ЧIир. Роман

Tekst
0
Recenzje
Przeczytaj fragment
Oznacz jako przeczytane
Czcionka:Mniejsze АаWiększe Aa

II

Билгалйиначу хенахь охьалахделира Москва-Лос-Анджелес кема.

Тай-тайпаначу къаьмнех йуьзна йара, хIара йоккха гIала. Массанхьара схьахезара церан къамелийн гIовгIа. Дахар кхехкаш дара кхузахь. Эпсара Русланан паспорте а хьаьжна, хаьттира:

– Дуьххьара вогIуш вуй хьо, Iамаьрка?

– Ву!

– Белхан гIуллакх долуш йа, хьошалгIа веана хьо?

– ХьошалгIа веана кIант волчу. Кхузахь доьшуш ву иза – велакъежира Руслан.

– Дукха хан йуй хьуна кIант ганза?

– Йалхийтта шо ду!

– Мел хан йу хьан кIентан? – хаьттира эпсара, Русланан паспорта тIе штамп а тухуш.

– ВуьрхIитта шо ду!

Эпсар цецваьлла хьоьжура Руслане:

– Оццул хьайн кIант ца гуш хIун деш Iаш вара хьо? Са ца гатделлера хьан?

– ЧIогIа гатделла, сэр, амма сан дахаран хьелаш ишта нисделла. Со бехке вац хьуна.

– Дика ду тIаккха! Дала аьтто бойла хьан! Марша а вогIийла хьо, Iамаьрка.

– Баркалла хьуна!

Кхаа шарахь са ца доIуш болх бина волчу Руслана, хIинца кхойтта сахьт кеман тIехь даьккхинера, амма дегIаца гIелвалар ца хаьалора цунна, хIунда аьлча са паргIат дара. Йалхийтта шарахь ша сатийсинчу дийне кхаьчна волчу цунна тховса гуш кхин хIумма а дацара, гIенашкахь дуьхьал тийссина хилла шен кIентан гIаларт бен.

– Руслан, со кхузахь ву! – цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.

ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.

– Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?

– Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. – Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:

– Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.

СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.

– Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо? ХIун лелош ву? Муха ду хIинца Нохчийчоьхь?

– Яша, чайн стака молуш, паргIат дуьйцур ду вайшиммо. Вало!

Даг чохь цхьа а гIайгIа йоцу ши накъост, ирсе велакъежаш, машенаш йолчу агIор дIаволавелира.

– Ма къегина лепаш бу малх! – элира Руслана, ткъа йуха Iадийча санна вовшашка хьаьжира и шиъ. Цу шинна дагатессира хIетахь, йийсарехь Руслана аьлла дешнаш, кхеран гергарло долийна дешнаш. Боьхачу тоьла чохь самаваьллачу Русланна боданехь халла къаьстара шена тIехь лаьттачу кIентан сибат.

– Муха ву хьо? Муха хета хьуна? – хаьттира цо Руслане, ткъа са а, дегI а доза доцуш лозучу Руслана халла жоп делира:

– Кхузахь малх ца лепа…

Амма тахана къеггина бара малх. Цуьнан зIаьнарш Русланан йуьхь тIехь санна, даг чохь а лепара. И ирча хан геналлехь йиссира шен мокхачу боданца, наг-наггахь Русланан кийрара иэс сама а дохуш. Иза ларамза а дацара, хIунда аьлча селхане цкъа а йиц ца ло, иза стеган дахаран цхьа дакъа ду…

– Руслан, цу акхачу Нохчийчуьра веанчух тера а ма вац хьо! Европан йа, Малхбузен вахархочух къасталур волуш а вац – велавелира Яков, ткъа йуха соцунгIа а йина элира – бехк ма биллалахь суна, ас ишта аларна.

– ХIумма а дац, Яков! Ас хIинца гойтур йу хьуна и «акха» Нохчийчоь. – Руслана цхьаъ цхьанна тIаьхьа дIалуьстура телефон тIехь суьрташ, ткъа царна тIехь гуш йара Соьлжа-ГIалин стигла кхийда, леккха гIишлош, заза даьккхина бошмаш, маьждигийн дашо мимарш, самукъне берийн ирсе йаьххьаш.

