хIотта-те со, йа воьддушехь, доьзална тIе, Гродеково, гIo-те, бохуш, – ойлане ваьлла лаьттара со…

– Хьо нийсса схьакхаьчна – хьан доьзал а кхузахь бу… Вало!..

Цул тIаьхьа цара, хIун дуьйцуш, муха йаьккхира и буьйса, вай кхин дIа дийца а ца оьшуш, дешархошна шайна а хуур ду, шайн даге хаьттича…

* * *

Кхин цхьа кIира а дIаделира Кериман цIаверзар доьзало а, и мел вевзачо а даздеш, дуьйцуш… Керим колхозехь шен хиллачу балха дIавахара…

ЙУХА А… ТОЙСУМ

ДIатиэкхара шераш: колхозехь болх а, чуьра гIуллакхаш а деш, бераш а лелош бехара йижарий. Воккха хилла Джамбул детъяслера детсаде ваьккхинера. Нурседас дукха къахьоьгура шина бераца. Йуург ца йезаш, эгIаза кхуьура Зама. Шиммо а роггIана цхьацца берийн сиркхош лехьайора: кхартанаш, кIаж-йовхарш, маждар, кIомарш. Тайдоккхургаш йуьйлура кест–кеста Замина. Стохка цунна легашка йаьхкина йекхоаш хIинцца бен дIа ца йевлира. ЦIена леладора бераш. ХIетте а, и ший а «дика ларадора», къаьсттина Джамбул. Йа хоттах эккхаргаш лоьлхуьйтуш, йа хьозашна речIа йийгIина, йа чIижаргIа кхуьссуш, йа шедага чухула чопанан лоппагаш хоьцуш, харцахьа лелий, лелий, доллу коч-хечий бехдой, вогIура и цкъацца.

Бедар керланиг оьцийла а ца хуьлура моссазза а, баккхийчеран лелийнарш вовшахйетташ, йома туьллуш, цхьацца мадар йора.

«Салматалла хила йеза!» – олура Тавсолтас а. ЙоI – дегабааме, кIант – дегала кхуьура. Кест-кеста дов долура церан. Тахана а, шен-шен «говрахь» шаьш Iашшехь, вовшахлетира и шиъ. ОьгIазйахана, шинна а туьйхира Нурседас.

– Ма йеттал сан маликашна! – Селитас хьаьстира ши бер.

– Ду… «Маликаш!»… Тохар цхьаъ «говра» тIе хаахь, вукхо и дIаозайора, собар ца деш… Ткъа хIинца шен-шенна аьлла, шиъ эцча а, цхьанна тIехь Iашшехь, важа а дIаийзориг гой хьуна?.. Хуьрсигаш!.. Шинна а цхьацца Iаж ло – боккханиг Джамбулна хIунда кхаьчча, олий, Зама йоьлху! Джамбула, ша стоьл тIера чу а тоьхна, варенин банка йохийна, ткъа шен и берриг а – гой хьуна? – варенеша буьзна пIелг Замина тIе хьежабо… Гайта!.. Маликаш мичара дара хIорш!.. Баккхийчеран йоллу амалш го-кх хIинцале гучуйуьйлуш: хIинца тайнигаш къуьйсу, кхано – гIаланаш къуьйсур йу!..

ТIейахана Джамбулан лерг хьовзийра Нурседас. Зама нанна тIе хьаьдира:

– Ма йетта… вита сан ваша!

– Гой хьуна? Ма тоьлу уьш вайл, – йелаелира Селита.

Цкъацца хьостура уьш нанас: «сан буьхьиг», «батIал», «сан бумбари»… – ца туьллуш цIе ца йуьтура. Селитас царна тукарца кехатех сурташ дохура; поппарех сурташ дан Iамадора, бираьнчика тIехь хохкура уьш. ДIадийшош, церан додеш, бишеш а нецас дуьлура. Тавсолтин а самукъадолура йоьIан берашца. Джамбул хIума йууш Iаш ша тIе моссаза кхечи а, хьовзавора и дадас:

– Йаалахь, Джамбул, хьуо вуззалц: вузар доцург дерриг валар ду, хьуна, нохчийн маттахь: мацвалар… шелвалар… гIелвалар… кIадвалар… сихвалар.. –олий, дIаволалора и. Джамбул велакъежара, амма карара баьпкан йуьхк дIа ца хоьцуш. И кхин а хазлора Тавсолтина: «ДIа ма хецалахь – ден мажал а тоьлу, хьуна, иза», – коьртах дай-й куьг хьокхура. Шинне а тIетаьIIина денна а нохчийн мотт Iамабора Тавсолтас: «Шен мотт цабезарг – шен халкъ а ца дезарг ву», – олура.

