Czytaj książkę: «Чора»

Czcionka:

Дешахьалхенан метта

Дукха хьалха дуьйна схьадогIуш ду литературехь цхьа хIума: муьлхха а стаг, ша кхоллараллин новкъа волуш, поэзи тIера дIаволавеллехь, иза мацца а цкъа прозина тIеволу. Амма прози тIера цо кхоллараллин йуьхь дIайолийнехь, наггахь верг а байташ йазйан ца волало. ТIаьххьарниг чолхе, дуккха лехамаш болуш литературин тайпа ду.

Цундела хир ду-кха вай иштта алар а: поэзи – адаман бераллин гIенаш ду, ткъа проза – иза кхиаран бакъдолу тоьшалла ду.

Литературе некъ Окуев Шимин поэзи тIера дIаболабелира. Цуьнан дуьххьара зорбанехь арайаьлларг «Сан Шуьйта» цIе а йолуш стихийн гулар йара. Амма масех шо а далале гучуделира поэзин дозанаш цунна гаттий хилар. ТIаккха тIетаьIIина прозина тIевирзира Окуев Шима. Иштта кхоллайелира цуьнан тахана дешархошна шуьйра йевзаш йолу романаш, повесташ, дийцарш.

Царах вуно чIогIа къаьсташ йу Окуев Шимин «Чора» киншка. Цу тIехь автора схьагулдина халкъан забаре дийцарш. Иза цхьана стагана бан Iаламат боккха а, иштта шен мах хадийна цаваллал мехала а, доккхачу маьIне а болх бу. Цуьнан шен дешнашца аьлча, оцу дийцаршца цо билггала нахала дехи-кх вай.

Вайн дешархошна Окуев Шимин «Чора» киншка дуьххьара йевзина 1969-чу шарахь. ХIетахь дуьйна дукха хан а йаьлла, республикехь баккхий хийцамаш а хилла. Шиъ тIом а лайна нохчаша. Дукха зиэнаш а хилла бахархошна. Цундела Нохчийн республикин йаздархойн Союзан правленин сацам хилла «Чора» киншка дешархошна карлайаккха.

ХIара тIекхиъначу чкъуро а йезаш тIеоьцург хиларх шеко йац тхан.

Шайхиев Iалвади, йаздархо

I. ЧОРА ОЬРСИЙН МАХКА ВАХАР

Малх чубуза гергахьа лестинера. Наггахь бен гуш марха йоцуш, йекхна йара стигал. Аьхкенан мелачу махо, цIеххьана муьрг тухий, ластадора некъан шина а агIора бай тIера зезагаш. ХIуьрах а вуьзна, тIема кIел боллуш цун пIаьлдиг а болуш, схьавогIу ламанхо, цIеххьана соций, хьожура цаьрга. Йуха, сиха шен дехачу мекхех куьг а хьокхий, схьабоккхий шен месала Iаьржа куй бега а бой, махо тишачу чоин тIемаш дIаса туьйсуш, чехкачу боларца дIаволалора. Ша вина мохк а, цуьнан Iаламан хазалла а чIогIа йезара цунна. Молла-Несарт санна, забаре стаг ву олуш, лам чохь гIараваьллера Чора. Некъ бах а белла, мохь тоьхнна илли долийра цо:

Со бабун, садовш ду,

Сан некъ мел беха бу.

Саламун Iалайка,

Хьо соьга хьоьжуш йу,

Ва ансара илайкум,

Хьо йолчу со кхаьччахь,

Барт хир буй вайшиннан,

Лайлахь! Iилалу!

Iилалу – аьнгашка,

Ва лен ун – легашка.

Лен сахьт хьовзийла

КIиллочун ва кийра,

Iилалу, Iилалу –

Лайлахь Iилалу!

Стиглара седарчий

Ас дагардийр ду,

Лаьттара Iилманаш

Ас Iамадийр ду,

Дуьненан йеа маьIIе

Со кхочур ма ву.

Iилалу, йалалу –

Лайлахь Iилалу,

Сайн дагна йеза йоI

Ас лохур ма йу.

Шен илли а бохуш, дIаоьхуш волу ламанхо вол-волуш хелхаре велира. ТIаьххьара а шен пIаьлдиг некъа йуккъе ира а боьгIна, ша-шена тIараш а тоьхна, бухь бугIуш, пIаьлдиган гонаха чан а гIаттош, хелхахьаьвзира. ПIаьлдигах йоI тарйой: «Ой, йолало, хьо ма лаьтта хIоьттинчохь!» – олий, мохь тухура. Амма цо сел лерина деш долу хелхар: «Ойтт, де ма эша хьо кIентан!» – аьлла, цIеххьана цхьамма, мохь тоьхна, сацийра.

– Вай хьо вела лечу буса! Хьажахьа, кхерийна са дIаийци-кх ахь сан! Хьо мичара вели кхуза? – хаьттира хелхар деш волчо.

– Со-м, Чора, хьо цIаван хьевелла аьлла, хьуна тIаьхьавогIуш ма вара, хьо кхузахь хьайн керла далийначу «нускалца» эвхьазволуш вуй ца хууш, йуьхьIаьржа хIоьтти-кх. Баккъала а, бехк ма биллалахь суна! – дийхира вукхо.

– ХIан-хIа, Iалигира, и дита йиш йац сан, «нускал» къинтIера даккха деза ахь, – элира Чорас. – ЧIогIа кхерий ахь иза.

– Делахь, ахь бохург ца дича вер вац со-м, – аьлла, тIеваханчу Iалигирас, гора а хIоьттина, гечдар дийхира пIаьлдиге. Цу хенахь жимма мох а баьлла, охьабожжа боллу пIаьлдиг лестира

– ХIара «нускал» хIинца а мотт бастаза ду соьга, цундела, гечдо ша бохуш, корта а теIабо хIокхо, – элира Iалигирас.

Даима а санна, и хьовзо дагадеанчу Чорас лаахь а – ца лаахь а, «нускале» мотт бастийта беза ахь аьлла, хьовзийра Iалигира. Кхин цо ша ца витича, цхьа курс зезагаш а даьхна, цу йуккъе йоьзан шай а диллина, охьа а таьIна, пIаьлдиге дIакховдийра Iалигирас. Амма «нускал» мотт баста туьгуш дацара.

– И бат чIогIа йихкина ахь цуьнан. Бат а йихкина, мотт бастийта бохург-м нийса а ма дац хьан!

– Уой, хьо марваша ву бохуш, оззаделла дай иза-м. Дикка хьажал хьо, – элира, цо лелочух гIадъоьхуш воьлуш лаьттачу Чорас.

Кхин цкъа а гора а хIоьттина, дехар дан дагахь Iалигира охьатаьIча, махо ластийна пIаьлдиг охьа а боьжна, даьллачу Iуьргах, «парх-парх» аьлла, цу схьатуьйхира.

– Дала сий дойла хьан, Дела реза хуьлда хьуна! – хьалагIеттира Iалигира.

Бай тIехь керчаш, шен чо а лаьцна, воьлуш Iуьллура Чора а.

– ХIан, вало хIинца, ахь и бат дIайихкина ца хиллехьара, пIаьлдиг ца бохош, баста а мегарий цо-м, – элира Iалигирас.

Схьаэцна пIаьлдиг тIома кIел а лаьцна, новкъа велира Чорий, Iалигирий.

– Ва Чора, – элира Iалигирас, – суьйранна хин коьрте вогIур ву ма аьллера вайшимма хьо тIехьийзаш йолчу Мисалмате. ГIур вуй вайша?

– Деллахь, Iалигира, ца хаьа суна-м, хIун дича бакъахьа хир ду, – элира Чорас. – И йоI вай бохург дийр долуш а ма йу, делахь а, суна новкъа деанарг цхьа кхин ду. Гой хьуна, хьуна а хаьа и суна санна. Мисалмат ша вуон йоI йацахь а, цуьнан нана йара дош олуьйтуш. Дикачу къонахаша шайн дахарехь цкъа бен ца боккху ког, суна а луур дацара шозза баккха.

– Хьуо иштта дика кIант хета хьуна?

– Дера, бедарна беркъа велахь а, хьолана къен велахь а, сина декъаза велахь а, дог-м ду хьуна сан къонахийн долччохь, да вон кIант а ма ца хилла хьуна сан. Цундела Чорин зуда иштий-вуьштий хилла бохург лалур дац-кх соьга.

– Дера, Чора, хийла дикачу ден вуон кIант кхиъна а, вуочу ден дика кIант кхиъна а, вуочу ненан дика йоI кхиъна а дуьне ма ду хьуна хIара. Вайшиннан хила ца мега-те и аьтто?

– Ас цхьа хIума дуьйцур ду хьуна, – элира Чорас. – Цкъа мацах вехаш хилла, бах, цхьа кхо ваша. Воккхаха волчу шимма, жимахверг гIийла хеташ, даима а жана тIаьхьа лоьлуьйтуш хилла. Шена миска стаг ма-гиннехь, цунна уьстагI луш хилла цо. ТIаьххьара а цхьаъ бисча, вежаршна хаа а хиъна, и цхьа уьстагI бен, кхин хIума ца луш, кертара араваьккхина цушимма иза. И шен уьстагI а бажош хIара лелачу хенахь, цхьа миска стаг а гина, цунна шен тIаьххьара уьстагI дIа а белла, дуьне мел ду дIаваха новкъа ваьлла, бах, и кIант. ТIаккха Дала малик даийтина цунна тIе, ахь доьхху хIума лур ду Ша хьуна аьлла. Деанчу малико дIааьлла, Дала иштта бах хьоьга, аьлла. Бакъахьа ду, аьлла кIанта, ша цIа а вахана, вежаршка а хаьттина, йухавогIу. Амма цIа вахча, шина вашас: «Ва Iовдал, хьо волчу догIур дара малик?» – аьлла, араваьккхина, бах, и кIант. ХIара корта а оллийна схьавогIуш, цхьа воккха стаг кхетта хIокхунах. КIанта дIабийцина шегахь болу бала. ТIаккха воккхачу стага аьлла: «Цхьана исс эзар цIе йогучу йоккхачу шахьарахь вехаш Iаш кхо ваша ву, цаьрга хатта ахь».

Цигара ваьлла, дукха оьхуш, кIезиг оьхуш, эххар а цу шахьаре а кхаьчна, и кхо ваша волчу чувахана кIант. Хьалхарчу цIа чохь Iаш дезткъе итт шо хир долуш, йеха кIайн маж а йолуш воккха стаг хилла. ДIадийцина хIокху кIанта ша хIунда веана. Дика хIокхуьнан къамеле ла а доьгIна, цо шен воккхахволчу вешина тIевахийтина хIара. ДIакхаьчча, бухахь верг кхузткъа шо хан хир долуш стаг хилла. Цо хIара шел воккхахволчу вешина тIевахийтина. Цигахь верг шовзткъе итт шо хир долуш гIеметта хIоьттина стаг хилла. ХIокху кIанта шена тIедеанчу гIуллакхе ла а доьгIна, цо аьлла:

– Жима къонах, сан бIе ткъа шо ду хьуна, сан жимах волчу вешин бIе шо ду хьуна, цул жимах волчун дезткъе итт шо ду хьуна. Амма сан и хан йу эр дацара цхьаммо а. Сан зудчо, дог меттахь латтош, къан ца волуьйту со. Хьайна Деле дика зуда йеха ахь.

ТIаккха, ваьлла малик долчу а вахана, дIадийцина кIанта ша Деле хIун йоьху. Малико, Далла тIе а дахана, ишт-иштта, дика зуда йоьху цу кIанта аьлла, дIадийцина. ТIаккха Дала аьлла, дика зуда дуьнен чохь шиъ бен йан а йац, цушиннах цхьаъ, нах а баьхкина, тховса маре йоьдуш йу, важа кхиа кхин кхо шо тIаьхьа долуш йу. Цунна йеззарг, айхьа гIо а деш, дIайига цунна. Схьадеанчу малико ма-дарра дIадийцина кIанте и гIуллакх. ТIаккха кIанта аьлла:

– Тховса и йоI йуьгуш верг сол жима а велахь, хьолана сол тоьлуш а велахь, оцу кхуьуш йолчу йоьIан рицкъа цуьнца дерзаде. Амма, со цул жима а велахь, хьолана цул тоьлуш а велахь, со кхаа шарахь Iен реза ву-кх.

– Делахь, тховса йоьдуш йерг хьуна йало йеза вайшимма, – малико а аьлла, вахана хIара шиъ.

ДIакхаьччахь малико аьлла: – ХIан, нах, шу тхоьгара зуда йаккха гIертар нийса ца хета суна!

ТIаккха массо стаг дуьхьалваьлла, и бакъ ма дац аьлла.

– Делахь, вайх бакълуьйчеран йуй зуда? – аьлла, хаьттина, бах, малико. «Йу!» – аьлла, бах, вукхара.

ТIаккха малико: «Везан Дела, тхойша бакълуьйш велахь, хIокху сан Iасанах хурманан дитт а хилийталахь, цу тIе хурманаш а латийталахь», – аьлла, лаьтта охьахIоттийна шен Iаса. Оцу сохьта Iасанах хурманан дитт а хилла, цо заза а даьккхина, цу зазанах стом а хилла.ТIаккха наха, зуда а йелла, дIавахийтина хIара шиъ. Нахана шаьш къайладевлча, малик а дIадахана.

ЦIа кхача мел вуьйли а, кIант гIеллуш хилла. Цуьнан тидамбинчу йоIа хаьттина: «Хьо гIийла хIунда ву?» – аьлла. «Вайшиннан чудаха меттиг ца хиларна гIайгIанехь ву ша», – аьлла, дIадийцина, бах, кIанта.

«ХIума, хьаха, дацара иза-м; вайша ду хIуъу далур долуш а, дийр долуш а. ДIа ма-кхеччи, чудаха цхьа тоьла йийр йу вайшимма, цул тIаьхьа дерг хенан карахь ду», – аьлла йоIа.

«Тоьла-м ша жа дажош лелаш, йаьккхина йолуш йу», – аьлла кIанта.

ТIаккха, ша цу тоьли чу дIа а йигийтина, шен пIелгара а, лергашкара а дашо хIуманаш схьа а йаьхна, уьш кIанте а йелла, аьлла йоIа: «Со йахча, нахана дийца хIума хир ду, хьуна ваха там бац. Хьайна йевзаш цхьа зуда йелахь, хIорш а йохкийтий, вайшинна, эций, йетт а балош волахьа».

Вахана, и хIуманаш а йохкийтина, эцна йетт а балош цIа вогIуш волчу хIокху кIантана дуьхьалкхетта газа а йалош вогIу цхьа стаг. «Деллахьа, жима къонах, хьо сол таронна тоьлашха хила мегара, хIара газа хьайна дIа а эций, суна йетт лахьара ахь», – аьлла, дехна цу стага. Йетт цунна дIа а белла, газа а йалош цIа вогIучу кхунна кхин цхьаъ а дуьхьалваьлла: «ХIара шаьлтий, доьхкий дIа а эций, газа суна лахьара ахь» аьлла. Цуьнгара шаьлтий, доьхкий схьа а эцна, дIавоьдучу кхунна кхин цхьаъ дуьхьалваьлла, хIара куй дIа а эций, шена шаьлтий, доьхкий лахьара ахь аьлла. Цуьнгара куй схьа а эцна, дIавоьдуш волу хIара цхьана доккхачу хи тIе кхаьчна. Хи мала дагахь, охьатаьIначу хIокхуьнан хи чу боьжна коьртара куй хино дIабаьхьна. Ша хIун дийр ду ца хууш, гIелвелла, хи йистерчу бай тIе охьахиъна хIара.

ХIокху кIанта лелочух тамаша беш, цунна тIаьхь-тIаьхьа схьаоьхуш хилла цхьа эла. ХIара хиъна Iаш, тIе а вахана, хаьттина цо:

– Ва кIант, ахь лелориг ма тамашийна хIума ду! ЦIахь зуда йуй хьан? Цо дов дийр дац хьуна? – аьлла.

– Дийр дац, – аьлла кIанта.

– Бакъахьа ду, – аьлла эло, – нагахь санна хьуна зудчо дов дахь, хьо ас, лай вина, сайна вацо дIавуьгур ву; ца дахь – ас, сайн ах мохк хьуна дIа а белла, хьо ваха хаор ву.

КIант тIе а тайна, хьалха кIант а, тIаьхьа эла а хIоьттина, ваьлла тоьла йолча вахана хIара шиъ. Эла арахь а сецна, кIант чувахана.

– Йетт ийцин ахь? – хаьттина зудчо.

– Ийци, – аьлла кIанта.

– Мичахь бу и?

– Ас и газанах хийцира.

– Мичахь йу газа?

– Ас цунах шаьлтий, доьхкий ийцира.

– КIантехь товш, хьаха, хуьлу шаьлтий, доьхкий-м! Мичахь ду уьш?

– Ас уьш куйнах хийцира…

– И-м дика ду, хьан куй бан а ма бацара, мичахь бу и?

– Со хи мала охьатаьIча, хи чу а боьжна, дIабаьхьи-кх…

– Вай, со йала хьан делаI, ма дика ду-кх Дала хьо суна цIа ваийтина! – аьлла, хазахетта хьаьвзина.

Циггахь эло шен ах мохк дIа а белла, даха хиъна, бах, и шиъ. Доцца аьлча, сайн дика зуда хила лаьа суна а, – аьлла, шен къамел чекхдаьккхира Чорас.

– Дика хIума хууш стаг хилла хьо-м, амма дика зуда дуьнен чохь шиъ бен ца хилла алалур дац соьга. Хьо Мисалматах доллург хаа лууш велахь, сарахь хин коьрте вола, иза ас къастор ду хьуна. Со а вогIур ву сайн алаша а йалош, – элира Iалигирас.

– Бакъахьа ду, делахь, – аьлла, Чора тIе а тайна, ДIай йуьртана чувуллучохь дIасакъаьстира ши доттагI.

ДIавоьдуш волу Чора ДIайн кешнашна тIекхечира.

– Ассалам Iалейкум, хIай кешнийн охIла! – элира цо. – ХIара цун пIаьлдиг биъна ваьлчахьана, со а дIаван мега шуна!

Иштта кешнашца къамел а дина, цIа вахана, шен пIаьлдиг охьа а тесна, ваьлла хин коьрте вахара иза. Циггахь шен алаша а йалош веана лаьтташ Iалигира а вара.

– ХIан, – элира Iалигирас, – Мисалмат гучуйоллушехь, ас говр, дитта тIе а ваьлла, хьалаозор йу хьуна, ахь тIаьхьара лаллалахь.

Мисалмат гучу ма-йелли, дитта тIе а ваьлла, говр хьалаозийра Iалигирас, Чорас тIаьхьара лоьллура.

– Ой, аш хIун леладо? – хаьттира цецйаьллачу Мисалмата.

– Дера, воллу тхойшиъ хIара алаша дитта тIе йаккха, – элира Iалигирас.

– Говр йолу дитта тIе? – хаьттира Мисалмата.

– Дера, кхуьнан нана-м ма йелира кху тIе, – элира Iалигирас.

– Шед тохий, лалла аш, нана йаьллехь, иза а йер йу шуна, – аьлла, дIайахара Мисалмат.

– Вало, Чора, вайшиъ дIаваха веза, – аьлла, шен доттагI а эцна, дIавахара Iалигира.

ТIаккха хиира Чорина шен доттагIчо хин коьрте говр хIунда йалийна хилла.

Дикка хан йаьлча, Iуьйранна, сагатлуш, араваьлла йуьртарчу берийн кортош а даьшна, мIараш а хедийна, чу а веана, охьахиъначу Чорина шен нана чIогIа цомгуш карийра. Чоь меттахйаьлла шен бохуш, Iуьллуш йара иза. Нене хьал-де а хаьттина, мацвеллачу Чорас, пеша тIехула кхозу йоьхь шега даттийтахьара ахь аьлла, дийхира нене. Амма нанас, йоьхь хьешана дитина ду шен, бохуш, ца даттийтира.

Чорина хаьара, нагахь хьаша вагIахь, кхин хьалха дилла рицкъа шайн доций, делахь а, чIогIа мацвеллачу Чорина и йоьхь шена даа лаьара.