– ХIара суна гуш йерг Соьлжа-ГIала йу ала гIерташ-м вац хьо? – цецваьллера Яков.

– Ала гIерташ вац, иза боккъалла а Соьлжа-ГIала йу. Дер Нохчийчоь хIинца хийца ма йелла, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан тоьллачу гIаланех къасталур йоцуш хазйелла. Цуьнан бахархой а бу хIинца кхин. Кхууьш йу Iилма долу, дешна, ирсе тIаьхье. Нохчийн берашна Iамаьркан кегирхошначул дикох йевза смартфонаш а, IT технологиш а.

Яковна ша цецваккха хIума диссина а дац моьттура дуьнен чохь, амма гиначу суьрто иза боккъалла а Iадийнера. Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.

– ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?

– Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа – дозаллица жоп делира Руслана.

– Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?

– Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка. Кхузахь ма ду и жоп!

– Кхузахь ду?! – цецвелира Яков.

– Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?

– ДагадогIу дер!

– ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.

– Лос-Анджелесехь??? – Яков Iадийнера.

– Лос-Анджелесь ву иза. Цул совнаха, кхин цхьа хIума а эр ду ас хьоьга! ДагавогIий хьуна, цу зуламхошна йукъахь цхьаъ вара-кх йуьхь тIехь туьтмIьажиг йоцуш?

– ДагавогIу!

– Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.

ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза. Къинхетамах, адамаллех вуьззина ву иза. Иза хир йу-кх церан къоман доьналлин къайле – дагатессира Яковна.

– Ас хIун гIо де хьуна? – хаьттира Яковс.

– Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела. Ма доккха хIума ду иза, Яша…

Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.

– Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу. Цо вай массо а цхьаьна дикане кхачаво, цундела Далла тIе болх биллина, цо билгалбиначу некъа тIера довла мегар дац вай. Бакъ дерг дийцича, и денош хийлозза сайна дагатесча, и Канта-м вайна тIехь Iазап латтош хиллачу зуламхошна йукъахь уггаре а къинхетаме вара хьуна. Цундела ца лечкъийна а хила тарло цо шен йуьхь, амма суна а, хьуна а цунах хийцадала хIума дацара хIетахь. Цабезаман алу кхерстара Якован бIаьргаш чохь. Гуш дара мел боккха тIеIаткъам бина цунна цу къизачу хиламо.

– Яша, дагадогIий хьуна ас хIетахь хьоьга дуьйцуш сайн кIант Iамаьрка деша вахийта лаьара сайна бохуш? Гой хьуна, Дала йаздина хилла хьуна мухха хилла а сан лаам кхочуш хила, амма суна-м иза бакъ волу нохчо санна кхио ма лаьара, ткъа хIинца цуьнан амалш муха йу а ма ца хаьа. Вуй те иза со реза волуш? Хаьий те цунна нохчийн мотт? Буй те цуьнан Даймахка цIа верза лаам? Эзар хаттар ду сан коьртехь, Яша.

– Руслан, хьуна хаьий иза мичахь Iаш ву?

Руслана дIакховдийра шен телефон.

– О, Валенси! Селхана хилла-кх со цигахь. Кхузара шовзткъе итт чаккхарма бен генахь йац иза. ЧIогIа синтеме а, хаза а, жима гIала йу иза. Калифорнера уггаре а тоьлла ишколаш йу цигахь, иштта Исбаьхьаллин институт а йу.

– Хьо лаа хиллерий цигахь? – хаьттира Руслана.

– Цигахь вехаш цхьа кIант ву скейтбордист. Цунах лаьцна кино йоккхуш ду тхо. Иза вуно чIогIа похIма долуш жима стаг ву. Скейтер хиларал совнаха, актеран говзалла а йу цуьнан. Кхечу фильмехь коьрта роль ловзайе аьллера цуьнга, амма кIант дуьхьал хилира, шен да цомгуш ву аьлла. Ткъа кино тхо Колорадохь йаьккха дагахь ду, цундела Валенси боьду некъ сайн цIехьа боьду некъ санна дика бевза суна.

– Мел дика кIант ву иза. Шен ден ойла йина-кх цо. Дала дукха вахавойла цуьнан да. Маса шо ду цу кIентан?