Дадолиг йа делакотам а лоций: «Букашка», – олура детсадехь Iеминчу Джамбула.

– ДIахеца и дедо! Къа хир ду хьуна! – тIечевхара Тавсолта.

– Дедо хIун йу, дада?

– И ахь лаьцнарг йу-кх.

– Къа хIун йу?.. Мэл хIун йу? – цхьа а ца дуьтура ца хоттуш бераша. Дада хьовзош, кхано йуха хоттура шайна цкъа Iамийна дешнаш, Дадас локкхар ластайора:

– Муха хир ву сел эс йоцуш! Малонча!

Кхин а тIекхетара хеттарш:

– Дада, малонча бохург хIун ду? ХIун йу эс?

– Малонча – хьо ву, аьлларг дан мало йеш волу. Эс хьоьгахь йоцург йу: цкъа Iамийнарг хаа деза! Кхийтин хьо?

Шена бераш кIордийча:

– Совцабел xIopш, кула хилла суна! – йоIе мохь тухура Тавсолтас. Амма кIеззиг садоIIушехь, йуха а бераш шена тIедоьхура.

Балхара ша хьалхехь валахь, Тавсолта детсадера Джамбул а, яслера Зама а оьций, вогIура цкъацца. Мелла а хийцавеллера иза. КIеззиг белшаш а охьаоьхура, хьажар а, аз а кIадделлера. Кест-кеста валарх ойланаш а йогIура коьрте: «Хан йели – къанвели; къанвели – вели… вели – дIадели… Велча дIадолу дерриг а цIенна… Вай кхузахь хьошалгIахь ду… хьовха, муха олура аша, сан бераш? ХIаъ… командировкехь!.. Цхьаберш муха ца кхета-те цунах… хьекъал а доллушехь… Ма лерана а лела-кх уьш кху дуьнен чохь», – олура цо. Амма хIинца а могушчу, ницкъ болчу дегIо, йах ца йеш, сихха дIалохкура и ойланаш: «Кхана лийр волуш санна, Iожална кийча хила, цкъа а лийр воцуш санна, ваха кийча хила!» – дагалоций, айалой, юха а ондда шен гIуллакхашна чувулура иза…

 

…ГIала а йахана, чуеанчу Нурседас цеце элира:

– Хьажахь, дада, Сталина хIинца жуьгтий а кхуза схьалехка болийнийца… Джамбулехь суна сайна а гайтира цхьа-ши доьзал… Цхьа буьрсо йоккха стаг а гайтира – академик йу, бахара… Лина Соломоновна Штерн…

– ЭхI! Ма дика ду!.. – корта ластийра Тавсолтас.

– Хьуна хIун дина жуьгташа, ва дада, хьуна-х уьш гина а бац?! – цецъелира Селита.

– Суна олуш хезна: жуьгтех тасавелларг тIаьххьара а хIаллакьхир ву?.. ХIинца Сталин кестта вухур ву… Гитлер а вуьйхира, жуьгтех тасавелча, – шениг дуьйцура Тавсолтас…

Баккъал а, газеташа ма-хуьллу жуьгтий йемалбан болийна мур бара и…

Районан почтехь цхьа кехат дIадала веана Керим рогIехь нисвелира районан суьдан хьалхенча волчу Венкинна тIаьхьа. Венкин Петр Родионович, тIамехь а хилла, орденийн «биъ могIа» некха хьалха а болуш, жуьгти вара, цхьанхьара-м кхуза балха ваийтина, и кхузахь Ia xIapa пхи-ялх шо а долуш. Ингалсан мотт хьоьхучу шен хазачу зудчуьнца, цунах тера йолчу, шайн кхозлагIчу классехь йолчу жимачу йоIаца, пачхьалкхан хIусамехь шенна вехаш вара и, цхьаьнцца а, тIекIаре йоцург, чукаре леха ца гIерташ. Керимца а кхин хьалха къамеле ваьлла вацара иза, Райцентрехь вовшийн дуккхазза а гина хиларна, геннара корта таIабой, маршалла хаттар доцург. Керим а хIинца доцца:

– Де дика хилда, – аьлла, кхин совнаха дош ца олуш, тIехьа хIоьттира цунна. Иза а, доцца жоп а делла, жимачу корехьа йуха а дIавирзира. Кериман тидам хилира иза схьавирзинчу секундехь цуьнан бIаьргаш тамаше гIийлачу аматехь хьежаран. Йа иштта хеттехь а, кхин ойла оцунна тIехь ца сацош дитира и Керима. Амма, жимчу корехула шега схьакховдийна кехат схьаоьцуш, цуьнан куьг дегор Керимна эрна ца хийтира. Гена ца волуш, сиха, йуьстах а ваьлла, дегочу куьйгаца Венкина кехат схьадостуш а, маса даржийна, тIетаьIна цо и доьшуш а, тидам хилира Кериман.