Цу ойланца летта йогучу товханна хьалха, гIийла корта а оллийна, охьахиира иза. Лазаро хьийзош йолу нана, гуттар чIогIа «ай-вай» бохуш, мохь хьекха йолайелира. Нанна хаале аьлла, катоьхна схьаэцна йоьхь цIерга а тесна, и марца а мерцина, кхаьллинчу Чорин, вагийна, «Вай!» – аьлла мохь белира.

– Хьуна хIун хилла? – хаьттира нанас.

– Дера, ца хаьа суна-м, ша чо меттах ца йаьллехь, сайна кхин хIун хилла, – элира Чорас.

Цо лелочух шекйаьлла, нана хьалагIатта дагахь тохайелира. И хиъна Чора, йоьхь а эцна, араиккхира.

Шовданан коьрте а вахана, тIе шийла хи а молуш, йоьхь дуур-кх ша аьлла, хьала волавеллачу Чорин бIаьрг кхийтира хи тIе йогIучу хазачу йоIах. ХIинццалц бегаш беш хиллачу Чорина, цуьнга вистхилар-м мича дагадогIура, и шена гуш хилар а доккха ирс лоруш, ша, тIе а вахана, вистхилча, иза, бехк а лаьцна, дIайахарна кхоьруш, цкъа а ца хилла безаман ойла даг тIе йеана, цу йоIе хьоьжуш лаьттара иза. Хи а эцна, и дIайолайелча, цкъа цунна тIаьхьаволавелира иза, йуха а, цхьамма лаьцча санна, тап-аьлла сацавелира.

ЙоI къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш а лаьттина: «ХIинца сан хилла ойла хуьлда хьох бIаьрг мел кхеттачуьнан а! Дала бакъ безам а, ирсе дахар а лолда хьуна! Ма ирс долуш вацара со, хьо хIусаме хьовззал!» – элира цо ша-шега.

Чубуза лестинчу малхо шен зIаьнарш и йаханчу агIор хьажийра, тIулгаш тIехь декачу ламанан шовдано шен эшарш цунна лоькхура, хьоькху мох а цуьнан лорах хьоькхуш бара, бай кхолуш девллачу зезагаша шайн кортош а и йаханчу агIорхьа теIадора.

И иштта ца хиллехь а, бакъболчу безамо вахийначу Чорина и дерриге а иштта хетара. Жимма ойла йеш а лаьттина, шен доттагI волчу вахара Чора. Iалигира, гуттар санна, шен алаша Iалашйеш воллура.

– Ассалам Iалейкум, хIай къечу нехан баьчча! – аьлла, тIехIоьттира иза Iалигирина, хьалха санна, гучу ца вала бегаш а беш.

– Ва Iалейкум салам, барт боцчу сагIадоьхургийн тхьамда! Хьо ма хьалхе веана? – аьлла, шен доттагIчун бIаьра хьаьжначу Iалигирина дукха хийцамаш гира Чорин йуьхьа тIехь.

– Iалигира, валохьа чу, тхайн ненах дадийна деттина йоьхь деанера ас. И сайгга даа а ца делла, хьо волчу веана со.

– Вало, делахь, доттагIчуьнца хIума-м вай дезачуша йуулда. Сан сийсара йууш йисина сискалан йуьхк а, морзин берам а бу, – элира Iалигирас, Чорас шена тIедеанарг кхин гIуллакх дуй шера-цIена шена гушшехь.

Чувеанчу шина доттагIчо, йекъачу паднара тIе охьа а хиъна, хIума йаа йолийра. Амма бIаьргашна хьалхара шовданан коьртехь гиначу йоьIан сурт лаьттачу Чорига хIума ца йаалора. Цо сел дезаш кхаьллина йоьхь а, легашка хIоьттина, сецира. Вахана тIе хи а мелла, кхин хIума а ца йууш, сецира иза. И шега цхьа хIума схьадийца сиха вуй хиъначу Iалигирас а дIатеттира шена хьалхара шун.

– ХIан, Чора, – элира Iалигирас, – хьо гучуваьлчахьана ву со хьан дагахь цхьа хIума дуй хууш. Дийцахьа хьайн дагара, вайшиннан ницкъ кхочург, дан таро йерг кIелдуьсур дац хьуна, ткъа доцург паччахьна а эшна.

– Нене дийца сацийра ас сайн дагара. Хьоладайн асарша са кхачийна, къеллой, баланой дог дуткъдина йолчу цуьнан кийра сайн бала а боссийна, ненах валарна кхеравелла, ца дийцира. Вешега дийца сацийра ас. Амма шен гIийлачу доьзална напха лаха гIерташ воллучу со цхьаъ бен воцчу сан вашас, со кхоорхьама, суна диканиг хьоьху ша аьлла, суо харцахьарчу новкъа ваккхарна кхоьруш, цуьнга дийцар а ца магий ас. Жимчохь дуьйна цхьаьна кхиъна, вевзаш-везаш цхьа доттагI вара сан. Цуьнга сайн бала ца бийцича ца волу, – аьлла, Чорас дIабийцира Iалигире шен кийрара, ша цIеххьана лаьцна, ловш болу безаман беза бала.

– Ойт, гора, Чора, йаI! – аьлла, хьала а иккхина, катоьхна шен шаьлта йукъах а йихкина, схьаэцна шен нохчтапча, мокхаз а хийцина, хумпIар чу а йоьллина, шаьлтанна тIе ка а диллина, дIахIоьттира Iалигира. – Йаьккхина йуьгу вайшимма йа йадийна, йа йагIахь, бертахь йуьгу вайшимма и Меликан Маржан? Вайн дика дай бийшинчу кашора, стигал тIехерца аьлча, бIаьрг тухур боцуш, лам хаьрцина богIу аьлча, агIо узур боцуш, дегIан мерзачу сих, Iаь тIаьхьа а йолуш, йухавер воцу доттагI хьалха ма волу хьуна тховсалерчу буьйсанна. Бел хьайн сацам!

– Деллахь, Iалигира, йаьккхина зуда йигначу цIенна бала а ца эшнера, йадийна зуда йигнарг къонах а ца леринера, йеъча, бертахь йига реза ма вара со-м, – элира Чорас.

– Вало, делахь, хIинца зудабераш хи тIе гуллун хан йу вайна, иза цигахь хир йу аьлла хета суна. Таханлерчу дийнахь ахь цуьнца дуьххьара а, тIаьххьара а къамел а дина, шуьшиннан хила йогIу йукъаметтиг къастор йу-кх вай. Амма, цхьабакъду, бехачу нехан йоI ша хиларе терра, къен варий, миска варий аьлла, цо вайшимма тIедеана гIуллакх беламе а даьккхина, вайша йухьIаьржа хIоттавой, дика кIант вижинчу кашора, вайша велла бIе шо даьллачул тIаьхьа а дуьйцуш хир ма ду тахана ас Меликан Маржан муха йигна. Нагахь цул тIаьхьа иза дIаэца хьо къонах ца хилахь, и сайна йиттал боьрша со вуйла-м хаьа хьуна. ХIинццалц хьалхаваьлла лелаш хьо хилла, тахана со виталахь, йукъа а ца гIерташ. ХIан, вало, – аьлла, шен доттагI тIаьхьа а ваьккхина, дIаволавелира Iалигира.

ХIара шиъ шовданан коьрте дIакхаьчча, тIаьххьара зудабераш, шайн хи а эцна дIадоьлхуш дара. ХIун дича бакъахьа дара-те аьлла, дIасахьаьжначу Iалигирин бIаьрг кхийтира, тIаьхьахIоьттина жима йоI а йолуш хи тIе йогIуш йолчу Маржанах.

Хьесийн бухкарца кIудал а йихкина, туька йиллал дари шена тIе а дуьйхина, бузучу маьлхан зIаьнаршлахь деши лепош йогIучу Маржана йуьхьIаьржа хIотто там ма бара со аьлла, дагадеанчу Iалигирас, оьгIазвахана, харт-аьлла кийрахь дог тохаделла, шен мекхех куьг а хьаькхна, шаьлтанна тIе кадиллира. ДIахьаьжча, берриге тидам Маржанна тIебахийтина, сан доттагIчун дашна муьтIахь хилахьара иза бохуш, Деле доьхуш санна, дIадахийтина куьйгаш а долуш Чора а гинчу Iалигирас, вела а велла, лахйира шен оьгIазалла.

– Маржан, – элира Iалигирас, цо шен кIудал схьаэцале, – со хьолана къен вара аьлла, сийдоцуш а ца лоруш, тайпа жима дара аьлла, гIийла а ца лоруш, хьайга цкъа-шозза вистхила пурба лохьа. Вайн нохчийн дика кIентий а, цIейаьккхина болу дика мехкарий а шайн оьздангаллица къаьсташ хиллера. Тахана охашимма хьайга ден долчу къамеле, хьайна мел хала делахь а, ладогIахьара ахь.

Ша хьалаэца кечйина кIудал лаьттахь а йитина, гIабалин йух лаца охьатаьIна йоI, хьала а аййалийтина, Маржана элира:

– Со реза йу аш ден долчу къамеле ладогIа, стаг къен вуй, вехаш вуй бохург хIинццалц соьга къестаделла а, йа суна дагадеана а хIума дац.

– Маржан, – элира Iалигирас, – тайп-тайпана чам болуш, бес-бесара бос богуш, хIор а шен духдийларехь кхечарех къесташ, лоькху йиш а шатайпана йолуш, дукха шовданаш ду вайн лаьмнашкахь. Амма дерриге а халкъана дезаш къастийна цхьа шовда а дац вайн, хIор стага а шена дезаш къастийна цхьацца ду. Дуьне, Iалам хаздеш, бIаьста, бай кхолуш, зезагаш довлу вайн басешкахь. Царна йукъахь а хIор стеган безам болуш цхьацца зезаг хуьлу. БIаьстено сенйинчу варшашца олхазарш тIемадевлча, цара массара а лоькху эшарш хаза ца хета вайна. ХIоранна а хазахеташ царах цхьадолчийн эшарш йу. Ахь боккху ког а, аьлла дош а, лекхна йиш а, хьажийна бIаьрг а хазахеташ, хьоьций бен кхин ойла йоцуш, Далла а, нахана а вицвелла, цкъа хьуна дагавагIахьара ша бохуш, гурахь мархаша малх эшийча, ламанан коьрте деза дохк санна, безаман йеза ойла даг тIе йеана, ахь динарг бен, кхин дарба доцуш, лазар кхетта веза доттагI вар-кх сан, йерзайахьара ахь цуьнан чов.

Маржанна хIинццалц хезна дацара иштта хаза, оьзда, кIорггера ойла йолуш дина къамел. ХIинццалц хин коьртехь цуьнца къамелаш дина болу хьоладайн кIентий чIогIа кура а, шаьш бехачу нехан кIентий хилар гайта лууш а хуьлура. Йа цара ден къамел а ца хуьлура шена тIе тидам бохуьйтур болуш а. Ша цIеначу дагца цаьрца къамел дича, цхьамма и ненах дIатухур дуй хууш, ша хIун аьлча бакъахьа хир ду ца хууш, йоьхна хьаьвзира Маржан.

– Деллахь, ца хаьа суна-м и муха хир ду а. Амма нанас хьалххехь аьлла дара соьга, цIейоккхуш болчу, бехачу нехан кIенташна бен дош ма ло аьлла.

– Маржан, – вистхилира Iалигира, – шийтта стерчийн готано пхийтта дийнахь охуш, уьйтIара дуьйна дIаIуьллуш латта а долуш, тIехууш гIарабаьлла дика дин а болуш, цу динан бухкарш йуккъе дашо шед а йетташ, махкахь цIе йоккхуш, вуьйцучу кIанта хьайга йола аьлча, цуьнга йаха реза хир йарий хьо?

– Дера, суо гIур йара-йацара-м ца хаьа суна, амма сан да-нана цу захалонна реза-м хир дара, – элира Маржана.

– Ишттачу кIенташа хьалххе шайн гIайгIа бо. Хьайн дегий, неней а алий, хIокху сан доттагIчуьнга йолахьа, – элира Iалигирас.

Маржанна чIогIа хазахетара Iалигирас ден къамел, шен цIа йаха деззашехь, лаьттара иза.

– Деллахь, ца хаьа суна-м, шуьшиъ долахь туька йолуш а ца хилча, йа, алссам жа ду аьлла, къаьсташ а ца хилча, ненан лаамна тIера а йаьлла, дош дала хала ду-кх суна.

– Маржан, – элира Iалигирас, – туька йезарг сайоккхучуьнга йоьду хьуна, жа дезарг Iуьне йоьду хьуна, ахча дезарг банк лелочуьнга йоьду хьуна. Хьайна кIант везахь, Чорега йолахьа.

ГIадйахана йелайелира Маржан цо и дешнаш дукха хаза аларна.

– Бакъахьа ду, – элира цо, – бехачу нехан там алссам боккхуш Iедал ду, сан дай, наний, хьоладайшна йуккъехь йуьхьIаьржа ца хIиттал шун сох бала там хиллачу дийнахь со шуьга йогIу.

Ша хIун эр ду ца хууш, Iалигира Чорин бIаьра хьаьжира. Чорас, «реза ву» бохуш санна, корта таIийра.

– Бакъахьа ду, делахь, оха хьайна бакъо йаллалц, маре ца йаха дош лой ахь тхуна? – хаьттира Iалигирас.

– Аш бакъо йаллалц аьлча а, шух дог диллина, йаллалц ца йаха-м ло, – элира Маржана.

– Дала сий дойла хьан, хьо иштта оьзда ца хилча, тхуна а халахетар дара, – аьлла, Iалигирас зудабераш дIадахийтира.

Чора а, ша цIа а вахана, ойла йан воллу аьлла, дIавахара. Iалигира, и къайлаваллалц цунна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, хьалавахара.

ЦIа ваханчу Чорас, дикка ойла а йина, оьрсийн махка йолах болх бан ваха сацийра, вагIахь, шеца Iалигира а вуьгуш.

* * *

Сатасале новкъа велара Чорий, Iалигирий оьрсийн махка йолах болх бан ваха. Суьйранна, хьакхар а хаькхна, кечйина ворда атта идайора Iалигирин алашо. Шаьшшиннан са ца гатдалийта, роггIана илли олура цаьршимма. Иштта шаьшшиннан самукъа а доккхуш, схьавогIуш волу хIара шиъ Гуьмсен ара кхаьчча, чIугйина, зуькар а деш богIуш зударий гира Чорина.

– Iалигира, урх озал оцу хьайн динан, – элира цо.

– ХIан, хIун хилла? – алаша сацийра Iалигирас.

– Ой, ца го хьуна оцу зударша лелориг?

– Битахьа, хIун до ахь царах?

– Цара хIун леладо хьажа воллу-кха.

– Хьажал, делахь, – элира Iалигирас.

Зударий дикка герга а кхачийтина, церан тхьамда йу бохуш хьалхайаьлла йогIучу зудче вистхилира Чора:

– ЭхI-хIей-хIай! Деллахьа, ма доккха хIума ду аш лелош дерг, ма боккха мел хир бу шуна! Делан дуьхьа аш хьоькху маьхьарий, кего ченаш, бетта когаш тергалбеш, ворхI стигланийн Iаьршашна тIе а хевшина, и Делан маликаш ду шуьга хьоьжуш. Аш деттачу маьхьарийн гIовгIа хезна, хIордийн маликаш ду гIевттина. Шаьш гIовттучу хенахь цара даржийначу тIемаша шун къинхьегамна йал йоьху Деле. Аш мел кхайкхочу хенахь шайна а дакъа кхочур дац-те бохуш, шуьга хьоьжуш бу йалсаманин шурин Iаьмнашкара хIурлаIан мехкарий.

– Бакъдерг ду ахь дуьйцург, Дела реза хуьлда хьуна! – элира тхьамдас.

– Мичхьара ду шу? – хаьттиа Чорас.

– ЧIинехара ду.

– Стенга доьлху шу?

– Эртан-коьрте зерате доьлху.

– ЭхIе-хIе-хIай! И чIогIа бакъахьа хIума ду! ХIинца аш хIун дей, шаьш зерате дIакхаччалц боккху болу мел а, дIакхаьчча боккху берг а, дикачу нахах цхьа стаг а лахий, хIинццехь дIакхайкхабайта. Дахарна а, йухадахкарна а йал алсам хир йу шуна, – элира Чорас.

ТIаккха йистхилира зударийн тхьамда:

– Деллахь, стаг, сел боккха, беза некъ эцна доьлхучу тхуна хIокху эрна арахь дика стаг ца хилча, хьо дуьхьал а кхетар вацара, ахь дIакхайкхабехьа и мел, оха хьо векал вин хьуна.

– Къобалвой аш со? – хаьттира Чорас вукху зударшка.

– Во! Во! – аьлла, маьхьарий туьйхира вукхара.

– Делахь со къобалхили, – аьлла, Чора мэл кхайкхо волавелира:

– Шу цIера арадевлчхьана аш баьккхинчу когана а, Дела дагавогIуш баьккхинчу когана а, Далла гIуллакхдеш ницкъ хилла дегI дашош даьллачу хьацарна шуна хилла мел, ас, дог реза дина, аш суол векал варна, хьуьлларчу Башламана бели, цунна кIелхула Сонахойн лаьмнашна бели, цул тIаьхьа чIебарлойн БIогина бели, Аптин Iуптарний, Iабазан Лабазаний, Киназан Миназаний бели. ХIан, хьалаайбал куьйгаш. Амин аьллаш!

Массо а зуда «амин» баха йолайелира.

– Тхутантуптин тандар таринта, йухайерзайе, Iовдал зударий, жIуга! – аьлла, шен чоин тIам хьала а лаьцна, ведда Чора ворданна тIехиира. Iалигирас шед тоьхна алаша масйира. Цунна йетта дагахь, тIулгаш кхуьйсуш, тIаьхьабевлира зударий.

Зударех ведда воьду Чорий, Iалигирий Пхьамта йуьрта кхечира. Цигахь, пурх говра тIе а виллина, цIа вахьаш шайн йуьртара стаг гира царна.

– Хьуна хIун дина, ва Якъуб? – аьлла, хаьттира шайн эвлахочуьнга Чорас.

– Э, дIаваьллахь, – элира вукхо. – Эртан-коьрте зерате ваханера со, цигахь долу лазар а кхетта, хIинца, хьуна ма-гарра, цIа вохьуш ву-кх.

– Хьо ваха ца лоьшура зерате, – элира Чорас, – хьан дас мел дина зераташ тоьур дара вайн махкана а (цуьнан да даима нахана тIехула ваьлла лелаш хиллера).

Шайн эвлахо новкъа а ваьккхина, охьаволавелла хIара шиъ Шуьйтан чIожах араволлуш цхьана чIаьнтичунна тIаьхьакхиира. ХIокхеран алашел шен говр тоьлашха йуй хаийта гIерташ, гуттар тIехь цIингаш беш, нуьйре гIарчI-гIирчI дойтуш, говр чехо волавелира чIаьнти. Цунна хIун аьлла Iоттар йийр йу ца хууш Чора а вара. ЦIеххьана варандойн дукъа тIехь, асарахь бохкучу зударша хелхаран йиш хьовзийра. ДIа охьаиккхина хелхахьаьвзира Чора.

– ХIей, ламаро, ахь хIун леладо! Варандойн дукъахь зурма лекхча, хьо хелха хIунда вуьйлу? – элира чIаьнтичо.

– Хьо ма ваьллахь, – элира Чорас, – и зурма хьайн говран шина лергана йуккъехь лакхахь а.

Воьхна хьаьвзинчу чIаьнтичо, ша хIун дийр ду ца хууш, гуттар а тIе гош бетташ, говр дIахийцира.

– Цкъа а цу хьайн бахамах ма волийла хьо! – аьлла тIаьхьа кхайкхира Чора.

– Дела реза хуьлда хьуна а! – элира цакхеттачу чIаьнтичо.