– Йалхийтта йа, вуьрхIийтта ду моьтту суна. Собар дехьа, Руслан. Даима хьан кIант вуьйцу вай. И зуда йеллачул тIаьхьа ахь кхин…

– ХIан-хIан, Яков, ас кхин зуда ца йалийна, йа цкъа а йалор а йац – йукъахдеккхира Руслана накъостан къамел. Бэлла дагайеача, цхьа къаьхьа къурд хьаьдира цуьнан легашка. Кисана кхевдина, цуьнан сурт схьалаьккхира Руслана. – Ас даима сайца лелош ду Бэллин сурт. Сайн ойланашкахь цуьнца къамелаш а до ас. Ас дош делла цунна Микаил каронза со Iийр вац аьлла. Руслана цIеххьана шен къамел сацийра, Яков цецваьлла суьрте хьоьжуш а гина. Цхьаъ дагадеача санна, Яковс шен ноутбук а латийна, иза Руслан волчу агIор дIайерзийра. Къоначу скейтбордиста масех хьуьнар а гайтина, йуха камера йолчу агIор а вирзина ши пIелг ирах айбира, «машар» бохучу дешан маьIна гойтуш. И кIант Микаил вара. Йалхийтта шарахь Русланна гIенашкахь дуьхьал тиссина хилла Микаил.

 

Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.

– Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.

Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.

Яковс кIанте телефон туьйхира.

– Алло, Микаил?

– ЛадугIуш ву!

– Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.

– Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.

ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…

Корта II


Руслан а, Бэлла а.


I

Руслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.

ТIом бара аьлла, диканах дог диллина вацара кху лаьмнийн кIотарахь цхьа а. Берашна деша лаьара, ткъа Руслан ингалс меттан хьехархо хиларах самукъадаьллера церан. Руслана хазахетарца гIо дора берашна керла мотт Iаморехь а, церан хаарш шардарехь а. Цхьа минот а мокъа ца йоккхура цо. Цхьаьна сарахь гIелвелла чувеанчу цунна гира, хих буьзначу бIаьргашца лаьтта Бэлла.

– Хьо йоьлхуш ма йу. ХIун хилла? Са гатло хьан кхузахь, гатлой? – хаьттира цо хIусамнене, амма цо деллачу жоьпо Iадийра Руслан, цуьнан дог тIекал а доккхуш. Бэлла доьзалхочух йара. Уггаре а чолхечу, къизачу хенахь, шайн синош довдийна хIорш лелачу муьрехь гайтира кхолламо Русланна шен комаьршалла, амма ца хаьара Русланна тахана хиллачу хазахетара иракарахIоттийначу дагна кестта ца йерза чов хир йуй.

ХIинца Русланна тIом хезаш а, гуш а бацара. Цунна ша кху дуьнен чохь уггаре а ирсе стаг хетара. Собаре хиларна, Дала тIаьхье йоцуш ца витина Руслан. Цуьнан йерриге а ойланаш Бэлла Нохчийчуьра арайаьккхарна тIехьажийна йара. Русланна ца лаьара цу хьолехь йолчу зудчунга тIеман къаьхьо кхин дIа Iовшийта. Кхин дIа замано хIун гойту ца хаьа, амма Русланна могуш-маьрша бер оьшу. Цо шена цкъа а геч дийр дац, нагахь санна Бэллина а берана а цхьаъ хилахь…

II

Зараан хIусамда Расул гIеметтахIоьттина стаг вара. Шен йалх бер цунна гуш а дацара, хIунда аьлча Расул царна рицкъа даккха гIерташ, цIахь хуьлуш а вацара. Расулан уггаре а сирла сатийсам бара – шен берашка дешийта, уьш лаккхара корматалла йолу говзанчаш хилийта, амма къизачу тIамо йохийра адамийн массо а Iалашонаш, хIаллакбира церан уггаре а цIена, экаме хилла лаамаш, сатийсамаш. Массо а говзанчаш дIаоьхура Нохчийчуьра, цундела Расулан бераш а диссинера хьехархой боцуш, амма цуьнан доIанашна жоп луш, лаьмнийн кIотаре Дала Руслан валийра. ХIинца Расулан берашна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хаьарал совнаха, ингалс мотт а бара Iемаш. Расул воккхавийна а ца волура, ткъа ша Русланна даима декхарийлахь волуш санна хетара цунна. Русланна хаьара Расул шена накъосталла ца деш Iийр воций – кху йоцачу ханна йукъахь боккъалла а гергарло тассаделлера церан доьзалшна йукъахь.

