Za darmo

Лаьмнаша ца дицдо

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

– Майора хоьтту хьоьга: хIинца резахиллий хьо ма-дарра дийца?

– Сан шуьга дийца кхин хIума дац!..

НеI тIе а чIаьгIна, лейтенант дIавахара. ЦIийш хIинца йуха а охьаоьхура ца соцуш, уьш сацо гIерташ, Керима цхьаццанхьа тIе пIелгаш Iуьттура, амма пIелгаш йуха а дIадоххушехь, цIийш йуха а охьаоьхура. «Велча хIун дара-те, сецо а ца гIерташ, xIapa бала ловчул?»… – дагадеара цунна, амма йуха а цу сохьта Кесирий, берашший, доьлхуш, дуьхьалтесна: «ХIан-хIа!.. Ма-хуьллу ца вала хьажа веза!» – сацийра Керима. Йуха а пIелгаш, багарчу туьйнаца даша а деш, чевнашна тIеIитта вуьйлира и. ТIаьххьара а цIийш оьхучуьра севцира.

ХIинца дагадеара цунна, тоххара дуьйцуш хезна долу I937–38–чу шерашкахь бериянцаша лецначу коммунисташна кху тайпана ницкъ беш хилла бохург, тIаккха царех цхьаболчара, боцу бехкаш а шайна тIе а лоьцуш, тIе, шайн накъосташна а харц тешалла деш. Керим кхаьрдира хIетахь ишттачарех: «Ас хIинца-м дийр дац харц даре, амма царех башха кхаьрдийла-м ца хилла» – хийтира цунна: «Цул тIаьхьа царех цхьаберш шайн коммунисталлин ойланах йухабовлар а, церан шайн ледарлонна хилла ца Iаш, xIapa санначийн бехкболуш-м ду», – сацийра цо ойланехь.

Корта хьийза буьйлура, чуьра пенаш а хьийза моттуьйтуш. Тохара ша колхозан арахь мацалла охьавожар дагадеъна: «ХIинца… шолгIа а…»,– аьлла, ша-шех велакъежира Керим. Кортахьийзар совдуьйлуш догIура. Лерехь зов гIаьттира.

Керим хIинца ша, кхетамчуьра а ваьлла, охьавожале аьлла, ша волччохь агIорвелира, коьрта кIел куьг а диллина. Набаран тар тесча санна, иза цу секундехь кхетамчуьра велира…

…Самаваьлча, Керимна ша набахтин больницехь Iуьллуш карийра, дегIан массо а маьIIехь хьаькхна йодан а, синькин а тIадамаш а долуш. Дагар хаалора. Хьацар деттара сих-сиха хьаьж тIе а, дегIах а. Лор тIевеара:

– Муха хета хьуна дегI? – эсала бIаьра хьаьжира лор – иза а лаьцначех вара.

– Тоьур ду… ГIоле хета…

– Са ма гатде. Талур ву, – дIавахара и…

Талламчийн кабинете а вигна, Кериме дIахаийтира: цунна НКВД-хойн сацамца итт шо хан тохар, «бандашца уьйр хиларна, дежурничух латарна»…

Керима доккха са даьккхира, дог паргIатдолуш:

«ХIуъа хилла а, цхьаъ хилла чекхдалар тоьлу-кх, гуттар а Iазапехь воллучул» – аьлла. Цу дийннахь иза набахтин камере ваьккхира.

Набахтин камерехь староста волчу гIирм-гIезалочо Гумера элира:

– Хьо-м дика а витна, итт шо бен хан ца тухуш, иза-м цхьа а бехк боцчунна а туху цара.

– Ткъа ас хIун динера? – вухахьаьжира Керим.

– Кхин хIумма а ца хилча а, цу дежурничуьнан шайн кабинетехь бат-х йохийнерий ахь?.. Дика а йохош, – тIетуьйхира Гумера. – Суна-м, иза а ца диннеашехь, Сталине, тхан бехк бацара-кх, тхо паргIатдахахь аьлла, кехат йаздарна тIе ма йуьсти цара пхийтта шо!..

– И хIунда витна хаьий хьуна иштта? – йукъагIоьртира кхаьрца камерехь волу уголовник «Рыжий».

– ХIунда? Дийцал, Рыжий, – элира Гумера, вела а къежна.

– XIoкxo хIуманна а даре ца дина дела!.. Хуур дара даре динехь! Лягавишца гIуллакх тасаделчахь, уггаре а коьртаниг хIун ду хаьий шуна? Цхьана а хIуманна тIехь даре цадар! – куьг хьалатесира Рыжис.

– Рыжийна дерриг а хаьа, – велавелира Гумер.

«Рыжий» нохчо вара, шен бакъйолу цIе Хасболат а йолуш. И цуьнан цIе цхьамма а ца йоккхура – баккъал а тIех хьаьрса а вара иза, цундела и цIе тIехь йиснера цунна, цо ша и тIе а лаьцна. Шен шийтта шо кхаьчначахьана, да-нана доцуш а висна, Грозный-гIалахь дуьйна, къу лелаш, схьавогIуш вара xIapa, шен ткъе итт шо кхачале доьазза лаьцна чохь а ваьллина, лагершкахула а лелла, Сибирехь а шозза хан а йаьккхина, даим оьрсашна йуккъехь леларна, оьрсийн мотт нохчийн маттал шера а буьйцуш. Нохчий махках а бахале лаьцна хилла xIapa, муха кхочу а ца хууш, кхеран камере нисвеллера. Самукъане а, каде а, гIуллакхдан кийча а хиларна, кхуьнан амална резахилла, тIеэцнера иза камерехь, амма делахь a, xIapa къу вуйла хууш, къайллах лар а лора хIокхунах чохь берш.