Чорий, Iалигирий Зонаха охьакхаьчча, дикка Iаржйеллера, говр гIелйелла хилар а хаалора. «Кхузахь буьйса йоккхуш саца веза вайша», – аьлла, цхьаннан а, шиннан а кетIа вахча, шаьшшиъ чу ца витча, эвлайисте хьала а ваьлла, алаша йажа а хецна, вертанах а хьаьрчина, вордана чу дIавижира ши доттагI.

Сарралц некъ бина волу Чорий, Iалигирий гIеххьа де даллалц сама ца велира. ХIокхушиннан алаша а, йуза а йуьзна, элхьамчин дитта кIелахь, мозашна корта а лестош, лаьттара. Катоьхнна, шайн алаша дIаа йоьжна, йуха а новкъа велира ши накъост.

АтагIойн эвла йисте кхоччуш цхьамма, тIаьхьа а кхайкхина, сацийра хIара шиъ. Йухахьаьжчахь, Органна тIе хи эца даьхкина атагIойн зудабераш дара. Царах цхьаъ, куьг а лестош, хIокху шинга цхьаъ-м бохуш йара, вуьш гIадъоьхуш буьйлура.

– Ахь бохучух ца кхета тхойшиъ, чIоггIа алахьа, – элира Чорас.

– Ва, со дIайига шайна! Ламанан лечано аренан кхокха беана бохур ду шуна!

– Ламанан къийго аренан пхьид йеана бохур ду, – жоп делира Чорас, – ца йуьгу оха!

Алаша хьайира Iалигирас. Делкъал тIаьхьа Соьлжа-ГIала кхечира хIара шиъ. ДIасалелачу адамашка хьоьжуш хIара шиъ лаьттачу хенахь, тIевеара цхьа беркъа муьжги.

– ХIей, ламаройн кIунзал – Махьмуд, лан биллий шун говрана? Дика лан бу, цкъа биллича, шарахь тоьур бу.

– ХIан-хIа, ма билла, – элира, вела а велла, Чорас. – Цул а ахь тхуна шайн базар хIутту меттиг схьайийца.

– Бало, ламарой, со а бу базара богIуш, лан бохка беза, сискалбац, – элира муьжгичо. – Ворданна тIехаа мегар буй?

– Мегар ду, – аьлла, тIехаийтира Чорас муьжги.

– Шу мичара бу? – хаьттира муьжгичо.

– Лам чуьра. ДIай бохучу йуьртара ву тхойшиъ.

– ХIун йохка боьду шуьшиъ базара?

– ХIумма а. Къен ву тхойша, йолах болх бан меттиг карор йац-те бохуш, вогIу. Хьуна а ца хаьа, муьжги, тхойшинна болх бан меттиг? – хаьттира Чорас.

– Дера, ца хаьа. Миска вай йаI, вайн зама йац хIара. Хан шортта ахча бацахь хьо стаг бац, паччахьана хьо белча а хIумма дац. Базарах хьовсур вай шуна болх карор буй, – элира муьжгичо.

– Тхойша кхузахь саца дагахь ма вац, оьрсийн махка кхаччалц дIагIур ву, – элира Чорас.

– Со цигара схьавеана а йац дукха хан, сан наний, вежарий а бу цигахь Iаш. ЧIогIа хало йу цаьргахь. ДIаводахь, мацалла лийр ву шуьшиъ, – элира муьжгичо.

– ХIун де охашимма? – хаьттира Iалигирас. – Ахча доцуш цIа ваха йиш йац тхойшиннан.

– ХIун дан боллу хьо цунах? Набахтехь стаг ву шун?

– ХIан-хIа, хIокху сан доттагIчун, Чорин, безам бахана цхьана хазачу йоIе, ахча ца хилча ца йогIу иза. Да чIогIа вехаш стаг ву цуьнан, къечуьнга ца йохуьйту.

– И йоI дика дац, дало мегар дац. Иза йехаш хилча, шуьшиъ къен хилча, барт хир дац, дов хир ду, – элира муьжгичо.

– Цунах-м йиннарг хир йара, и йалоза Iийр вац тхойша, – элира Iалигирас.

– Чора цунна безий? – хаьттира муьжгичо.

– Веза, – элира Iалигирас.

– ТIаккъа схьайола маре.

– Ахча ца хилча, ца йогIу иза.

– ТIаккха ца веза цунна Чора. Мел ахча беза цунна?

– Шийтта йетт эццал!

– Ха-ха, кIунзул Махмуд, иштта ахча хир бац, новкъах ца карабахъ. Цул вай Чорина хаза матушка балор бу.

– Хьан цIе хIун йу? – хаьттира Чорас.

– Николай йу.

– Гой хьуна, Миколай, хьо сан безамех кхарда ма кхарда. Цкъа а йалор йац ас матушка. Сайн нахах йерг йало лаьа суна.

– ХIей, Чора, хьо оьгIаз ма гIо, ас дика дерг бах. Ахча боьху йоI дика дац. Цул сов, хьо сол тоьлаш дац. Хьо къен ду, со къен ду, миска а ду, – элира Николайс.

Иштта, вовшийн дагара а дуьйцуш, базара дIакхечира кхо миска.

Николай шен ленаш дохка волавелира, хIокхушинна кхин гена ца волуш. ХIара шиъ мехах дIадахьа кира хьенан ду хьоьжуш лаьттара. Нагахь санна иштта меттиг хилча, Николай кхойкхий схьа а валавой, шайца кира оьций вуьгура хIокхушимма, шаьшшинна гIалахь лела цахаарна.

Сарралц болх бинчу хIокху шинна йаъал йа говрана бала элан цIов эццал хIума ца йаьллера. Ленаш духкуш леллачу Николайна а ца йаьллера шен доьзална пхьор даххьал хIума. Николайс чIогIа дийхира ша волчу буьйса йаккха вола бохуш, амма хIара шиъ цига вахча, говрана данхIума дацара. Цундела Чорий, Iалигирий буьйса йаккха гIалел аравелира, говр йажорхьама.

ХIор дийнахь сарралц нахана мехах кира кхоьхьуш а, цхьацца кхиболу Iаьржа белхаш беш а, гуьйренга вахара Чорий, Iалигирий. Амма, гуьйренан шийла буьйсанаш тIекхаьчча, арахь буьйсанаш йаха хала дара. Кест-кестта оьхучу догIанех къайлаволийла дацара. Николай волча гIур вара буьйса йаккха, цигахь говр чуйолла божал а дацара, йа кIел хIотто рагIу а дацара. Кхин шаьшшиъ хьевелча, говрах валарна кхеравеллачу Чорас Iалигира цIа вахийтира, ткъа ша Iа доллалц аьлла, Николай волчохь сецира. Амма цул тIаьхьа бутт хан йалале, ша а цIа ваха сацамбира цо.

ДогIий, лой цхьаьна оьхучу гуьйренан тIаьххьарчу деношкахь виэзаш ша лелийначу Николайн а, цуьнан доьзалан а Iодика а йина, Николайс шен мачаш хьо боххушехь, цуьнан кхин ца хиларна, уьш а ца йухуш, шен хечин когаш хьала а карчийна, новкъа велира Чора. Шелвелча, цхардоьлла чоа тIе а ийзош, деттачу дорцана тиша дарзал-куй бIаьргаш тIе а тоьттуш, берзинчу когашца, уьдуш АтагIа кхаччалц некъ бира цо.

АтагIахь буьйса йаккха сецна иза везаш тIеийцира цхьана хIусамехь. Хаза когаш а билина, пешана уллохь лаьттачу паднара тIе хьала а ваьккхина, йовха йуург хьалха хIоттийра хIусамдас. Амма шен боьхначу некъан а, цахиллачу аьттонан а ойла йечу Чорин башха безам а бацара йуучуьнга. ХIусамдега бехк ца биллийта, имма хIума а кхаьллина, корах ара а хьоьжуш, ойланаш йан велира иза. Иштта хIара Iаш, гIеххьа хан а йаьлла, Iаржйала йуьйлира. Цкъа а, шозза а корана хьалхахула, йоргIа дой а оьжна, карахь кехат-пондарш а долуш, ши стаг тIехь а волуш кечйина файтон тIехйолуш гира Чорина.

– Ва хIусамда, и хьеший хьаьнга баьхкина бу? – хаьттира Чорас.

– Уьш цхьаьнгге а баьхкина бац, – элира хIусамдас. – Дуби-эвлахь тховса сакъера гуллуш хьоладай бу, церан самукъадаккха пондарш лоькхурш лоьхуш лела уьш.

– Со а ма вара дечиг-пондар лакха хууш, – аьлла, хьалагIеттира хьаша.

Циггахь, шен хIусамден Iодика а йина, араиккхина Чора, цу шаткъехула1, кхин оцу файтонна тIаьхьара ца волуш, Дуби-эвла вахара. ХIара дIакхаьччахь, синкъерам дIахIоьттина бара.Чорел хьалха чоьхьабевлира кхайкхина балош болу пондарчаш. Салам-Iалам доцуш чоьхьабевлла уьш, шайга пIелг хьажжийначу охьахевшира. Тидамбеш, цкъа неIарехь саца а сецна, Чора а чоьхьавелира:

– Ассалам Iалейкум, шу нохчийн кура кIентий!

Цкъа, цецбовларна, берриш хIокхуьнан бIаьра хьаьвсира, тIаккха:

– Ва Iалейкум салам, марша вогIийла хьо а! – аьлла, шаьш бол-болчуьра хьалалилхира берриге а, цхьа зудаберийн тхьамда йолу жеро йоцург. Иза хIокхуьнан тишачу чоэ а, боьхначу куйне а, хьала карчийначу хечин когашка а хьаьжна, «хи-хи-хи!» – аьлла, ца йешаш, охьа а таьIна, йелайелира. Цуьнан цхьа вуон йелайаларо догдатIийна волу Чора, дечиг-пондарш карахь дерш дIаса а теттина, царна йуккъе вахана, охьахиира.Ткъа ша Iачуьра хьалааййеллачу жерочо элира:

– Марша вогIийла хьаша а, хьаша санна верг а!

– Делан маршалла хуьлда-кх жерочунна а, жеро санна йолчунна а! – элира Чорас.

И хазделла, чохь мел верг а велавелира. Ша охьахиъна ваьллачул тIаьхьа, синкъерам хьанна бина а, цуьнан дIахIоттаме а хьаьжира Чора. Синкъерам чохь болчу дехачу цIа чохь, лакхахьа стол а хIоттийна, шайн сакъоьруш Iаш бара хьоладай а, кура кIентий а. Цаьрца вара шелахойн кура Шемал а, атагIойн Апти а, шотойн ШаIма а, гIойтIархойн ГIайрбек а. Царал лахахьо, кхечу стоьлаш тIехь Iара хьолана башха гIарабовлаза болу нах. Царна дуьххьала болчу пенаца охьахевшина дара, шайл хаза мила хир йара бохуш долу зудабераш а, жерой а. Церан тхьамда йара бегашна а, эхьдоцуш хиларна а йуьйцуш йолу Дуби-Эвлара Тармин Нурипат. Вукху шина пенаца охьахевшина Iара цIейоккхуш мел хезна болу пондарчаш а, йуьртара кегий нах а. Хьоладайн а, мехкарийн а, пондарчийн а гIуллакх идош хьийзара йукъарчаш.

– Деллахь, – элира Чора тергалвеш Iачу Шемала, – ламаро-м, муххале а, вара хьо, ван мичахьара ву-те?

– Лам лекхачуьра, Iин кIоргачуьра, шовда шийлачуьра, стигал сийначуьра, йоI хазачуьра, кIант дикачуьра – цу нана ДIайра ву-кх со, – элира Чорас.

– Деллахь, ламаро, – йистхилира, цунна Iоттар а йина, и хьовзо дагадеана Нурипат, – шу долчу лаьмнашкахь чкъург керчар йарий?

– Керчар йара, хьан-сан десара, – жоп делира Чорас, – цкъа дIакерчича, ворхI тIекхетча а, саца а ца луш-м.

ГIов-аьлла, чохь мел верг а велавелира.

– Виталаш, – элира шотойн ШаIмас, – суна вевза шуна и чIебарло, кхин дIа лен валахь, цо, делийна, сахадор ду вайн.

– Ван хIун дагахь веана хьо? – хаьттира атагIойн Аптис.

– Ой, хьоладай сакъера гулбелла аьлла, хезча, веара-кх.

– Хьуо а хьолан да лору ахь? – хаьттира гIойтIархойн ГIайрбека.

– Санчул шун хIун сов ду? – аьлла, шен когашка охьахьаьжираЧора.

– Витал и ламаро, дIалакхал вайн пондар, цхьа бал баккхий вай? – элира шелахойн Шемала.

Пондарчас хелхаран йиш хьовзийра, вота а йека йолайелира. Аптис бал дIаболийча, роггIана хелхабийла буьйлабелира чуьраниш. Массо а дика волура хелха, рагI Чорига ца кхаьчнехьара. Амма, Чора хелхавала волавелча, массо а дIахьаьжжинчохь висира. ЧIогIа дайн леладора цо шен дегI, йоI, хьалха а йалайой, цхьана кога тIе буьхьар а хIуттий, бохь бугIура цо хьоладайшна хьалха. Цуьнга сел леррина хьоьжуш болчу хьоладайша, цхьаболчара хала а, кхечара атта а дуучу дуьненан ойла йора, наггахь: «Уйтт, маржа йаI-кх!» – олий, мохь а тухуш.

Чора, хелхаваьлла, охьахиъначул тIаьхьа, кхин цхьа а хелха ца велира. Шений-шений дан хIума дац аьлла, массо а сацавелира. Пондар а, йетта вота а сецира.

– Хьаша, самукъадолий хьан? – хаьттира Нурипата Чорега.

– ХIаъ, со чIогIа сакъералуш ву, – элира Чорас. – Шун самукъадолий долий?

– ХIаъ, къаьсттина хьо сийсара шайтIанаша хьийзош хезаш самукъаделира сан.

– Хьуна хезна хир ду, – жоп делира Чорас, – къанбелла жерой лерг сема долуш ма хуьлу!

ГIадбахана чохь берш бийлабелира. ХIинццалц ша цхьацца миска нах хьийзорах, Чорица шен забарш чекх ца йовлуш, оьгIазъоьхуш Iаш Нурипат а йара.

– Нурипат, тховса-м тIе эмгар йеана хьуна, и ламаро шех хьоьга бегаш бойтур болуш вац, – бохура наха.

– ХIан, ладогIал, – элира шелахойн Шемала, – вай гулделла гIеххьа хан а йаьлла, вайн дуьхьа баьхкинчу зудаберийн а сагатло хир ду. Хьешийн гIуллакх а деш, зудаберашна тIе хабар дахьийта бакъо а луш, гIийла пондар а озабойтуш, молуш волчо кад а оъйуш, гIуллакхде вай?

Стоьлаш тIехь лаьттачу маьIан стаканаш чу Iена доладелира, лалийна цIаста санна, сирла малар. Кад а карахь вистхила кура Шемал хьалагIеттича, цуьнца цхьаьна хьалагIевттира шина а стоьлан гондахьара хьоладай ду шаьш бохурш. Маларний, даарний йукъа мискаиаш а, пондарчаш а богIуш бацара.

– ХIан, – кIентий, дIадолийра шен къамел Шемала, – хIара кад вай дIамер бу вайн дуьхьа тховса хIара меттиг вовшахтоьхначу вешан хIусамдена а, вай лерина кхуза даьхкинчу зудаберашна а, денна дебачу шун хьолана а, дикачу кIантана а, дикачу зудчунна а, дикачу динна а тIера!

«Аьхна хуьлда!» – аьлла, массара а кедаш дIамелира.

– Дика кIант мила лору, ва Шемал? – хаьттира атагIойн Аптис.

– Иза нахе хатта деза.

– Со вистхила мегар дарий? – элира лахахьарчу стоьла тIехь Iачу цхьана стага.

Иза даима а кхечарах къаста гIерташ а, лакхахьа Iачушна къиэжаш а, хьалхахIоттийначу дааре сутара хьоьжуш а хиларна, цуьнан тидам беш Iачу Чорина хиира иза чIогIа сутара, пайдабоцуш а, сайохуш а, къизачу нахах схьаваьлла а стаг вуй.

– Мегар ду, Мовсар, – элира коьрттехь Iачу курачу Шемала.

– Со, шуна ма-гарра, – дIадолийра лохачо, – нахана йуккъехь дукхалелла а, сайна кIезиг хаахь а, наха дуьйцурш дукха хезна а, къелла вовзахь а, хьолана вовзахь а, нахана вевзаш а, ткъа, тховса санна, дикачу кIенташка кхайкхинчу меттигашка ихна а ву.

Иза шел лакхахьа Iачарна мотт хьакха гIертий хиъначу Чорас элира:

– Дикачу кIенташка кхайкхинчу хьо хIунда воьду?

Мовсар, цхьа резавоцуш Чорега а хьаьжна, йуха а шен къамел дан волавелира:

– Суна чIогIа хазахета, Шемал, ахь дикачу кIантана тIера кад айъича. Цхьамма хаьттира, дика кIант муха хила веза аьлла, иза ас дуьйцур ду. Дика кIант, вайн дайша дийцарехь, шайн тIе вуон деъча а, дика деъча а, нахана дагавогIург ву-кх, тховса кху чохь а бу-кх уьш.

– Аш ишттачух олий дика кIант, хIей, ламаро? – хаьттира Чорега Шемала.

– ХIан-хIа, – элира Чорас, – ойла дагца а йогIуш, дог халкъехьа лаьттарг массо а ву тхан дика кIант.

– Хьо бакълоь, ламаро, – элира Шемала, – иштта хила а веза дика кIант.

– Ва, Шемал, дика зуда муха хила йеза? – хаьттира гIойтIархойн ГIайрбека.

– Иза а халкъе хатта деза, – элира курачу Шемила.

– Со вистхилча, мегар дарий? – хаьттира йуха а Мовсара.

– Мегар ду, – бакъо йелира Шемала.

– Дера, зударех лаьцна дукха ма ду дуьйцуш вайн наха. Йалочу хенахь шен даго къастийнарг бен йала а ма ца йо. Амма дикачу зударшка даьлча, кхузахь доцца ала деза: ша хаза а йелахь, дегIан куц долуш а йелахь, чуьра гIуллакх дика деш а йелахь, дика йу-кх зуда.

– Шун дика зуда муха хуьлу, ва ламаро? – хаьттира Чорега Шемала.

– Шен цIийндегара гIалат даккха ца гIертарг массо а дика зуда йу тхан.

Чохь Iаш берш резахилла, Чорега хьаьвсира.

– ХIинца а хьо бакълоь, – къерахилира Шемал.

– Делахь, дин мулхачу говрах олу? – хаьттира шотойн ШаIмас.

– Ца хаьа, – элира Шемала, – иза а хIокху ламарочуьнгий, Мовсарей хатта деза-кх. Алал, Мовсар, хьайна хетарг.

– Суна-м хIума ца хаьара, амма сайна хеттарг эр-м ду. Нагахь санна говр йерстина а йелахь, куц долуш а йелахь, кура а йелахь, шен IиндагIах къехкаш а йелахь, масала хаьхкича хьалха а йалахь – дин бу-кха иза.

– Ламаро, ахь хIун олу? – хаьттира Шемала Чорега.

– Дена кIелахь йайн а йерг, урхана кIеда а йерг, ойла реманехьа а лаьттарг дин лору оха, – жоп делира Чорас.

«ОстопируллахI!» – аьлла, массо а цуьнга хьаьжжинчохь висира.

– И тайпа дин мичара болу шуна? – хаьттира Шемила.

– ДIайчуьра боккху оха.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Чора йу.

– Дера, Чора, хьал тхоьгахь делахь а, хьекъал халкъехь ма дисина.

Бакълоь хьо, Мовсарна ала хIума ца дити ахь.

– Шемал, соьга алийтахьа цхь-ши дош, – элира Мовсара.

– Ала хьайна.

– Со жимма резавац ахь аьллачунна. Хьекъал йоза ца хуучу, къечу, боданехь бохкучу бIаьрзечу ламарошкахь дац. Хьекъал эпсарш а болуш, гIуллакхехь а болуш, йоза а хууш, Iилманан а, хьолан а дай долчу вайгахь ду. Чорина масех кица хаьа аьлла, иштта сиха сацамбан мегар ма дац. Хьуна хаа лаахь, суна ца хууш дац цхьа а кица а цхьа а илли, забарш а. Ас хIинцца цхьа-ши пхьа ма баллийнехь, и ша волччохь вуьсур ву. Шу резахилахь, цуьнца къовсавала воллу со.