Геннара бIаьрг кхийтира Русланан Хасавюртара цIа вогIучу Расулан машенах. Могуш-паргIат а хаьттина, Руслана довзийтира шен дехара:

– Расул, Зарас аьлла хила а тарло хьоьга… доцца аьлча Делан лаам хилахь, доьзалхо хир ву сан.

– Йа АллахI Дела ма хаза кхаъ бу иза! Руслан, ткъа вайн йуьртахь йа лор а, йа лазаран цIа а ма дац.

– И бахьана долуш долийна-кх ас хьоьца хIара къамел. Сан а йа, Бэллин а цхьа а гергара стаг вац, йа уллера а, йа генара а, ткъа иза кхузахь цу хьолехь йита суна ца лаьа.

– Со кхета ахь дуьйцучух, Руслан. Сан дейиша йу Махачкалахь Iаш. Бераш даккхий хилла, шайн доьзалш болуш Iаш ду цуьнан, ткъа иза ша йехаш йу. Шуна паргIат Iойла хир ду иза йолчохь. Ас гIо дийр ду шуна цига дIадаха.

– Дела реза хуьлда хьуна, Расул. Со тешна вара ахь сайна гIо дийриг хиларах, амма Бэлла ша йу цига дIайига йезаш, со гIур вац.

– ХIунда гIур вац хьо?

– Йалх беран да хьо а ма ца вахана цхьанхьа а дIа. Зудчун букъа тIехьа лечкъа суна-м ца лаьа. Со гIур вац, Расул. Бэлла кхузара дIайига гIо де суна.

– Дер, Руслан, со хьоьх кхета ма кхета. Хьоьга ала хIума дац сан… ас а бийр бара ишта сацам, хьан метта хилча. Са ма гатде ахь, Бэлла сихонца дIайуьгур йу вайшиммо кхузара.

Биъ бутт баьлча бен аьтто ца белира Русланан Бэлла Махачкала дIайига. Иза сихонца лоьрана тIе йахара. Зудчунна мелла а сиха хаьа лаьара шен доьзалхочух дерг, лаьара цуьнан детталучу жимачу даге ладогIа. Бэллина лаьара шен кIант хилийта. Цунна хаьара дуьнен чохь дог эца нана а, улло хIотта ваша а, жоп дала да а воцучу Руслана мел чIогIа сатуьйсу шен кIант хиларе. Бэлла ша а ма йара Руслан санна цхьалха. Цхьаллин шийлачу мехаша човхийначунна бен хуур дац цу дешан маьIна. Де доьхначу дийнахь, дала орца доцуш леллачунна бен хуур дац, адамийн къоьлла дуьнен чохь уггаре а хала хIума хилар. Дахаран новкъахь Руслан воцург кхин уллора стаг воцучу Бэллина тамашийна хетара шен кийрахь бер моссазза тохало. ХIинца и шиъ цхьалха дац. Кеста кхеран дахарна керла маьIна луш, жима адам дуьненчу дер ду, ткъа Бэллин хазахетаран доза дацара лоьро шега кIант хир ву аьлча.

– Руслан, кIант ма ву иза! – мохь беттара цо телефончухула.

– Кхин цхьа къонаха хир ву-кх вайн къоман! Варийлахь, ларлолахь. Ларвелахь сан кIант – элира Руслана. Бэла кхин а цхьаъ ала гIертара, амма дешнаш ца карийна охьайиллира цо телефон. Ма-дарра аьлча, Бэллина лаьара Руслан уллохь хила, амма иза кхетара шен хIусамда чолхе киртиг тIехIоьттинчу мIаьргонехь даима шен къомаца вуьссур хиларах.

Масех де даьлча, Бэлла йолчу медйиша йеара:

– Бэлла, Людмила Ивановнас ша йолчу чуйола боху хьоьга.

Ловв аьлла кийрахь цIе летира Бэллин. Цхьаъ тосаделча санна сингаттаме детталуш дара цуьнан дог, лор йолчу чуйоьдуш. Маршалла а ца хоттуш, чоьхьайаьллачу Бэллас сиха хаьттира лоьре:

– ХIун хилла сан берана?