Керим, шен кехат дIа а тесна, корера вухаволлушехь, Венкин, ша лаьттачохь, шен кIайчу лекхачу хьажах хьацар тухуш, лестира, мокхачу басахь долу цуьнан кIеззиг тIедаьхкина бIаьргаш кхин а кхулуш.

– Хьуна вуо хили? – хаьттира Керима, хIумма а ца олуш, йуххехь латтар гIиллакхехь ца хетта.

– ХIума дац… Цхьа кIеззиг… ХIинцца дIадер ду… Баркалла!..

Цигара цхьаьний араваьлла и шиъ, йух-йуххе хIоьттина, вогlypa.

– Хьо а фронтовик ву?.. – элира Керима, мелла а къамеле вала лууш, вист ца хуьлуш вар бегIийла а ца хетта.

– Ван-м ву… Амма хIун башхо йу… йа шуна а, йа тхуна а хIинца!.. –эккхийтира Венкина. – Сан ваша, Роман, фронтехь а хилла, орденаш йаьхна а ву… ХIетте а, гой хьуна, хIинца… Москохахь цхьа кIира хьалха лаьцна аьлла, йаздо.

– Мича бахьнина, боху?

– Израиль-махкаца къайллаха уьйр лелош ву аьлла… Бакъ ма дац и!.. Тхан-м вац цхьанхьа а дозанал арахьа вевзаш стаг…

– Ткъа хIун оьшуш лаьцна те иза?

– Хьанна хаьа?.. Сталинан амал йу-кх ша шекваьлларш, цаьргара бахьана а далале, хьалххехь чубухкуш… Гой хьуна, и жуьгтийн пачхьалкх – Израиль – кхуллуш, цо дикка гIo динера, и шегахьа хир йу моьттуш… Ткъа иза, мелхо а, Америкехьа йели, вайна дуьхьал йоьрзуш… ХIинца Сталинна дагадеана хир ду-кх, вайн пачхьалкхехь мел болу жуьгтий а хIинца дуьйна къайлаха цаьргахьа озабезам беш хир бу аьлла… Гой хьуна, вайн газеташ тIехь хIинца долийнарг… Иза хазахета ма дац!.. Вайн жуьгташкара даьлла хIумма а доццушехь, цаьргара и далале аьлла, хьалххехь царна хIума тоха дагалаьцна-кх.

– Молла-Несарто шен газана санна! – элира Керима.

Венкин соцунгIа хилира, ца кхетта. Керима дийцира:

– Молла-Несарт хилла шен газанна йетташ. Лулахочо хаьттина: «ХIунда йетта ахь?». «Йажа дIалоллуш йу xIapa»… «ТIаккха?» «Цигахь ас йийна сан копуста а йу». «ТIаккха?»… «Цо и йуур ма йу»… «Ой, цо и йаан а йаале, ма йетта ахь цунна?!»… «Хьалххехь йетта-кх… Кхано тIаьхьа хир ма ду»…

Венкин велавелира:

– Дера, тера-м ду!.. Дерриге дуьненан суьдан Iилманехь ду: хетарехь цхьа а стаг бехке цавар, цуьнан болу бехк билгало йоллуш гучубаллалц. Ткъа Сталин шекваьллехь а – и тоьуш ду-кх. Цо ша шекваьлларш хIаллакбийр бу-кх, хьуна, ца кхоош, хьалххехь, церан бехке а ца хьоьжуш… Пачхьалкхан дуьхьа а доцуш… шен синпаргIатонан дуьхьа!.. – тIетуьйхира Венкина. Керим шен даг чохь мелла а цкъа цецвелира иза цу тайпана луьра къамелаш шеца майрра дан вахьарх; йуха дагатесира: «Делахь а ший а тхойшиъ ши фронтовик а ву, хIинца цхьана хьолехь а ву»…

– И-м нийса а ма ца догIу цуьнан, ша мозгIар хиларе хьаьжча а, – элира Керима, Сталин семинарешкахь дешна хилар дагадеъна.

– Христианийн динехь ма ду: «Иттанна йуккъехь цхьаъ мукъна, бехк боцуш велахь, уьш массо а таIзарх мукъабита», – аьлла.