– Гой хьуна, Мовсар, – элира Шемала, – ас аьлларг нийса а ду, бакъ а ду, йа хьо тоьлар а вац Чорел. Вайн дай, эпсарш а хилла, паччахьана гIуллакхе боьлхучу хенахь ламарой шайн къонахаллица Даймехкан а, халкъан а паргIатонехьа къуьйсуш бара. Со тIаьхьа бен ца кхиънера цунах. Паччахьан мундирах вайн дайша а, хIинца вай а вешан мохк бохкарххий, вешан миска нах хьийзораххий сан куралла йан меттиг бац, со-суо висинчу хенахь воьлху. Амма вай хIинца и дуьйцур дац, вай хьо цуьнца къовса а волуьйтур ву, нехан самукъадаккхархьама, амма цкъа хIинца, хила луург мехкаршка вист а хуьлуьйтуш, гIийла пондар а локхуьйтуш меттиг йийр йу вай.

Буьззина кад а боьттина, Чорега вистхилира иза:

– Чора, хьан со ваша ваха, дIамала хIара кад.

Кад а бохьуш, Чорина тIевеара цхьа жимха.

– КIентий, дика массеран а йукъара ду, вуон цхьаннан бен дац, дика кIант мехкан сий ду, вуон кIант кхиъч, а дегий, неней бехк боккху. Хийла дика кIант кхиийначу кху Нохчийчоьнан и кIентий кхуьу кхерч ма шеллойла! Вешан доттагI, веллачу тезета а, йеза йоI маре йаханчу ловзарга а ма хIуьттийла вай! – аьлла, Чорас шен кад охьабиллира:

– Бехк ма биллалаш, со молуш вац, – олуш.

– Со лолда хьан, Чора, хIара кхин цхьаъ а кедан дош, – аьлла, вистхилира гIойтIархойн ГIайрбека.

– ХIан, кIентий, шух стаг вала лууш верг тховса лолда, вон хилалууш верг, цIарах вогийла. Шун барт ма бохийла, вовшашца цабезам, хьагI а ма хуьлда. Шун керта ван веза доттагI а ма эшаволда. Шун вовшех безам а ма бойла, оьцу безам а ма хедийла, шун самукъадаьлча халахеташ, шун сагатделча самукъадолуш волу стаг тховса вайца велахь, кхана шен беза доттагIий а гулбина, сакъера хиъначохь бовха кхача чохь болу йай хаьрцийла цуьнан, пеш чухаьрцийла цуьнан. ТIодах жа даханчу бекъачу новкъахь когаш берзина воьдуш, тIехь кетар йоцуш, карахь гIаж йоцуш, дала орца доцуш, вала меттиг боцуш, масачу жIаьлеша къиза хьийзаволда иза. Мокхазах мотт бетташ, цIарца молха детташ, некъо гола мел тухучохь шен дена кIел хуьйшийлаиза. Дийначуьнан коьртах маIаш йовлийла цуьнан, веллачуьнан коьртехь нитташ бовлийла цуьнан. Валар вехначохь хуьлда цуьнан. Йелха йиша йоцуш, товжа нана йоцуш, шийтта зуьдан кIеза тIаьхьа а делхош, тайша зуд тижийла цуьнан коша тIехь! – аьлла, Чорас йуха а самукъадаьккхира.

Цул тIаьхьа цу чохь мел волчо доггах хелхаран бал баьккхира.

– ХIан, – элира Шемала, хIинца, жимма хIокху вешан синкъерамах лаьцна къамелаш а деш, гIийла пондар лакхийта вай?

– Шемал, дукха лер товш-м дацара, делахь а, со цу Iачу кIайн гIабали йолчу йоIе вистхир вара, цуьнан цIе а ца хаьа суна, – элира Чорас.

– Хила мегар ду, цуьнан цIе Селимат йу, – элира Шемала.

– Селимат, хьан къа ду, – аьлла, дIадолийра Чорас шен къамел, – мохой, малхой бос а хуьйцур боцуш, туьраний, тоьпаний агIо а узур боцуш, стигал тIейоьлху аьлча а, лам хаьрцина богIу аьлча а, йухавер а воцуш, со санна волу кIант хьайн бIаьра хьаьжча, йерриге а гIабалина йукъа а оьхуш, шина шайна айхьа тIехьаькхна басарш генара лепа а деш, уьшалахь пхьид санна, йерриге а йусайелла, уллерчу зудаберашна муьшканаш а йеш, хиъна Iаш йу хьо. Суна-м, дера, хаьа хьуна исхарийн коч-хечий а дуьйхина, бухаройн холхазан куй а тиллина, гурахь йаьккхина нIаьна-кIорни санна, шен тIилдиг а цIийина, цхьа моша кху чудаьлча, цо таIийначу бIаьргах Iехайелла, хьо цуьнга маре гIур йуй. Амма йахча хиндерг ас дуьйцур ду хьуна. Шуьшиннан ледарлонаш лечкъо кIордийчахь, дас-нанас эр ду: «Зуда йало стаг хьо а хилча, маре йаха зуда хьо а хилча, дера деза шайна даха». Лулахошна санна, кетIа шайна цхьа цIай, сений а доьгIна, хьелашха къастийна маша доцу цIагара йетт а белла, котамашха акха йехка котам а йелла, жIаьлешха стешха лета жIаьла а делла, цу чу кхуссур ду шуьшиъ. Шаьшшиннан дахар тоделла моьттуш, маьркIажехь дижча – гIушлакхехь гIоттуш, пхьуьйрехь дижча – делкъехь гIоттуш, уьшал чохь пхьидаш санна, цу чохь хьийзаш цхьа хан хьур йу аш. Корах арахьаьжча, йиллина йис а гича, неIарх арахьаьжча, диллина ло а гича, вайшиннан цIагарна йилла йол оьшу аьлла, вовшех дагадер ду шуьшиъ. ДIахьаьдда, мекхо биъна гIолан тIехь нийса а боцу мангал схьа а эцна, гIайракх муьлхачу агIор хьакха йеза ца хууш, иза ир а бина, вахана, текхарг йуьйш санна, и лестийна, йол а къажйина, маьркIажал тIаьхьа цIакхочур ду хьан моша, и болх ца лалуш, гор а оьхуш, бертал а детталуш. Йижначуьра цIеххьана самайаьлла хьо, баккъала а цунна цхьа хIумахилла моьттуш, кхерайелла, цкъа коьрте йуьйлуш, йуха когашка йуьйлуш: «Вай, хьан ма йала хьан йезар, цIеххьана мангал хьаькхна чоь меттахйели-те хьан, суьйренга вахана, жинийн хIуо кхийти-те хьох, йа тахана цхьа адам доцчохь нехан матто левина, сох йолу дог-ойла дIайаьккхи-те хьан?» – бохуш, хьуо, докъана санна, цунна гонаха хьийза йолайелча, дагадогIур ду хьуна со санна волчу кIанта хьайга хьежийна бIаьргаш. Цундела, ас цхьа бIаьрг таIийча, ший а бIаьрг таIош, соьга сакъера ахь, – аьлла, чекхдаьккхира шен къамел Чорас, вохвелла схьабаьккхина куй шена кIел а буьллуш.

Чохь берш гIадъоьхуш буьйлура. Чорас бохург дан деза аьлла йоIана тIе а дожийра. Чорин гIуллакх хиллачул тIаьхьа мехкарийн тхьамдане, шега сакъера аьлла, тIе хабар дахьийтира Мовсара. Иза рез а хилла, Чорица къийсалуш волу Мовсар, цул ца эша гIерташ, шена хуьучу агIор сакъера велира.

– ХIан, хIинца дечиг-пондарш локхучара хIун до хьовса вай? – элира Шемала. – Массара а шайна хазахеташ йолу йиш локхур йу аш. Дикаха лекхначунна хIара дашо туьма а ду шуна, – аьлла, стоьл тIе охьадиллира цо ахча.

Чорина цкъа а ца гинера иштта дукха ахча. Кхаа соьмах йетт лора, диъ сом делча, говр а эца мегар дара. Ши йеттий, цхьа говррий, хIумма а доцуш волчу Чорас боккха бахам лорура. «Дависарг-йаI, долчуьнан ма дукха ду хьо, доцчуьнан ма дан а дац хьо!» – бохуш, цу ахчанан ойла йеш Чора Iашшехь, пондар лакха рагI хIокхунна тIекхаьчнера. Амма уллохь Iаш волчо, пондар, хIокхуьнга а ца луш, тIех а баьккхина, вукхуьнга дIабелира. Ткъа цуьнан тидам хиллачу Чорас, пондар схьа а эцна, цунах пIелг а тосуш, элира:

– Ламарой шайна тIехула когаш кхийдабойтуш бац.

Хьолахочун йоIе Маржане болчу безамо вахийна, дуьне гIийла даа Iемина, ша арабаьккхинчу новкъахь аьтто а ца хилла – и дерриге а легашкахь, шад хилла, сецначу Чорас, ладугIучийн ойла Iадор йолчу, дог делхор долчу агIор белхабора пондар.

Нах а, цкъа тапъаьлла тийна, Чорега хьоьжуш совцабелира, амма дукха хан йалале хIор а, куьйгашца шен корта а лаьцна, кIорггера ойланаш йан волавелира. Цхьаболчийн бIаьргашна хьалхахула чекхдуьйлура Нохчийчоьнан лекха лаьмнаш, халонна къежделлачу церан кортошна тIехь, цкъа а ца гIовтта санна, йийшина Iохку йеза, Iаьржа мархаш.

«Ойт, маржа дуьне-йаI!» – олий, корта хьала а ойбий, мохь тухура цхьаволчо. Ткъа, важа, бIешерашкахь паччахьана дуьхьал къийсам латтийна болу шен хьоме Даймохк йийсаре бахана а гой, къизачу паччахьан эскаро акхараллица нохчийн йарташ сийначу цIарца йагочохь, нохчийн миска халкъ, къинхетам боцуш хIаллакдечохь, шайн са а ца кхоош, царех летта болчу нохчийн дикачу кIентийн кешнийн баьрзнаш ширделла доьдуш а гой, цкъа бен ваха ца деллачу кху дуьненчуьра къийсам латтош дIабевллачу цу кIентех долчу иллин дешнаш дицделла доьдуш а гой:

«О, байттамал, дуьне-йаI!» – олий, йуха а куьйгаца корта а лоций, ойланашка волура. Чорас пондар сацийра.

– Чора, – элира цIеххьана хьалаайвеллачу Шемала, – нехан чIогIа догдоьхна-кх, цхьа забаре илли алахьа.

ТIаккха Чорас, пондарх пIелг а тоьхна, ламаройн забаре илли долийра:

ТIетаIIош тиллинчу лохачу беданахь

Хьаж тIе хьакхар ва хьаькхна,

Ша басна тойелла,

Туьйдинчу хуьлчешца, эттIачу кIажошца,

Шен йоьхна кучан тIалх коьрта тIе ва уьйзуш,

ЭттIачу кетарна эханган лол бетташ,

Ша йехаш йара, тов, ва Харгин бабин йоI.

Ма тера йац цунах вайн кура Нурипат!

Ва лайлахь йалалай, лайлахь валалай.

Цу нуьйран меттина, ва каскус оьллина,

Бохь боьхна куй санна,

Ша кхиэлахь товелла,

Сирачу кхелана докхан чIабаг ва бетташ,

Охьаиккхира, ма бах, йохара ХIимара

Дербишан ва Даццай.

Ма тера вац цунах вайн кура ва Мовсар!

Ва лайлахь йалалай, лайлахь валалай.

«Духарах кечвелла, ва динахь товелла,

Сирачу кхелана докхан чIабаг ва бетташ,

Со вогIуш ва вайча, хьуна муха хийтира,

Ва Харгин бабин йоI?» –

Олуш вистхилира, тов, Дербишан ва Даццай.

«Делаха йалда со, ва хьоьха йалда со,

Ва дешан томана ас хьоьга ва бахахь,

Сирачу кхиэлана докхан чIабаг ва бетташ

Цу хIимойн басара хьо вогIуш ва вайча,

ГIелашкахь топ кхетта сира сай богIу

Со моьттуш йацарехь, Дербишан ва Даццай!

ТIетаIIош тиллинчу кху тоьлин беданахь,

Хьаж тIе хьакхар ва хьаькхна,

Ва басна тойелла, эттIачу кIажошна

Туьйдинчу хулчешца,

Сайн йоьхна кучан тIалх коьрта тIе ва уьйзуш,

ЭтIтачу кетарна эханган лол бетташ,

Со йегIаш2 ва гича, хьуна муха хийтира,

Дербишан ва Даццай?»

«Делаха вайла со, ва хьоьха вайла со,

Ва дешан томана ас хьоьга ва бахахь,

Духарна хазйелла, ва басна тойелла,

Лохачу беданахь хьо йегIаш ва гичахь,

Суна ма моьттура йалсаманера деана

Хазалла ва дуьйцу, огIарийн хьоза ду,

Йезара хьо суна мерзачу сил дукха,

Йолахьа хьо соьга, ва Харгин бабин йоI», –

Бохуш лен велира Дербишан ва Даццай.

«Со йогIур йарий хьоь, Дербишан ва Даццай,

НеIар тIе доьхь догIуш, дийшина кхаш делахь,

Ламанан ва басахь жан жоьла хьан белахь,

Жоьлах букъ тоьхна Iаш жан жIаьла хьан делахь,

Чуьхьех3 дуьзна шаьлгаш хьан баьрчехь ва делахь.

Со муха йогIур йу, Дербишан ва Даццай,

Нохчийн йеса тапча ва санна,

Десачу хьан цIен тIе?»

«Ма йалал дакъаза, ва Харгин бабин йоI,

НеIар тIе доьхь догIуш дийшина кхаш делахь,

Ца йало йарий ас хьо йуьртан ва пхьоьха.

Ламанан ва басахь жан жоьла ва белахь,

Ца бало барий ас хьо пIелгийн ва бегаш,

Чуьхьех дуьзна шаьлгаш сайн баьрчехь ва делахь,

Ца дало дарий ас хьо берийн ва ловзар.

Хьо ца йагIахь соьга йан реза йуй хаалахь

ЦIарна цIе йахана Покушан Париза!» –

Шел хьалха ва йаьлла Париза йахарна ва кхоьруш,

Ша берта йахара и Харгин бабин йоI.

Замой гулбан вахара Дербишан ва Даццай,

Лаьмнашкахь йиллинчу йохара ва ХIима.

Цо вовшахтуьйхира йахь йолу и кIентий:

ГIурашан ва Iуспа, ТIадалан ва Iума,

Цициган Лабаза, ва Толкхан Махьама.

Зурма лакха хIоьттира Киназан ва Миназ.

Вота тоха хиира ва БуртIин БутIатIар,

Хелхавала гIеттира хье боккха ва ЙокIа,

Цуьнца хелхашершира Покушан Париза.

Ватлайлахь йатлайлахь, йатлайлахь ватлайлахь,

Ма тера дацара и вай дечу ловзарах!

Чорас, шен илли аьлла а ваьлла, пондар охьабиллира. Цул тIаьхьа и лакха лууш цхьа а вацара. Шемала, канашца схьаэцна, дешин ахча:

– ХIан, Чора, хIокхуьнан хьо воцург да вац, – аьлла, дIакховдийра.

Амма Чорас, корта а ластийна, ца оьшу шена элира.

– ХIунда ца оьцу ахь дIа, ахча ца эшшал вехаш ву хьо? – хаьттира Шемала.

– Шун самукъадаккхархьама, суо санна болу миска нах а эшийна, даьккхинчу цуьнан да хила ваьхьар вацара со сайн дагах, – элира Чорас.

– Хьуна и дан а ца догIура, – элира Мовсара, – и ахь йина гIовгIа-м ас вижина Iуьллуш а йийр йара.

– Хьоьца къовса а велла, хьан кисанара даьккхина, сайна луш делахьара-м, оьцур дара хьуна ас, и шай бен дацахь а, –элира Чорас.

– Со хьоьца къовса-м ло, соьца къовсавала хьо хIума хууш велахь, – элира Мовсара. – Амма хьан, нагахь со толахь, дала ахча-м дац.

– Ахчанах-м ас жоп ло, хьоьца къовсавала хIун хаа деза цунна? – хаьттира Шемала Мовсаре.

– Вайн нохчийн кицанаш а, туьйранаш а, пхьанаш ахаа деза-кх.

– Ахча мел дуьллу ашшимма?

– Чора резаверриг дуьллу, – элира Мовсара.

– Хьан дилла таро йоллучунна Чора реза ву, ахь мел дуьллу? – хаьттира Шемала.

– Ас ткъе итт туьма дуьллу, – элира Мовсара.

Цо сел дукхачу ахчанан цIе йаьккхича, харт аьлла, Чорин дагах цIе йелира, нагахь ша эшахь, Шемална зиэн хир ду-кх аьлла.

– Чора, хьо реза вуй? – хаьттира Шемала, вела а луш.

– Ву со, – элира Чорас, Шемалан велаваларх догйовхо йолуш.

– Делахь, дIакъовсало ший а. Тхо хьовсур ду хьекъал шуьшингахь хьенан дукха ду, – элира Шемала. – Охьадилла стоьла тIе ткъе итттуьма.

Охьадиллира Мовсара а, Шемала а ахчанаш.

– Стенна тIера дIадоладо вайшимма? – хаьттира Мовсара.

– Хьуна луъучунна тIера.

– Волалуш дайчарна тIера волалой вайша?

– Мегар ду.

ТIаккха Мовсара пхьа балийра:

– ХIетал-метал хаалда хьуна, хин йистехь Iуьллу дашо бохча?

– Пхьид, – аьлла, Чорас шен пхьа балийра:

– ХIетал-метал хаалда хьуна, бердан йистехь кхозу докхан нуй?

– Мел йиъча а ца йузург?

– Хьер, – жоп делира Чорас, тIаккха Мовсаре хаьттира:

– Ап-сап пирло Iуьрг, бохь цIунгала воIана тIулг?

Тапъаьлла дIатийра Мовсар, цунна хезна а бацара и тайпа тамашийна пхьа. ГIеххьа ойла а йина, «гIала йогIийла», элира цо.

– Тоьпан хIоъ, – аьлла, дIадийцира Чорас.

– ЦIечу гIаж тIера кIайн котамаш? – хаьттира Мовсара.

– Цергаш, – элира Чорас. – Вайн тхов тIера ах сискал?

– Бутт. ЦIинцIалго текхо минцIалг?

– ХIума тоьгучу мехо текхо тай. Йезаш мерзий, йуш къаьхьий, йуьтуш товшший йерг?

– Зуда, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа.

– ГIала йогIийла.

– Цигаьрка, – дIадийцира Чорас.

– Уггар а маса йерг? – хаьттира Мовсара.

– БIаьрг. Уггаре а мерза йерг?

– Наб. Уггаре а хьоме йерг?

– Нана. Массо а къера верг?

– Безам. Массарел а эвхьаза йерг?

– Зуда. Дуьненчохь уггаре а декъаза хIума?

– Вир, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа, херси, – элира Чорас.

– ХIунда?

– Цуьнан цхьаъ бен нана а йац, иза а хьакха йу.

Чохьберш бийлабелира.

– Мах боцург, мах банне а боцург а?

– Зудчун мах бац, дикачун банне а бац, – элира Чорас.

– Барзо жа йукъара хIун хьолда?

– Бажанна вуон газа. Уггаре а вон лазар муьлха ду?

– Вуон зуда. Ирсан цIе хIун йу?

– Дика зуда. Къоналлин суй стенах олу?

– Дикачу зудчух. Дахар мерза мичахь кхехка?

– Дика зуда йолчу цIен тIехь. Ча стенах хилла?

– Стиглара седарчий а дагардина, дай чуьра хьаьжкIийн буьртигаш а дагардина, хьуьнха йаханчу зудчух хилла.

– Буо муьлха бер лору?