– Хьан берана хIумма а ца хилла! – жоп делира лоьро.

– Далла бу хастам! Ма кхерайеллера со – дагах катухуш, гIанта охьалахйелира Бэлла.

Къена лор йехха хьоьжура цуьнан бIаьра. И тайпа ирча кхаъ ша хийлозза баьккхина боллушшехь, хIоразза а хала хуьлура цунна зударийн бIаьра а хьоьжуш, и шийла сацам царна бовзийта.

– Бэлла, хьан дахарна боккха кхерам бу. Айхьа дог лоцуш гирий хьуна хIинца? Дог могуш дац хьан. Йешшехьа хилла чолхе деган лазар ду хьан. И бер далур дац хьоьга.

– Ткъа берана хIун хир ду?

– Берана-м хIумма а хир дац. Хьуна кхераме ду иза дан. Хьо дийна йуьссий ца хаьа. Цундела хьайн дахаран ойла йан йеза ахь.

– Хьуна хетарехь хIун дан деза ас? – йоьхна хаьттира Бэллас.

– Бэлла, бер дIадаккха деза ахь.

ДогIанан Iовраш санна охьахьевдира Бэллин йуьхьтIехула бIаьрхиш, ткъа и къамел шена хезча санна, кийрахь тохаделира бер. Иза цхьа тамашийна детталора – ма даккха сан са, аш харц ду бахахь а, амма суна лаьа маьлхан дуьне ган – бохуш санна.

ГайтIехула куьйг а хьоькхуш Бэллас меллаша элира:

– Ас цкъа а дуьйр дац иза…

Меллаша йистхиллачу Бэллин озехь цо биначу сацаман ницкъ бара хаалуш, цундела Людмила Ивановна кхийтира цо ша аьлла дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах. Кхузткъа шарера тIехйаьллачу лоьра, шен дахарера ткъе пхийтта шо дIаделлера зударийн лоьран корматаллина. Ма дукха зударий гинера цунна, тайп-тайпана хенашкара, къомера, амма уьш массо а цхьаьнатухург уьш наной хилар дара. Цундела хIоразза а – хьан бер дIадаккха деза, йа хьан бер делла – ала чIогIа хала хуьлура цунна.

– Жимма а догдохийла йуй сан, и бер деш суо дийна йуьссур хиларан?

– Йац… сан корматаллин хааршца кхолладеллачу хьолан мах хадийча, догдохийла йан а йац – гIийла жоп делира лоьра.

– Людмила Ивановна, тIедогIучу деношкахь сан хIусамда ву кхуза ван везаш. Мацах цхьаьна хенахь шортта нах болуш хилла стаг ву иза, амма карарчу хенахь сан санна йа ваша а, йа йиша а йа да-нана а дац цуьнан. Азаллехь дуьйна ала мегар долуш, кху бере сатуьйсуш ву иза. Иза ду коьрта бахьана ас биначу сацаман, ткъа шолгIа бахьана – муьлхха а зудчунна санна суна лаьа нана хила, бер дуьненчу доккхучу Iазапан марзо лан а лаьа, мел боккха мах цунах белла а. Цундела цхьа доккха дехара ду сан хьоьга – ма дийца цуьнга хIумма а. Ткъа со дIайаьллачул тIаьхьа, ас йаздина кехат дIало цуьнга – легашкара къаьхьа къурд бостуш, йуха а охьахевдира бIаьрхиш…

Лазаран цIийнан учехула синтем бойна дIасхьаоьхура Руслан. Цо сатуьйсура шен кIентан дуьххьара мохь хезна, хазачу кхааца лоьраш арабовларе, амма корта оллийна йогIучу Людмила Ивановни боларах милла а кхетар вара, иза дика хаам бохьуш йогIуш ца хиларах. Русланна иза гIелйелла хир йу моьттура, амма хIете а цхьа шатайпа гIайгIа йоьссира даге.

– Людмила Ивановна муха ву кIант? Муха ву Микаил? – меллаша хаьттира цо.