Керимна тIехилира иза:

– Ловзий хьо? – хаьттира цо.

Керим ца кхийтира:

– Стенах?

«Рыжийс» сонехьа дIаозийра Керим. Сонехь йолу шера цIенкъа, киран йуьхьиг хьекхна, шахматийн уьн хормехь кечйина йара. Кхуззахь шахматийн кепаш а Iохкура.

– Ас уьш айса баьпкан буьйдигах йо…

– Со вон ловзу.

– ХIума дац. Кхин дика со а ца ловзу. Ший а Iемар ву.

Чуьрнаш, цуьнга а хьоьжуш, буьйлура.

«Рыжийс» кхузза а эшийра Керим.

– ХIинца хьоьгара суна хьан баьпкан пай йогIу.

– ХIунда?.. Вайша дийцина-м ма дацара? – цецвелира Керим.

– ХIан–хIа!.. Ишта Iедал ду!.. Массарна а хаьа! – элира Рыжийс.

Чуьрнаш гIадбахна бийлабелира:

– «Рыжийс» шен «ваша» Iехий! – элира камерехь цхьамма, Керим а хьаьрса хилар гина.

– Ахь хIун до оццул баьпках?

– ХIун до?.. Шахматаш йо-кх! Чкъуьйриг йоу. ХIорш йеха ма ца лаьтта. Йакъа а лой, кегло… ТIаккха xIopш а йоу.

Керим а гIадвахна велавелира:

– Дика ду. Хьо тоьлла. ДIалур йу хьуна, – резахилира иза.

Оццу сарахь Керима, Москва, Генеральни прокуроре дахьийта кехат йаздира, шена тIехь лелийна харцо йуьйцуш.

– Xlapa йаз-м динера ас. ХIинца новкъа муха доккхур ду xlapa? – хаьттира цо Гумере.

– XIapa почтан яьшки чутаса-м цхьаъ тIехьожург кхузарчех ву, мелла а вайх къахеташ… Шена кIеззиг совгIат дахь… Амма дIакхочурий-те? ДIакхаьчча, а жоп а хирий-те? Оцуьнан теш-м вац! Ас дукха кхехьийтина… Схьада. Кхана новкъа доккхур ду… – кехат дIаийцира Гумера.

* * *

Iуьйранна кхеран камера чуваьккхира тIехьожурго цхьа керла лаьцна верг:

– Лазаретера ву. ХIинца а дикка тавалаза, – элира цо. Гумера шега делла кехат чета а таIийна, тIехьожург дIавахара. Соне тебначу керлачу накъостана тIевахара Рыжий.

– Ловза вайшиъ?

Важа кхоьлинчу бIаьргашца, вист ца хуьлуш, гIийла схьахьаьжира. Йалхийтта шо бен хир доцуш, жима кIант вара.

Рыжийс кхин цкъа а хаьттира. И вист ца хуьлура.

Рыжийс нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

– ХIун хилла хьуна? Нохчо вуй хьо?

– Ву, – элира гIийла. Шина а бIаьргех хи делира.

«Рыжийс» а, вукхара а ша волччохь, шен сонехь витира и, кхин хье ца веш, мелла а иза хьекъална телхинчух тера хетта. Иштта масех де а даьккхира жимачу кIанта, схьа ца уьйш, йелла йуург халла йууш, шен соне а тебна. Камера чохь цхьа «Рыжий» вара къаьсттина цунах къахеташ, цуьнан тидам беш, йуххе а воьдий, цуьнца дехха цхьацца шабарш деш. Эххар а «Рыжийна» хиънарг дара жима кIант цу лазартне кхарна дехьарчу, урканаш чохь бохкучу камерера дIавигна хилар.

Уьш болу камера йара, набахтехь а цIейахна, вон йуьйцуш: цу чохь бохкурш урканаш хилла ца Iаш, къиза рецедивисташ бара. Цара тIехьожурго аьлларг а ца дора, шайна ца лиъча. Шайх воцург, хьовха, къуйх воцург, шаьш долчу нисвелча, цунна тIехь луьра таIзар а латтадора.

ТIехьожургаша а кхечу камершкара шаьш реза цахилларг, цхьана-шина денна, олий, таIзарна церан камери чукхуссура. Иштта чукхоьссинчех хилла и кIант а. ТIаьххьара цуьнан цIе а хиира «Рыжийна» – Цатаури Валет, Гуьржехь кхиинчу нохчех схьаваьлла. «Валет» боху цуьнан цIе а, «Валид» бохучух, гIалат а бевлла, йазйина йара. ТIаьххьар Валета дийцира «Рыжийна» дерриг а ма-дарра: ша урканаш болчу камерера мича бахьаница, хIун «цамгарца» лазартне ваьккхинера. Цо и шега дийцинчул тIаьхьа «Рыжий» а вара хIинца кхоьлина, камера чухула, вусавелла, ойлане дIасалелаш, цхьаьнгге вист ца хуьлуш. Массара а тамаш бора, хилларг хIун ду а ца хууш, иштта и хийцаваларх. HeIape веъначу тIехьожургна а, цхьа а бахьна а доцуш, йуьхь тIе туйнаш туьйхира «Рыжийс», чуьрнаш а цецбохуш.

– И хIунда дира ахьа? – хаьттира Гумера.

– И боьха хIума йолу дела.

– Йовссар! Ас гойтур ду хьуна! – аьлла, давахара тIехьожург.