– Да воцург ца лору, нана йоцург бен, – элира Мовсара.

– Ирсо ший а неI тIе маца къовлу?

– Да дIаваьлча – цхьа неI къовлу, нана дIайалахь – ший а неI къовлало. Дуьне хьенан дац?

– Доггах йезаш йоI йоцчуьнан дац, – элира Чорас.

Цо и аьлча: «Ойт, Чора, йаI!» мохь туьйхира цхьамма.

– Безаман хьал дика хьанна девза? – хаьттира Чорас.

– Безамо велхийначунна девза.

– ТIехьийзаш йоI а йолуш, веллачу кIентан мочхал маца кагло?

– И маре йахча. Дахар мичхьа дац?

– Доггах кхехкаш безам боцчохь дац. Цкъа а хаьрцар йоцчу чIагIонан пен мичахь бу?

– Дика доттагI волчун бу. Болатан лам долахь хьенан бу?

– Дика доттагI волчун бу. Безаман шовда хьенан ца лекъна?

– Дика доттагIий болчийн ца лекъна. Цхьалха мила висина? – хаьттира Чорас.

– ТIехь ант доцу доттагIий лехнарг висна. Вашас ваша хьанна вуьту?

– ДоттагIчунна вуьту. Хьан йина чов ца йоьрзу?

– Матто йина чов ца йоьрзу. Беран даг тIера зезаг маца дужу?

– Нана йелча, дужу. Къуй къолах маца боьлху?

– Буьйсанна.

– Мича хенахь?

– Iарж ма-йеллинехь, – элира Мовсара.

– ХIан-хIа.

– Буьйса йуккъе йахача.

– ХIан-хIа, – велавелира Чора.

– ГIала йогIийла!

– Ас дуьйцур ду. Буьйсанах кхо дакъа хуьлучу хенахь, жIаьлех хIоз хуьлучу хенахь, наб кхеташ воцу хIусамда шайтIано вижийначу хенахь, бенахь Iачу чIегIардиго: «ЦIири-цIуьри – сан кIорни» – бохуш, эшарш лоькхучу хенахь воьду говза къу къолах, – элира Чорас.

– Ойт, Чора, ламанан борз йаI! Ца хууш, хьаха, вац, – элира чохьIачех цхьамма.

– ДIавала, Мовсар, ахь лелориг гIонжагIехь а дац, масийттаза а гIала йалайайти хьоьга цу ламарочо, – элира вукхо.

Шен сакъоьру кIант эшча цаладеллачу Нурипата хаьттира:

– Ва, ламаро, шун хилла гIабакх муха хуьлу?

– Сан бустамийн зIаьнарш санна, хуталш хоьций, Мовсаран мара санна, чухьаьвзий, колат а долий хуьлу, – элира Чорас.

Чохь мел верг гIадвахана велавелира.

– ДIавалахьа, ахь эшор вара со, – стечун майра хьо велахьара, аганан сиппа лоькхуьйтург тоьк йассор йара ахь!

– Хьо къона нIаьна йелахьара, хуталшна кIелхула лелар хир дара хьан, хуталша мустбина букъ а, тIемаш а хир дара хьан, «вакъ-нана», – бохуш, кхайкхар а хир дара хьан, – элира Чорас.

– Стеган ах вахар хIун лору?

– ЦIе. Къонах хьан во? – хаьттира Чорас.

– Сискало. Хала стаг мила ву?

– Сискало винарг. Комаьрша мила ву?

– Йерг йелларг. Майра мила ву? – хаьттира Мовсара.

– Йерг тоьхнарг. Хьаша мила ву?

– Йерг йеънарг. Сискалан мах хIун бу?

– Дика къонах. Къонахчун мах?

– Ша биннарг. Вайн цIийна тIехьара йеха хьаббаба?

– ЖIаьлин-нускал. Хьакхин жижигца кхехкийча а, йаа мега хIума?

– ХIоа. Схьалаца тIам а, охьахIотто бух а боцу хIума?

– ХIоа, – элира Чорас.

– ХIан-хIа, – элира Мовсара, Чорас нийса аьллашехь.

– ГIала йогIийла, – элира Чорас.

Чохь Iаш болчех цхьаболчара, хазахетта, тIараш туьйхира.

– И, хьаха, ду ахь соьца ден пайда боцу къамел, – элира Мовсара.

– О, Мовсар, тола воллу, иштта бен доьрзур а дацара иза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цхьаболчара.

– Ламаро, сан а дара хьоьга дан цхьа хаттар, – элира Нурипата.

– Де ахь, – элира Чорас.

– Зарккъанцехь когашкахь сетташ, куралла бертигаш а ийзош дуьйхина цIен пезагаш а хьайн ца хилча, сол мила тоьлур вара бохучу кIентийн коьртехь хиъна мекх хьовзо къонах а хьо ца хилча, тхьоз санна, боккха хьайн мара а бохьуш хьо хIунда вогIура хьоладай сакъера гулбеллачу?

– Кхаарчу бежан бен сиппа ца мегаш, гирданах цайинарг тоьк а цамегаш, аганан гIоже когаш кхийдош кхиъна эвхьаза жеро кху чохь хир йуйла хууш, веанера со кхуза, – жоп делира Чорас.

ВорхIазза йолу тапча а йаьккхина, хьалаиккхира чохь болчех цхьаъ, иштта къамел могуьйтур дац ша аьлла.

– Ахь хIун дей, кIант, – элира Чорас. – И бумбарийн бен суна тIе а ца лоьцуш, охьахаа хьо. И дан хьо реза ца хилахь, ламарочун тхьамаран кхадаро къамел доца дийр ду хьоьца.

– Охьаховша! – бохуш, мохь хьоькхура хIусамдас.

– Арайаккха и боьха ламаро! – бохура Мовсара.

– Охьаховшал, нах, собардел цкъа! – элира Шемала, нах карзахбевлча. – Мовсар, хьо дика хIума а йиллина, къовсавелла ву, хьуо эшна ахь ларахь, куьйгаш айъа деза, ца ларахь – кхин дIа а къовсавала веза. Хьо, тапчанца чугIерташ верг, хьайн гIуллакх доцчу а ца гIерташ? IадIе. Ахь, Нурипат, и ламаро марса ма ваха, цо итт шарахь дийццал хIума дуьтур ду хьуна тIаьхьа. Ткъа ахь, Чора, вайн самукъадаккха цхьа забаре илли ала.

ТIаккха Чорас, пондар схьа а эцна, пIелг тесира:

Дохк, мархаш текхачу, дера дерз оьгучу

Гуьйренан таьIначу доьхначу дийнахь,

Цу чохь пIаьлдиг гIодах бихкина,

Шеран кхаба гIоланах оьллина,

Мангала даха делира далара ва моша.

Делккъалца мел хьаькхнарг мачи чу йиллина,

Делкъал тIаьхьа мел хьаькхнарг лорбукъа йиллина,

Ша цIехьа дирзира далара ва моша.

Оьхучу шеташа новкъахь хатт ва бохуш,

Сийсачу ва меро новкъахь чан ва йохуш,

Шарбалан когаша новкъа нуй ва хьоькхуш,

Цу мачийн бахтарша некъан йист ва лоьргуш,

Деана цIа кхечира далара ва моша.

ЙатIлайлахь, ватIлайлахь,

Ва гай тIехь йалалай.

Латийна цIе гина, цIергахь и ца гина,

Биллина мотт гина, меттахь и ца гина,

Кхо гирда аьхьна цу ша биъна ва даьлча,

Кхо кхаба муьста шар ша цу тIе Iанийна.

Саьхьашца ва дустуш,

Туьха а тесина,

Ша дажа хиира далара ва моша.

Кхо гирда аьхьна цу ша биъна ва даьлча,

Кхо кхаба муьста шар ша мелла ва даьлча,

Йезаро биллинчу кIедачу цу метта

Набарна таьIира далара ва моша.

Мерзачу набарах доьллачу хенахь,

Набаро мерза гIан оьхьначу ва хенахь,

Ша шена ва йетташ, йоьлхуш, мохь ва бетташ,

Йеана кхечира мошанан ва йезар:

«Хьо даларг, ва дариг, ма паргIат Iуьллу хьо

Йезаро биллинчу кIедачу кху меттахь?

Лаьттаха ва тоьхна, кIудал а йохий сан,

КIудал тIе ва тоьхна, чами а бохий сан.

Эвларчу ва кIанта хьан хьоме ва йезар

Ма хала хьийзайо доьхначу кху дийнахь».

ТIехьашха топ кхетта сира сай ва санна,

ТIехьа ши куьг ва тоьхна, тасалуш гIеттина,

Божал чохь йоллу шен и мокха маIа-вир,

Гоах тIара ва тоьхна, ва уьйтIа йалийна,

Божалан тховх йохку и моан гажараш,

Ша сиха хьаьвзина, каде тIейехкина,

Ва тапча уллучу жIаммагIа оьллина,

Бустамаш духкучу ва чIимаш боьхкина,

Дера молха духкучу ва туьха доьхкина,

Ва томка духкучу хьекхоргаш йоьхкина,

Цу моан гажарах шен кетар оьллина,

Кож хьалха теттина, ша тIехьа ва хиъна,

Урх хецна йитира и мокха маIа-вир.

Ша доьдуш дIакхаьчча йоккхачу шахьара,

Мохь бетта делира далара ва моша:

«Аравала алийша эвларчу цу кIанте,

Со вала ма веъна ва цунах ва летта!»

ТIаккха аравелира эвлара жима кIант:

«ХIун дина ва хьуна, ма воьхна хьийза хьо?

Хьан карах маьрша стаг валийта ва лиъна,

Мотт бина хир бу хьан мерзачу йезаро!»

Цушиннан ва къамел чекхдаьлла далале

Гуобина летира и маса ва жIаьлеш.

Ткъес кхетча къаьхкина акхарой ва санна,

Инзаре хьаьвзира и мокха маIа-вир.

Цкъа цIингаш кхоьссина, тIенашка хIоьттина,

Цо новкъа даьккхира далара ва моша.

Урх йухаозийча, тIенашка ва хIуьттуш,

ЖIаьлеша хьовзийча, ша шалха цIингаш беш,

Цо даьхьна кхоьссира кIоргачу цу ор чу

Далара ва моша.

ВатIлайлахь, йатIлайлахь,

Хиллариг чов йоцуш, даьллариг цIий доцуш,

Ша делла Iуьллу, бах, далара и моша.

Iилалу – аьнгашка, ва лен ун легашка,

Лен сахьат хьовзийла кIиллочун ва кийра.

Ва валар хуьлда, цуьнан йезаро мотт бина,

Мотт бекха ваханчохь, жIаьлеша хьийзийна,

ВатIлайлахь, йатIлалай, йатIлайлахь, ватIлалай.

Илли чекх а даьккхина, охьабиллира Чорас пондар. ТIаккха элира:

– Аш соьга итт хаттар де, ас шуьга цхьаъ дийр ду. Шун иттанах цхьанна ас жоп ца лахь, йа сан цхьанна аш жоп ца лахь, Мовсар эшна шуна.

– Мегар ду, дукха дика мегар ду, – элира тапча йаьккхинчо, Мовсаре бIаьрг а таIийна, – и дан а, дера, деза вай. Шу реза дуй, хьоладай?

– Ду, – элира массара а.

– Уггар а хазаниг хIун йу? – хаьттира цхьаммо.

– БIаьсте, – элира Чорас.

– Уггар а токхениг? – хаьттира вукхо.

– Гуьйре.

– Делахь дика ду, борззий, газий, бецан цIоввий ду хьуна, уьш кеман чу а хаадай, хих даккхал, нагахь санна, кеман чу шиъ бен хуийла ца хилча, кхин вовшашна тIе а ца кховдуьйтуш, – элира кхечо.

Чорас цкъа хьалха газа дехьайаьккхира, йуха борз дехьа а йаьккхина, газа сехьа йаьккхира. ТIаккха цIов дехьа а баьккхина, йуха а веана, газа дехьайаьккхира.

– Хица цIан ца луш хIун йу? – хаьттира цхьаммо.

– НеIалт ду, – элира Чорас.

– Зудчо хIун ца дуьйцу?

– Ша дина бIиж.

– ЖIаьло хIун ца йуу? – хаьттира вукхо.

– Динан берг, – элира Чорас.

– ХIан, кIентий, – элира хьалагIеттинчу эпсаро, – вай, дика ойла а йеш, ваьшна тIе эхь ца догIу долчу агIора де вай хIара къамел. Эхь хетар дац шуна, оцу къелла вала воллучу ламарочуьнга шаьш эшадайтича?

– ХIан-хIа, кIентий, – элира хьалагIеттинчу Шемала, – шуна массарна а гуш, илли алар тIехь а, пхьанаш дахар тIехь а, хеттаршна жоьпаш далар тIехь а хIара Чора туьйли. Мовсарна масийтта гIала йуьйгIи. Суна хетарехь, хIара Мовсара диллина ахча Чорина дIадала деза. Реза вуй хьо, Мовсар?

– Реза ву со, амма вовшашка цхьацца хаттар дийр ду охашимма.Чорас сан хаттарна жоп ца лой – ахча сан ду. Чорас динчу хаттарнажоп ас ца лахь – ахча цуьнан ду.

Массо а резахилира.

– Хатта хьайна, – элира Чорас.

– Мацах лаьцначуьра, йехха хан а йаьккхина, цIа вогIуш хилла цхьа стаг. Ченашлахь ловзуш лелаш цхьа кIант гина цунна, шайн цIенна хьалха. «Вало, кIант,– аьлла цIа вогIучо,– хьайн дега кхаъ баккха, хьан ваша цIа вогIу алий. Хьайн нене ала лаьцначуьра хьан майра цIа вогIу».

Хьаьдда вахана кIант, дегий, неней кхаьънаш даха. И муха нисделла иштта?

Кхин ойла а ца йеш, жоп делира Чорас:

– Дас шен кIант лаьцна дIавигчахь, цIахь йисина нус шена а йерзийна, вина хилла ченашлахь ловзуш ваьллина кIант, – аьлла.

– Делахь сан хаттарна жоп ахь ло суна, Мовсар.

– Хаттал.

– Говрахь цхьана стагана тIехьа а хиъна, дIайоьдуш хилла цхьа нисйелла йоI. И гинчу наха мохь тоьхна:

– ХIей йоI, и мила ву хьан? Эхь ца хета хьуна нехан стагаца дIайаха?

ЙоI йистхилла:

– ХIокхуьнца дIайахар эхь дац суна. ХIара сан гергара ву. Кхуьнан нана, тхан ненан марнана йу. Мила хилла и стаг? – хаьттира Чорас.

Вехха лаьттира Мовсар жоп ца далалуш.

– ХIинца иза а ца хаьа хьуна? – вела а велла, элира Шемала. – Оцу йоьIан да ма ву иза!

ГIагI-аьлла бийлабелира чохь берш.

– Шемал, – элира Чорас, – Мовсара шега динчу хаттарна ахь жоп даларна дегабаам бийр бу. И дегабаам ца байта кхин хоттур ду ас. Цунна цо жоп ца лахь, иэшна лорур вуй аш иза?

– Лорур ву.

– Ши кIант хилла говрашкахь лаьтташ. Вовшашца цхьаъ къуьйсуш хилла цара, говрашкахь Iашшехь. ТIехволучу воккхачу стага хаьттина цаьрга:

– Аш хIун къуьйсу? – аьлла.

– ДIо кхор гой хьуна, воккха стаг? – аьлла цхьамма. – Оцу кхурана тIекхаччалц говраш йахийта йеза охашимма. ТIаьхьайисина говр тоьллаа лорур йу охашимма. ХIинца а сан а, йа кхуьнан а хьалха говр йолайалийта барт ца хуьлу.

– И ас хьоьхур ду шуна, – аьлла, шина а кIантана лере а воьдуш, цхьаъ-м аьлла воккхачу стага. Цул тIаьхьа цхьа хIума а дина, ша ма-йоьдду дIаэккхийтина шина кIанта говраш. Цхьа говр тIаьхьа а йисина, тоьлла вукхул. ХIун аьлла воккхачу стага берешка?

Мовсар а, чохьберш а гIоьртира дуьхе кхиа. Амма хаттарна дала жоп ца карадора. КIелсецира Мовсар, къар а велла.

– Дийцахьа хIинца, – элира Шемала Чорега.

– Воккхачу стага аьлла берешка, вовшийн говраш хийца а хийций, ма-йоьдду дIалалла.

– АллахIу Акбар, – цецвелира цхьаъ.

Шемала хьаьккхина шен ткъе итт туьма кисана а диллина, Мовсара диллинарг Чорега дIакховдийра. Ахча кисана а диллина:

– КIентий, шун буьйса декъала хуьлда, – аьлла, аравелира Чора.

Лам чу цIа вирзинчул тIаьхьа, Меликан Маржан а йалийна, дикка таро а йолуш ваха хиънера Чора. Амма гена дIа ца дахара мерза вахар.Маржана кест-кестта тIехтухура: «Хьан бахам наха сагIийна белла хьуна», – олий. Цуьнан Iиттарш кIорда а йина, Чорас элира:

– ХIан-хIа, зуда, ахь хьакхийна бод а бууш, хьоьга сан къоьлла тIех а йоьттуьйтуш, хьоьца дов дан лууш вац со. ДIасакъаста деза вайша.

Шен бахам мискачу нахана дIа а бекъна, шен пондар кара а лаьцна, кхин зуда ца йалош, валлалц, нехан самукъа а доккхуш, вехира Чора.

II. ЧОРЕХ ЛАЬЦНА ДИЙЦАРШ

Зудчунна бина хьехамаш

– Зуда, – аьллера Чорас шен зудчуьнга, – вайга хьаша вагIахь, мала хи лолахь: хи малахь – вуьзна ву хьуна, ца малахь – цуьнан марха ду хьуна.

– Вайга хьаша вагIахь, сискалца хох ма лолахь: вага а вина, йуьхьIаьржа хIуттур йу хьо, – аьллера Чорас шен зудчуьнга (Чорина хууш хилла сискал хохаца дукха йуий)

Чорас шен зудчуьнга аьлларг

Кхо котам а йийна, чудирзина хилла Чорий, цуьнан зудий. Кхано котамаш кхихкина схьайаьхча, цхьа а гIогI ца хилла.

– ХIокхеран гIогIаш стенга дахана? – аьлла, хаьттина       Чорас.

– Дан а дацара, – аьлла, йилхинера зуда.

– Зуда, хьо йелха-м йелха, меца а йолуш-м ца йоьлху хьуна хьо! – аьллера Чорас.

Лулахочуьнга аьлларг

Урамехула делха а доьлхуш доьду бер гинчу лулахочо:

– Деллахь, Чора, болар хьайчух ма тера ду-кх цуьнан, – аьллера.

– ХIаъ, – аьллера Чорас, – болар сайчух а, велхар хьайчух а тера ду цуьнан.

Вешин кIанте аьлларг

Цкъа гIабакх а лачкъийна вахана Чорин вешин кIант, кхин лачкъо дагахь, Органах сехьавала меттиг лоьхуш хиллера.

– ХIуъу дай а, сехьавала хьо, – аьллера Чорас, – дехьа вала меттиг ас лохур йу хьуна!

Лулахочуьнга аьлларг

– Ва, Чора, «валар, кхалхар, дIавалар» бохучу дешнех муха кхета веза? – аьлла, хаьттинера Чорега лулахочо.

– Нехан а, хьешан а гIуллакх деш верг кхалхар – и кхалхар ду, – аьллера Чорас. – Кхетта доьзална тIера да валар – иза валар ду, – аьллера, – ткъа, хьо санна волу стаг валар – новкъара дIавалар ду.

Йуьртахочуьнга аьлларг

– Сийсара къонахошка кхайкхича, со а вахара, – аьллера цхьамма.

– Хьо хIунда воьдура цига? – аьллера Чорас. (Хьо къонаха вац бохург хилла цуьнан и).

Кегийчу нахана бина хьехамаш

Цкъа пхьоьхана гулбеллачу кегийчу наха, хьехар де шайна аьлла, дехнера Чорега.