– Микаил дика ву. Цуьнан жима дог детталуш ду, амма Бэллин дог сецна… Нана йоцуш кхууьр ву хьан кIант… Дала собар лойла хьуна – элира лоьро…

III

Валенси гIалара «Hyatt» хьешан цIийнахь сецира Руслан Микаилна гена доцуш. Русланна хиира кIентан ишколера гIуллакхаш дийнахь ши сахьт даьлча чекхдовлуш хилар, ткъа цул тIаьхьа иза ишколан автобусаца цIа воьду. Ши сахьт ткъе итт минот йаьлча, автобус Микаилан цIенна дуьххьал сецира, цундела Руслана гена доцуш сацийра шен машен.

Автобус гучуйаьлча, Русланан дерриге а дегI дуладеллера, ткъа детталучу деган тата кхуьнан лерехь хезара. Руслана бIаьрг тIера ца боккхура вовшашка Iадика йеш лаьттачу берийн. Массо а кхин дIа урамехула охьаволавелира, ткъа Микаил некъал дехьа волуш вара. Руслана тидам бира иза чIогIа ненах тера хиларан – цо санна аьтто агIор корта охьатаIор а, Бэллин санна бесни тIера тIеда а. Иза шен цIенон кертахь къайлаваллалц Микаилан тидам бира Руслана, ткъа йуха меллаша машенахь тIаьхьа волавелира. Дукха хан йалале Микаил неIсагIехь йуха а гучувелира карахь скейтборд а йолуш. Лами тIехула охьавуссуш цо нохчийн а, оьрсийн а дешнаш кегош мохь туьйхира:

– Дада, сан кханенна цIера болх бац, со цхьа сахьт даьлча цIа вогIур ву.

Русланан хазахетаран доза дацара. Цо сатийсинарг ма дара иза – шен кIантана кхо мотт хаьар. Микаил кхиийначунна доггах баркалла ала лаьара Русланна, цо мало ца йеш кIантана оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморна, амма йуха ойла йира цо нагахь санна иза нуьцкъала лачкъийна дIавигна ца хиллехь, кхо ша Iамор ма дара цунна и меттанаш а, цунах вуьззина нохчо а кхиор вара, хийрачу стеган а ца йоккхуш, шен ден йоккхур ма йара цо и сийлахь дада цIе. ХIинца-м Руслан шен куьйга и стаг вийча а Iебар вацара, амма цо сиха дIайеккхира даг чуьра оьгIазло. Руслан кхетара цхьа дика доцуш вуо хир доций. Дала адамаш даима зуьйш ду, ткъа массеран а ца тоьу ницкъ цу зерах доьналлица чекхдовла. ХIоразза а шен дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, Русланна дагатоссура сийлахь дезачу КъорIанна йукъара дешнаш: «Дала адаман лан ницкъ кхочур болу бала бен боссор бац.»

Микаил шен скейтборд лаьтта охьа а кхоьссина, цунна тIехь хахкавелла, урамехула охьавахара. Руслан меллаша машенаца кIантана тIаьхьавахара. Пхи минот йалале цунна гира «Санта-Кларитин» скейтпарк аьлла йоза. Руслан кхийтира мичахь каро мегар ду Микаил.

Дукха ойланаш а йина, эххар а Русланан сацам хилира, кхана кхуза Микаил волчу а веана, цуьнга ша цуьнан ден накъост ву ала, ткъа цул тIаьхьа дагахь доцуш Кантина хьошалла дан.

 

Ткъа цкъачуна Русланна лаьара мелла а шен кIентан тидам бан, жимма а цуьнан амалах кхета.

Паркан пена тIехь йоза дара: «Шлем йоцуш хехкавала кхераме ду», амма и йоза Руслан воцучо цхьаммо а доьшучух тера дацара, массо а бераш коьртахь шлемаш йоцуш хехкалуш дара. Скейтераш охьабетталуш гича, Руслана ойла йира:

– Дала мукъ лахь уггаре а дика шлем а оьцур йу ас цунна, Рублевкехь скейт-парк а йийр йу.» Русланна дагахь а дацара Микаилана ша да хетар вац йа, Росси дIаваха цо дуьхьало йийр йу аьлла. ЦIеххьана цунна гира Микаила кхераме трюк йеш, ткъа минот йалале, когаш бухара скейтборд дIаиккхина, иза лаьтта охьакхийтира. Руслан аьрзунан сихаллица тIехьаьдира шен кIантана. Микаил ши бIаьрг белла гIертара, шена хиллачух кхета гIерташ. Эххар а цунна гира шен ши накъост Эрик а, Алек а. И шиъ цхьаъ дуьйцуш вара, амма Микаилана хIумма а хезаш дацара. Меттахвала гIоьртича, иза кхийтира ша цхьаммо къевлина маравоьллина хиларах, цул совнаха и стаг нохчийн маттахь цхьаъ дуьйцуш а вара. Цецваьллачу Микаила нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

– Хьо мила ву?