– Дан-м ду… Амма цо, бIенна йуккъехь цхьаъ бехке хетахь а, и бIе а хIаллак-м во… ХIинца кхин хIун долийна хаьий хьуна цо? – соцунгIа хилира Венкин. Керим сакхвелира.

– Хьажалахь, и шун къомах а хьакхалуш!.. – элира Венкина. – Америкин президенте, дукха хан йоццуш, гIо дар кхайкхийна вайн махкахь динехь болчарна… Ткъа хIун моьтту хьуна? ХIинцале кехаташ даьхкина-кх Москохара: динахошна тIехь тидам алсам а баккха, цхьаъ цаьргара доллушехь, кхоа а ма бе! ДIалеца! – аьлла!.. И хIун ду хаьий хьуна? Боцу бехкаш тIе а кхуьллуш, хIинца дуьйна чубохка болор бу, хьуна, уьш – «хьалххехь» – Сталинан амалехь. Гур ду хьуна…

Ший а Венкин Iачу цIеношна йуххе кхечира:

– Суна хьо дика вевза, со хьуна ца вовзахь а… – элира Венкина. – Ахь шайн къомана даьккхина орца а хаьа, бехк а боцуш хьо лаьцна хьийзавар а хезна… Со теша хьох… Со кхузахь Iаш ву… Сан цIе Петр йу, Керим. Гур ду вай кхин а! – аьлла, Кериме куьг а делла, и чувахара.

«Ма йоккха йукъ ца оьшу вайн заманахь стеган де хийцадала: дукха хан йоццуш вайн «мехкан элех» волу иза… тахана соьга нисвели», – бохучу ойланца ша схьавогIуш, Керимна гира, генара дуьйна а, тIамарш а йаржийна, верриг вела а вахана, дуьхьалвогIу цхьа стаг – йуххе тIекхачалц, вовзанне а ца вевзира иза.

– Маса шо, мел хан дIайели вай ганза, сан хьоме вешин кIант!..

Тойсум вара. ХIумма а хаза ца хийтира Керимна: «Кхин бIе шо а даьлла делара», – элира дагахь.

Тойсум маракхийтира. Керима, дуьхьал куьг а даьхьна, дIахилийра цо, оба ала дагахь, шена тIейерзийна бат. Цуьнан и тIуьна оба лога тIе нисйелира. Керимна и ганза а, тIе и вицвелла а, Баккъал а дукха хан яра: тIом а болабалале дуьйна. Кериман тайпана, дехойх лоруш гергара хуьлуш а вара иза, амма Керимна хезнера и мотт тухучех ву бохург а, хан а тоьхна, и лаьцна лелла хилар а.

Керима шийло ша тIеэцар ца тосаделлачух Тойсум самукъане векара:

– Хьажахьа, со йуххехь Джамбулехь Iаш ву, хьо кхузахь Iаш хилла, хIетте а вовшийн ву-вац а ца хууш Iа… Сан хьоме вешин кIант, муха деха шу, дийцахьа…

– Вон ца деха… ДIа Iаш ду…

Керима шен къамел, шор ца деш, гIеххьа дIакхоьхьура, ца хууш а цуьнга «чугIур ду вай» ца олуш. Тойсума къамел кхечу зил тIе даьккхира:

– Хьажахь, вайн къомана кху Iедало динарг? Исторехь цхьана а Iедало дина а дуй техьа и санна дерг?

– «ХIинца талла волавелла… Ларвала веза»…, – ойла хилира Кериман.

– Кхин а доьхнарш а дукха хилла: дийнна къаьмнаш дайина меттигаш а йу исторехь…, – жоп делира Керима.

Тойсума, къамел говза керчош, питане хеттарш дора, амма Керима царна дуьхьал жоп, Iедална гергахь а раз а доцуш, бакъдолчуьнгахьа оьзно лора.

– Ткъа нийса хетий хьуна хIинца жуьгташна дуьхьал лелориг?..

– «АхIа!.. Цунах лаьцна нехан йолу ойла таллар а тIедиллина хIокхунна», – дагатесира Керимна.

– Делахь а, уьш шаберш а ма ца хьийзабо… Цхьацца бехк баьлларш…

– Хьажахь, ас хьастагIа буса приемник чухула ладоьгIча, «Американ аз» чухула луьйш верг мила вара хаьий хьуна? ЦIенчу нохчийн маттахь Авторханов… Ма-дарра вайгахь латто хьал дуьйцура. ЧIогIа хьекъал долуш стаг вара… Суна вевзара иза…

«Цуьнца хьенан хIун уьйр йу хаа а лаьа»…