Za darmo

Гуржи

Tekst
0
Recenzje
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

Гезаршка лела доладелира тхойша – со а, Гуржи а. Дика накъост дара Гуржи. Со тIаьхьа хилча, гезаршна хьалха долура. Со хьалхаваьлча, тIаьхьахIуттура. Со воцчу агIор хуьлура гуттар а. Бегашийна дацара Гуржин Iуналла.

Гезарша «поп буу» зама йара и. Попан хьун йара ЦIен-Берда кIел. Нана-даккхий пепнаш дара, шач санна, дIахIиттина. Наггахь ирзош а долуш. Бердан басешкахь дара даккхий пепнаш. Ткъа царна кIел попан бIараш хуьлура. Iана а доьлхий. Уьш дуура гезарша. ДаIамаш санна, йерстара, и «поп» буий.

Тхан кIотарна йххехула цхьа некъан бахьана дара ЦIен-Берда кIел кхочуш. Ворда-м хьехайойла а дацара, халла салаз йоккхура цу гечохула хьала-охьа. Иза а – дукха йоьттина йацахь. Оцу новкъа лелара сан гезарий а.

Цхьана сарахь ду. ЦIа вогIуш ву со, гезаршна хьалхаваьлла. Ирхех тIеваьлла вала воллуш, дукха чIогIа а ца олуш, цкъа-шозза «гIалх» эли тIаьхьадогIучу Гуржис. И соьга дара. Вухахьаьжча – хьуьлла бухахь ду. Ирхе йолалуччохь. Некъа тIе а хIоьттина, йуххерчу баса хьоьжу, шен «къамелаш» деш. И эрна доций сайна хуъушехь, вуха чувосса мало йина, хьала а дийхи ас. Ца догIура. Соьга а хьоьжуш, цIийза а цIийзаш, варша гIертара.

Ваха со. Со тIекхочушшехь, баса а даьлла, дIахIоьтти: «ХIара болх гой хьуна», – бохучу хьесапехь. ДIахьаьжча, цхьа авст саннарг йу, стовн шалгу йуккъехь лаг а дисина, хьалхара ши ког лаьтта а ца кхочуш, леш йоллуш. Цу стовн гIодах хьалхара ши ког гIортийна, хьалакхевдина хир йолуш йара и се кхалла. Циггахь, ког шершина делахь а, мухха делахь а, шалго йукъа йахнера. Схьайалалур йолуш а ца хиллера. МаIа а лаьцна, хьалаозийна, хьалайаьккхи ас и. Охьайетталора. БIагор беана куц дара. И охьа масазза йужу, Гуржи а хьаьвзара гонах. Цунна хиллачу бохамах боккха цатам хиллера Гуржина. И болх шен бехк болуш хилча санна хьийзара. Узарш а деш. Ткъа, бIагор дIа а баьлла, авст цIехьа йолайелча, хаза а хеттера. Ирча болх! Ловза лелхара. Саццаза «хабарш» а дуьйцуш.

Амма со цецваьлларг кхин дара – Гуржина и авст цигахь йисний хаар: цкъа-делахь, некъана дикка генахь йара, шолгIа-делахь, гойла дацара – дукха луьста варш йара дуьхьала. Йерзина йелахь а. Цу тIе, авст йетталойла долуш а йацара, садоIийла долуш а йацара.

7

Нехан гезарий гергахьа нисйелча – царний, сайчарний йуккъе долура Гуржи: вовшах ца кхетийта. Нехачарна йуккъера схьайогIучунна а, сайчарна йуккъера дIайоьдучунна а дуьхьал дуьйлура, лета а леташ. Йуххехь неханаш ца хилча а ца йуьтура генна йуьстахйала, нагахь йахка йоьдуш и йацахь. Йахка йоьдуш йерг Iадйуьтура, мел гена йодахь а, амма цунна тIаьхьа дIадоьдура ша а. И хIума гучу а дели бIаьстенан йуьххьехь гезарий йахка йолайеллачу хенахь. Йахкаран гIуллакхна къайленга йовла, «лачкъа» гIоьрташ Iедал ду гезарийн, Iушна хууш а ду, йахка йоллург муьлха йу. Къайллах тергал а йеш, «лачкъа» йуьту. Изза дора Гуржис а.

Кхано, цхьана хенахь, газа ша дийриг дина йаьлча – «кхаъ баккха» догIура. Ловза а лелхаш. Хьалха а долий, дIа тIе а вуьгура газанна. Гергахьа гIоьртича, мара бекабора газано – жIаьлина олуш долу «хIерт» саннарг олуш. Ши маьIна долуш хеталора и газанан «хIерт»: тIедогIучунна «кхерам» а, шен буьхьиге «ларлолахь» а. Ткъа буьхьиг «ларйала» а гIоьртара: охьа а йужий, дIатебара, лергаш а дийшош. ХIинцца дуьнен тIе йаьлла, йакъайелла а йаланза йолушшехь!