Руслан вистхила ца ларош, парке схьакхечира сихачу гIоьнан машен. Лор цхьацца хеттарш луш вара Микаиле, амма Руслана цуьнга дош ца кхочуьйтуш жоьпаш дара луш. Микаил кхета гIертара мила ву и ца вевза стаг? Иза мичара ваьлла, стенна сагатдо цо ишта шена? ХIунда буьйцу цо нохчийн мотт? Лоьра Микаил лазаран цIийне дIавига веза элира, коьртана компьютерни томограмма йаккха.

– Воьдуш вуй хьо лазаран цIийне? – хаьттира лоьра.

– Хьашт дац аьлла хета суна цига ваха. Сан хIумма а ца лозу – элира Микаила.

– Дика ду! ТIакхха кху кехатана куьйг йаздан деза, шен лаамехь лоьрийн гIо тIе ца эцна аьлла, амма хьо хIинца а берхIиттара валанза хиларна, куьйг йаздан бакъо ден йа, ненан бен йац. – Элира лоьра.

– И хала дац. Со ву кху кIентан да – элира Руслана, лоьра схьакховдийначу кехата тIе куьйг а йаздеш. Цунна моьттура Микаил кхералур ву, йа цецвер ву, амма иза мелхо а реза хилла, велакъажарца Руслане бIаьрг теIош вара.

Русланна кIант цIа кхаччалц дIакхето лиира, ткъа Микаила дуьхьало ца йира. Меллаша машенна тIевахара и шиъ.

Микаила велакъажарца шен скейтборд багажникана чукхуссуш, элира Руслане:

– Ма дика дагадеара хьуна хьо сан да ву ала. Ахь и ца аьллехь, цара со цIа вуьгур вара, тIаккха суна цIахь хIума кхетар йара.

– Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! – машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира – со ву хьан да!

Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.

– ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.

– Ахь бехк ма билла, амма сан да цомгуш ву, ткъа со…

– Хьан да со ву! И вац! – йукъахдеккхира кIентан къамел Руслана.

– Ву дер иза-м сан да! Хьо мила ву соьца хIара къамел дан? – дера хьоьжура Микаил Руслане. ХIинцалц хилла эсалалла цхьаьна мIаьргонехь оьгIазлонна хийцайелира. Русланна моьттура кхин ша Кантин цIе йаккхахь, хIара кIант дера экха санна шена тIекхетар ву.

– Iамаьркахь кхиъна велахь а, амма амала-м нохчийн йу хьуна хьан – дагатессира Русланна.

Вехха Микаилан бIаьра а хьаьжна, Руслана элира:

– Собар де, Микаил! Собарах ца вухуш, соьга ладогIа! Кестта хьуна йоккха къайле гучуйер йу. Мила йу хьан нана?

– Сан нана йелла, со веш!

– Иза бакъ ду. Муха йара цуьнан цIе?

– Роза.

– Иза бакъ дац. Хьан ненан цIе Бэлла йара. Хьоьга харц дерг хIунда дийцина ас тIаьхьа къастор ду. Цуьнан сурт гиний хьуна цкъа а?

– Ца гина.

– ХIунда?

– Дадас тIом болчу хенахь тхан цIено дохийна бохура, цундела массо а суьрташ а даьгна дIадевлла.

– Иза а бакъ дац, Микаил. Кантехь хуьлийла дацара Бэллин сурт. Иза цунна цкъа а гина а йацара. Нийсса йалхийтта шо хьалха зуламхошца цхьаьна Кантас со а, Гельдман Яша а лачкъийнера. Ткъа цул тIаьхьа, йалхийтта шарна сан дахарера дIавайнера хьо, амма Делан лаамца суна карийра хьан лар. ХIинца хIара дерриге а маьлхан дуьне тIекIалдалахь а, ас хьо цхьанна а дIалур вац. Хьо хезаш вуй? – къора декара Русланан аз. Цу озах кхета мегар дара, цо шен дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах.