– Хазачу дашо лам башийна шуна, хьаставаларо къахетийтина шуна, – аьлла, дIаболийра Чорас шен хьехамаш. – Сихваларо садоккху шуна, собаро лам боккху шуна, стаг вовза лаахь – цуьнан доттагIий бовзалаш. Тийначух ма тешалаш, чехкачух ма кхералаш. Тоьлла ваха ницкъ боцуш, мерза ваха хьекъал доцуш волчу стеган мостагIий дукха хуьлу шуна, нахаца тардала гIорталаш. Улло накъост ваккхий, йоIаца ирахь Iен ма гIолаш, шаьш дийцича санна, захало мерза хир дац шуна, – аьлла, чекхбехира Чорас шен хьехамаш.

Дика тIемало

– Дика тIемало муьлха ву, ва Чора? – аьлла хаьттинера Чорега цхьаммо.

– Майралла бIонна хьалха а цалелхарг, стешхалла тIехье а цалоьцург, шен декхар дика а девзарг, шена тIедиллина гIуллакх дуьззина кхочуш а дийриг дика тIемало лерина вайн дайша, – аьллераЧорас.

Нохчий майра хIунда бу?

– Ва, Чора, нохчий массарел майра хIунда лору? – аьлла, хаьттинера Чорега цхьамма.

– И йалтин болх бу, – аьллера Чорас, – нохчаша йуург цIена хьаьжкIаш йу, ткъа кхечу къаьмнашна кIа дукхахо деза. ХьаьжкIан буьртиггий, кIенан буьртиггий цIерга биллал ахь. КIен буьртиг, «ш-ш» – аьлла, баьгна дIабер бу хьуна, хьаьжкIин буьртиг «ткъах!» – аьлла, оьккхур бу. Дийнна сискал а йиъна, араваьлла нохчо хьаьнга сацалур вара, цо цу тIе берам а малахь, цо паччахь а вохорна кхерам бу.

Сахьтах тарделларг

ГIовталан кисанара сахьт схьа а даьккхина, цу тIе хьоьжуш воккха стаг гиначу Чорас:

– Лецин ахь? – аьлла, хаьттинера.

– ХIун лецин, бах ахь? – аьллера вукхо.

– Ой, – аьллера Чорас, – сегамина боьгIна гур бацара хьан и?

ЧIебарлочуьнга аьлларг

Iаьнан шийлачу дийнахь боьзан кIайн коч-хечий а дуьйхина, хаьнтIехь кхозуш нохчтапча а йолуш, шелонна букар а воьлла, гаррехь эга а веш, лаьтташ чIебарло гиначу Чорас хаьттинера:

– ХIей, стаг, и тапча хIунда лелайо ахь?

– Сайн де доьхначу дийнахь кхосса лелайо, – аьллера вукхо.

– Дуьненора, – аьллера Чорас, – таханлерачул доьхна де догIур ма дац хьуна, дIайожайе иза!

Аьшпаш ботта а йеза говзалла

Чорас а дуьйций шена дагадоггIург, ша а дуьйцур ду-кх аьлла, ваханчу Чорин доттагIчо Iалигирас пхьоьханахь лаьттачу нахе шена стиглахь жIаьлеш леташ хезира аьллера.

Цо буьттурш аьшпаш буй хиъна нах бийлабеллера.

– И-м бакъ хила а мега, – аьллера цуьнга лаьдоьгIуш лаьттачу Чорас, – сийсара тхан лулахочун кIеза ма даьхьнера аьрзуно.

Чукхосса атта ду

Цхьамма, бегаш беш, Чорега аьллера:

– Ас бердах кхуссур ву хьо!

– Чукхоьссина Iуьллуш хилча, хьала-м ваккхалур вацара хьоьга со, – аьллера Чорас.

Дина хIума а доцуш велларг

Уллохь чIебарлой а болуш, ламанца схьавогIуш хиллера Чора.

Бердах чухьаьжча, бухахь дохк гина цхьа чIебарло:

– Вай Дала вай дийнарийн, вай хIунда ца лелху кху кIайчу бамбела, – аьлла, дIа чукхоссавеллера.

Цунна хIун хилла хьажа ваханчу Чорега: – ХIумма а хиллий? – аьлла, чукхайкхинера цхьа чIебарло.

– ХIумма а ца хилла, – аьллера Чорас, – жимма корта а кагбина, кхаанхьара букъ а бойна, когаш а, настарш а кегйина!

– Веллий? – аьлла, чукхайкхинера чIебарло.

– Вала-м чIогIа велла, – аьллера Чорас.

Къонах

– Къонаха мух хила веза? – аьлла, хаьттинера цкъа цхьамма Чорега.

– Къонах кхеллий санна хила веза, – аьллера Чорас, – кхеллий ша йиллинчохь Iа, йалта а хьекъадо, латта а хьандо.

Пурстоьпе аьлларг

– Чора, хьо соьца дIаволахьа, ас баттахь берхIитта сом ахча а лур дара хьуна, хала болх а бацара бан безаш, йоьжначу говрийн архаш ийзор бен, кхин дан дезаш хIума а дацара, кхаба а дика кхобур вара хьо, – аьллера Чорега пурстоьпо.

– Ца вогIу со, – аьллера Чорас.

– ХIунда ца вогIу хьо? – хаьттинера пурстоьпо.

– Мацалла чо чу а кхетта, хьуьнхахь лелачу барзана дерстина жIаьла кхетта хилла дуьхьал. «Хьо ма хьийкъина а, хаза а ду», – аьлла, хаьттина хилла барзо. «Со сайн дас дика леладо», – аьлла, бах, жIаьло. «Со а лелор йарий цо, болх хIун бан дезара сан? – аьлла, хаьттинера барзо. «Лелор йара, болх буса летар бен бан а бац», – аьлла жIаьло. «Ва, жIаьла, и ворта даI даьлла хIунда йу хьан?» – хаьттина барзо. Идас дихкина латтийна, хилла шена и, аьлла жIаьло. «Э, дIадаьллахь, жIаьла, – аьлла барзо, – мел дика хьегахь а, коча хIума тасар ца деза суна». Цундела, пурстоп, суна а лаьа, айса мел йоккху хан хьан архийн буйнахь воцуш йаккха, – аьллера Чорас.

– ХIуъу дича а, вогIур варий хьо? – аьлла, хаьттинера цо Чорега.

– Вацара, лаьмнех валалур вацара со, – аьллера Чорас.

– Иштта чIогIа беза хьуна хьуо вина мохк? – хаьттинера пурстоьпо.

– Пайхамар, ша ХьаьжцIа дан кечлуш и, меттиг цIанйархьама йаго дагахь, массо а садолчу хIумане кхайкхина хилла, бах, ша цIетаса воллу, аре мукъайита аьлла. ЦIе, йаьгна а йаьлла, цу арахула дIавоьдучу цунна йаьгна Iуьллуш йекхарг гина. Ша хаам ма бинера шуьга, хьо дIа хIунда ца йелира кху арара аьлла, хаьттина, бах, цо текхарге. Деллахь, пайхамар, аьлла, бах, текхарго, кху арахь да ваьхнера шен, нана а йаьхнера шен, ахь тесначу цIарал чIогIа сайн кху аренеболу безам а хилла, хIокху арара дIа ца йолуш, цIергахь йага сацийра ша. Ойла йехьа, пурстоп, шен да а ваьхначу, нана а йаьхначу махке текхарган а оццул безам хилча, со валалур варий нохчийн лаьмнех! – аьллера Чорас.

– Гора, нохчо, йаI, дIа ма вара тIеваьлла-кх хьо, – аьлла, ваханера пурстоп.

Чорас бина там

Цкъа дехьа басарчу Хьаммирзас зуда йалийча, там бохьуш баьхкинчу нахаца уьстагI а ледар бу, ахча а кIезиг ду бохуш, там беш ца хиллера йоьIан дас.ТIаккха уьш бевлла Чора волчу баханера.

– ХIан, Чора, – аьллера цара, – басара дуьйна кхуза кхечи тхо.

– Басара охьадуьйладелча, кхуза ца кхаьчна, мича гIур дара шу? – аьллера Чорас.

– Амма оха деана гIуллакх ца хуьлуш а, хьоьгара гIо оьшуш а ду, йоьIан да там бан ца туьгу тхуна, – аьлла, дIадийцинера цара.

ТIаккха, уьш тIаьхьа а баьхна, ваханчу Чорас:

– КIант, – аьллера йоьIан дега. – Хьаммирзин жа юккъера къастийна уьстагI а балийча (Хьаммирзин цхьа а уьстагI ца хиллера), и да волу дерриге ахча а хьайна схьадеача (цуьнан хила а ца хилла), там хIунда ца бо ахь?

– Ой, Чора, хьо валаве ца аьллера ас-м кхаьрга, хьоьгара хабар схьатоьхнехь а, хир дара и гIуллакх-м, – аьлла, бехказвуьйлуш, хьаьвзира йоьIан да.

– Делахь, ахь хIара там дIаэца, – аьллера Чорас, – йоI вон кхаба тхо а гIертар дац, кхаббане а ца кхобу ахь а ма ала. Нус вуон йу оха а эр дац, нуц вуон ву ахь а ма ала.

Иштта там бина, дIаваханера Чора.

«Муштакх» вон йерг

Пхьоьхана гулбелла Iаш, цхьамма дийцинера шен лулахо чIогIа дика стаг ву, шен оза хIума ца хилча, лулахо йохьуш вогIу бохуш.

– Суна-м сан лулахочо, ахча делча, а ца ло, – аьллера цхьаммо.

– Хьан «муштакх» (бага) вуон йу, – аьллера Чорас.

Билгала каш

– Деллахь, кIант, – аьллера нанас Чорега, – со йелча, сан каш массерачел а билггала хилийталахь.

– Бакъахьа ду, – аьллера Чорас, – массо а каш чурт долуш хир ду, хьайниг чурт доцуш хир ду.

Беречунна бина хьехамаш

ЧIогIа гIийла, шега делла салам дIаэца а карах ца долуш, бIаьрхиш а Iенош вогIу цхьа бере кхеттера Чорех.

– КIант, – аьллера Чорас, – хьуо реза а волуш диначу хIуманна дохко ма валалахь, наха хьайна дукха хьехарш дарх, хьайн даго къобалдиннарг бен ма делахь: хилла даьллачу хIуманний, веллачу стаганий са а ма гатделахь, хьайн виэза доттагI ца веллехь, велха а ма велхалахь.

Говрара а воьссина, Чора мара а воьллина, вела а велла, дIаваханера бере.

Говрашка хьажар

Цкъа хьешаша, говрашка хьажа аьлла, вахийтина Чора:

– ГIашсалтийн тоьпаш санна, йуза а йуьзна, чIилг йаллалц мотт а хьаькхна, нахарш а дохуш, йийшина Iохкуш йу, – аьлла, йухавеанера.

Стерчий лардар

Чора а эцна дечиге вахана лулахо, Чора стерчий лардеш некъан йистехь а витина, ша дечиг кечдан вахана хиллера иза.

Чора нахаца бегаш беш лаьтташехь, стерчий дIадаханера. Кхано тIевеанчу лулахочо хаьттинера:

– Чора, стерчий стенга дахана?

– Ца хаьа, – аьлла, белш саттийнера Чорас.

– Хьала дахарий? – хаьттинера вукхо.

– ХIаъ, – аьллера Чорас.

Новкъа ведда хьала а вахана, стерчий ца карош йухавеанчу цо:

– Чора, стерчий охьа дахарий? – хаьттинера.

– ХIаъ, – аьллера Чорас.

Новкъа ведда охьа а вахана, кхин уьш кара а ца деш, вухавеанчу лулахочо:

– Чора, стерчий хьала дахара, йа охьа дахара? – аьлла, хаьттинера.

– Хьала а дахара, охьа а дахара, – аьллера Чорас.

Дакъа дIаэцна бахар

Кира йуьртара воккха стаг ваьхьна хиллера Органо. Кхо бутт баьллачу хенахь и кара а вина, цунна марчо а дина, и дIаэцна бахана хиллера дIайхой. Кирий, и дакъа шайн дац бохуш, дIа ца оьцуш, дуьхьалбевлла хиллера.

– Стенах хаьа шуна дакъа шайн ду йа дац? – хаьттинера Чорас веллачун кIенташка.

– Тхан ден хечи тIехь телатан доьхка дара, хIокхуьнан гатанан доьхка ду.Тхан ден мара а бара жимма боца, – аьллера кIенташа.

– Дела валла шун да хьакхица, кхаа баттахь Органца лела ваханчу шун дас цхьа доьхка ца хуьйцу дарий, шелонна ийзийна, мара а ца бахбен барий. ДIаэца шайн дакъа, – аьлла, дакъа дIа а делла, цIавеанера Чора.

Чорин байна пIаьлдиг

Цкъа суьйранна дечигера вогIучу Чорин, гира охьабоьжна, пIаьлдиг байна хиллера. Новкъахь, кочахь кхозуш турмал а йолуш, цхьа стаг дуьхьалкхеттера Чорина.

– И хIун йу хьан кочахь кхозург? – хаьттинера Чорас.

– ХIара турмал йу, мел гена хиларх хIума гергайалайой, схьагойту хIокхо, – аьллера вукхо.

– Хьайтахь, сан пIаьлдиг карор бацара-те цунна? – аьллера Чорас.

– Вайна са ма дайна, хIумма а гур ма дац хьуна, – аьллера некъахочо.

– ХIан, дийнахь-м ас айса а дикаха лохур бара иза! – аьлла, дIаваханера Чора.

Нохчкелой лебар

Цкъа шен вешин бераша йохийна, несо аракхийсина кхийра пхьегIаш схьа а гулйина, уьш, дама санна, ата а аьтта, уьш дехкий дойъу молханаш ду шен аьлла, йохка ваханера Чора.

– ТIалин тIоьхьа, дийцалахь бакъдерг, миха дойъу кхара даркай? – хаьттина хиллера и молханаш оьцучу нохчкелойн зударша.

– Аш хIун дей, – аьллера Чорас, – дахка схьа а лаций, ласттабай лаьттах а тохий, хIара молханаш, лерга дохка аш: беллехь Iуьллур бу шуна, балаза белахь – дIагIур бу шуна. Iайт-Iуьйт, шайн ахча схьада аьлла, хьовзийнера Чора зударша, амма Чора ведда кIелхьар ваьллера. Кхано йуха Нохчкела вахана Чора схьа а лаьцна, Органна чукхосса вуьгуш хиллера нохчкелоша. Ша дIахьош Чорас:

– Декъачу уьн тIе ма вехкалаш, дечиг-пондар ма бехкалаш, бага шедаг ма йоллалаш! – бохуш, мохь бетташ хиллера.

И цунна ца лаьа моьттуш, нохчкелоша декъачу уьн тIе а вихкина, дечиг-пондар а бихкина, бага шедаг а йоьллина, хи чу кхоьссинера иза.

Органан тулгIеша тайнагах ловзош, ламанан шовданаша эшаршца лийчош, бердан йисте кхаьчча, ког Iуттий, йуккъе а волуш, шен шедаг а лоькхуш, воьдуш волу Чора шен йуьртахочунна, дIайхочунна, тIекхаьчнера.

– Ахь хIун до, ва Чора? – хаьттинера цо.

– Дуби-Эвла зуда йало воьду. Хьо вогIий? – хаьттинера Чорас.

– Дера, ца вогIу, хьалавоккхий хьо? – аьллера дIайхочо.

– Дера, ма ваккха, – аьллера Чорас, – айхьа хьайн хьелашна йуккъера тоьлашха болу йетт лур бацахь-м.

Йетт бала дIайхо реза а ца хилла, тIех а ваьлла воьдуш волу Чора говраш йажош волчу органхочунна тIекхаьчнера.

– Ахь хIун до, ва Чора? – хаьттинера цо.

– Дуби-Эвла зуда йало воьду. Хьо вогIий?

– ХIан-хIа. Хьалаваккхий хьо?

– Ма ваккха, айхьа говр лур йацахь.

Говр йала и реза а ца хилла, тIехваьлла воьдуш волу Чора жа дажош волчу нуйхочунна тIекхаьчнера.

– Ахь хIун до, Чора? – хаьттинера цо.

– Дуби-Эвла зуда йало воьду. Хьо вогIий?

– ХIан-хIа. Хьалавоккхий хьо?

– Дера, ма ваккха, айхьа тоьлашха болу ка лур бацахь-м, – аьллера Чорас.

– Цхьаъ хьовха, цхьайтта-м лур бу! – аьлла, нуйхочо хьала а ваьккхина, тоьхна уьстагI а бийна, дика са а къерийтина, цхьайтта ка а белла, новкъа ваьккхинера Чора.

Воьддушехь шен кой дохка Нохчкела ваханера Чора.

– Ой, хьо дийна муха висина? ХIара и кураша кой мичара довлий хьони? – бохуш, тIаьхьабевллера Чорина нохчкелой.

– О, – аьллера Чорас, – аш со чукхоьссинчу Органна чохь ма дукха дара хIорш! Сан ницкъ кIезиг хиларна, хIара цхьайтта бен ца лацабели соьга.

Чорас дуьйцучух тешаш а – ца тешаш а нах дIасабевллера.

Шен сутара волчу моллас, нах дIаса ма-бевлли, тIе а веана:

– Деллахь, Чора, хIара кой ма нисделла ду-кх хьан, кхин дарий цигахь? – аьлла, дIадолийнера шен къамел.

– Ув-вай! Iаламат дукха дара, хIор гIамаран цIарах цхьацца хиллал, – аьллера Чорас.

– ХIай беркат-йI, и ду хьуна «доьгIна рицкъа хIордан бухара а доккхур ду бохург». Iуй барий церан? – хаьттинера моллас.

– Хинненан ши йоI йара жана тIаьхьалелаш, кхин стаг вацара.

– Хаза йарий, мел хан йара церан?

– Пхийттара йаьлла хила там бара и шиъ, ша Маьлха-Аьзни ца хиллехь, цаьршиннал хаза йоI хир йацара дуьнен чохь. Ас шаьшшиъ йалийнехьара, дерриге а жа суна лора цушимма, мах бан молла а ца хилла, цIа веа со, – аьллера Чорас.

– ОстапуьруллахI! ОстапуьруллахI! – аьллера моллас. – Суна хаьа хьуна, и жа хьенан ду.

– Хьенан ду?

– И жа, хьаха, ду хинпаччахьан Нажмуддинан. Важа ши йоI хинненан йу хьуна, Маржан а, Нуржан а бохуш. Деллахь, Чора, со муха кхочур вара-те цига?

– И-м хала хIума дац, сарахь Органан йисте вола хьо.

– ХIинцца вахча мегар дацара цига?

– Мегар ду, дика мегар ду.

– Делахь, со жа хьалхалалла цхьа-ши бошто а йалош дIавогIу хьуна, – аьлла, молла чуваханера.

Дукха хан йалале, тIома кIелахь цхьа тIоьрмиг а болуш, хьалхалаьллина ши бож а йолуш, веана схьакхаьчнера молла.

– И тIома кIелахь йоллург хIун йу хьан? – хаьттинера Чорас.

– Жайнаш ду.

– ХIун до ахь царах?

– Дера, воллу хинненан мехкаршца мах бан.

– Ойт, да ма йатIа хьан! Хьо иштта хIума хууш ца хиллехьара, нохчкелойн молла а хир вацара хьо! ХIан, валол, хьо дIакхачале, са а дайна, Маржаний, Нуржаний жа жоьлашка лахкахь, сахиллалц арахь Iен дезар ду хьан, – аьлла, когах боккха тIулг а бихкина, чукхоьссинера Чорас молла. Амма молла, кIуркIмано хьовзийна, кхечахьахула гучуваьккхинера.

– Охьа буха гIо! – аьлла, мохь тоьхнера Чорас. ТIаккха, шен болчу ницкъаца тIамарш, когаш тоьхна, молла кхин гучу ца ваьллера.