Оццу сарахь шеца гIоьнчий а балош, вухавеанчу тIехьожурго хIинца, ваьхьна, Рыжий кхоьссира урканаш чохь болчу камере. Iуьйранна урканаш чохь болчу камера чуьра, такхийна, диъ дакъа арадоккхуш гира, балхана уьйтIа вуьгучу Гумерна. Царна йуккъехь «Рыжий-м» вацара цхьадика. Балхара, суьйренгахьа шен камеран чу вуха схьавалийначу Гумерна чохь самукъане велакъежна «Рыжий» гира. Хазахийтира и дийна висна:

– Дийцал хIинца ма-дарра ахь лелориг! – тIетаьIира цунна Гумер а, Керим а. Валет а вара, хIинца дуьххьара векхавелла, шен сонехь Iаш.

«Рыжийс», и шиъ йуьстаха ваьккхина, кхечарна ца хозуьйтуш, дийцира:

– Оцу веаммо Валетана ницкъ бина, лелийна цара иза. Оцу гIуллакхах цомгаш а хилла, виллина хилла иза лазарете а. И сайна цуьнгара хиъначул тIаьхьа, суо оцу камера чу ваккхийтаран дуьхьа, туьйхира ас тIехьожургана туйнаш. Со церан камера чуволлушехь, урканех воккхахверг цецвелира: со вевзара царна. Виъ бен вацара чохь. Ас барт хаьттира: кIантана ницкъбинарг мил-мила ву шух аьлла. Шай-шай вац бохуш, вовшашна тIетуьттура. Амма кIанта бийцарехь а, уьш бара уьш. Ас веа вийра! ХIокху хьостамца! – беха ира шелокан хьостам дIагайтира Рыжийс

– Чекх муха баьккхира ахь? Мичара баьлла?

– И-м даима а сайца лелош бара сан… цхьана меттехь… – тIетуьйхира цо. – Бехчалгана йуккъехь.

Кхин дIа и ца хиттира Гумера: цунна хезнера хьалха дуьйна а къуша и тайпа хьостам дегIаца мичахь лелабо. Шен сонера, кхарна тIе а веъна, Валета маравоьллира Рыжий.

– Дика дина и ахь! – къобалдира Гумера. – Делахь а, кхана дуьйна вай киэга-м дийр ду цара и гIуллакх толлуш, – тIетуьйхира Гумера.

* * *

Кхана дагахь а доццург хилира: набахтин хьаькмаша акт хIоттийра, и йиъ урка, вовшах а летта, цара вовшийн байина хилар чIагIдеш, и гIуллакх талламе даьккхича, шайх а тасалуш, генна даларна кхоьруш: «Рыжий» церан камере ваккхар дIайаздан кхиаза а хиллера уьш. TIe, лар а буха ца йита, цу дийннахь цара, шаьш шекболу Рыжий а, цуьнца и Валет а кхечухьа ваьккхира ший а. Церан камера чуьра биснарш а, Гумер а, Керим а тIехь, тайп-тайпанчу, вовшашна ген-геннахь йолчу лагершка дIасахьовсийра.

* * *

Керим дIакхаьчна лагерь Караганда-гIалина гена йоцуш йара. Ло дара… Мох хьоькхура… КхойтталгIачу бараке нисвира Керим. Нохчех, гIалгIайх йаьккхинера барак. Йукъ–кара кхарачай а, балкхарцаш а нислора. Наггахь гIалмакхо а, немцо а хаалора. Массо а, наггахь воцург, цхьаъ санна, «Iедало шайна хIоттийна низаман раж цалардарна» лецна бара. Керим санна, шайн цIерачу бандашца уьйр хилла аьлла, тIекхоьллинчу бехкаца лецнарш а, мацалла ца бала, хIума лачкъийнарш а нислора. Пеш ледара йелахь а, чохь дуькъа хиларна башха шийла ца хетара.

 

Керима шозлагIчу дийнахь кхузара а дахьийтира кехаташ Москва, генеральни прокуроре а, тIаккха шен Гродековохь бисинчу доьзале а: «ДIакхачахь а, ца кхачахь а», – аьлла! ЧIогIa сагатдора, КесирагIар муха Iа ца хууш а, шегара хаам цаьрга дIа ца кхочуш а…

Кху лагерехь лецначийн хьал набахтехьчул кхин а эшна гира: йуучун кхачам бацара, шелонгахь бойту белхаш а нуьцкъала бара… Тахана Iуьйранна дуьйна а Кериман бригада, шайн баланда а йиъна, Керим а коьртехь, йуха а аьчган некъан станце йеара, тIаьхьабаьхна каной а болуш.

КIоранах йуьззина вагонаш йара кхаьрга хьоьжуш, I9-чу шахтера схьакхаьчна. Воккхахволчу канос, хIорш могIарехь нисбеш, дIа а хIиттийна, кхайкхира:

– ХIоранна а, садале шишша вагонетка план йу. Сов кхочушйинчунна делкъехь совнах баьпкан йуьхк лур йу. План кхочуш ца йинчунна ахбарам бен йууург лур йац…

Куьйгаш дахьадора, уьш дахьа ца дайта, болх сиха а, тIетаьIIина а бора зекаша. Кериман куьйгаш а, пIелгаш а, кIоран ира чан чуьйоьлла, лозура. Болх бечуьра минотна а соццушехь, уьш тIе дахьа а дора, тIаккха йуха а балхана тIетаьIира иза. Кхарна генабоцуш, кхечу канойн гIаролехь, шаьш къастийна балийна, болх беш дIо урканаш а бохкура.

Царах, дегIана жимо волчу цхьамма, кхаьргахьа схьа тIе а вирзина, мохь туьйхира:

–ХIей, изменникаш! Тоьур ду шуна! Охьатаса белаш! Шу бахьанехь тхо а латтадо кху шелехь! Садовш лаьтта!