Микаил Iадийнера. Шена гуш дерг гIан ду моьттура цунна. ХIинцалц тийначу хоршехь дIадоьдуш хилла цуьнан къона дахар, тахана цхьаьна мIаьргонехь орамца хийцаделира. Нана боху дош даима лазаме дара Микаилна. Воккха мел хуьлу, дукха ойланаш йора цо ненан йаларах. Наггахь ша бехке а хетара – кхунна дахар кховдош дуьненчуьра дIа ма йаханера иза. Ненан марзонан чам хиъна воцучу Микаилна шен дахаран маьIна къена да хетара. Цунах эшахь са дIадала а кийча волчу кIантана, хала дара тахана и хьан да вац, и хьан цхьа а вац бохучунах теша. Ткъа ненан цIе а кхин хилла боху кху стага. Дукха жима волуш дуьйна ма чIогIа сатуьйсура Микаила ненан сибат ган. ВорхI шо кхаьчначу хенахь, къоламца сурт дилларан говзалла гучуйелира Микаилан. Шен ойланашкахь, шен гIенашкахь дуьхьалтуьссуш хилла цуьнан сирла сибат кехатана тIедеккхира жимачу кIанта, ткъа йуха хазахетарца да волчу ведда вахара:

– Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?

– Йацара! – доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана хаьа лаьара муха дара ненан бIаьргийн хьежар, муха дара цуьнан аз, йелайалар, эсала йарий цуьнан амал, амма Канта цу дехаршна даима а къора вара.

Тахана Микаил боккъалла а воьхнера. Русланах теша хала дара. Кхузара ведда дIаваха, хилларг гIан долуш санна дицдан лаьара цунна, амма кху хийрачу стага нана хьахийча, шеко йоьссира кIентан даге.

– Нагахь санна хьуна со хьайх тешийта лаахь, сан ненан сурт гайта тIаккха суна. Суна иза сиха йевзар йу.

– Шеко йац цу тIехь, Микаил. Дер йевзар йу хьуна иза. – Руслана сиха дIакховдийра цуьнга Бэллин сурт. Цу мIаьргонехь кIентан бIаьргаш хих дуьзнера. Руслан машеначуьра аравелира. Жимма арахь а лаьттина, йуха машенна чухиъча, цунна гира сурт а карахь воьлхуш Iаш волу Микаил. КIант шена тIеозош, иза доггах маракъевлира Руслана, ткъа Микаила дуьхьало а ца йира… Дегочу озаца цо «дада» олуш хезира Русланна.

Руслана итта шарахь сатийсинера Микаил дуьненчу валаре. Эххар а дуьххьара цо мохь тоьхча, Русланан дахар хийцаделира, дерриге а дуьне хийцаделира цунна. Кхо кила бен йозалла йоцу, и йовха ларча шега схьакховдийча, Руслан кхийтира шен дай лар йоцуш бовр бац – хIара йу церан кхане, церан тIаьхье. ХIетахь санна хIинца а маракъуьйлура Руслана шен кIант, Дала шолгIа совгIат деш, кхуьнан дахаре йухаверзийна волу кIант.

– ХIунда йеллера нана? Могуш йацара иза? – эххар а хаьттира Микаила.

– Оьрсийн маттахь хьуна деша хууш делахь, ас гойтур дара хьуна цо йаздина кехат – жоп делира Руслана.

– Суна хаьа оьрсийн маттахь деша! – хазахийтира Микаилна.

Руслана тIоьрмигчуьра схьаэцна, дIакховдийра цуьнга мажделла кехат – Бэллас Руслане аьлла тIаьххьара дешнаш.

«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»

Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а. Со тешна йу ас вайн жимачу кIентан дахар лардарна Дала суна йал луш, вай йалсаманехь цхьаьнатухур хиларах. Эхартахь боккъалла а безначарца хир ду ма аьлла вай Дала. Со тешна йу ахь вайн кIантах хьуо санна къонаха кхиор ву аьлла. Ледар ма виталахь иза…»

Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:

– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?

– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?

Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.

– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?