Молла цIа ван хьевелча, денна а йогIуш хиллера моллин ши зуда и хатта Чора волчу. Уьш кIордийначу Чорас, молла велла аьлла, дIааьллера. ТIаккха моллин шина зудчо барт бинера Чора вен. Кхано Чора, виц а велла, Нохчкела ваханчу хенахь моллин шина зудчо, йуьртарчу зударшца барт а бина, схьалаьцна Чора, гали чу а воьллина, вен вигнера, хIара гали чу а воьллина, тIеда хьокхий диттина вен веза вай аьлла, Чора охьа а виллина, зударий хьокхий даха баханера. Некъана йистехь Iуьллучу Чорина шортта кIадий а дохьуш вогIу нохчкелойн къеда тIекхаьчнера.

– Хьо хIун йу, гали чохь йерг? – хаьттинера цо.

И озах вевзинчу Чорас:

– ГIовгIа ма йе, со вай и-м, ва къеда, – аьллера.

– Хьо хIун деш ву?

– Моллин шина зудчо, шен-шен майра хила бохуш, кху чу а лачкъийна воллу-кх.

– Чора, со валийтахьа цу чу.

– ХIан-хIа, цушиннах цхьаъ суна йезаш йу. Важа йицйеллачу хенахь, сайна йезачуьнца гIуллакх дIатосур ду ас.

– Муьлха йу хьуна йезарг?

– Жимах йерг йу.

– Ой, и-м суна йезарг ма йу! Хьайн десара, со валийта цу гали чу!

– ХIан-хIа, гIуллакх хир дац.

– Ас хIара кIадий, ши говррий, хIургонний ло хьуна.

– Схьавало, делахь, – аьлла, таIIийна къеда гали чу а воьллина:

– Хьайна хьокха тохахь, майра хир ву аьллахь, – аьлла, Чора дIаваханера.

Кхано схьабаьхкинчу зударша хьокхий тIедетта долийнера.

– ХIей, собар, собар, со хир ву шун майра! – бохуш, мохь бетташ хиллера къедас.

– Хьо войла Дала хIаллак, хьайн дагахь дерг кхочуш-м ца ден делахь! – бохуш, зударша хьокхий диттина, вен а вийна, Органна чукхоьссинера къеда.

ВорхI вешин йише аьлларг

– ЧIаьнта чохь цIарна цIе а йахана, хазалла йуьйцуш хиллера цхьана ворхI вешин йиша. Мел башха стаг цуьнца къамел дан вахарх, цо тергал веш а ца хиллера. Цо шайна йен куралла кIордийначу наха Чорега дехнера шайна гIодар. Вахначу Чорас, йоIе ирахь Iен йола аьлла, хабар дахьийтинера. Амма вукхо, ца йогIу ша аьлла, йухайахийтинера зуда.

ШолгIачу дийнахь дешех, детех лепаш, башха кечйелла, кхин долу зудабераш генна тIаьхьа а долуш, хи тIе йогIуш иза а гина, дуьхьалваьллачу Чорас аьллера:

– Деллахь, йоI, хьан санна хаза сибат а, оьзда дегI а, товш духар а долчу адамехь гIиллакх товш дара-кх, цкъа-шозза хьоьга вистхила мегар дарий? – аьллера.

– Чергазийн раьгIнашкахь реманаш лохкучу дийнахь, бедарех хьацаран йоьлла телатан хьожа дIайалаза волчу кIанте бен дIахьажо бешар болуш бац сан корта, хьаша, – аьллера йоIстага Чорега, схьа а цахьожуш.

– ЭхI! – аьллера Чорас. – Ма доккха гIалат даьлла-кх соьгара!

– ХIун гIалат ду иза, хьаша? – хаьттинера йоIстага.

– Со кхуза вогIуш, новкъахь кхекхашна дабагI деш бохкура жуьгтий, хьо иштта стаг йуй хиънехьара, царна, сом а делла, сайн бедаршна дабагIа дойтур дара-кх ас, – аьллера Чорас.

Гонах лаьтташ болу кегий нах, и хазахетта, бийлабелира. ТIаккха кIудал а, чамий а охьа а тесна, шен вежаршка орца даккха йаханера йоI. Амма тоьпаш а,тарраш а даьхна вогIу ворхI ваша дуьхьалбевллачу кегийчу наха, Чорех пIелг тохахь, шаьш декъий дохьуьйтур ду шун аьлла, йухаверзийнера.

Цу сарахь доккха ловзар а дина, йуьртахь мел йолу хаза йоI а гулйина, хьуна йезза йоI йоуьйтур йу шаьш, аьлла, сакъера хаийнера кегийчу наха Чора. Амма Чора, мехкаршна а, кегийчу нахана а баркаллаа аьлла, цIа ваханера.

Хазалла йийцина, куралла ситтина йолу ворхI вешин йиша, кхин ирахь Iен стаг а ца вогIуш, къан а йелла, ворхI бер а, зуда а долчу къеначу стаге маре йаханера.

Цхьана хIоьаца сискал йар

– Цхьана хIоьаца вуззалц сискал йуу ас, – аьллера дубиэвлахочо.

– ХIоа дан йахана котам буьн чохь Iашшехь, ас а йуу, – аьллера Чорас.

ХьошалгIа вахча аьлларг

Цкъа Теркайисте хьошалгIа ваханчу Чорина хIусамнанас:

– Деллахь, бехк ма биллалахь, кхо тIеда долуш, йатта ца йели хIара, – аьлла, буьйда сискал хьалха йиллина хиллера.

– Деллахь, – аьллера Чорас, – со-м йууш а, ца йууш а дIагIур вара, оцу шун аттана чуьйна кхетахь, аш хIун дер-те?

Шен вешега ахча дехар

Цхьана хIуманна ахча эшна, шен ваша волчу ваханчу Чорас:

– Деллахь, ма дика ду-кх наха хьан дика цIе йоккхуш, – аьлла, дIадолийнера къамел. – Хазахийти суна, тховса пхьоьханахь наха хьо, комаьрша ву бохуш, хестош хезча.

– Дера, наха дика ву алар а дика ма ду, комаьрша ву алар а дика ма ду, комаьрша хилча, стагана шена а дика ма ду, сайн долу хIума-м кхоор дацара ас бусалбанна а, керстанна а, – аьллера вашас.

– ХIаъ, – аьллера Чорас, – иза-м суна а, хьаха, хаьара, наха ца дийцича а, цундела веана со-м хьоьга цхьа туьма деха.

– Вистина лолда хьо, дIа ца эцча-м, цундела дуьйцуш хилла-кх хьан и шера хабар! – Чорина тIечевхинера ваша.

– Деллахь, суна кхин тIе ма чехалахь, – аьллера Чорас, – нахана хьо суначул а дика вевза хьуна. Тховса, айса бен, цхьамма а хьо диканна багах воккхуш а ца хезна суна!

Къечу стеган кечвалар

– Ва, Чора, къен стаг муха кечвала веза? – аьлла, хаьттинера Чорега цхьамма.

– Къечу стеган кечвалар маж йашар ду, башха къахьега а ца оьшу цо, – аьллера Чорас.

Айса-сайна

Цкъа шена цу ахьа хьера вахана, буьйсанна товханна хьалхахь дума боттуш Чора а волуш, шен кIорнешца чоьхьайаьллера йилбазан нана Панк-Панк. Чорин дуьмех охьабужуш болу даьттанан тIадам, «Элимис даргада, лаптIарш боккхаба!» – олий, хьалакхоллуш хиллера Панк-Панка.

– ЦIе хIун йу хьан? – хаьттинера Чорас.

– Панк-Панк йу, хьан цIе хIун йу? – хаьттинера йилбазийн нанас.

– Айса-сайна йу, – аьллера Чорас.

– ЛаптIарш боккхаба, – аьлла, Панк-Панк дуьмана тIекхетташшехь, ластийна Чорас и цIийбина дума бетах тоьхна, йерриге а бат йагийнера цуьнан.

– Ва орца дала! – аьлла, мохь а хьаькхна, араиккхинера Панк-Панк, хьера чуьра шен кIорнеш а эцна.

– ХIун хилла хьуна, ва хIун хилла? – аьлла, хаьттинера орцах даьхкинчу йилбазаша.

– Ва, Айса-Сайна туьйхи, Айса-Сайна туьйхи! – аьллера Панк-Панка.

– ХIумма а дац ахь айхьа-хьайна тоьхнехь, – аьлла, йилбазаш дIадаханера.

Верг а, воцург а

– Чора, хьо волу мел хан йу? – хаьттинера цхьамма.

– Деллахь, со волу а, хьо воцу а дукха хан ма йу, – аьллера Чорас.

КIентий

– Ва Чора, дикачу ден вуон кIант тоьла, йа вуочу ден дика кIант тоьла? – хаьттинера цхьамма.

– Вуочу ден дика кIант шен ден цхьа амал йоцуш хир вацара, дукха вехийла-кх дикачу ден вуон кIант, – аьллера Чорас.

Шарочуьнга аьлларг

– Стигала довлий вай? – аьллера цкъа шарочо.

– ДIавалахьа, – аьллера Чорас, – лами ца хIоттийча тхов тIе а ца валалуш волу хьо, стигала муха валало!

Шен цIийне аьлларг

– Дуй баха хьо хIусамах! – аьллера Чорас, уллохула тIехволуш шен даьсачу цIийне а хьаьжна.

Дуьненан нана

– Ва Чора, дуьненан нана мила йу? – аьлла, хаьттинера цхьамма Чорега.

– Дуьненан нана – нана йу, амма хьайчул Iовдал нана-м йац цхьаннен а, – аьллера Чорас.

Зуда хIунда ца йалайо

– Ва Чора, зуда хIунда ца йалайо ахь? – аьлла, хаьттинера цхьамма Чорега.

– Лаьттахула леларш бало со а ца веша, стиглахула леларш бан а бац, – аьллера Чорас.

Берашна баийна цу

Шен вешин бераш чу а далийна, хьалха цу хIоттийна хиллера Чорас.

– Ваша, даьтта хIунда ца туху ахь цунах? – аьллера цхьамма.

– Даьтта тоьхна хилча-м, ас бецаш а йуур йара, шайна безахь цу баа! – аьллера Чорас.

Къанделча беттасах хIун хуьлу?

– Ва Чора, къанделча беттасах хIун хуьлу? – хаьттинера цхьамма.

– Велла вала хьо, и а ца хаьа хьуна? Дала, этIа а дой, седарчий до-кх, – аьллера Чорас.

Седа-жайна хьажар

Цхьана сарахь йеанчу Чорин лулахочун зудчо аьллера:

– Деллахь, кIант, хьо седа-жайна дика хьожу бохуш, хезнера суна, хьажахьа суна а.

– Со седа-жайна хьажийта йеана хьо? – хаьттинера Чорас.

– Йеана.

– Бакъхьа йеана, хьажа веза, – аьлла, цу чуьра охьа а боьхкина, пIаьлдиг коьртах а боьллина, араваьлла Чора стигала хьежа волавеллера.

– Ахь хIун леладо, ва кIант? – хаьттинера зудчо.

– Хьан кхолламан йоза тIехь долу седа лоьхуш ву со, – аьллера Чорас.

– Карийн хьуна? – хаьттинера вукхо.

– ХIаъ.

– ХIун ду, ва кIант, цу тIехь йаздина?

– Хьан хударах галнаш хуьлу, хьан галнех худар хуьлу, хьан йижар маьркIажехь ду, гIаттар гIушлакхехь ду, йуьжуш гIумгIа йуьзна хуьлу, гIоттуш йаьсса хуьлу, йуьжуш тас деса хуьлу, гIоттуш дуьзна хуьлу бохуш, ду-кх цу тIехь, – аьллера Чорас.

– Дела къорIанор, дац и цу тIехь! – аьллера зудчо.

– ВаллахI, ду и хьуна тIехь-м, – аьлла, чекхдаьккхинара седа-жайна хьажар Чорас.

Лацар

Цкъа, ДIай а вахана, нахаца къамел деш хиллера оьрсийн пурстоп, цо ден къамел гочдеш уллохь стаг а волуш. Цхьа хан йаьллачу хенахь, Чорина тIе а вирзина, цхьа хIума аьллера пурстоьпо.

– ХIун бах цо? – хаьттинера Чорас гочдечуьнга.

– КIечиле схьакхайкха бах, – аьллера вукхо.

ТIаккха вахана Чора, гулбеллачу нахе хьоьжуш хиллера. Цхьана агIора оьллина тур а долуш, йукъах йихкина шаьлта а йолуш хаьнтIехь нохчтапча а йолуш, лаьттачу стагана тIе а вахана:

– Хьоьга пурстоьпо кхойкху, – аьллера Чорас.

Иза а эцна тIевахча, ша хIокхуьнга ца кхойкху, КIечиле кхойкху аьллера пурстоьпо.

– Деллахь, пурстоп, – аьллера Чорас, – хIара а КIечил вацахь, суна-м ца хаьа иза мила хир ву.

ТIаккха гуттар а тIечехаш, пурстоп шега лен ваьлча:

– Дависа хьан, ма ка бу-кх хьо! – аьллера Чорас.

– ХIун бах цо? – хаьттинера пурстоьпо.

Гочдечо:

– Баран, бах, – аьллера.

Ткъа Чора, пхи шо хан а тоьхна, чувоьллинера.

Сибрех дIа а вахийтина, хан токхуш волчу Чорина цхьана гIалгIачо паччахье заявлени йаздеш гинера.

– Суна а йаздехьа и, ас боххург тIе а дуьллуш, – аьлла, дехнера

Чорас гIалгIачуьнга.

– Схьадийца, йаздийр ду-кх вайшимма, – аьллера гIалгIачо.

ТIаккха Чорас дIайаздайтинера: «Стиглан а, лаьттан а дуьхьа, маьлхан а, беттан а дуьхьа, сел сийлахь хьуо виначу хьайн ненан дуьхьа, дуьненан доладар хьайн карадерзийначу хьайн ден дуьхьа а, даржехь хьуо вазван ницкъ кхачийтинчу вайн Делан а дуьхьа, хи чуьрчу чIерачул а бехк боцуш волу со кху балех хьалха валийтахьара ахь. Со хьалха валийта хьайн ницкъ ца кхачахь, хьуо паччахь воций а хаалахь!» – аьлла.

Цул тIаьхьа масех шо а даьккхинера Чорас Сибарех, ткъа паччахь хIара мукъа валийта дагахь а ца хиллера. Амма, амнист а йаьлла, паргIатваьккхинера Чора. ЦIерпоштаца ша Грозный гIала схьакхаьчча:

– Носильшики, ко мне! – аьлла, мохь тоьхнера Чорас.

Кхуьнгахь шайна мехах дIайахьа хIуманаш йу моьттуш, бевдда схьабаьхкинера вуьш.

– Вы свободны? – хаьттинера Чорас.

– Свободны, свободны! – аьллера вукхара.

– Йа тоже свободен! Да здравствует свобода! Разойдитесь! – аьлла, уьш дIа а лаьхкина, цIа ваханера Чора.

Атта болх

– Хьо сарралц кисана куьйгаш а доьхкина ма лела, болх хIунда ца бо ахь, наха санна? – хаьттинера Чорас шен лулахочуьнга.

– Дера, вац со, атта болх бацахь, цунах куьг дIатухур долуш, – аьллера вукхо.

– ХIан-хIа, хьо иштта лелахь, карор бац хьуна атта болх, – аьллера Чорас. – Хьайна атта болх безахь, эцца баса хьала а валий, чай-пешаш лахьаде.

–ТIера са йер йуй суна? – хаьттинера вукхо, Чорас дуьйцург баккъала а цхьа хIума ду моьттуш.

– Хьайна са йолу болх безахь, котамашна тевнаш а дохкуш, хIоаш дохка, – аьллера Чорас.

Берам

Цкъа Теркал дехьа шен доттагI волчу хьошалгIа вахана Чора. Чохь хьийзаш йолчу хIусамнанас, къилбаседа санна, сирла, чухьаьжча сурт а гуш болу морзин муьста цIалкъа-бераммий, маца йина а хуур доцуш, йакъайелла сискаллий хьалха хIоттийна хIокхунна. Дикка оцу бераме а хьаьжна:

– Деллахь, бан-м ас схьавогIуш цIахь биттинарг ма бара хьо, хих дIа ца уьйш, Теркал сехьа а баьлла, суна тIаьхьа муха кхечи ца хаьа-кх! – аьллера Чорас.

Зуда йеха вахар

Цкъа доттагIчо, кхайкхина схьа а валийна, молханан метта чIижаргIанна чуботта а мегар болу, туьран метта баттара баккха а мегар болу морзин муьста бераммий, сискаллий хьалха а хIоттийна, шен кIантана йоI йеха ваха веза хьо аьлла дIахьединера Чорега.

– ХIан, – аьллера Чорас, – кху тIе йола а боху-кх, ца йеача, хIунда ца йеана бохуш, нах а хьийзор бу-кх аш?

БIагорна жерочуьнца ирахь Iен вахар

Мацах МаIа-Макажарчу КIохцалган КIоцин Лабазан жеро гIенах дуьхьалтесна, са кIоже кхаьчна, ойла пана йаьлла, дог дегIах дала гIерташ, лелаш волу ТIокказан БIагор Чора волчу ваханера, жерочуьнца ирахь Iен вола шеца аьлла. ВогIур ву аьлла, Чора тIе а тайна, МаIа-Макажа ваха новкъаваьллера и шиъ.

Макажа дIакхаьчна хIара шиъ, цIарна а цIейахана волчу Сартан СирбетIаргIеран хIусамехь сецнера. Сартан СирбетIаран зудчуьнга Салайхьате кхайкхина КIохцалган КIацин Лабазан жеро схьа а йалайайтина, къамел дан волавеллера Чора.

– Жеро, – аьллера Чорас, – дуьненан дахаран къамел йукъадалале хьалха хIара сайн накъост ТIокказан БIагор а, кхуьнан бахам а хьуна бовзийта луур дара суна. Реза йуй хьо?

ТIокказан БIагоре а хьаьжна:

– Ваттай, БIагор, хьо вац иза? Хьох сайна цхьа дика болх бер буйла хууш йара со. Йу со-м реза, – аьлла, гай тIе къажйина чIешалг Iоьттича санна, сеттина, йелакъежнера жеро.

– Хьо йелакъежа оьшуш хIума а дац кхузахь, – аьлла, дIадолийнера Чорас шен къамел. – Ши эзар кIур болучу йоккхачу шахьар чохь керла бахам буьллуш дина, малхбале а дирзина лаьтташ ши цIа дукхуьнан, гонаха йаьлла логгец йогIуш буц а йолуш. Оцу цIенойн лакхахьа агIор, малхбузехьа дерзийна дина, эрз тIе тоьхна рагIу а ду кхуьнан. Оцу рагIу кIел теттина, тагIе а кагйелла, Iаьрчаш тховх а гIоьртина лаьтташ, говр-ворда а йу кхуьнан. Милкаш а кегйелла, тIера хIазарш охьа а девлла йолчу оцу ворданан шина чкъургах дехьий-сехьий йихкина, цхьацца кIорни тIаьхьа а долуш ши котам а йу кхуьнан. Стиглахула доьду олхазар чекх а далалур доцуш, кертахь йевлла йараш а йу кхуьнан, цу йуккъехула дIадоьдуш, акха хьакхарчий лелча санна, некъан тача а ду. Гам хьаькхна йаьккхинчу хьокх тIе хьеран хIур а боьхкина, цу тIе мотт а хьоькхуш, хIоралла далла доллуш, «гIалх» масазза эли, багара и хIур дIа а оьхуш, тайша зуд а ду кхуьнан. Хьалхарчуй, тIаьхьарчуй шина когана астагIа йолуш, къийгаша зIакарш йиттина букъ а аьгна, йижинчохь мукъадехкаша цIога а диъна, цIагара а йолуш, йижа а ца лууш, йижча – гIатта а ца луш къаналла, къийган тIоммал лахара чилдакх а оллийна, сира кхиэл а йу кхуьнан. Йакхалла йай а лелхаш, хьогалла балдаш а лелхаш, мацалла чо тIе а теIаш, къелла букъ а сетташ, йечу ойлано коьрте ов детташ, буса йаанза йисина сискалан йуьхк (иза а, нагахь санна хилахь) Iуьйранна йох а йеш, сахуьлу седа санна, сирлачу, чухьаьжча, сурт а гуш болчу муьстачу морзин цIалкъа- берам чу а Iуьттуш, цIийнан пен баьттIачухула чухьоькхучу гуьйренан шийлачу махо баьрчехь кхозу йаьсса туьта а ловзош, йахар хир ду-кх хьан хIокху ТIокказан БIагоре йагIахь. Кхин цхьана хIуманна тIехь а аьтто хир бу хьуна хьан. Нагахь, бIо беана йурт йоккху аьлла, йа хи хьаьдда, цIа хьо аьлла, меттиг хилча, чуьра бахам араидош къахьега а дезар дац хьан. Цхьа кIохцалан колл кара а лаьцна, хи чу Iоьттина, и чухула а хьавзийна арайаьлчахьана, йели-кх хьо хьайн дерриге а дезарш дина! Цхьабакъду, цу тIе летта гезган машанаш ахь гена ца дахахь, махо чу-м кхоьхьур ду хьуна. Дакъазалла хьаьхначарах хьол хьалхайаьлла, хIара хьал тхоьгара дIаэца тхуна зуда а ца карий, кхул тIаьхьа хиндолчу ойла айхьа а йийр йу-кх ахь, – аьлла, хьала а гIеттина, Чора араваьллера.