«Царна а хаьа-кха хIинца тхо изменникаш дуйла», – велакъежира ша–шена Керим. Оцу жимачу уркано кхин тIе а хилла, йуха а мохь туьйхира, Керим цецвоккхуш, цIенчу нохчийн маттахь:

– ХIей, чангIалкхаш! Шуьга ца лоь тхо! Охьатаса и белаш.

– Ой–й! Хьо-х нохчо ву! ХIетте а тхуна иштта муха алало хьоьга?.. Мичара, мила ву хьо? Дийцахьа! – цуьнга йуха мохь туьйхира Керима.

– Кхин хIумма а оьший хьуна?! – аьлла, вела а велла, иза, ведда, шен тобанах дIакхийтира.

«Миска вай йаI!.. Миска вай йаI!.. Ма доьхна ду-кх вайн гIуллакх кху дуьнен чохь!», – гIийла ойла йира Керима. Мацалла корта хьийзара, цхьаберш шаьш лаьттачохь дIасалестара, нийсса латта де доцуш. Хьуьллахь цхьаъ охьавуьйжира, тIебахна, хьевсичахь – веллера.

Кхин ши дакъа а дитна, белхан де чекх а даьлла, шайн баракашкахьа бухабирзира КеримгIар а, дIо шаьш къастийна балош, урканаш болуш. Иштта, xIopa денна бохург санна, шайх цхьацца–шишша цигахь лей, йухабоьрзура цигара бараке.

Тахана сарахь кхеран I3-чу баракехь башха шийла а дацара: цхьаццанхьа лехьийна кегийра дечигаш а, чIешалгаш а, чета а йоьхкина, чуеънера зекаша. Цхьацца дуьйцуш xIopш, шайн-шайн жIуганаш а йина, чохь Iаш, Керимна, корехула дIахьаьжча, тохарлера жима нохчо-урка тосавелира, кхаьргахьа схьа чу а хьоьжуш, меллаша тIехволуш. «Лаан ма дац иза!» – аьлла, Керим сихха неIаре вахара. Нохчо-урка схьатIехилира. Сиха, шабарца, кхечарна ша ца гайта гIерташ, ша волччохь тебаш, Кериме цо элира: «Тховса буса шуна цIеххьана тIелата кечлуш бу тхайнаш – шина тобанца: хьалхара тоба чуер йу, шуна ца хоуьйтуш, тебина, цхьацца чуволуш, шун тIехьарчу сенин неIарехула. Цара, шу дийшнна Iохкушшехь, шун чухлара гIopaш дIа а даьхна, важа тоба шун арахьарчу йоккхачу неIарехула чуйер йу, шу тIаккха дерриш а дойур ду… Шайн виъ накъост нохчаша цхьанхьа-м вийна бах…

– Хьо хир вуй цаьрца? – хатта кхиира Керим. «Хаац», – цу сохьта бодашкахь вайра иза.

Баракехь староста волчу Керима, хьем ца беш, цкъа хьалха лакхарчу тIехьожурге а, дежурничуьнга а и дийца вахийтира шайх цхьаъ. Цара и вухаваийтира, и эрна кхерамаш тIетуьйсуш, урканийн амал йу, царех кхеран эшац, делахь а ларлуш хила аьлла. Кхин цхьа а йа гIo а, йа хьехам а ца бира. «Церан хIун дов? ДIатоьхча, бойу берш урканаш бу; схьатоьхча, бойу берш политически зекаш бу», – аьлла, дагатесира Керимна. Цо шайх кхо-виъ накъост схьа а хаьржина, кхеташо а йина, катоьххна неIарш, кораш дика тIечIагIдира, чохь массаьрга хаам а бина, шайна карийна бел, гIуй, эчиг, хьокха, кхиерг а караэцийтира чохь болучаьрга. Шен бIобулучех цхьаберш дIахIиттийра сенин неIаре а, йоккхачу неIаре а, шина коре а.

– Делахь а кхерам боккха бу: вайн баракехь ши бIе сов бен вац, церан баракехь кхо бIе сов ву. Цара тIаьххьара а неI йохор йу. Амма вайна церан план хаьа, вай оцунах пайдаэца беза. Уьш хьалха бодашкахь тебина вайна а ца хоуьйтуш, цхьацца чу волуш, чубахка билгалйина неI тIехьарчу сенин неI йу.

Вай цкъа оцу неIарна хьалха доккха кIорга ор даккха деза хIинццехь, – бодашкахь царех чуваьл-ваьлларг цу ор чу вожийта… Эххар а царех цхьаъ кхетта вухавала кхиахь, шайн тешнабехк гучубаьллийла а хиъна, уьш берриш а бухабевр бу, йа бухур бу… Вайн аьтто сов бер бу… – хьехар дира жимчу дегIахь волчу, «бургат» цIе тиллинчу, нохчийн мотт а хууш волчу гIалмакххочо.

Белаш а карийра… Шина сохьтехь ах бIе стаг циггахь доккха ор даьккхина велира. Чохь серло ца латош, корехула сема арахьоьжура… Буьйса йуккъе йаьлча, лагерехь массо а барак дIатийначул тIаьхьа, йоккхачу неIарна аьтто aгIop долчу корехь терго йан хIоттийначо:

– Тсс!.. – аьлла, пIелг хьалаайира. ТIевахна хьаьжча, Керимна гира: урканийн барак йолчуьра дуьйна кIайчу лай тIехула схьатекха бодане Iаьржа оьла… Цунна тIаьххье кхин цхьаъ… Кестта кхин цхьаъ… «Берриш ара-х ца бевллий-те уьш?» – ша волччохь вулавелира Керим. Мел ойла йарх а, хIинцца хила кечбеллачу цу бохамах кIелхьарадовла, и ца хилийта некъ ца карабора: бухадиснарг цхьаъ дара –хIуъа а дина а, шаьш цаьрга ца дайийтар. Латар.