– Ва хьо валарг, вариг, со нахала ма ваьккхи ахь жерочунна хьалха! – аьлла, хьаьвзинера Чорина тIаьхьа араваьлла ТIокказан БIагор.

– Деллахь, ца ваьккхи, – аьллера Чорас. – Ас хьуна хьан дан доцу ков-керт а делча, лата тайша зуд а делча, гIийла йелахь а, йожа алаша а йелча, ворда а йелча, ши котам а йелча, кхин хIун оьшура хьуна, хьо вистина валарг!? Хьо ма Iабалахь, ю хьайна дашо гIала ца йоьгIча. Гур ду хьуна, ас ша лейо моьттуш, иза хьоьга йогIуш.

Цул тIаьхьа дукха хан йалале жеро йан а йеанера ТIокказан БIагоре.

КъинтIера волуш аьлларг

Лулахь цхьа вуон зуда а нисйелла, цо даима а девнаш дохуш, хьийзош хилла Чора. Мухха а и зуда, цомгаш а хилла, кхелхина. ТIаккха майрачо къинтIера вала вагIахьара хьо аьлла, вахана докъе хьаьжначу Чорас:

– Ва хастам хила хьуна, Дела, – аьллера, – хIокху зудчух хIара дан Хьайн ницкъ кхоччушехь, хIинццалц со хьийзавайти-кх Ахь кхуьнга!

Пхьагал

– Деллахь, Чора, хIара кхоалгIа де а ду-кх сан цергаш лозуш, хIун дича гIоли хир йара-техьа? – аьлла, хаьттинера цхьана зудчо Чорега.

Ша хIун эр ду а ца хууш, Чорас аьллера:

– Ахь пхьагал дага ца йаийтахь туьйр йу-кх хьан уьш.

Цхьа шо даьллачу хенахь новкъахь и зуда гинчу Чорас цергаш тийний хьан аьлла, хаьттина хиллера.

– Цергаш тийна-м дукха хан йара, шен да велла йисарг, и пхьагал дагара ца йолу-кх! – аьллера зудчо.

Тамашийна хIума

– Деллахь, ма тамашийна хIума гира суна! Беттаса кхеттачу сирлачу буса ламанан басахь кIарул Iаьржа марха йар-кх сийсара, – аьллера цхьамма.

– И-м, тамашена хIума дацара, тамашена, хьаха, ду кIарул-Iаьржачу котамо шурул-кIайн хIоа дар, – аьллера Чорас.

Шун дена-м неIалт хилахьара

Цкъа, вешина воI вича, ги ага а доьллина, воьдуш волчу Чорас пхьоьханахь лаьттачу нахана тIекхаьчча:

– Деллахь, эхь дуй-техьа суна хIара ага ги а доьллина лелча? – аьллера.

– Дера дац хьуна-м, тхуна делахь а, – аьллера, кхунах цавешаш, цхьамма.

– Суна ца хилчахьана, шун дена-м неIалт хилахьара, – аьлла, дIаваханера Чора.

Хуьнжар

Цкъа мацах Чора волчу хьошалгIа веанчу цхьана чIебарлочун охьакхозуш деха хуьнжар хиллера.

– Деллахь, хьаша, – аьллера Чорас, – и хьайн хечин хуьнжур къайладаккхахьара ахь, сан хIусамнана шена гина хIума ца йехча Iалуш йац.

Гелдаганара

Новкъа воьдучу Чорина дуьхьалкхетта хилла цхьа стаг.

– Хьо мичара ву? – хаьттина Чорас.

– Гелдаганара ву-кх, – аьлла вукхо.

– Ахь иза тIекIел кхузза аьлча, ма дика хелхавер вара цуьнца, вота тоха а ца оьшуш, зурма лакха а ца оьшуш, – аьлла дIаваханера Чора.

Букара синкъерам

– Ва Чора, и «букара синкъерам» муьлхачух олуш ду вайн? – аьлла, хаьттинера пхьоьхана гулбеллачех цхьаммо Чорега.

– Чоьхьаволучу хенахь: « Охьа таIIий воьллахь, корта дIатухур бу ахь!» – бохуш, чуьра схьакхойкхуш цхьаберш а болуш, чоьхьа кхевдина ког лаьтта охьа ца кхочуш, гарт-гирттанехьа нах тIекIел а лелхаш,«Ассалам Iалайкум!» – аьлла, ахь салам делча, «Ва Iалайкум салам!»бохуш, дуьхьал кхойкхург муьлхачу сонера кхойкху а ца хууш, пенаца раз доьгIначу дечиган доккхачу текха чу лалийна дилхан даьтта а доьттина, бадала йоьллина бехчалг цу чохь йогуш, халла лепачу серлонгахь тесна къажбеш тIаргIа а болуш, ийна охьаховшийна мехкарий а, кегий нах а болуш, уьйзучу цигаьркийн кIуьралахь вовшийн гуш сибат а доцуш, вистхилларг бен вовза йиш а йоцуш, локхуш берг дечиг-пондар а болуш, вотанан метта тухуш дерг ширачу шаьлган тиша негIар а долуш, наггахь сонтачу нохчочо «горров!» бохуш йожош нохчийн мажар а йолуш, цо човхийна чиркх байначу бодашлахь дуьхь-дуьхьал кхийдош шоганний, ховханний куьйгаш а долуш болчу синкъерамах «букар синкъерам» олуш ду-кх вайн,– аьлла, жоп деллера Чорас.

Весет

Цкъа Чора чIогIа цомгаш а хилла, цунна тIехь лаьтташ болчу цуьнан гергарчу наха леррина дехнера Чорега, весет дахьара ахь, аьлла.

– Шуна иштта лууш делахь, дийр ду ас весет, – аьлла Чорас. – Со велча, соьца коша вайн эвларчу Хаьммирзин йоI а, кхаа денна йаахIума а, мала хи а диллалаш.

– Ой, дIавала, – аьлла, боьхна хьаьвзинера тIехь лаьттарш. – Хаьммирзин йоIана луур дуй хьоьца коша йан?

– Шен дена неIалт хуьлда-кх, лаа а лууш цига воьдучунна! – аьллера Чорас.

Дума

Цкъа мацах базара вахана, цхьа боккха дума а эцна, и, туьха а тесна, уча хьала а оьллина, Чорас бахьарна кхоьруш, и ларбеш Iаш хиллера Чорин доттагI. Цо и шех ларбеш буй хууш, хIуъу дина а лачкъоза Iийр ма вац ша аьлла, шен лулахо а эцна, вахана гIундалгIешна йуккъе дIалечкъина Чора, Iалигира учара дIаваьллачу меттехь дума хьор-кха ша аьлла.

ХIорш иштта вовшийн ларбеш са а дайнера. Эххар а, веанчу лулахойн кIанта кхайкхинера Iалигире, хьоьга дадас чехка схьавола, бах, аьлла.

– Хезий хьуна, хIей? ХIара дума чухьолахь, Чора тIекхачахь, дIахьур бу хьуна цо. Со, лулахошка а вахана, сихха вуха вогIу? – аьлла, Iалигира къайлаволлушехь, катоьхна дума а эцна, дIаиккхинера Чора.

Шен учахь кхозу дума дагахь боллучу Iалигирас доцца хадийнера лулахочуьнца долу къамел. Ма-ваддало ведда, цIа веана, уча хьалаваьллачу цунна дума ца карийнера.

–ХIей, хезий хьуна? Дума чуийцирий ахь? – хаьттинера Iалигирас.

– ХIан-хIа, – хIинцца чу хьур бу, – аьллера, схьакхайкхинчу зудчо.

– Хьо ма йаха йеха, бахьийти-кх ахь! – аьлла, дуьхьалболчу новкъа ведда Чорина тIаьхьаваханера Iалигира. Iалигира Чорина а, цуьнан лулахочунна а тIаьхьакхиъча, дикка Iаржйеллера. Масех гIулч бен йукъ йоцуш, хьалха дIаоьхуш волу и шиъ халла бен ца гора цунна. «Деллахь, летча, хIокхушиннал тоьлар а ма вац, хIун дина схьабоккхур бара-те дума? – бохуш, Iалигира цаьршинна тIаьхьа схьавогIуш:

– ХIан, Эдалсолта, дIалацал хIара дума, со схьавогIу хьуна аьлла, дIабеллера Чорас дума лулахочуьнга. «Ватталаш, хIинца-м дума ца буу хьуна ашшимма», – аьлла, Чорин лулахочунна тIаьхьа а кхиъна:

– Схьало, ас бохьур бу хIинца, – аьлла, ша Чора волчуха дума схьа а эцна, соц-соцуш тIаьхьа а сецна, шен дума а эцна, йухавирзина Iалигира.

Сихха тIаьхьакхиънера Чора лулахочунна.

– Iалигира, миска, Iа хир ву вайшинна оьгIаз а оьхуш, дума баьхьна шен бохуш, гIийбаташ а деш, амма дуьмах цуьрг-м ца йоьгIна хьуна цунна, – аьлла, дIадолийнера Чорас. – Схьало дума, хьо гIелвеллехь, ас бахьар бу хьуна.

– ХIун дума-а? – аьлла, цецваьлла, Чорега хьаьжна Эдалсолта.

– ХIун дума? Ас хьоьга дIа ца белира хIинцца дума? – хаьттира Чорас.

– Ой, ас хIокху сохьта йуха дIа ма белира иза, ахь тIаьхьа а кхиъна, схьало аьлча, – элира Эдалсолтас.

– Кхо тIе къажа хьо делаI! Ма левайти-кх ахь вайшиъ Iалигире! Амма дума-м ца буу хьуна цо! – аьлла, чоин тIемаш хьала а лаьцна, ма-ваддалу йуха а ведда, Iалигира цIа кхачале, вахана церан сени чу лечкъинера Чора.

– ХIан, хезий хьуна, дIаэца дума, со говрана хьалха хIума йуй хьажа воллу, – аьлла, сенин неI схьа а йиллина, чукховдийнера Iалигирас дума. Меллаша куьг схьа а даийтина, дума дIаэцнера Чорас. Говрана хьалха хIума а тесна, чувеанчу Iалигирас:

– Дума дIабиллин ахь? – аьлла, хаьттинера шен зудчуьнга.

– Ва къонах, и хIун дума бу ахь соьга тахана буьйцуш берг, сан бIаьргашна-м ма ца гина цхьа а дума, – аьллера зудчо.

– Хьажахьа, йуха а леви-кх со цо! – аьлла, араиккхина, Чорина тIаьхьа ваханера Iалигира. Кхин новкъахь царна тIаьхьа ца кхуьуш, вахана Чора Iачу цIен тIе кхаьчча, кор тIе а къевлина, йай чохь кхехкош дума а болуш, товхана хьалха галнаш йеш лулара зуда а йолуш, лулахой а гулбина, паднара тIехь саьрамсекх отуш Чора гинера Iалигирина.

«Кор-неI дIа а къевлина, шу чIагIделлехь а, сан дума-м ца буу шуна аш!» – аьлла, вахана цхьа беха гажар а баьккхина, и йуьххьера ир а бина, тхов тIе а ваьлла, товханан туьнкалга улло охьахиънера Iалигира.

Товханна хьалха галнаш йеш йолу зуда хьала ма-аййелли, туьнкалгах чу а бахийтина, гажар, Iоьттина йай чохь кхехкачу дуьмех чекх а баьккхина, меллаша хьалаэцна, дума шен чоин тIома а биллина, цIа ваханера Iалигира.

Галнаш йина йаьлча, дума йай чуьра схьа а баьккхина, уьш чу таса дагахь чоьлпа хьовзийначу зудчунна йай чохь дума ца карийнера.

– Ва Чора, сан бIаьргашна ган а гуш, хIокху йай чохь кхехкаш дума а ма бара, хIинца бан а ма бац! – аьллера, цецйаьллачу лулахочо Чорега.

– Бац, хьо йаха! Суна хаьа шуна и хIун ду-м. Со схьаваллалц дIа ма гIолаш, аьлла, араиккхина вахана, Iалигира цIа кхачале церан корах чу а ваьлла, дехьачуьрчу паднара кIел лечкъинера Чора.

– ХIан, зуда, хIара дакъа тховса вайшимма дуур ду, ткъа хIара, бахьа а хьой, вайн дехьа чуьрчу паднара кIел дIалачкъабелахь, – аьлла, схьайаьккхина шаьлта хьаькхна, шаьшшинна даа доккха дакъа схьа а хадийна, зудчуьнга дIабеллера цIа кхаьчначу Iалигирас дума. Вукхо иза цхьана текха а биллина, дехьа чу а баьхьна, Чора волчу паднара кIел теттинера. Дика Iалигирий, цуьнан зудий дума баа охьа а хаийтина:

– Iалигира, хьайна тIе мала дуьман чорпа оьшуш хилахь, хьайн доттагI волчу зуда йаийталахь! – аьлла, шен дума а эцна, корах ара а иккхина, ваханера Чора.

Чора йоIа кIелхьараваккхар

Цкъа мацах дехьа йистерчу Дабин ДIамбузан воIана МаIа-Макажарчу Манкъин Миназан йоI йеха вахана хиллера Чора.

– ХIан-хIа, сан йоI хIинца а жима йу, цаьрца тарлур а йац, лела а лур йац. Вешин цIе Хьокха йу, йишин цIе Сара йу, шичин цIе Борз йу, маьхчин цIе Газа йу. Церан и шайтIанан цIераш а кхабалур йац цуьнга, йуьхьIаьржа хир ду тхо, – бохуш, чIогIа дуьхьалваьллера Миназ.

– Деллахь, Миназ, зударшкахь долу зуьдаллий, шайтIаналлий йилбазан нене Панк-Панке а ца дустаделлера, хьан йоIана мотт кхаба а, Iен а, йаха а хуур дара, ас доьху дехар лахьара ахь! – аьлла, дехнера Чорас.

– ХIан-хIа, гIуллакх хир дац цунах, – аьлла, Миназ чIагIвеллачу хенахь:

– Дада, ва Дада! Тухарганий, буцарганий йуккъехула а йаьлла, вайн керта иккхинчу «баIу-у» бохучо «бIаьъ» бохур йаьхьи хьуна! – аьллера, чоьхьаиккхинчу йоIа.

ТIаккха шен йоI маре йаха лууш йуй хиъначу Манкъин Миназа Чорин дехарна жоп деллера.

Некъахочуьнга аьлларг

Цкъа Теркайисте хьошалгIа ваханчуьра вогIуш, хьешаша некъана йелла берцан сискал йаа воьлла, и легашка а, хIоьттина, са а ца даккхалуш, ши бIаьрг хье тIе а баьлла воллучу Чорега:

– Хьо стенга воьду, накъост? – аьлла, хаьттинера цхьамма.

– ХIара чоьхьайалахь, цIа воьду, ца йалахь – кешнашка воьду, – жоп деллера халла садаьккхинчу Чорас.

Тезетахь дина доIа

Мацах, йуьртара стаг а велла, тезета баха бевлла нах, шайца Чора а волуш. «ДоIа дан хьанна хаьа, хьалха муьлха волу?» – бохуш, шайна цхьаннена а доIа дан ца хуу дела, къийсабала буьйлабеллера уьш.

– ДоIа-м бухарчара дийр дара, вай «амин» аьлчахьана тоьур ду, – Чорас а аьлла, бахана куьйгаш хьала а лаьцна, «амин» баха буьйлабеллера хIорш. ХIокхара деш дерг доIа ду бохуш, «амин» бохуш, бухарниш а хиллера, иштта хIорш лаьтташ, сахьт хан йаьллера. Эххар а и «ловзар» кIордийначу Чорас «патехьа!», аьлла, куьйгаш йуьхь тIе хьаькхнера.

– Деллахь, Чора, и доIа ма деха а дара-кх шун? – аьллера, тIевеана куьг а делла, бухарчех цхьамма.

– Дера, дара-кх, и шуьниг санна-м, – жоп деллера Чорас.

Дуьне дуург

Мацалла валла воллуш, чохь пондар а лоькхуш Iуьллучу Чорега, чу вист а хилла:

– Iай, гора Чора йаI-кх! Ма дуьне а дуу-кх ахь! – аьллера тIехволучу цхьамма.

– Ша дуьне ца даахь, кхин даа хIума долуш-м вац хьуна со! – аьлла, жоп деллера Чорас.

СагIадоьхучуьнга аьлларг

Цкъа базарахь, хорбаз а эцна, шен доттагIчуьнца и йуш Чора Iаш, тIе а веана:

– Шайн Делан а, Пайхамаран а дуьхьа, ло суна сагIина хIума, да-нана доцуш гIийла буо дара со, – аьлла, дIахIоьттинера зоьрталчу дегIахь гIеметтахIоьттина жима стаг.

– ВаллахI, да-нана хиллехь а, церан кочара вер волуш-м ца хиллера хьо! – аьлла, схьа а даьккхина, хорбазан дакъа деллера цунна Чорас.

Лулахочун говр йадор

Йехча шайга ца йелча, лачкъийна лулахочун говр а эцна, ловзарга вахана хиллера Чорий, Iалигирий.

– Хуур дар-кх со цаьршинна тIаьхьакхиъна хиллехь, – аьллера и хиъначу лулахочо шолгIачу дийнахь.

– ВаллахI-биллахI, хьо тIаьхьакхиънехь а, тIехаа меттиг-м бацара хьуна, – аьллера и хезначу Чорас.

Кегийрхошна дина хьехар

Баккъала а шайна цхьа хьехар ца деш, дIа ма гIахьара хьо аьлла, хьовзийнера Чора пхьоьхана гулбеллачу кегийрхоша.

– Вуззалц цайиънарг сискал а йац шуна, ластийна цатоьхнарг буй а бац шуна, доггах цабаханарг безам а бац шуна! – аьлла, кегийрхошна хьехар а дина, дIаваханера Чора.

Лулахочуьнга аьлларг

Чувеана Чора а волуш, цунна цайалархьама, сискал схьа ца йоккхуш хьийзачу хIусамнанас аьллера:

– ХIара-м кхана а схьайер ма йац.

– Кханналц Iийна а, и ца йууш-м со а ца воьду хьуна! – жоп деллера Чорас.

Чурт

Ша леш весет дина хиллера Iалигирас Чорега, массерачул а тоьлашха чурт догIа шена аьлла. Iалигира веллера.

И дIавоьллина масех де даьлча, кешнашка а вахана, нехан коша тIера схьадаьккхина кешнашкахь тоьлашха долу чурт Iалигирина а доьгIна:

– Дийначаьрга хIара дIадоккхуьйтур делахь, сан дена неIалт хуьлда, беллачаьрга доккхуьйтур делахь, хьан дена а неIалт хуьлда! – аьлла, дIаваханера Чора.

1.Шаткъ – йочано качдина латта
2.ЙегIаш (диал.) – йехаш Iаш
3.Чуьхьеш – шурин сурсаташ
5,0
1 oceny
Ograniczenie wiekowe:
12+
Data wydania na Litres:
14 lipca 2023
Data napisania:
2023
Objętość:
70 str. 1 ilustracja
Właściciel praw:
Автор
Format pobierania:

Podobne książki