Хьалхара, церан йоккхаха йолу ши тоба, кхеран йоккхачу неIарна тийна тIе а йеъна, гIap йайина, арахьа дIатебира. Жимаха йолу тоба, тата доцуш, кхеран баракана тIехьа, сенин неI йолчухьа йахара: кхарна а ца хоуьйтуш, цигаша, бодашкахула, тебна, чоьхьа а бевлла, бийшина Iохку зекаш самабовла кхиале, йоккхачу арахьарчу неIарна чухула доьхкина гIopaш дIадаха дезаш бара хIорш, шайн дагахь, цул тIаьхьа арахьара шайн важа накъостий а чулелхийта.

Сени йолчухьа вахара Керим. Сенин неIарна йоьллина, даим а санна, цхьа йай чIуг йара, кхин тIе чIагIам а ца беш, йитина. НеIсагIина тIера схьа шуьйра кIорга ор дара, хIинцца даьккхина, и хуучунна бен боданехь тидам хир боцуш. Керимна а хаалуш, теббина, кхечарел хьалха неIарна тIехиллачу цхьана уркано, гIapa ца йеш, атта дIайаьккхира чIуг. Шена тIехьа, чукхойкхуш, куьг а ластийна, чоьхьа гIулч йаьккхира цо. Цу сохьта кIоргачу ор чу вуьйжира, къорра тата схьахезаш… ШозлагIниг… КхозлагIниг… ВоьалгIаниг… ПхоьалгIаниг а, ор а хааделла, вухавала гIурттушехь, неIарехь лаьттачу зекаша коьртах хIума тоьхна чувахийтира. Цуьнгара баьлла мохь а хезна, биснарш бухахьевдира:

– Атас! Нас предали! – аьлла, цIогIа долуш.

Керим йоккхачу неIарехьа ведира.

– Кечлолаш! Амма гIapa ма йелаш! – элира гIаролехь лаьттачу зекашка. НеIарна тIе лерг а диллина, Керим ладогIа хIоьттичахь, бухабевддачу урканаша, кхуза неIарехьа а баьхкина, шайчаьрга олу хезара:

– ГIуллакх дуьйхи!.. Цигахь йина кIело йу!..

– Делахь, кхузахь хьовсур вай! ТIетаIа неIарна! – элира стоммо аз долчу уркано. Зекаш кечбелира.

– ХIораммо а шен вортанах сиха дIатаса мерах хьокху кIайн йовлакх! –элира «Бургато». – Бодашкахь вовшийн довзийта. Цара неI йоьллушехь, вайх цхьа тоба араэккха а йеза, царна тIехьашха тIетоха, Ткъа чоьхьабевлларш вай тIеоьцур бу! Уггаре а хьалха церан и стомма аз дерг вожо хьовсалаш! Цуьнан карахь финка хила тарло шуна.

Керим йуха а сени йолчухьа вахара: цигара гIарол тоъал дара. Ор чуьра хьала узарш хезара. HeIape гIерташ кхин урканаш ца гора. Цигахь дIахIиттийнчохь цхьаболу зекаш а битна, Керим вухавеара: арахьара йоккха неI сеттош йара. Лахара кIажа чуьрабаьккхинера. Чулелха сахьт дацара. Корехула дIа арахьаьжча, оццул йоккхачу гIовгIанна аракъедаш цхьана а баракера а, йа лагеран белхахойн цIа чуьра а цхьа стаг ца гора. Кериман буйнахь ирйина аьчган бел йара. Керимна а хаьара – аьтто балахь, коьртаниг, хьалххехь и урканийн баьчча вожор дара – шайн тхьамда ма-вийннехь, йоха тарлора церан гIepa.

– Тхо герз карахь а ду, тхо дукха а ду! Йухадовла! ДIагIyo! – мохь туьйхира Керима неI йоьхначухула дIа.

– ГIур ду, дера, хIинцца!.. ТIетаIа неIарна! – омра дира тохарлеррачу озо.

Керим йуха а арахьаьжира неI йоьхначухула: и аз дерг, карахь даьккхина, хIаваэхь лепош, деха финка-урс а долуш, ша лайтIехь йуьстах а лаьтташ, урканаш чухоьхкуш вара.

Керим билгалдира цуьнан доккха дегI, коьртара лергаш долу месала куй. НеI йохийра. Урканийн хьалхара раьгIнаш маьхьаршца чухьаьлхира. ТIом дIаболабелира. Керим, йохийначу неIарна тIехьа а тебна, арахьоьжура, лергаш долу месала куй тидаме лаьцна. Иза тохарлеррачохь лаьттара, урканаш чу а лоьхкуш. ЦIогIанаш!.. Маьхьарий! Узарш!.. «Бургато» билгалйинчу, уркашна тIехьашха тIелата кечйинчу, зекийн тобанан араэккха аьтто ца болура: уьш а чохь летара. Эххар царех иттех стаг а эцна, Керим араиккхира. ХIорш а гина, дIаведда стомма аз дерг, дуьхьалъиккхинчу кхечу шина зеко некъ а лаьцна, шенаш болчухьа схьахьаьдира, амма кху агIорхьа, цуьнан тидам а боцуш, Керим лаьттара цунна кIелхиъна.

– ТIетоха! Ма кхоае чангIалкхаш! – аьлла, урс а карахь иза тIевогIуш, дуьхьалваьллачу Керима:

– ДIаэца хьайна! – аьлла, коьртах бел туьйхира цунна. Вукху зекаша а тIетоьхна иза вожийра.

– «Берзан мара вий! Берзан мара вий!» – аьлла, маьхьарий девлира урканашна йуккъехь. Цхьаберш бухабевдира цигара. Важаберш, маьхьарий а детташ, летара. Бодашкахь, шайнаш дика ца къаьсташ, уркаша вовшашна а йеттара.

Сатоссуш чекхделира летар. Барака чохь а, баракан неIарна хьалха а Iуьллуш шина a aгIop къузткъа сов дакъа дара. Кхин а дукха чевнаш хилларш а бара, узарш деш, Iохкуш. «Бургат» а вара, биллинчу бIаьргашца, корта а бохийна, урканашна йуккъехь аркъалвоьжна Iуьллуш, садеIар доцуш. БIаьргех хи охьахьаьдира Кериман: «Хьаьнга эр ду?.. Хьенан бехк бу?.. Ма совдаьлла кху дуьнен чохь адам!» – ойла хилира цуьнан.

Iуьйранна гучубевлира лагеран хьаькамаш, белхахой. Башха таллам беш къа а ца хьийгира. Белла урканаш дийначаьрга дIабохкийтира. Нохчий а, кхиболу зекаш а нохчаша дIабоьхкира, шаьш къастийна. Цхьаберш лазартне охьабехкира. Дийна бисина урканаш вукху дийннахь, лаххьийна, берриш а кхечу лагершка дIасахьовсийра, таллам беш къа ца хьегархьама, кхузара церан ур–атталла лар а йойуш.

«Тхуна хIун до-те цара?» – бохуш, ладоьгIура Керима. Кхин цхьа-ши де даьлча, кхеран барака чуьра дийна бисна зекаш а, дукха хьолахь нохчий, xIapa а тIехь, бес-бесарчу лагершкахула дIасабийкъира.

* * *

ХIинца Керим хьажийна, Карагандахьара а генна дIа къилбседехьа йолу лагерь, шийлачохь хилла ца Iаш, шен ражца кхин а халачех йара. Хьун хьакха атта дацара: цхьана денна хIоттийна барам 12 кубометр, охьатоьхна йаьлла, гIулч йеш гулйина хьун лорура. Йуучунна зекашна лора, чорпин метта, дечигийн жирах тера, дакъаделла Iаьвн буьртигаш чохь хаалу цхьа хIума, шех «жиран берам» цIе тиллина. Бепиг, Iаьржаниг хилла ца Iаш, буьйда хуьлура, шех зекаша «доьлху бепиг» олуш. Iаьвдича, хин тIадам а болуш, хьаьхьамчин метта кехат вовшахлаточохь лело а мегар долуш дара и. Делахь а кхузахь Керимна цхьа хIума товра: кху лагерехь урканаш бацара. ХIокху лагерехь берш хьалха партийни куьйгаллехь, йа советан эпсарш лелла, йа Iилманан белхахой хилла, интеллегенташ бара дукха хьолахь.

Керим нисвеллачу, виъ бIе гергга чохь зек а волуш, йоккхачу баракехь Керим пхоьалгIачу бригадин коьрте хIоттийра. Iуьйранна йуург чекх ма–йаьлла, масех бригада йигира хьун хьакха, тIаьхьа каной а хIиттийна. Зонел арахьа гун йерриге шера аре, тIе ло диллина, шурул-кIайн лепара, дегIах чекхбуьйлура шийла мох. ХIорамма а, дIакхаьчча цигахь кхалла, киснахь цхьацца хIума хьора: картол, баьпкан йуьхк, газета йуккъе хьарчийна дакъаделла Iаьвнан худар йа кхийерг. ДIакхоччушехь, шайн-шайн меттахь, сихха болх бан буьйлабелира – сецна лаьттарг планан барамна тIаьхьа а вуьсура, шел а лора. Цхьаболчийн куьйгех ахкаргаш девллера. Дукханнан а, масех де хьалха дуьйна а лестайолайелла цергаш кхуззахь охьаоьгура. Керимна йевзира и цамгар , цинга олура цунах: витамин «С» цатоарца хуьлура иза. Амма кхузара баган хьун хьакха шаьш дуьйладелчхьана, Кериман хьехамца, зекаш цу дитташ тIера гIаш а, кевстигаш а Iуьйшура багахь, уьш къаьхьа йелахь а. Кестта дуккханнийн а доьлашкара дуьйлу цIий а, охьаоьгучуьра цергаш а севцира. Керимах «доктор» олуш, долийра лецначара забарина.

ХIинца а царех дукхахберш, гезарий санна, диттийн кевстигех леташ а, гIаш охьаийзош а бохкура. Канойх лакхарчо мохь туьйхира:

– Тоийт! ДIахIийт белхашк!

Керима болх бора, йа тIехсиха а ца беш, йа меллаша бан а ца гIерташ, гIеххьачу барамехь, шелваларх а, хенал хьалха гIелваларх а ларлуш.

 

Масех сахьт даьлча, гIелбелла зекаш, соцунгIа а хилла гIийлла дIасахьаьвсира: ах план а кхочуш ца хиллера, садан а дукха хан ца йиснера. Малхбалехьа бIаьрг ма-кхийтти, сакъераделира массеран а: кхаьрга хьоьжуш лаьттара хьаьллахь шайн тIоьрмигашца, хIинцца схьакхаьчна, къинхетаме киржакаш. Уьш денна а луларчу йуьртара схьаоьхура кхуза миэл баккха. Каноша царна йуххе хила а, йа цаьрца къамел дан а ца могуьйтура. Шаьш болччохь, зекашна сагIийна йеъна йуург, лай тIе охьа а йиллина, доIнаш а дина, кхаьргахьа кортош а ластийна, меллаша дIабахара уьш. Зекех шимма–кхаамма, вахна, тоьрмигаш схьабеара. Ирахь лаьтташехь сиха йиира кхехкийна, даьттала керчийна, йовха картолаш, хьийна хьокхамаш, нехча, шишанаш чохь йеъна йовха шура. Каношна а кхечира жим–тIама. Дикка бIаьрг серлабелира массеран а.

– Тоийт! ДIахIийтт белхашк!.. – йуха а мохь белира.

ХIинца каной а зекашна тIетаьIира: план ах бен кхочуш ца йинера, ткъа йисна хан кIезиг а йара. Де суьйренга ма-лестти, шело а тIекхийтира, къилбседехьара мох а баьлла. Цхьаболу зекаш, къаьсттина тIехь беркъа берш а, озанаш а, хIинцале мохехь а лесташ гIийла лаьттара, дукха гIелбелла, гIopa хадийна.

Дехьарчу бригадера шиъ лайла охьавуьйжира: цхьаъ вукхунна йуххе – и ший а веллера.

Кхин цхьа-ши сахьт далале кхин кхоъ охьавуьйжира…

БIаьсте а тIекхачале, КеримгIеран баракера цу тайпана ах гергга белира. Керима ойла йора: «Со а кестта иштта… сайн доьзална а ца хууш»…

ХIинца схьахIоьттинчу кху бIаьстенан денойх а кIезиг воккхавера и: денна а лара адамаш цингех, чахоткех, чуьйнех. Барак кхин а йассайелира.

Сарахь Керимна тIевеара луларчу баракера, йуьххьенгахь кхуьнан бригадехь а хилла волу, армехь майор лелла, пхийтта шо хан тоьхна волу Леонид. Лохочу дегIахь, ондда, шуьйрра белшаш а йолуш, цкъа а дукха луьйш а воцуш, шега аьлларг, вист а ца хуьлуш, сихха кхочуш а деш волу иза, тохара дуьйна а Кериман бIаьрг шена тIехь соцуш стаг вара, и тешаме накъост хила тамехь хеташ. Амма цо хIинца Керимна тIедеънарг сов луьра гIуллакх дара.

Пхьарс а лаьцна, Керим меллаша сонехьа ваьккхира цо. Цхьацца гIуллакхашна зекаша шайн староста йистехьа озош меттигаш хуьлуш делахь а, амма хIинца ша Леонида, вист ца хуьлуш, меллаша йистехьа ваккхар ха– захета цахилар даго Керимна ша-шаха хьоьхура. Керима ши бIаьрг Леонидана тIехь сацийра. Кериман некхан хьалхарчу нуьйданех дайн куьг а хьоькхуш, Леонида шабарш дира:

– Доктор, гой хьуна, вай кхузахь хIинцале ах кIезиг дисна, денна а леш лаьтта. Баккъал а аьлча, вай кхуза иштта далийта а далийна, массарна тоьпаш тоха йиш а ца хилла. И гуш ду хIинцале! Довда хьажа деза вай кхузара. Хьо а, со санна, эпсар, майор хилла ву, вайшинна онддачех кхин цхьа ши накъост а тIекхетчхьана тоьар а ву. Довда деза – далале! Аьтто хуьлий – ду! Ца хуьлий – тIаккха а царех летта валар тоьлу, кху чохь, мозий санна, мацалла лечул! Кестта хьуьн чохь гIa-буц а дукълур ду, довда а, лачкъа а аьтто беш.

Керим цецвелира:

– Ткъа мича довдур ду вай: къилбаседехьа сов генахь шийла полюс йу, къилбехьа – вай тIеоьцур а доцуш, Китай йаьржина, малхбузехьа – Москва лаьтта, малхбалехьа – Аляска, Япони – вай тIекхочехь а йац! Дехха лечкъина лела вайна меттигаш а йац! Массо а вай билггал дойур ма ду. Ткъа кхузахь Iахь, цхьацца берш бисарна сатуьйсийла а йу!… тIе… герз а ма оьшу ахь бохучунна. Мичара карор ду?

– И-м вешан каношкара схьадоккхур дара!.. Хала а ца доккхуш!.. Ас ойла йинарг-м: Чукоткехула, Камчаткехула Аляске дIакхачар ду… Цига кхаьчча, довлур вай – Америко тIеоьцур ду, – элира Леонида.

– ДIакхачалахь! Амма цига дIакхача масех эзар километр йу! – корта ластийра Керима.– Вайл хьалха зIенаш а йахийтина, некъаш а дихкина, атта схьалоьцур ду…

– И билггал аьттонца чекхдер ду аьлла-м, со а ца воллу хьуна? Делахь а цкъа-шозза маршонехь доккха са а даьккхина, леташ валар гIоле хеташ воллу-кх, кху чохь вахкалучул!.. TIe… хIун хаьа!.. Къонахий тохабелча-м, Америке, хьовха, Аргентине а кхача тарло…

– Туьйра! – велакъежира Керим.

– Хьо реза вац?

– Вац, – корта ластийра Керима.

– Делахь-хIета, вайшиннен xlapa къамел хилла а дац хьуна!.. Сан и цхьа дехар ду хьоьга, фронтан вешега санна!

– Цу тIехь шек ма хилалахь!.. Со – тIулг бу. Со – чIара бу! Со – дакъа ду! – чIагIдира Керима шен дош. – Дала аьтто бойла хьан тола а, лечу дийнахь хаза вала а!

Цул тIаьхьа цхьа-ши кIира даьлча, цIеххьашха, буьйсанан йуккъехь, электрофонараш хьалха а лоьцуш, лар толлу жIаьлеш йуххе а даьхна, зони кертахула, массо а баракехула чекхбовлуш, буьйлабелира лагеран хьаькамаш. Массо метте хьаьвсира… ДIабахара… Массо баракана а тIехула догIа тухуш, зонел арахьа шалха ха хIоттийра. Хилларг хIун ду цхьанна а ца хаьара.

Вукху Iуьйренца зекаш, хIинццалц санна, хьун хьакха а ца буьгуш, чохь совцийра. Цхьаберш зонин керта бехира – кертара гIуллакхаш дан. Сарахь кертара йуха барак чу веъначу, цIахь вехха цIейойучун бIаьн хьаькам леллачу, цIаро йагийначу йуьхь тIехь даккхий ирча моьнаш дисначу хIирийчо Реваза, шен ирча йуьхь серла а йохуш, дийцира Кериме:

– Хьажахь! Ма тамаше хIума ду и! Луларчу баракера пхиъ ведда-кх, шайн каношкара герзаш а даьхна. Шайн коьртехь – суна а вевзира и – Леонид цIе йолуш, фронтехь майор лелла, зек а волуш. ХIинцале пхи кано а охьавиллина. Йуха шаьш совцо гIоьртина кхин йалх а охьавиллина. Ма чIогIа кайаьлла церан! – дарехь воккхавера Реваз.

Керим лерг таIIийна IадIийра: «Ма дика ду, и хIетахь xIoкхунна соьца ца гина», – дагатесира цунна. ШозлагIчу дийнахь бевддачарна тIаьхьайаьккхинчу отрядах кхозлагIчу дийнахь цхьаъ вухавеънера.

Цо лагеран хьаькамна доклад йечохь ца хууш нисвеллачу, дежурничуьнгахула арадаьлла, зекашка а дIакхечира и хабар: шайна тIаьхьайаьлла йогIу кхеран отряд, шаьш дIа а тебна, шайл хьалха а йалийтина, тIехьашха тIейиттина, йерриг а хIаллакйинера Леонидан гIерано. XIapa цхьаъ, ведда, ваьллера, накъостийн декъий шайгарчу герзашца «церан» карахь а дуьсуш. Вукху дийнахь xIapa кхузарчара чувоьллира, кхуьнан гIуллакх талламхойн каралуш. Массо а баракехь зекийн дезде дара: цкъа мукъна, шайна йечу халонна дуьхьал бекхам бан шайна йуккъера къонах ваьлла хазахетара царна. Леонид вазвора цара: массеран багахь йара цуьнан цIе. ХIинца дуьйна массо а баракехь, шех тидам бийриг а, ша йуьйцург а, цунах хIун хилла-те бохуш, цара диллина сема ладоьгIург а «Леонидан рейд» йара – и цIе тиллинера зекаша оцу гIуллакхна цу сохьта.

Миччахула хезий а, зекашка дIакхочура Леонидан рейдах лаьцна долу керла дерг, тIе, иза цара, шайна тамехь хетачу агIор та а дой, даржадора массо баракашкахула – иштта кхоллалора зекийн фольклор. Леонидан тоба, схьахазарехь, тайгин хьаннашкахула ма-хуьллу хьалхахьа дIаоьхура.

Лагеран хьаькамаша хIинца а Москва хаам ца бора, йа орца а ца доьхура: царна луург дара, уьш хьалха шаьш схьа а лецна, тIаккха дIахаийтар. Амма и ойла кхочуш ца хилира церан – Леонидан тоба дIаоьхура, шозлагIа тIаьхьайаьккхина отряд а йоха йина. ХIинца а, Москвага орца ца деха, Леонидан некъашца йолчу лагерийн хьаькамашка зIенаш йахьийтира, Леонидан некъаш а дехкий, схьалацахьара уьш аьлла. Амма ЛеонидангIepa тоба, цигаша шайна дуьхьалйаьккхина дошлойн дивизион а хIаллакйина, дIаоьхура кхин а, цхьаьнгге а саца ца луш. ТIаьххьара а, хаийтаза а ца бевлла, лагеран хьаькамаша дIахаийтира и Москвага:

– Сталинна а хIинца дIахиъна бах! Дукха оьгIазвахна, мекхаш дегадо, бохура, – вовшашка цу тайпана дуьйцуш, зекаша самукъадоккхура шайн.

Баттахь а дIаихира ЛеонидгIеран туьйра. Эххар а царна тIаьхьа, Москвара хиллачу омранца, вертолеташ тIаьхьадаьхна бохуш, а делира:

– Шиъ-м чудаийтина, бах, царех хIинцале, тIехь иттех лягавый а волуш, – кхаьънаш дохура вовшашка зекаша, шайна хезнарш а, луурш а цхьаьна иэдеш.

Эххар а, зекашна хазарехь, Байкал-Iомана а геннахь, цхьана акхачу хиэ йистехьа таIийнера уьш, довла меттиг ца йуьтуш, шина вертолетой, тIаьхьаоьхучу дошлоший, цигахь лохха охьатаьIначу вертолетера чу мохь а тухуш:

– Дийна дуьтур ду шу, карадуьйла, – аьлла.

Лахара хьала куьйга пулемет тоьхна, цIе йаьлла вертолет, хьаьвзина, хьаьвзина, хи чу а доьжна, бухадахара, бохура. Важа леккха хьийзира, тов, хIинца лакхара чу пулемет а йетташ… Леонидан накъостех, цхьацца вуьйш, виъ вийнера. ХIинца хьуьн чуьра схьалилхина богIу дошлой а гучубевлча, кхин дан хIума ца хилла, Леонида, царна а гуш, шен накъостийн декъий, цаьрга ца кхачийта, лекхачу берда тIера, уьш хи чу а кхиссина, тIаккха, ша берда йистте а хIоьттина, шена, йолуьйтуш, тапча тоьхна, хи чу а вахана, вайра, – бохуш, дуьйцура, ша а цигахь хилча санна, и дерриге «ма-дарра» хезна волчу Реваза, шена го а бина лаьттачу зекашка, ладоьгIуш йуккъехь Керим а волуш: